http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ца хезна аз Печать Email

Джебиев Хьусайн

 

Мерзачу набарха хеназа йохуш,

Безаман ойлано хьийзиний хьо?

Суьйренца шовданехь

гойтеша бохуш,

Сатийсам гулбина ларвиний со?

Серлонца стигланан

сийналла кхолуш,

1аламе шен з1анарш малхо а ло.

Ирс-эца хазаллех дахаран, олуш,

Даймехкан сибат а кхелина го.

 

Г1ийлачу ойланийн

йийсарехь йоцуш,

Хьаьстина дикано биллинехь го,

Карийнехь миноташ

со дагца воцуш,

Билгало-къастаран бирзина муо.

 

Безачу баланийн

мохь сайга оьцуш,

Гулйина шерийн чот

ас сайца хьо.

Сох кхета, дог-эца,

хьаста стаг воцуш,

Дахарех д1адели масийтта шо.

 

Дахаран хьесапаш

цецеха луьйсуш,

Г1алаташ замано гулдина схьа.

Харцонан г1улчана

дохко а вуьйлуш,

Яханчу къоналле сатуьйсуш 1а.

 

Баркалла, ойланаш

ирсехьа кхоьхьуш,

Сан дахар хаз а деш,

хиларна хьо.

Кхоьру сайн лааме

кхача йиш йоцуш,

Хьоьгарчу безамах хадарна со.

 

Даймехкан безам

 

Веха со х1ора де

диканца луьттуш,

Махкаха дахаран

ойланаш хуьттуш,

Даймехкан сирла сурт

б1аьргашчу х1уьттуш,

Малхаца 1уьйренан

з1аьнаршца г1уьттуш.

 

Ма лолаш кхолламан

цабезам соьга,

Гамо я 1аьржа хьаг1

нахера эца.

Тешначу бехкана

кховдадахь куьйгаш,

Ца лелаш совцийла,

даима хебаш.

 

Зуламна хьажош ас

сайн б1аьргаш делахь,

Б1аьрзе уьш дуьсийла

балийна делха.

Когаш  сан ловзарехь

идийнарш хелха,

Ницкъ эшна буьсийла

харцонна тийсахь.

 

Даймехкан диканна

дог т1ома дуьйлуш,

Хьан

лазам б1аьрхишца

сайн мара къуьйлуш,

Биъна цхьа дуй бу с

ан махкана ваца,

Нийсонна кховдийна

куьг онда лаца.

 

Х1ай шера Даймехкан

йист йоцу ареш,

Сов лекха, исбаьхьа

Кавказан лаьмнаш,

Шовданаш карзахе,

баьццара хьаннаш,

Нана-Мохк ца безнехь

оьг1азло елаш.

 

Къоначу дагца

сан ч1аг1ъелла ойла.

Хаьржинчу некъаца

и хер ма лойла.

Харцонна 1ехалахь

хеназа лойла,

Т1епаза лар йоцуш,

кхоамза войла.

 

Нана

Сан дахаран некъашка

маьлхан серло луш яьхначу

нанна Белижина

 

Хийла хьайн са б1арздой,

Со варе хьоьжуш,

Диллина лардора

Вайн кертан ков,

Гул а дой ца лаьарш

Хьайн даго хьоьхуш,

Ахь суна кечдора

Ч1ир йоцу дов.

 

Вевзара татанах,

Геннара вог1уш.

Олура сан некъаш

Хьайна ца тов.

Хезехь хьо кхайкхича

Я гучахь воцуш,

Мел йоьду зама ас

Ма хала лов.

 

Хьо-м

дуьхьал йог1ура,

Малхаха тарлой,

Дерриге дуьненна

Къинт1ера йолуш.

Оьг1азло йойура,

Хьайн дагах херйой.

Со мара къовлура,

Марша ва, олуш.

 

Кхачанах вузийна,

Набарна вижча,

Ахь т1аккха лахбора

Багийна чиркх.

Са парг1ат г1аьттина

Не1аре хьаьжча,

Йовхонца йогура

Латийна куьрк.

 

Даим хьан корера

Серлоне хьоьжуш,

Ас г1ийла дуьненан

Ойланаш йи.

Жима дог кийрара

Схьадала 1ийжаш,

Хьан х1усам бодане

Шелъелла ги.

 

Ирсана йисна хан

Балийца хуьйцуш,

Т1екхечи дахарехь

кхийрана де.

Нана хьан 1ожалла

Ас сайга оьцуш,

Вага йиш ца хили

Кхарстийна ц1е.

 

Диллина сан амат

Лелийна б1аьргаш,

Ахь соьга хьаьжначохь

Ца дела къевли.

