http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Абаден доза... Печать Email

Яшуркаев Султан

 

* * *

Ма комаьрша дара, нохчийн мотт, хьан аз,

Иллешкахь хьо декаш, дош олуш метта.

Вуй-техьа тахна со къарвелла, хаац,

Хьан мерза аз лерехь поттанах детта!

 

 

Сахиллалц лехарх а карадац хьан зов,

Д1аоьху буьйсанаш… бутт болу… ах шо…

Дагах чекх мел дуьйлург мохь тоьхна хазо,

Герз доцуш, г1ирс боцуш ма теси ахь со!

 

Уггаре готтачу заманан гура

Дог-ойла 1аьвди ахь, садукъош синан.

Дег1аца йиллина ца еша г1ура,

Ма охьавилли ахь со, къар а вина!

 

Мел дукха дара сан ала гулделла:

Халкъе сайн, Даймахке, суо винчу Нене.

Дахаро боьттина къаьхьа кад мелла,

Д1акхайкхо кечдина маьлхан дуьнене!

 

Со муха вехар ву, доцуш сайн илли,

Довхачу дешан аз ца декаш сица?

Юха а цкъа ненан кийра со виллий,

Схьалохьа, ненан мотт, сан деган рицкъа!

 

* * *

Дуьней, поэттий ду цхьана хенара,

Т1аьхьий-хьалхий дина и шиъ шала.

Цхьаьна дог1у ший а динчу генера,

Кхолламан беза некъ бахьаш хала.

Къаста йиш яц цушиннан вовшах,

Буса кхеттачу малхо бутт 1овшарх!

Кхойкхур ву поэт – хезар ду дуьненна,

Дуьне а хезар ду поэтан сина,

Цхьана буьйсанна, цхьана к1айчу денна

Вовшийн ца хаза йиш яц цушинна!..

 

* * *

Со д1а а, схьа а ма титта,

Вита со волччу меттехь.

Со абаден доза ду

Я чурт ду мокхазах аьгна,

Цхьа г1орасиз хьоза ду,

Оьмарийн ц1аралахь

Т1емаш а даьгна…

Со лаза ма де –

Буобераш хир ду шу!..

 

* * *

Дуьххьара дош хьан ду, Дела,

Т1аьххьарниг а долу дела!

Сан дош-м – дош а дац,

Сан мотт-м  – мотт а бац!

Лаьттан б1елиг бай,

Бецан хелиг дай,

Бешан заза дай,

Малхал хаза дай!

Беттан нур диллий,

Дашо к1ур биллий,

Мазал мерза дай,

Мизан терза дай,

К1айчу дарин дай,

Сийна аре яй,

Лийза 1аса яй,

Ялтийн хьаса бай,

Пардол ховха дай,

Ц1арал довха дай,

Дагца овхадай!

Бабин урчакх яй,

Дадин очакх дай…

Кийра баста сайн,

Нана хьаста сайн,

Даймохк бийца сайн,

Дуьне хийца к1айн,

Илли ала сайн

Йоцуш дуьхьало,

Цхьа дош лохьа, Дела,

Хьайн дуьхьа ло!

Буобер дай со-м, Дела,

Сайн Даймахках даьлла!..

 

* * *

Гора я1, нохчийн мотт, дош метта диллий,

Д1аала вайша цхьа даггара илли.

Хьалхара ахь олуш, т1аьхьара – ас,

Дуьненна хазийта вайша хьан аз!

 

Лаьттана йовхо лун малх буьйцу вайша,

Я цхьана заманахь лелийнарг дайша,

Я 1аьржа верта т1етесна барам санна,

Стиглахь йоьду 1аьржа марха йийца царна?

 

Я вайшин махкахь, каш доцучу чартийн,

Йист йоцу к1айн моьнаш д1агойтур дара-те?

Ц1ийн 1оврех леда хьан шовданаш дийца,

Я зезаг хьахадай, иллин аз хийца?

 

Я зовкхехь дийца деза деши, дети,

Я ала мел ца лург 1адда а дитий,

Теш лаций буьйсанан беттаса тайша,

Ворх1е а дуьненна охьаделха вайша!..

 

* * *

Нохчийн байт, хьо со волчу ма ца йог1у,

Я йог1уш-йоьдуш леци-те наха?

Я хьан дог ца дог1у, я сан ца дог1у

Сахиллалц хьоьца луьйш-олуш ваха?

 

Я вайшинга ца хоттуш, шена ма-тов,

Хан-зама ю-те кхел йинарг ямарт?

Вовшашна хьалха вай юьхь1аьржа х1итто,

Дог-ойла хийца вай, хийца вай амат?

 

Я суна дог1у-те доллу эхь-бехк а,

Ц1ечу ангалих доьхначу дийнахь?

К1ур хилла х1аваэ боьдучу мехкан

Алу йогу-те готтачу кийрахь?!

 

Тахана вайшиннан мел веллачунна

Тезетахь ду вайша – бовха шад логехь!

Вежарий, йижарий, ас х1ун де шуна,

Нохчийн б1аьрхица велхар бен доггах?!

 

* * *

Шуна т1аьхьадаккха рицкъа дац долахь,

Иккхинчу деган ц1ен стерчий доцург.

Оцу сайн доллучу декъазчу хьолах

Буьйда саг1а доккхуш, шу дагалоцу!

 

Саг1ина дуьллу кху байтан дош а,

Даз ма-ллу даздан шун мизан терза!

Некъ дика хуьлда шун, сан йиша-ваша,

Г1оза-декъала эхарта дерза!

 

* * *

К1адбелла, ц1ийх буьзна сан деган къолам,

Дог доцуш вахалург, хьо я1-кха жолам!

 

Дош доьлхуш хьан илли ма ду-кха деза,

Къизаллехь беллачийн шийла мохь хеза!

 

Ца диэза сахиллалц юха уьш беха,

Даймехкан юкъ кегош, даь1ахкаш леха!

 

Атта ду хьуна лан ца гина бала -

Гинчунна хала ду цуьнгара вала!

 

Хала ду вела-велха, дацахь а бахьна,

Дог доцуш вахалург, жолам я1, тахна!..

 

* * *

Схьаболахьа, нохчийн мотт, улле охьахаахьа,

Хазийтахьа дагна хьайн дешнийн мукъам.

Ца воллу со, илли ала г1ерташ, садаа хьан,

Ненан мотт хезча долур-кха самукъа.

 

Дукха хан ю херделла вайша, ахь со ца вуьйцуш,

Ас хьо ца буьйцуш, - ц1ахь а къар велча санна.

Даго маса сардам буллу, хезначунна - луьйца,

Со хьох ваьккхинчарна, хьо сох баьккхинчарна!

 

Ца воллу, х1ара аьлла, хьоьга х1ума деха а,

К1адвелла тоххарехь байташна дешнаш леха а.

Иштта, паргг1ат цкъа хьуна улле охьа а хиъна,

Дагалаца лаьар-кха хилар суо хьан накха биъна.

 

* * *

Нохчийн мотт,

поэташ багарбеш хьайн,

сан ц1е а ма елахь йиц,

Ас а ма белла

хьуна даг чуьра эцна

сайн бовха цхьа цинц.

Хир я ца хир,

несарий санна,

ц1е кхаба г1ертарш а сан,

Амма соьга

сайн маттахь язделла

элп дара абатан хьан.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.