http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ВорхI лам Печать Email

Юсуп Яралиев

 

 

Зуда яло дагахь тохавелла цкъа мацах Нохчийчуьрчу цхьана эвлара ша шех ч1ог1а б1о булуш волу цхьа кура жима стаг, шена гергахь зуда яллол бахам шен вовшахкхетча.

- Ахь бохху там а лур бу ала, - хабар дахьийтина кIанта пхьадухехь ехачу шена езачу йоьIан дега, – дуьненан даьхни шен шорта ду, йоI езаелла шена, рицкъа кхоор долуш вац ша, йо1 яийта шега, аьлла.

Вахана геланча хабар эцна. Тамашийна жоп деана геланчас.

- Реза ву ша захалонна, бах йоьIан дас. Шена оьшуш хIумма а дац, бах цо. Амма цхьа хIума я, бах. Хилахь, томана а хир и, бах цо, хилахь тIаьхьарчу тIаьхьенна пайдаэца а хир.

- ХIун ю-те и, дакъаза ма яларг? – аьлла курачу кIанта.

- ВорхI стигланий, ворхI латтаний юккъехь ворхI лам бу. И ворхI лам баьккхина кIант хьо велахь, оьшуш дац хIумма а, оьшуш дац дуьненан рицкъа а,  оьшуш бац там-товр а, ала бах хьоьга. Оцу лаьмнийн цIерш хIокху бустамашкахь ю,  - аьлла, бустамаш тIехь долу тептар дIакховдийна геланчас.

Тептар т1ехь бустамашца яздина хилла:

«Хьалхара лам бу хьуна – диканехь-вонехь, ваша санна, уллохь хуьлуш волу тешаме доттагI. И лам баьккхиний ахь? Вуй хьан тешаме доттаг1?

ШолгIа лам бу хьуна – адамаша вовшийн деш долу сий. Баьккхиний ахь и лам а? Вуй хьо адамийн сий дан хууш? Вуй хьо наха сий деш?

КхоалгIа лам бу хьуна – адаман адаме болу лерам. Наха лерам бой хьан? Ахь айхьа а лорий нах?

БоьалгIа лам бу хьуна – дуьненан маьIна толлуш долу, валлалц Iамо дезаш долу Iилма. Хьуо 1илма долуш вуй хьо? Долуш дерг тоьар ду аьлла хетий хьуна?

ПхоьалгIа лам бу хьуна  – сиха ца веллачо баьккхина лам – собар! Бевзий хьуна и лекха лам?

БоьалгIа лам бу хьуна – и хьалхара пхи лам баьккхича, дагна хуьлу кхаъ. Хиллий хьан дагна и мерза кхаъ?

ВорхIалгIа лам бу хьуна – уггаре а лекха лам. Оцу ломан ц1е хьулйина ю вукху ялх ломан ц1ерашкахь. Хьалхарчу ломан ц1еран т1аххьара элппий, шолг1ачу ломан ц1еран шолг1а элппий, ткъа иштта кхоалг1ачун хьалхарий, доьалг1ачун кхоалг1ий, пхоьалг1ачун доьалг1ий, йолхалг1ачун хьалхарий элпаш, вай х1инца билггал ма-даххара, т1ахьа-хьалха д1аяздахь, лекхачу ломан ц1е билгалйоккхуш долу дош д1аязлур ду.

Оцу лакхенера охьахьаьжча, хьайна гинарг хьоьца хилахь, со реза ву гергарло лело а, захало дан а. Ялх элпах лаьтташ ду хьуна и дош».

- Лело хала яц и х1ума. Iай а, аьхка а лело мегаш ю, бах, - аьлла геланчас. - Ширлуш а яц, мел лелорах. Зудчо а, стага а, жимчо а, воккхачо а лелош товш ю, бах. Чохь а, арахь а лелайо.

ХIун я аьлла воккхачу стага шен нуц хила гIертачу жимачу стаге?

Воккхачу стеган йо1 йига хьакъ хиллий иза?

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.