http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ЮКЪАХЪЯЬЛЛА ХАН Печать Email

Гелагаев Сайд-Мохьмад

 

(сонетийн кочар)

I

 

Г1ийла йоьлху х1ора а сонет.

Мохехь чимхалг санна, хьийза ойла.

Син з1аьнарш аьхкенан лайлахь яйна,

Бердйистошкахь хаьдда ирсан некъ.

 

 

Шуьйрра йоьллу бодано шен не1,

Ярна денош серладаьхна алу.

Йовхо ца йисна буто ша лало

Хиэ яхьарна хаза, ирсе йо1.

 

Орга-эркан тарх-тулг1е т1екерчаш,

Со ца кхиъна йо1ана т1екхача,

Хилларг дагца генара а гуш.

 

Денойн кочар коьшка т1е дазделла,

Са, серлонах суй ца къасталуш,

Мог1арийн хершнаш чухула лела.

 

II

 

Мог1арийн хершнаш чухула лела

Сонетах мел 1ийдалу б1аьрхиш,

Ярна доьза деган серло, йиш…

Яц Саида – сан дуьненан эла.

 

Гича база, ткъес кхетта ц1е яьлла,

Къа а хетий, худу даго йис.

Йо1 хиэ ерна, доьза дайна ирс.

Сох и даллал, соьгара х1ун даьлла?

 

Деган серло йойу 1аьржа ницкъ

Ца хаьара бердаш юккъехь буйла,

Тиэбий 1ожалла цунна т1е къайлах,

 

Хадо цуьнан дуьненчуьра рицкъ.

Хьаьж т1е куьйгаш къийдош, хьацар мийла,

Сан даго хуьйдина беза бала.

 

III

 

Сан даго хуьйдина беза бала,

Уьйзу чу и колдан аймано.

Гатбина цо сан стигланан го:

Меттиг бац 1азапах к1елхьарвала.

 

Кховдор дац кхин дика замано…

Иштта яздина хилла-те Дала?

Кхочушйи-те Ч1аьнта-Органо

Делан кхел, и ца йийча ца даьлла.

 

Хетара и буса сирла седа,

Дара денош, серлонах ца хедаш,

Хьеста йо1 – сан хаза, ховха бер.

 

Ойла лепош дара цуьнан б1аьрса,

Амма марха еара, са б1арздан:

Дог дасделла, ясъяларна керт.

 

IV

 

Дог дасделла, ясъяларна керт,

Йойуш доьза ирсе сатуьссийла.

Шовданах 1аьнан г1аг1-г1ура хьерча,

Дацахь маса бердах чу идар.

 

Бекар бац дуьненахь деган мерз,

Йолахь цунах, йиш а халош, чилла.

Ду цундела сан саде1ар г1ийла,

Ду лерехь пот латтош цуьнан герз.

 

Олу соьга: «Кхел ю иштта Делан,

Цуьнан лаамехь вайн кхоллам лела,

Гуш ду цунна тахна хьоьгахь дерг».

 

Амма мин-минотехь бала деба,

И йозалла ла ца луш, дог хеба:

Базбелла сан даг т1е т1улган берд.

 

V

 

Базбелла сан даг т1е т1улган берд,

Цунах к1елхьарвала аьтто боцуш.

Ирсе зама хуьлуш хилла йоца:

1ожалло беш хилла тешнабехк.

 

Амма гойту замано бакъдерг:

Бан бисна некъ ас биначул – боца.

Кхин хир буй-те, зама, сирла бос хьан?

Дуй-те, Орга санна, къиза эрк?

 

Йо1 ма яц сан, пондар беко говза,

Яха сан ойланийн з1аьнарш ловза…

Гучудаьккхи кхолламо шен ант.

 

Йилбазг1алин г1аларт карзахдаьлла,

Ду це етташ, йохош ирсан лард:

Бехк ма билла, нах, ца гуш т1ехвалахь.

