http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Замано артбаза лазам… Замано дастаза дог… Печать Email

Овхадова Яхита

 

Цхьамма къайлах хаам бича санна (я омра, дехар), цхьа ц1аьххьана, юккъехула йолало и дийца. Т1аккха дуьйцу, соцунг1а йоцуш, юкъахъяккхарна кхоьруш санна. Дуьххьара дуьйцуш санна дуьйцу – лерина, доггах, къурдашца. Къурдашца… Дуьйцу х1окху дуккха а шерашкахь цу генарчу (дицдазчу, лозучу) шеран февралан дийнах. Гуттар а - февралан деношкахь… Массо а - февралан…

 

 

- И де т1екхаччалц ч1ог1а хаза лаьттира: малх хьаьжина, чан а яьлла, лол тосу к1архашца, юткъачу бедаршца мегаш. Амма, цу 1уьйрана дарц хьийзо долийра…

Хьажах1отта тхешан дец1а яхана яра со карарчу жимчу йо1аца – Мадиница. Цу буса бала буссу аьлла, мовлад ешийтина охьадийшинера тхо.

Бала-м буссуш хиллера. Ч1ог1аниг…

…Сатоссуш къиза етта йолийра не1. Дера чулилхинчу салташа, дукха маса аратиссина, юьртан майдана лаьхкира тхо. Цигахь студебеккерш яра тхо вокзале д1адига кечйина.

…Сихаллахь катоьхна декъазчу йийбарца тхан нанас машен т1е хьалакховдийра жима йо1… Х1инца санна доцуш, эхь-бехк ч1ог1а дара. Дай, девежарий, баккхий нах болчохь бер караоьцуш, тергалдеш дацара нанас…

…Салтийн маьхьарий, тхоьга даза деанчу вуоно цецдахаррий, сихделла леларрий – дерриге вовшахъийнера…

…Йо1 йоьлхура. Дагах чекхбуьйлура цуьнан шийла мохь, со йоцчунна цхьанна а хезаш боцу, цхьа а хезачохь воцу мохь. Массаьрга а цхьатерра деанчу воно цхьанна а бала ца кхочуьйтура йоь1ан…

Къемат дар-кх. Дуьненан къемат.

…Массо а хьалаваьлла д1атийча, бодашкахь куьйган эшара цхьана галешна юкъара озийна яьккхира йо1…Сан дагах-м цхьа кийсаг яьлла хир яра…

…Гарт-гарт, гарт-гартнехь йоьдура шалон. И саца мосазза сеци, хьала а буьйлуш, велла а, вала воллуш а стаг вуй хьуьйсура салтий. Декъий чукхуьссура.

…Йо1 г1ийла яра. Амма, цуьнан г1елалла, ялаяллар ца гора. Хетарг, кхоьрург цхьаъ дара: цхьана лааме дирзинера – цу декъийн новкъахь ца йисичахьана, боьхачу керстанна караяхана, къийгийн, ж1аьлийн даар ца хилчахьана, сачохь цу Сталинан «дикане» д1акхаьччахьана… лаьттан кийра ерзо йиш хилчахьана…

Дала къинхетам бира…

Цигахь цхьана к1анта шен нана д1аюллуш долийначу кешнашка ерзийра Мадина…

 

Бахьна - ма ч1ог1а, г1алат - ма доккха,

Ж1аьла а ца лоллучу 1уьйрана лахка,

Бажа санна махках,

Та1зар - ма къиза цу «коьртачу беж1уьн»..?

Хаттарша (жоп доцчу) «т1ехкхуьйсу» кийра,

Г1елалло (йист йоцчу) делхадо дог…

 

Ког баккхаза, Гитлерна к1айчу говрахь дуьхьалъидда, я, мотт 1амаза,халкъана ямарта хилла?.. Я..? Мича бахьаница, х1ай синойн къу..? Муьлхачу законан муьлхачу статьяца дохийра и малик ахь шен махках, шен ненан некхах, шен аганах?

 

Муьлхачу лахьтано эцна-те хьан дег1,

Муьлхачу стиглано..?

Ца теша, ца теша, боьха дег1

Лахьтано т1еэцна аьлча,

Ямарт са стиглано

Кхобур ду аьлча,

Дег1ан чарх 1уьллуш го

Къийгаша, ж1аьлеша ка етташ, це етташ,

Дера са уьдуш го цу некъан бохалла…

 

Доьхна де, дохийна, къахьдина де. Шен сих даьллачу синан цуьрг дег1ах къастарна кхоьруш, къахьбеллачунна т1е а къахьбина некъ баьхьана нана, хьан собар, собар… «Х1ай Дела!..» - аьлла, мохь тоьхна, кхайкха бехк лоьцуш, галешна юкъа1ийдина и дег1ан цуьрг доггах маракъовла, барт баккха, некхе охьа – т1аьххьара там бан а… шелбеллачу мара, лилхинчу балдашка, баьссачу некхе…

Стигланаш йилхича а, латтанаш-м лилхича а… хьан къина, нана..!

Йоккхачу стеган дагахь-м - х1инца а теза цу 1уьйрана хьийзо долийна «дарц»… Х1инца а тедаза (къардаза) лерехь - цу дукхашерийн, дукхашерийн г1айг1ано (г1овг1ано) йоь1ан аз…

 

Замано артбаза, артбаза лазам…

Замано дастаза, дастаза дог…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.