http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Вайн сатийсамаш... Печать Email

Уциев Абу,  яздархо,«Пхьармат» цхьаьнакхетараллин куьйгалхо

 

Адамалла а, къинхетам а ца бевзачу тІамо йохийна, ягийна, кху тІаьхьарчу ткъа шарахь кхозлагІа шен халкъийн цІийла аьтта республика, чевнаш хьегІаш, овкъаршлахь Іуьллу зама яра и. Эзарнаш доьзалийн чубаха чу, тІебаха тІе хьовха, буззалц даа рицкъа а доцу зама. ХІетахь къоман литературин кханенан ойла ян Іедалан хан а, таро хир ю бохург аьттехьа дацара. Кегийрхошка гІоьналлин куьг кховдо хан, зама, ма-дарра аьлча, я лаам а бацара яздархойн Союз ю ша аьлла, уггар хьалха шен декъашхойн доьзалийн хьашташ хьалхадаьхна араяьллачу кхоллараллин нехан тобанан а (ма-дарра аьлча, цуьнан-м тахана а бац цаьрца бала).

 

ХІетте а, и тІом балале хиллачул дукха бара Нохчийчохь язъеш берш. Иза кхеташ а дара. ТІамо цхьа зе, цхьа зулам даза, цхьа бала, цхьа гІайгІа тІетасаза, я цхьа во керта даза доьзал наггахь а ма бацара тезетан хьаьтта хилла лаьттачу Нохчийчохь. Шена базбелла и бала, шега деъна и во дахьа а, дилла а меттиг ца хилла я тІетовжа юххехь вешин, йишин, доттагІчун белш ца карийна, кехатах тешо долийнера жимачо а, воккхачо а. Чулацам ледара, хаьржина произведенеш шайна хьалха лаьттачу лехамашна жоп луш ца нислахь а, сирла а, цІена а хуьлура церан ойланаш, даггара хуьлура могІаршка дерзо дешнаш. Я бІеннаш шерашкахь халкъо тІетта кхиош, кхетош, тІеюзуш схьаеъначу къоман барта кхоллараллина герга хуьлура, мацах вайн дайша санна, ма-барра шайггара къа-бала балхош язйина. Цундела и тайпа произведенеш вайн литературин кхиарна зене хила йиш яцара. Мелхо а, оцу авторшна поэзех, прозех, драматургех болу кхетам луш, цхьа кІеззиг болх бича, яздархой ца кхиахь а, царна юкъара литературоведаш а, нохчийн меттан бакъболу хьехархой а бевр бу бохучух шеко хуьлийла дацара. Кхераме берш кхин бара, шайн таханлера хьашт-дезарш меттахІиттичахьана, Мохк а, Къам а, оцу къоман литература а сийна цІе яьлла ягарх шек боцуш, шайн ворхІе дайшкахь дуьйна лай хилла, лайн амалш эцна арабевлла нах. Царна эхь ца хетара цхьана а хІуманна охІла боцчу хьаькамашна а тІехь, Іедалан дайшна дифирамбаш язъян а. Къилба хийцина, ламазаш дан а, ледара, осала, деса хиларх, милла а хестош, даздина дешнаш яздан а. Хьаькаман дош, цо оьхьна сом доцург, цара тергал ца дора я Делан ийман а, я адамашлахь лела гІиллакх, гІуллакх, оьздангалла а. Тергал ца дора шайга дІадуьйцург. Литературин жанрех шайна лун кхетам а ца оьшура царна, шаьш язйина опусаш зорбане евличахьана. Уьш зорбане яха, цара ца деш, ца лелош хІума а ца дуьсура. Резолюциш яхьара, хьо шарахь цкъа шайн приеме ца кхочучу баккхийчу министаршкара а тІехь. Газеташ, журналаш «бехдина» ца Іаш, къоман литературина а бале бовла гІертара: шаьш хесточу хьаькамаша лучу хайраза карадеъначу ахчанах арахеца йолийнера и шайн опусаш тІехь книгаш. Цул доккха къемат дацара къоман литературе дан.