 

VI

 

Бехк ма билла, нах, ца гуш т1ехвалахь:

Гуш-ца гуш мог1анаш яздо ас.

Ца го суна цхьа а лам я арц.

Мила ву со, уьш ган б1аьрса дацахь?

 

Чевнаш 1ийжош ду сан йоь1ан васт.

Тилла ойла, йисарна ша байлахь.

Сан йо1б1аьргаш бу б1арлаг1ан буйнахь…

Кхин х1ун лов-те йо1 кхелхинчу дас?

 

Къонахчух бехк боккху, воьхна хьовзахь.

Бехк баккхале муха хилла хьовса

Сан Саида – оьзда доьзалхо.

 

Евзинчо-м, бехк боккхуш, дош ца аьлла,

Хир и доттаг1, вевзарг, лулахо:

Нахана а езна сан йо1 елла.

 

VII

 

Нахана а езна сан йо1 елла.

Цаьрга дог ас ца далхийча сайн,

Кхуллур ярий-те ас цхьа а байт?

Церан дашо суна г1ора дела.

 

Сайн йо1ана г1ийла илли ала:

«1илла, Йо1а , хьо лахьти чохь хьайн,

Деган серлонца и къагадай,

Гайта дедена син ц1ена алу.

 

Цунна боьлхуш бара хьан ши б1аьрг,

1уьллу шуьшиъ х1инца ул-уллехь…» -

Иштта олу ас йо1ана илли.

 

Кхин ца дека жазлаг я г1алерг:

1аламо 1аьржа кортали тилли…

Гой-те кху дуьненна соьгахь дерг?

 

VIII

 

Гой-те кху дуьненна соьгахь дерг?

И ду-дац ца хаъал сан сахаьдда.

Хета цкъацкъа, кхойкхушехь: «Саида!» -

Схьайог1ур ю, дог хьаста шен ден…

 

Кхуллу-теша иштта г1аларт сиэ,

Дуьхьалх1иттош цкъа д1абайна седа?

Ерриг ойла цуьнгахьа д1акхийда,

Серлонан мор баржа а бой шен.

 

Олура цо соьга хийла хьалха:

«Схьахилал цкъа, папа, стоьла хьалха,

Малий вайша цхьацца стака чай,

 

Суна ахь хьайн керла байташ еша,

Цул т1аьхьа ас йиш локхур ю сайн…»

Дахаре кхийдара цуьнан эшарш.

 

IX

 

Дахаре кхийдара цуьнан эшарш,

Маьлхан серло ма-ййю айалой.

Долура самалха сан, и гой,

Цхьана а боданан ницкъах ца тешаш.

 

Олу: «Хьан йо1 ялсаманин беша

Яьхьна малико, хьегийта той.

Ваха дагна парг1ато а  лой…» -

Цу дешнийн ткъесашлахь чевнаш 1ийжа.

 

Со-м вара и даим яха лиъна.

Сан йо1а ма к1езиг дуьне диъна,

Моьттушехь кху дуьненна ша оьшу.

 

Амма дуьнено и лар ца йи,

Да а орцахвала ца кхии,

Хозуьйтуш цунна и шена эшар.

 

X

 

Хозуьйтуш цунна и шена эшар,

Дала Ша и йигна-теша д1а,

Хиларна Ша синкхолламан Да.

Гур ю Цунна хаза йо1 шен бешахь.

 

Дахар хестош, цо екийна эшарш,

Нагахь санна хазахь Цунна цкъа,

Йоуьйтур яц цо и цкъа а ц1а,

Шен маликех санна, цунах тешаш.

 

Дела, дена езаш яра и.

Х1инца са ду и Хьан аренийн,

Къилахь ву-те со, Ахь иштта зел?

 

Хьан стигланаш хоьтуьйтуш т1ех екхна,

Йо1 яра сан серло латтош дагна,

Кхачале 1ожаллин т1ома к1ел.

