http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Б1АЬСТЕНАН ХЬОЗА Печать Email

Ахмадов Абу-Хасан

 

Ма декахьа, б1аьстен хьоза,

Хьоь ладег1а дог ца дог1у.

Жимчохь дуьйна баьр са доцуш,

Г1айг1а-бала ма бу соьгахь.

 

Ненан бехке даций и ма,

Цо сагатдаза даций и ма,

Хастам хиларг Дела ма ву.

Цо деллачун реза ма ву.

Ловзуш, уьдуш бераш хезчи,

Самукъдолий герга г1урту.

Х1умма-ъ дац-кха зама йоцуш,

Кхоллам, Дела, хьоьгахь ма бу.

Хьан Возале даима кхойкху

Сайгар бала, Хьоьга буьйцу,

Ловзуш лелаш нийсархой бу,

Болу хастам Хьоьгахь ма бу.

Амал яйна дог сан доьлху,

Шена хила г1оле йоцуш

Дуьне доцу б1аьргаш доьлху.

Хастам хиларг Дела ма ву.

Цо деллачун реза ма ву.

Беша дог1ий, дека хьоза.

Коре дог1ий, дека хьоза.

Дог1ий доьду б1аьстен хьоза

Соьгар бала шеца боькъий.

Да виса хьан, маьлхан 1уьйре!

Да виса хьан, маьлхан суьйре!

Декъал хилла шайн доьзал гуш

Наной дукха бехийла вай!

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.