http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


СИЙНАЧУ ПАНАЛЛЕХЬ Печать Email

Ильясов Адам

 

*    *    *

Кийчаву хьо ларъеш шо даккха дезахь,

Езачу хьан деган б1аьра хьажа дагахь,

Со санна дог эца да воцуш йисахь,

Хаийта хьо санна кхин цхьаъ вуй лаьттахь.

 

 

*    *    *

Т1улг санна шелделла лаьттачу даг т1ехь,

Зезагаш довлу хьо дага яг1ахь.

Нагахь, уьш хазделла, хьо даха яг1ахь,

Хаалахь кхиъний уьш хьо хьоьстуш шайлахь.

 

*    *    *

Дуьненна гуо тесна Нохчичу яьхкина,

Шайн дог а 1абадеш тхан къина йилхина,

Тхоьгара маршалла шуьга д1адохьуш,

Шун махка д1аяхка кечлуш ю мархаш.

 

*    *    *

Буьйсане доьху ас, седарчий хьоьстуш,

Хьан г1айг1а эцний бен д1а ма г1о бохуш.

Хьекъале ца хоьтту езачу даго.

Со хьоьха хьегавеш хьийзаш ду дуьне.

 

*    *    *

Сил дукха хьо шена езначу,

Наб йоцуш беттасехь лехначу,

Дог лозуш хьайга са тийсинчу,

Сан къа ма хуьлийла хьуна.

 

Ас хьайга дуьйцучух тешначу,

Г1иллакхах соьца ца йоьхначу,

Соьца хьайн кхоллам ца хиллачу,

Хьан къа ма хуьлийла суна.

 

Вайн барт хиларна кхийринчу

Нехан къа ма хуьлийла вайна.

Церан луург вайна хиллачу,

Вайн къа ма хуьлийла царна.

 

*    *    *

Хьо гича дог ловза даьлла,

Б1аьсте ю сан даг чохь яьлла.

Сил дукха хьо езаелла,

Сан ойла ма 1еса яьлла.

 

*    *    *

Мархашна малх т1ехьа лечкъа,

Хьан б1аьра хьажа эхь хеташ.

Ша саннарг гина цец баьлла,

Бу те б1аьрг хиларна кхоьруш.

 

Я буй те соьха бехк лоьцуш,

Сан лозу, хьо еза дог гуш.

Хьо ца гуш шарал дахделла

Де гуш со къежвеш чекх даьлла.

 

*    *    *

Стиглахь карор буй хиъча хьан седа,

Со вуьжур вацара лоьхуш и буса.

Сийначу паналлехь цхьалха и хилча,

Сайн деган йовхонца хир вара цуьнца.

 

*    *    *

Эсала хьоьстуш хьайн мара къуьйлуш,

1уьренга со ваккхарх пайда буй буьйса?

Яшаеш г1ура, лозу дог хьостуш,

Ган йиш ца хилча дашо малх суна.

*    *    *

Г1айг1ане ойланийн аг1онаш луьстуш,

Наб яйна хьийза со хьо дага оьхуш,

Седарчий, вовшашка сан бала буьйцуш,

Хетало баттаца ду дага дуьйлуш.

 

*    *    *

Лела со х1инцалцчул суо ирсе хеташ.

Хьо гаре дог дохуш д1аоьху денош.

Дог 1аббалц хьан б1аьра хьежа сатуьйсуш.

Хьан б1аьргийн къайленехь

вицвалар лоьхуш.

 

*    *    *

Нагахь, хьан дог хьаста цхьа зезаг делахь,

Мел миска велахь а, хьо вехаш ву.

И гича дог ловза хьо долуш вацахь,

Хьо паччахь велахь а, хьо миска ву.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.