Орца аларан я оцу авантюристашца цхьа къийсам латторан метта, царна тІехь «тхов латточу» хьаькамашца шайн юкъаметтиг ца эгІо, вайн яздархойн Союзо, церан опусаш къобалъян а, и эхь дайна нах шайн могІаршка дІаэца а-м дера болийра. Шен хан тІекхаьчна, адамашна шаьш бовззалц, хІинца уьш совцалур бу бохург аьттехьа а дацара. Дахь, ден долу дика, нохчийн литературин кхане яхийта, нохчийн литературехь керла «седарчий» кхетийта, мелла а сиха кегийрхой кхиорна тІехьажийна болх дІаболор дара. 2003 шарахь «Вайнах» журналан редакцехь д1аболийра республикера къона яздархой вошахтохаран болх. К1ирнах цкъа гуллора редакцин тхов к1елахь нохчийн литература езаш а, шайн корматалла лакха яккха лаам болу а кегирхой. ТОМ  (творческое объединение молодых) аьлла ц1е яра х1етахь цу цхьанаккхетараллин.

Шайна зеделларг дуьйцуш, поэзехь, прозехь, публицистикехь яздаран башхалленаш юьйцуш, цу жанрашкахь яздаран бакъонаш хьоьхуш цаьрца болх бора нохчийн литературехь шайн яккха а, дозалла дан а ц1е йолчу яздархоша: Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Жумалаева Лула, Талхигова Роза, Яричев 1умар, Ибрагимов Лема, Минкаилов Эльбрус, Талхадов Хьамзат, Джанаралиев 1имран, Цуруев Шерип, Гацаев Саь1ид, Кацаев Сайд-Хьасан; нохчийн литературан къаноша: Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат. Изза болх д1ахьуш бара: Хьалха Мартантехь Яричев 1умара, Гуьмсахь Рашидов Шах1ида. Цу цхьанкхетаран декъашхойх бу тахана журналийн аг1онаш т1ехь шайн произведениш зорбане йохуш болу цхьа мог1а къона яздархой: Бадаева Лариса, Исабаева Мадина, Шатаев Аслан иштта кхин а.

Амма, мелла а хан яьлча, и болх сецира. Цу тІехь, 2005 шарахь, хІокху могІанийн автор дагавелира, и болх карлабаккха, «Даймохк» газетан коьртачу редакторх, нохчийн халкъан поэтах Абдулаев Лечех (хІетахь оцу газетан редакцехь болх беш вара автор) . Лечина нийса хийтира сан хьежам, оьшучунна тІехь ша накъост хир вуй а хаийтира.

Иштта, вайн телевиденехула а, «Даймохк» газетан агІош тІехь а, биначу хаамийн лорах редакцин тхов кІел гулбелира нохчийн литературехь къахьегар хаьржина кегийрхой. Оха дІаболийначу белхан бала кхаьчна, къоначийн хьалхарчу кхеташоне баьхкинера вевзаш волу Іилманча-фольклорхо Джамбеков ШаІрани, поэташ Алиев Іаьлви, Юсупов Іазим. Дуьххьара цигахь кхоллаелира республикин къоначу яздархойн цхьаьнакхетаралла. Тхешан къоналлехь вайн пачхьалкхан университетан студенташлахь нохчийн яздархой кхиоран ша-тайпа пхьалгІа хилла лаьттинчу «Пхьарматан» безамна, и цІе а тиллира цунна. Цул тІаьхьа оха тхешан кхеташонаш дІахьора сан белхан меттехь а, чоьнаш мукъа хилча, гІаларчу библиотекашкахь а, доьхначу зорбанан цІийнан шолгІачу гІат тІехь а, Интернет центран подвал чохь а…

Ас белхан меттиг хийцича, юьхьенца тхан керла меттамотт хилла дІаьхІоьттира ГУП «Книжни издательствон» директоран Матаев Анзоран кабинет. Карарчу хенахь а республикин къоначу яздархойн ша-тайпа штаб-квартира оццу «Книжни издательствехь» ю.

