http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Мичара «лоьцур»-те и «син шовда»?.. Печать Email

Я.Овхадова

Гуттар а йой-те вай вешан леро схьалоьцучу  дешнийн ойла? Схьахетарехь... Ас-м ца йинера хийла  баккхийчу нахера хезначу  «Шега х1ун дог1ур ду ца хууш дуьне ду х1ара» бохучуьн ойла а, оьрсаша «Своя крыша над головой...»  олучуьн ойла а, «когаш к1ел хи кхаччалц», аьлча а, Нохчийчу т1ом кхаччалц. Мел нийса, – ткъа!

 

Со-м тешар а, тешор а яцара,   дуьненчу яьлчахьана суо яьхначу ков-кертара, сайн юьртара  араяьккхина суо Гихчу-к1отара кхочур ю аьлча…Нехан боьхачу, ямартчу куьйгаша сайн чоьнаш кегор  ю аьлча...

Хийла нана берах,  йиша вешех, доттаг1 доттаг1чух къастийра-кх ахь, хийла да х1усам йохийна нахана несала х1оттийра-кх ахь, т1ом…

Хийла, хийла…

Шен дег1аца, шен дагца, шен б1аьргашца ца лайча, ца гича… ма-ярра евзарг ца хиллера-кх хьан къахьалла.  Кхин цкъа а, цхьанна а... кхайкхаза, бертаза  нехан не1ар т1е х1оттаран чам.

Баккхаза  бисинарш, бисинарш-м, ткъа – п1елгаш т1ехь багарбал бен…

Цхьацца дуьйцуш, Гихча хьахаелча: «Сан а бу цигахь дененахой», – олура ас. Воккх-воккхачу тхайн х1усаме кест-кеста кхочучу  шина-кхааннан ц1ераш а йохура. Кхечеран ца хаьара. Хаа башха саготта а… Вог1уш-воьдуш дуьхьалкхеттачо к1отара хьошалг1а кхайкхича, дика-м ду и хатт кего ца безаш, олий, хетара…

Кеманаш Хьалха-Мартант1ехула «забарш лело» дуьйладелча-м дагабаьхкира гергара нах. Ма ца хаьар-кх...  Ца хууш хиллер-кх ... х1ун дог1ур ду. Сонта куралла я кура сонталла (х1ун башхалла..?) йоьжна (йожийна), 1ана карзахбаьлла син 1айг бадийна х1уттур юй к1отархойн Мовлидан, Пиян Ибрагимовг1еран не1ар т1е.... Царах б1обоьлла.

Б1обола-м мегарг а хиллера… Бола б1о буй-м хаийтира йоккха машен йоьттина – къена зударий, цомгушнаш болуш – сай-бодий къастале (кеманаш «г1овттале»), тхо кевне х1иттича,  суна   х1етталц газа йолчу, шен хене хьаьжча, «мамига хатта» яххал бен ца хиллачу  Энисас:  «Ма дика ду шу кхуза даьхкина. Шу кхуза ца даьхкинехь, тхуна халахетар дара», – аьлла, шеггара тхо т1еэцна йолчу.

Церан итт доьзалхочух ши-кхоъ бен гина а йоцчу сан, цаьрца гергарло лелийна, царна т1ейосса юьхь ца хиллехь а, сайца болчарна хьалха юьхьк1айчу х1оьттина, дозаллех буьзира сан кийра. Цул т1аьхьа а: «Хьуна эхь х1унда хета? Хьо-м хьайн дешича волчохь яй», – баха долийча, г1иллакхах, оьздангаллех дуьззина дешичан бераш гучудийла дуьйладелча, дохкойийла йолаелира айса Гихчу-к1отарара «хатташ кегийна» цахиларна...

...Де (кхераман, сатиссаман) шарал дахлуш, буьйса (тешнабехкечу дошан г1аранах кхоьруш «егайо» буьйса) т1е ян а ма яг1ахьара аьлла хеташ, сингаттаме зама яра оха Гихчохь яьккхинарг. Хала дара яккхийчу тоьпаша, кеманаша «еттачу» Мартанан «узаршка» ладег1а, т1еман бала шайн дахарехь масийттазза 1аьвшинчу баккхийчеран кхоьлинчу б1аьра хьежа. Юха ма гойтийла-кх Везачу Дала! Нагахь санна газа ца далахь, тхуна санна собарх (собарх!), доьналлех, къинхетамах, комаьршаллех халонаша бохоза нах уллохь нисбойла де доьхна (дохийна),  мух1ажаран ц1е бертаза т1еэцна х1усамах мел ваьккхинчунна.

