http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Безаман тезетахь Печать Email

Овхадова Яхита

 

Цхьалхалла. Цхьалхалла.

Шелделла, гатделла ц1ийзачу син г1елалла, мискалла… Юха а … цхьалхалла.

- Тезет… Безаман тезет… Бохарх, багарх, лазорах ларбеш, куьйгаш т1ехь лелийначу…, тахана… баьржинчу, боьхначу…богучу…

Деллаза кевнаш, гулдаза адам, дахаза саг1анаш, до1анаш - даза. Доккхачу дуьненахь - есалла, есалла. Хьо а, хьан къедаьлла, къийделла  са а… Кхин х1умма а… Доцуш?  Ца гуш. Ца лууш ган. Хьуна хьайнна т1ейоьжна, йисина, йитина тезет. Ма къиза-кх хьан г1иллакхаш, я рабби! Ма декъаза-кх, г1ийла-кх хьо. Дагца дог эца, белшах белш тоха воцуш накъост. Хьо-хьуо… Хьайн вуонаца, хьайн балица, лазамца. Цхьанна а ца гойтучу, кхоьручу  гарна.

Цхьа дог1а, хьан 1ийжачу деган «вотанца» доггах доьлху, шен «б1аьрхишца» хьан безам леррина лийчош, т1аьххьарчу новкъа баккха кечбеш.

Х1унда? Х1унда, ткъа,  - массарна юкъара  цхьаъ? Цхьа б1аьргаш, сибат? Цхьа а кхин воцуш, хир воцуш санна? Х1ун ю и  безам, сих хьаьрчий, мел майра къонах а, исбаьхьа  йо1 а доьналлех бохош, синтемах бохуш? Синошна юкъара т1ай, Дала туьллуш долу? Я..? Ткъа и т1ай-м, дависарг, и т1ай-м дахаран «тулг1енаша» техкадой, малдой, тишдой д1адоккхуш нислойца, уьш (безарш) вовшашна т1екхачале. Адамийн хьекъал, доьналла, собар  гуттар а ца тоьийца цу т1ай т1ехула вовшашна дуьхьалкхача. Я… Цхьаъ д1аэхарх Цхьаъ д1аэхарх-м..? Важа дуьхьалван туьгуш, лууш, хууш ца хилча…

Тахана-м… Тахана-м т1аьххьара, т1аьххьара сацам… Къурд… Хьайн дег1ал хьалхадуьйлуш, цунна дуьхьалъиддачу хьайн сина «буржал» тоха. Мерзачу чомехь шега кхийдийна безаман кад  цо хамаза, хамаза херцорна. Хьайн син кескех ахь «йоманаш» тихкинчу безамна (бохарна кхоьруш) цо эт1ош, бухбохуш, къиза «тукар тиссарна». «Зарзбеллачохь» ахь цу синпхенашца биттина лаларш цуо дера хедорна.

Цхьаъ д1аэхарх-м…

Ч1ир? Х1ан-х1а… Ца йоьху. Ца лоьху. Ирс доьху Деле, ирс цунна  доьху. Декъазчу цунна.

Орца доцу барам лаьцна, бесачу новкъа… Аз доцчу зуькарца… Макхделла, басадаьлла дуьне…

- И беза мохь охьабиллича, парг1атдер дай хьо-м, - хьоьсту дог дег1о.

- И беза мохь мел мерза … Хаац-кх хьуна, - доьлху дог…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.