http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Теш хилла ца х1отта, Малх къайла белира Печать Email

Сааев Султан

 

Бос хуьйцуш дара гуьйренан 1алам, мажделла дог1ура ламанан баххьаш. Ялтех яссалуш, парг1ат йуьйлуш яра аренаш. Хьалха Мартан лакха эвла коьртехь, Марта ц1е йолчу хи йистехь бехаш бара гендаргунойн доьзал.

Куьйрин ялх к1антах шиъ вара кхузахь вехаш, Саь1ий, Турпалхий ц1ераш а йолуш. Саь1ийн, цунан х1усам ненан Курбатан вара пхиъ к1ант; - 1омар, Зайнди, Зайн1абди, Баудди, Нажмудди. Шайн де дас Куьйрас Марта хин т1ера далийначу татол т1ехь хьера а йиллина, юккъерачу барамехь шайн бахам а болуш, эсал бехаш доьзал бара иза, Жимах волу к1ант Нажмудди вара школехь хьехархо. Зайн1абдин кхалхар хилира цамгарх. Хаза еанчу оцу гуьйренах хьалха санна самукъане воцуш, воккхавер а доцуш хаалора к1ентийн да Саь1а. Нана Курбат доьхначу даго бодане гойтура.

Т1екхечира 1941-г1а шо, Нажмуддин дийзира эскаре ваха. И д1аваханчул т1аьхьа, дукха хан ялале белира и луьра т1ом. Веллачу к1анта 1овжийна дог метта а дале, баьллачу т1амо шен жима к1ант хьоьстур воций хуучу ненан дог делира карзах. Цуьнан дог, стогалла, собар зуьйш хетара кест-кеста хуьлучу цатемаша. Воккхах волу 1омар вигира «Труд арми» олучу арми, амма иза а, цуьнца бигина кхин болу нохчий а баьхкира дукха хан ялале ц1а. Уьш ц1а бахкар ца хиллера ларамаза. Цул т1аьхьа дукха хан ялале, 1944-чу шарахь деанчу 1аржачу 1аьнца, беара 1аьржа бала ерриге а Нохчийчу. 22-чу февралехь, пачхьалкхан ловзаре гулло аьлла, Мартана лакха эвла коьртехь йолчу хьаьтта гулдира адам. Амма ловзаре кхайкхинчарна ца хетара эхь, цара го лаьцна, зударий, берашший шаьш, боьрша нах шаьш а баьхна, доьзал цхьана боцуш, даьхна керта бажа санна, гул бина бара вайн дай-наной, йижарий, вежарий. И бара инзаре, къиза, ямарта, осала, эхь хетар доцуш, къомана бина тешна бехк.

Ц1еххьана, зударий болчу аг1орара девлира маьхьарий, белхарш а. Йина кхел йоцуш, бина таллам а боцуш герз тоха д1ах1оттийна хиллера Турпалхан йо1 Рихьант. Бахьан ду цо шегахь карийна тапча йолу да д1а цавийцар. Рихьант, шен кортали йуьхь т1е охьа а хецна, д1ах1оьттина, ша кийча ю 1ожалла т1е эца, амма тапча йолу да вац шен вийца, аьлла. Цу кертахь дерг х1ун ду хиъна, Саь1ин к1ант Баудди дукха сиха воьду эпсарна т1е, цо цуьнга олу тапча шен ю, д1ахеца и зуда олий. Амма шен ден вешин к1ант д1авийца лерина яцара Рихьант. Цо керста дора и тапча цуьнан яц бохуш, тхан нохчийн эхь ду зудчунна хьалхара вала а к1ант кийча вацахь, цо лелориг иза ду, иза шена духхьара гуш стаг ву бохуш, къар ца лора Рихьант. Делахь а Бауддин ницкъ кхечира т1е эца 1ожалла, и яра къиза: латийна г1одмийн такхорах ц1е, цуьнан серлонга д1ах1оттийна Баудди. Ден цунна дан доцу дола, вешин дан доцу вошалла, йоьхьах буьзна болчу нохчийн к1ентийн дан доцу нохчалла, цу балийна дехьа кертара тийжа зударий, и берриге а бала базбан санна уг1у юьртара ж1алеш, къаьсттина 1аьржа шийла еъна буьйса, цхьа Дела воцург, кху дуьненахь кхин къомах къа хета воцу да а, и гуш йоцу цуьнан нана Курбат, и цунна ца гарах воккха веш, вуьшта а к1антана дан амал доцуш б1арз вела да Саь1а, и собаре воьхуш, марахь къуьйлу молла Исраил, букъ берзабе бохуш т1ечеха эпсар. Баудди вацара букъ берзон дагахь, цо собарца сеца дора шен майра дог, шен юьртахойн бехках ларлора иза.