«Буц яларх», диц ца ло-кх, дицлур а дац-кх (дицдан бакъо а яц-кха... адамаш вай делахь)....

Дицлур дац, генара кхоьссинчу «совг1ато» тхешан ц1енош дохийна аьлла,  сой, Пияй цхьаьна йолуш  баьккхина «кхаъ»  сайна худуш со лелаш, со йол-йолчу юьйлуш, цуо сайн дог хьестар. Ма дицлур дац Пияс, куьзган т1е яьккхича санна сох чекхъхьоьжуш, оьшучохь нийсархо, оьшучохь хьехамча хуьлий, сайн сина там, тем лехар.

«Хьешаден г1уллакх динарг схьавала», – эр ду боху Цигахь.  И Мизан терза  ма даздийр ду-кх, Дала мукълахь,  деэшна, де а, буьйса а дохийна хьаьвзинчу соьга (тхоьга – дуккханга!) цо лебинчу мерзачу матто,  тхо бахьанехь доггах баьккхинчу кого, комаьршаллица кховдийначу куьйго. Шена, шайна  там ца лоьхуш, хаддаза хьешана лаьтташ чекхъелира Пия, юьхь т1ехь догазаллин, к1адъяларан лар ца гойтуш...

Хийла, хийла кхачанах вузийра, хийла дог хьаьстина вахийтира цу халчу муьрехь...

«Оьздачу нахана т1евоьссича шех цхьа х1ума  тарлой вог1у», – олуш ду вайнехан. Шайн оьздангаллица цара ларар бахьана долуш юьрто а лерира тхо. Со шен берийн хенара бен йоццушехь, суна а барч бита не1аре г1ертаро дог-б1аьрг бузура цунах а, и схьаяьллачу ц1ийнах а. Х1ан, кхин кхуо даза дисина дика дац, аьлла, хеттачохь, кхин а, кхин а инзардохура цу Адаман адамалло. Мехкадаьттано серлабоккху бовш лаьтта чиркх санна, цуьнан син серлоно декхадора  макхделла дуьне.

Мичара «лоьцур»-те, муьлхачу «ломара»  – и «син шовда»,  шен итт доьзалхочунна а, церан доьзалшна  а, тхуна а кхаччал?!

«Цхьа дика доцуш вуон ца дог1у хьуна», – олура Пияс, со гуттар холчах1оьттинчохь. Дика дан а деара – цу т1еман къахьалло гуттаренна а буьйзира тхуна юкъахь бакъйолчу марзонан маша. Цул доккханиг...

Кху мог1анаша ишта а ерзаза т1еман чевнаш «к1амйинехь» а, шуна а дагабаьхкина хир буй хаьа суна шайн Пияг1ар,  карлаевлла хир ю шайн марзонаш, шун кийрахь юха а кхерстина хир ю баркаллин йовхо.

Вуьшта, вайн къоман амалца дегалла сайийларна делахь а, я... вовшашна олучу хазчу дашах лардала доьлла-кх  вай... Деган дехаршна жоп ца луш, багахула алаза дуьту-кх вай...

 

Довха дош аьлла, цхьаъ хьаста дог даг1ахь,

Сихлолахь д1аала, кханенаш ца йохкуш.

Х1ун хаьа – кхана и дагара далахь,

Я висахь, т1евахна, ала йиш йоцуш...

 

Хан хене мел юьйлу а, дуьне (хьан-хьайн дуьне, дерриге хьайн ду моьттуш, хьайна диллина, хьайн дуьхьа лаьтташ ду моьттуш, хьо цхьана муьрана 1ехавелла) гаттоне мел лести а, жимлуш-жимлуш, жимдала мел дуьйли а везара-кх дикаллина гуора х1итта...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.