http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ночийн кхерч ган лаьа Печать Email

Эльдерханова Зайнап

Дуьнен чохь дика вевзаш волчу Францин яздархочо Антуан Экзюперис «Жима Эла» дийцарна т1ехь дукха юьйцу адамо шегахь товш йоцу мекарло лелор бахьанехь цуьнан сий лахдина гойту меттигаш.

 

Масала, цо боху: «Тамашийна адамаш ду-кх хьуна и баккхийнах. Ахь д1огахь, цхьанхьа цхьа ц1а ду, шена гуонаха хаза уьйт1е а, зезагех яьккхина ученаш а йолуш алахь, иза иштта муха хир дара техьа аьлла, сурт ца х1оттало цаьрга, амма ахь цаьрга, духкуш 100 эзар франк доьхуш доккха ц1а ду олий, цхьа а хало йоцуш, цуьнан васт б1аьргашна дуьхьал х1утту царна. Массо  а х1ума ахчанца дуста 1емина бу баккхийнах».

Вуьшта, бокъалла а х1ун  доьхур дара техьа, гуонаха юьйцина керт а йолуш, уьйт1ахь таь1ина баьццара бай а болуш, учахь йоьг1на утармаш а  йолуш, хаза, оьзда схьагуш болчу нохчийн кхерчах, нохчийн ц1ийнах? Нохчийн кхерч бан а буй техьа я эца а, я бита а нохчийн махкахь бисина?

Тахана, вайн заманахь, даккхийдеш, цецдуьйлуш хьоьжу вай ширачу б1аьвнашка. Вайн дай баьхна х1усамаш д1ахеръелла вайх, амма, иштта д1айоьдучу замано я айаелла т1ейог1учу цивилизацино доь дойуш ду нохчийн аматехь динчу ц1енойн.

Цхьа зама йог1ур ю-кх, вайн раг1 д1аяьлча, 20-чу б1ешарахь вай даьхна х1усамаш муха яра техьа хоьттуш, хаа лууш.

Халахета, тахана нохчийн адам д1ахерлуш ду нохчаллех. Ков-керт, кхерч, ахча, духар, мотт, г1иллакхаш - царех цхьа а ца дисна юьхьанца ша хиллачу хот1ехь.

Дийца х1ума дац, амма, дагахь а доцуш, нохчийн х1усам яйча, б1ешерийн тийналла йохош, оьзда аьзнаш, хьешийн маршаллаш, дай-наной боларш дуьхьал х1уьтту шашаха.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.