http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Саг1а Печать Email

Овхадова Яхита

 

Саг1ийна куьг кховдийна стаг гича: «Болх ца беш, поп санна волу…», - олий вай-м, зуда гича: «Ерстина ятт1а йоллу…», - олий вай-м.

 

Ца кхаьрдича. Ца… И «поп»-стаг-м меже йоцуш хила тарлой, и зуда-м  балано совсийна хила а тарлой… Иза-м атта ца хила тарлой, ша санначу адамна хьалха «гуора лаьттина», цхьа кхечу, шенний бен ца бевзачу чомехь, куьцехь цу куьйго яьккхина юург  яа, юхург йоха… Х1ара-м… цхьатера даций… Хилла а, хир а… Доьналла, хьекъал, эхь, рицкъа — массарна а, х1оранна а шен-шен «герканашкахь» , «метаршкахь», барам-бустамца деллий цу хастам хиларо-м. Дуьненчу довлушший, дуьненчуьра д1аойъушший бен ца хуьлий вайн бахаман-м цхьа барам. Цу юккъехь-м, лаьттан т1ехула когаш онда беттачу муьрехь-м…катухуш а, сатухуш а… Хьарам къастош а, ца къаьсташ а…

Мецачо - баьпкан, беркъачо - бедаран… ойла-м…

Маржа! Цу лехьийначу соьмех кийра-м бузор  барий, дег1-м хьулдийр дарий… Рицкъа-м…

Кхин а къен къоьлла… Сина тем «боьхуш» «кховдийна куьг» гиний шуна? Адаман къоьлло хьовзийнарг гиний шуна?

Меца воцуш - «саг1адоьхург»?..

Цхьаннах итт винарг, иттаннах цхьаъ винарг - хастаме Дела. Хастам хиларг. Цуьнан кхоьлаца цу  къоьлло б1арзвинарг-м… вукхуьнца хийца а реза шен къоьлла… Кху доккхачу дуьненахь шен уггаре-уггаре гергарчу, дезачу, мерзачу, х1ара дуьне а шена деллачу адаман дуьхьа…Хенара, г1орасиз и ша йитина, цхьанххьа, цкъа а ца яха. Дагахьбалламах (цу къизчу «цамгарах») кхоьруш. Юхалург ца «бусту» синтеман, къинхетаман «кад» «ишттанехьа» ца боьха. Нехан не1арт1е, ша-шех ц1елеташ, цуьнга ладог1ар «деха» ца яха. Ца яьлла… Цаяларна…рицкъа ца лехча.

Юьхь йина йог1уш - к1езан тайпа цу «саг1ина» хьесталуш, цициг хилла «настарех хьерчаш», дерриге дуьне а дала кийча цу синтемах.

«Кховдоза» ерзош - ца лалун г1елалла, беркъалла синехь, дег1ехь, дегабаам - дагехь (кхануо, кхануо-м … сихаллехь, йишйоьхнначохь декхар доцуш биллинчу бехкана дохко…)

Хьо-м … д1айоьду цу балха, цу рицкъан т1аьхьа… Хьан дег1ан чарх йоьду-кх… Ойла? Ойла-м ткъа, аьллар т1ехь йоцуш, хьоьца ца йог1у, цунах хьерчаш, хьуо тоьлла «д1айигна» аьлла моьттинчохь… ц1ахьаьдда карош…

Лулара, т1екхочера веригге (бер а - орцадаккхал!) хьан къелло-м «луьсту», дагахь 1амош, латтош церан белхан, школан графикаш. Цхьана бахьанина, жимма, цхьа к1еззиг сиркхо хилла  а (къинт1ера валалахь, Дела…), цхьаъ ц1ахь висаре  са а тосу ахьа-м…цуьнан…хьайн син дуьхьа.

Цхьамма, къахетта, ладог1а деллачу дашах (саг1ех) йоккхаеш, ахьа-м нанас некхе оьхьначу беран суьртехь аьхна доккху де…

И де ткъа буьйсане дирзича… Кханенан ойлано (г1айг1ано) набарх йохийча… Ч1аг1онаш, ч1аг1онаш … Х1инца-м… Кхин-м… Кхана-м… т1аьххьара балха… «Саг1а» кхин ца «деха»… Синтем… ца «беха».

1уьйрене лестича…Юха а…Дависарг,  рицкъа, хьо…

«Яхйинчу» 1уьйренийн, «яцйинчу»  (ц1акхача, т1екхача) суьйренийн бехк лоьцу - юха а, юха а… хьо гуш ву-кх, Дела… - ахь балхахь. Хьайх кхеташ (къахеташ) хьаьстинчу даго легашка къурд гулбо, г1ийлачу буо-берах хьуо тарлой, шелонна ц1евзинчу буса арахь дисинчу я бенчуьра доьжначу хьозан к1орнех…

Ша-шех хетачу къил ч1ог1аниг..?

Ма кхардалаш…

Цхьаъ ца деха - важа саг1а…

Муьлха къелла - уггар къен? Муьлха саг1а..?

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.