- Букъ берзор-м мухле а эрна дара аш дийцича а, я воьхна дуьненах кьаьстар а ма вац со, сайн юьртара къаной лерина ца 1ийча, ас масех хьур вара шух сайца д1а, – и дешнаш дара  Бауддин т1аьххьара. Автомат тоьхна дожийра цуьнан турпала дег1, амма и керчара бакъо йолчу аг1ор. Бакъхьа вирзинчул т1ехьа, ког хьала а хабийна, и вела велча, цуьнан кортах яссира тапча. И къизалла ца лаеллачу салтичо эпсарна т1е ерзийна йожийра автомат, амма и герз ирх дерзо кхиинчу вукха салташа дукха сиха къайла ваьккхира къизалла ца лайнарг.

Ишта дара пхеа к1ентан нана воккхах волчу шина к1антаца йисар. Йовсарийн къизалла ца лайча санна, хьовзийра цу буса кху 1аьнан дуьххьара дарц. Набарна г1елбелла бийшинарш, диллинчу лай к1елхьара г1уьттура вовшашка хьуьйсуш, сийсара гинчу къизалло дегнаш 1овжийна, доьзалан балийна г1айг1ане хилла хетара уг1уш, доьлхуш дерриге а 1алам. Хезара уг1уш, дай боцуш дисна ж1алеш, 1оьхуш бежнаш, зударийн, берийн тийжаро зарз йора мел аьрха а ойла.

 

Лаьмнаш дегийра, лекъира шовданаш,

Хьаннашкахь акхарой вайн къина йоьлхура.

Теш хилла ца х1отта, малх къайла белира.

Ца лайра махко ша цхьалха бисар.

 

Ишта бара Курбатан воккхах волчу шина к1антаций, цу шиннан шина к1антаца Даудций, Супянций, г1илачу ойланца, кхаа к1антах ялла, доьзал дех а  къастина йуьхьара берзийна, ца бевза бодане, и аьрха беха некъ. Иза бара дерриге нохчийн къомана харцонца, ца бича ца болуш, т1е биллина некъ. Новкъахь вайн къоман хилларг ца хууш к1езиг стаг хир ву, и юха яздан тоьар дац собар. Д1акхаьчча бухахь цкъа а юьйцу ца хезна и акха аренаш, дарцо етта шок хетара Дег1астанар т1аьхьа кхаьчна акхаройн делхар, шело, кегийчу бераша сискал йуьхк еххалц, баккхийчарна дага а ца деана ша тайпа къам.

Семипалатинск-г1ала станцин вокзале, говрийн салазашкахь дуьхьал баьхкина бара адам д1аса дига т1е диллина болу нах. Церан сибат ч1ог1а гена дара нохчийн амална, кхетамна, г1иллакхна а. Цхьогалан ц1оканан куйнаш а техкина, кетарех хьаьрчина, буйнахь къуьйлуш шодмаш а йолуш, цабезамо б1арзбина гуш б1аьргаш а боцуш лаьттара уьш. Нохчел хьалха д1акхаьчнера вайна духьал бухара къам доккхуш даржийна д1овш. Иштачу безамца салазашка д1аса дийкъира адам. Новкъахь, Иртыш олучу хин т1ехула довлучу хенахь, ша каг а белла, салаз галл а ялла хи чу дуьйжира цхьа бер. И хиллера 1елин Хьомидан цу хенахь ши шо кхаьчна волу к1ант Леча. Ден вашас Мусас т1аьхьа чу иккхина хьала ваьккхира к1ант, х1инца 1аш ву Мартанчохь. Д1акхечира вай йуьйцу нохчийн тоба колхозан бараке, уьш яра вайн къоман керла х1усамаш. Амма нохчийн болата амал яцара къар яла дагахь. Мартанчуьра Раси Ахьяд ц1е йолу стаг г1аьттира хьала. Шен х1усамнене пондар схьа а эцийтина, йишин кара жирг1а а елла, шен шолг1а йиша хелхарна юкъа а яккхина - Ахьяда элира:

- Д1алакхал Зайбика сан хелхаран йиш, вай доьхний, осалий ца гойтуш, дикачу дино санна са долийтур ду вай.

Ахьяд хьоьвзира шен йишица хелхарна, нийсархой, зударий, бераш г1оьвттира хьала, цара даймехкан баьццарчу бай т1ехь ловзаргахь санна деттара т1араш, кху кхана х1ун дахьар ца хуучу сирачу, шийлачу кошан к1аг чохь. Кхузахь цец бевллачу казахийн б1аьргех гуш дамаст дацара. Оцу къемата новкъа, яа сискал эца таро йоцчу дийнахь, шаьш паччахьан ловзарга кхайкхича санна дехьана пондар, жирг1и, д1адар, д1акхаьчча боьхна хьийзаран метта, х1оттийна ловзар, вайн дай-наной дарбалар доцуш, вовшашца мерза хилар, и дерриге дара, дуненчохь вайн къам гора х1отто ницкъ ца хиларан тоьшалла.

И берриге а бала шен дас-нанас, вежарша хьоьгуш, шел воккхах волу ваша Баудди хам боцуш, къиза дуьненах хадош, динна къам махкаха доккхуш мохк сийсаза боккхучу хенахь Нажмудди вара цу ямарт 1едална хьалхара шен ц1ена нохчийн ц1ий 1енош,  т1ом беш.

 

Маржа хьо нохчийн ц1ий ма к1езиг дар-кха хьо,

Мостаг1чун хьалхара хьуо эрна 1ено.

 

Нажмуддица т1ам т1ехь хиллачу мартанхоша а, Г1ойт1ара Хасханов 1абаза а йуьйцура цуьнан сонта майралла, и тешаме накъост хилар а. Иза ца веара т1ам т1ера ц1а, цуьнан да Саь1а ца кхийтира кхи шен доьзллах, и 1илла висира цу пана казахийн махкахь. Караганда ц1е йолчу шахьарахь. 1957-чу шарахь тхо даьхкира Даймахка ц1а. массера а санна, эца дийзира шен дайх дисина керт-ков. Шайна хетта мах ца белчи уьш дацара схьа луш а. Ишта дара 13-та шарахь шаьш кертахь 1ерна, стоьмех эцна пайданна, нехан дисначу даьхнех, бахамах ц1а баьхкинчу х1усам дайшца къа ца хетачара лаьцна г1иллакх. Мартан т1ехь цу хенахь дукха бацара ц1а бирзина нохчий, амма ц1ахь вара тхуна гена воцуш 1аш волу Мизи 1ела. Цо гайтира Баудди лаьттах воьллина меттиг. Дуьххьара 1оьттинчу бело гучу даькхира салтийн чоа. Кхойтта шарахь лой, дог1ий лайна чоа, лаьтта хьесапе дирзина дара. Бухахь 1уьллучу Бауддин, дийцинчуьна тоьшалла деш санна, коьртан туьтанчохь 1уьллура барх1 даьндарг, сийна баса а йирзина. Ас лелийра уьш лерина, ас уьш гойтура сайна тешаме буйла хуучу нийсархошна. Со армера ц1а веъча даьндаргаш ехьна карийра суна, тхан да волчу баьхкинчу журналисташа. Уьш яйра, дандаргаш, церан лар 1уьллу тахана Хьалха – Мартана больница юххерчу кешнашкахь. Ткъа со ву тахана дийна теш, цу чевнийн лазам х1инца а лелориг сайца.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.