http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Деган йовхо Печать Email

Гойгереева Наида

 

Нохчийн махкахь йина яцахь,

Нохчийн мотт со безаш ю.

Цигахь ехаш кхерч сан бацахь,

И мохк дагна герга бу.

 

Дерриге и х1ун ду аьлча,

Ненан оьзда хилар ду.

Кийра хьостуш дош схьадаьлча,

Йовхо юссу дагна чу.

 

Нанас бер со долуш дуьйна

Иза беза 1амийна.

Йоккха хилча  оцо кхана,

Нохчийн махка ялийна.

 

Оцу махкахь йина яцахь,

Нохчийн мотт сан жайна ду.

Цигахь ехаш кхерч сан бацахь,

Деган йовхо цуьнца ю.

 

 

Атта зама

 

Атта зама еъна вайна,

Амма йоьхна еъна и.

Хета 1алам хаза тайна,

Амма х1аваъ бехдели.

 

Нехан сибат хетахь къона,

Хийлачуьн дог къандели.

Ца еш ойла, хьаьрчи вонах,

Мерза дахар къахьдели.

 

Харцлуьйш волу стеган дешнаш

Яхь юхкучо бакъ ма ди.

Миска стеган и бакъ дешнаш

Эхь доцучо харц ма ди.

 

Ненан чуьра пхьег1а юхкуш,

Шена малар цо тарди.

Х1усамнана берех йоккхуш,

Церан дахар доха ди

 

Кханенан а ца еш ойла,

Дела вицвой лела и.

Эхарта ша верза дезар

Цунна-м сихха дицдели.

 

Нохчийн лаьмнаш

 

Малхбузехьа со д1ахьаьжча,

Нохчийн лаьмнаш суна го.

Дог ца 1ебаш хьоьжу цаьрга

Цара дег1е йовхо ло.

 

Хаза хета уьш гуш долуш,

Цара бо сан дагна там.

Ойланашца буьххье йолу.

Сецча санна хета хан.

 

Амма царна генахь еха,

Т1екхачаре туьйсуш са.

Ду уьш дагна синан меха.

Къастахь кийра буьллу ша.

 

Генахь яха дац-кха атта,

Сайн ойланца лоьху хьо,

Хьоме ду хьо, нохчийн латта.

Хьоьца доцург байлахь го.

 

 

*   *   *

Б1аьрзечух къа хета суна,

Йиш яц цуьна вайн 1алам ган.

Г1енашкахь гуш юй-те цунна

Д1о хьаннаш и лекха лам.

 

Цунах сан жима дог 1ийжа.

Ницкъ бац сан, дан амал дац.

Б1аьргаш чу цхьа бода хьийза.

Шен ненан йуьхьсибат гац.

 

Гац цунна ша вина юрт а,

Бераллехь левзина беш.

Куьзганахь гац цунна сурт а.

И дуьллу ойланаш еш.

 

Йиш яц ган кхета малх денна,

Буьйсанна кхетта и бутт.

Йиш йоцуш д1а хьажа генна,

Ло хир ду цуьнан са гат.

 

Йо1 гина г1оттур бац безам.

Дикалле хьаьжна ду дог.

1ехорна хазалло бац кхерам

Аз хезчу боккху цо ког.

 

Ша б1аьрзе кхолларна и

ма ца тийжа.

Мотт хууш кхолларна

цо хастам бо.

Бийца мотт боцчунах

цуьнан дог 1ийжа.

Ирс кхоллар дахарехь

маттаца го.

 

 

Пондаран аз

 

Пондарча хьовзалахь говза,

Озадеш пондаран лерг.

Лууш ю цуьнан аз довза,

Сан дагна йовхо луш дерг.

 

Пондарча хьовзалахь говза,

Хазуьйтуш исбахьа аз.

Ма ала г1елвелла тховса,

Д1алакха, дехар до ас.

 

Декалахь пондаран аз,

Со йоккхуш ойланца генна.

Д1айоккхуш дагчуьра вас,

Декалахь хьо суна денна

 

Декалахь пондаран аз,

Кийрарчу деган аз хилла.

Ладуг1уш лерина ас,

Кечлур ю ойла охьа йилла.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.