 

XI

 

Кхачале 1ожаллин т1ома к1ел,

Цунах йоккхаеш хилла сан нана.

Цуьнан баба елира, ца лайна…

Со-м лан висна Делан ший а кхел.

 

Хезий Хьуна, Дела, сан къамел?

П1ерасканан дийнахь, полла санна,

Йоссае йо1 лаьтта, гайта суна,

Хилийта и де синкъераме.

 

Зевне аз деко йо1 схьахилча,

Орга г1ерг1ар дацара сел ирча…

Амма хир бац цкъа а суна тем.

 

Дог юккъе дерзийна сетта къовларш,

Бохуш: «Велларг цкъа а ца ло ден…»

Хийла г1ийла ойла йо ас къайлах.

 

XII

 

Хийла г1ийла ойла йо ас къайлах.

Б1аьрса серладолу, кхетча наб.

Дов даг т1ера т1епингаш сан г1енах,

Доггах суна белакъежа нах.

 

Дуьне серладуьйлу уллехь, генахь,

Ша сан йо1-б1аьргаш чохь д1агахь.

Иштта г1ан шен дуьне хета дена,

Гарна шен йо1 г1уллакхаш деш, ц1ахь.

 

1уьйре йог1у – юху ирсан раж.

Юьхь-куьг диларх, яшарх ц1енна маж,

Малх ца хуу лам т1е суна бела.

 

Денош севцна. Хуьйшу уьш т1е-к1ел:

Кхайкхош ю стигал, даш санна лелаш,

Буьрса кхелахо а хилла, кхел.

 

XIII

 

Буьрса кхелахо а хилла, кхел.

Ву со хено кхайкхош хаззал дийна.

Сан ирсан х1у шен лайла а дийна,

Шелбина цо сан йо1 яьхна кхерч.

 

Хир бу соьга ала кийчаберш:

«Хьайн йо1 ахь 1ожаллех ца ларйина…»

1ожаллин лаг хьенан буйна деъна,

Вахьарх цо воккханиг, дахьарх бер?

 

Ас г1айг1анийн тептар д1а ца къовлу:

Байташ язъян к1ад ца белла къолам.

Амма дагна цо еш г1оли-м яц.

 

Та1заран кхел, г1ад-амал а дайна,

Дебош даг т1ехь шал а шийла к1ац,

Кхайкхайо ас тахна айса-сайна.

 

XIV

 

Кхайкхайо ас тахна айса-сайна

1азапе кхел. Ас и хала лов:

Да1ам детташ, да1 к1аргдеш ю чов.

Хийла нанас, дас ас ловшдерг лайна…

 

Шена лепаш хилла серло яйна,

Висначунна го, са муха дов.

Хиларна ша иштта бала лайна,

Хеза цунна сан лазаман ов.

 

1ожалла ца эшаелла соь,

Лаарх т1епаза дайа цуьнан доь.

Цо со маца вожор ву ца хаьа.

 

Деса ду дуьненахь, х1усамехь…

1амийна ас син полларчий даа,

Г1ийла йоьлху х1ора а сонет.

 

XV

 

Г1ийла йоьлху х1ора а сонет,

Мог1арийн хершнаш чухула лела.

Сан даго хуьйдина беза бала,

Дог дасделла, ясъяларна керт.

 

Базбелла сан даг т1е т1улган берд,

Бехк ма билла, нах, ца гуш т1ехвалахь:

Нахана а езна сан йо1 елла…

Гой-те кху дуьненна соьгахь дерг?

 

Дахаре кхийдара цуьнан эшарш,

Хозуьйтуш цунна и шена эшар,

Кхачале 1ожаллин т1ома к1ел.

 

Хийла г1ийла ойла йо ас къайлах:

Буьрса кхелахо а хилла, кхел

Кхайкхайо ас тахна айса-сайна.

 

1987 шо.

 

 

.......................................................................

Эрк (диалект) – ахк.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.