Кегийрхошца бечу балха тІехь соьца цхьаьна, шен хан, зама ца лоьруш, цхьана а хІуманна тІехь кІадо, мало йоцуш, болх беш ву Нохчийн Республикин халкъан яздархо Хатуев Іабдулхьамид. Кхоллараллехь цунна зеделлачо хинболчу поэтийн, прозаикийн, драматургийн, литературоведийн таро хуьлуьйту дуьненан Іилма а, дахаран галаморзахаллаш а йовза. Цуьнан накъосталлин белш ца хилча, хІокху могІанийн автор оцу балхаца ша цхьаъ ларор вара бохург аьттехьа а дацара. Леррина цунна билгалдинчу деношкахь хилла ма ца Іа тхан кегийрхошца цхьаьнакхетарш, массо а Делан дийнахь ду. Вайн литературехь кхолладеллачу къен хьоло бакъо ца ло тахана даза ца долург кханенга титта. Яздархой белахь а, адамийн дегнех кхеташ, тІамо эшийна церан дог-ойла хьостуш, царна шайгара бала байбеш я кханенан ойла йойтуш хІара ю аьлла дІаеша, шех дозалла дан произведени яц кху тІаьхьарчу хенахь Нохчийчохь зорбане яьлла. Иза литературана хьовха, доллучу къомана а эшам бу. Делахь а, иза тидаме эцна, кегийрхошка а, цаьрца болх беш волчу хІокху могІанийн авторе а гІоьналлин куьг кховдор долуш яц вайн яздархойн Союзан правлении. Мелхо а тхоьца йоккха эмгаралла лаьцна хилла цо. И гучуделира ши шо хьалха «Пхьармат» вовшахкхетта шо кхочучу даздаршка кхайкха дахча. Яздархойн Союзан куьйгалло хІетахь хІоттийначу суьртах тахана а буьйлуш бу вайн хинболу яздархой. Республикан къоначу литераторийн «Пхьармат» цхьаьнакхетаралла тахана болх беш а ю, цуьнан могІарехь шайн цІарах хастаме дош ала хьакъ болуш поэташ а, прозаикаш а кхиъна. Масала, нохчийн а, оьрсийн а маттахь язйина ца Іаш, оцу шина маттера произведенеш гочъяран говзаллица билгалъяьлла, дика хиндерг долу къона яздархо Арсалиева Люба. Соьлжа-ГІалин №7 йолчу лицейхь хьехархочун болх беш йолу поэтесса Абубакарова ПетІамат, цхьаьнакхетараллин староста поэтесса Халикова Асет, похІма долу прозаик Тапалаева Амнат, «Пхьарматехь» билгалваьлла,  «Даймохк» газете балха вахана Хабаев ИсмаІал, оццу газетан корреспондент Сагаева Залина, «Исламан зІаьнарш» газетан белхахо Петирова ПетІамат,  «Нана» журналан цхьана декъан редактор Ясаева Мадина, вайн ВУЗийн студенташ Умарова Диана, Халимова Малика, Мальсагова Асет, къона поэт Дажаев Гилани, кхиберш.

Республикин зорбанан изданех дерг аьлча, тхешан «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин журналаш дуй-те аьлла, доккха накъосталла карадо тхуна «Нана» а, «Орга» а журналашкара, «Даймохк» газетера а. Яздархойн Союзан правленина а хаьа тхо дуй, республикин куьйгаллина хьалха шаьш цадинарг дина аьлла, «отчет» вовшахтухуш дІагайта, къоначу яздархойн спискаш эшча. Амма шайн цхьаьнакхетаршкахь, шаьш дІахьочу даздаршкахь я диканна а, я вонна а цІераш ца йоху къоначийн.