К1антана ирс доьхуш

Хьедина балдаш,

Цхьаъ ала луъушехь

К1айделла севци.

 

Хьайн нана лойла хьан,

Йисинчу ханна

Хьо муха вехар-те,

Х1ун гур-те хьуна?

До1ийца со Деле

Ахь воьхуш, цхьамма

Ца къаьсташ аз деа

Хьан лере суна.

 

Балано хьулйина

Г1айг1а т1е хьерчаш,

Г1ийлачу деношка

Шераш а керчаш,

Къизачу ойланийн

Йийсар а хилла,

Дахар а дара хьан

Ирсаха тилла.

 

Йисанчу хенан сан

Кхолламан некъаш

Ма шога хир ду уьш,

Ирсаха хиэдаш.

Схьакхета сирла малх

1аламна боьлуш,

Суна-м и хетар бу

Серлонца кхулуш.

 

Сох хилла велара

Наб йоцу хехо,

Мел тосчу когаца

Хьан синтем ларбеш,

Доггаха резаеш,

Диканех 1ехо,

Хедадеш ц1ентера

Гена до некъаш.

 

Чурта т1е куьг хьоькху,

Базбелла бала.

Мел диси сан нана

Хьоь дийца, ала.

Со вог1у лар а веш,

Ахь х1усам кхала,

Вай цхьана тухур ду

Кхоьллинчу Дала!

 

Даймехкан балано

дог ду сан огуш

 

Дукхаллин шортонца

Са акха даьккхина,

Хорамца гатйина

Сан аьрха ойланаш,

Набарха вохийна,

Меттара ваьккхина

Карла ма дахийша

Генара туьйранаш.

 

Хьомсара сайн нене,

Сийлахьчу Даймахке

Дагера г1аьттина

Сан безам гайтийша.

Литтина шовданех,

Эзарза аш ахке,

Сан лаам диканна

Дахаре хецийша.

 

Дерачу кхолламца

Г1иллакхе хилийша.

Лойша цхьа наггахь де

Дахаро велавеш.

Доьзалех хедачу

Наношка хьажийша.

Цундела 1ийжа дог,

Сан сина г1ело еш.

 

Кхоьлинчу тхан дегнех

Дохк-марха г1аьттина.

Турпалчу къомана

Базбелла баланаш.

Ирсечу адамийн

Беркатах йоьттина,

Дуьне а цецдаха,

Х1иттор ю г1аланаш.

 

Безаман чов

 

Безамо марзонца латийна ц1е

Яйначохь ирс хеда, дегнаш а ле.

Бодано кхоладо массо а де.

Г1айг1ане кхачайо

буьйсанаш т1е.

 

Цхьа висча кхолламан

ойланаш йо.

Сатийсам даханчу

деношка хьо.

Геналле мел хьийжи

дайна ирс го.

Сингаттам совбуьйлу,

дог делхадо.

 

1аламан хазаллин терго ца йо.

Эшарийн аьзнаша шовкъе ца во.

Тишделча дахар а къага ца ло.

Массо а диканех цо хадаво.

 

Велаво, велхаво, цо ден а во,

Стигланийн 1аьршашка

хьо кхачаво.

Са б1арздеш, деноха

тардо цхьа шо.

Цкъа хьостий дуьненан

ирс хьоьга ло.

 

Маржа-я1, безам хьан,

ницкъ онда бу.

Ахь хьостуш дог1у де

ма ирсе ду.

Лакхаллехь хоьтуьйтуш

латтийна гу

Харцийна, тетти ахь бердеха чу.

 

Дахаро хьоьсту

 

Дог хьоьстуш сирла ду

Даймехкан дахар.

Сов аьхна томехь ду

зезагийн техкар.

Бердашца кхиссалуш

шовданийн декар.

Сирла малх 1аламан

хазалле хьежар.

 

Исбаьхьа кхелина

Даймехкан лаьмнаш.

Ялтийца хьийкъана

беркатен ареш.

Ирсе ву Нана-мохк

хьан к1ант суо лоруш,

Дозаллин довха дош

хьан ц1арца олуш.

 

Дог хьостуш кхочу

сан лаьмнашка суьйре.

Иштта ю вехачохь

массо а 1уьйре.

Юртара шовдано

сатуьйсу даре

Деза шиъ ирс кхолла,

декъалда маре.

 

Яьржина ойланаш

паналле лехка

Йисац уьш геналлехь,

йоьрза дайн махка.

Иштта и бакъонца хила а деза.

Веха мохк лерамца

кхоьллина беза.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.