Нохчийн литературина пропаганда ярехь тхан дика накъост ю вайн правительствохь йолу кегийрхойн комитет. Къаьсттина цуьнан мало йоцу белхахой Денильханова Тамара, Межидов Іаднан. Вайн яздархойн Союзера ца хуьлу лерам а, накъосталла а, оьшу гІо а карадо цаьргара. Ма-дарра аьлча, яздархочунна цхьа союз оьшуш а яц. Вайн Нохчийчохь санна муххале а. Советски Союз йолчу хенахь КГБна интеллигенцино лелочунна тІехь тергам бан аьтто беш, вовшахйиттинчехь йисина ма ю и союзаш. Тахана вай дохо, вайна цензураш хІитто, вайна тІехь тергам латто араваьлла цхьа а вац. Дош-м, Къуръанора, дацара, оцу кхоллараллин союзаша питанаш, эладитанаш, хьаьгнаш, гамонаш кегош, бохо хьийзочу кхоллараллин нахе паргІато яийта и ерриге союзаш лаьхккина дІаса ца яхийтича. Яздархо, художник, журналист верг халкъана шена вевзаш ма ву.  Ца го шуна, ши шо хьалха Россин яздархойн Союзе тІеэца аьлла дІадахьийтина вевзаш волчу поэтан, прозаикан, литературин критикан, журналистан Хатуев Іабдулхьамидан кехаташ хІинца а юхадахказа ду(!?). Цу хенахь шен иллешка дирзинчу дешнашкахула хІара юххера вевзинчу халкъо шен лерина, Нохчийн Республикин Президента Кадыров Рамзана шен Указца халкъан яздархочун сийлахь цІе тиллина цунна. Алийша, кхин хІун союз я кхин хІун ларам оьшу Іабдулхьамидна? Суна хетарг, суна лиънарг ша елахь, муьлхха а союз союз хилла дІаяха езар ду. Къоман литературин бала болчу наха и тоян я юхаян цхьа агІо ца лахахь, бакъдерг дІа ца аьлча ца1аваларна бехк а ма билла, тахана вайн ерг-м союз яц шуна… Шаьш арабаьккхинчу некъан жоьпаллех а, шаьш шайн белшаш тІе эцначу мохьан бозаллех а кхеташ, шаьш-шайн кхиорца, нохчийн литературан кхиарна юкъа мехала хазна юьллуш хІара кхо шо ду «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин декъашхоша къахьоьгу. Кхузахь тхан, вай йийцинчу союзехь болу къестамаш а бац, цхьанна а беш ца богІу лерамаш а бац, я къийса даржаш а дац. Кхузахь тхо дерриге цхьаъ ду, нохчийн литературин йист йоцчу кха тІехь вовшийн белшах белш а тоьхна, хьалха-тІаьхьа вогІучо вовшашка гІоьналлин куьг а кховдош, цхьаьна къахьегар хаьржинчу цхьана белхин цхьа тоба. Кхузахь тхоьца бу шуна яздархо, меттан Іилманча, къоман фольклоран верас академик Джамалханов Зайнди, Іилманча академик Алироев ИбрахІим, нохчийн халкъан поэташ Арсанукаев Шайхи, Рашидов ШахІид, халкъан яздархо Хатуев Іабдулхьамид, Россин Федерацин пачхьалкъан совгІатан лауреат яздархо Ибрагимов Канта, «Нана» журналан коьрта редактор яздархо-журналист Жумалаева Лула, поэташ Хасбулатов Ямлихан, Кусаев Іадиз, Юсупов Іазим, Ясаев Леча литературан критик Бурчаев Хьаьлим, эха шарахь цкъа ша куьйгалла дечу предприятин чоьтах хинболчу литераторийн юкъара гулар арахецар шена тІелаьцна драматург Матаев Анзор, и.дІ.кх. И тайпа накъостий юххехь болчу кегийрхошна оьшуш ю аьлла ца хета суна цхьа а союз. Царна оьшург Іилма а, литературех болу кхетам а, собар а, шайн ницкъах тешар а, къахьега ондда лаам хилар ду. Тхуна схьагучу суртехь тахана цу тІехь цаьргара бехкбаккха бахьана а ца карадо.

Ткъа хІинца оха шун кхиэле йохку Нохчийн Республикин къоначу яздархойн «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин декъашхойн произведенеш. Церан мах хадор, ешархо, хьоьгахь дуьту. ХІара церан литературе болчу некъан юьхь хилар тидаме эций, тІех лехаме ца хила хьажалахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.