http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Къинхетам оьшу... Печать Email

Бекмурзаева Човка

 

Хьан хьажар чекхдели дагах.

Вуй-те хьо ц1еначу доггах?

Б1аьргаш ма эсала хьоьжу!

Ткъа суна-м къинхетам оьшу.

Сан дагчу мерза ц1е лети,

Цо башха сан кийра бетти.

Суна-м хьо дика стаг хийти, –

Юха а 1ехаели-те?

 

Х1ан-х1а, дог ца лаьцна цкъа а

Ишттачо. Дац х1ара лаа.

Со 1еха ели-те «дйкъах»,

Ахь беза кхийдочу некъах?

 

Суна-м хьан совг1ат ца оьшу, -

Цо цкъа а сан са ца оьцу.

Хьо харцо цаезарг велахь

Хир ву хьо сан деган эла

 

Со хир ю йишин а метта,

Вашалла эшча а – г1атта.

Ас лоруш бериг бу тешам,

Цуьнца бен ца лаьтта безам.

 

Къинхетам, адамалла хилахь,

Ахь сийдеш, со лорур елахь,

Хир ю сайн са хьуна делла,

Хьо хир ву сан жима эла.

 

Лур ду ас аьхкенан денош,

(Сан-м йиш яц

летадан къинош).

Хьан кхетам тоахь со лара,

Нийса сан г1алаташ дара.

 

Ма екхна, эсала, мерза

Йог1ур яра суьйре вай деза!

Ма хир дара, ойлано воьхург,

Хилча хьо сан даго лоьхург!

 

Амма ницкъ бисний-те теша?

Сан б1аьргех

къаьхьа хиш лиеша, -

Ас дукха харцонаш лайна,

Тешнабехк, ямартло яйна.

 

Дош хир дуй хьан сунна дала,

Сан сиеха д1абаккха бала,

Вайн Делан дикнах со тиешуо,

Безамах яга, со латуо?!

 

*   *   *

Маржа я1, хьо сан дог!

Ма дукха х1ума

Ца оьшу доккхадеш

хилийта хьо.

Халчу а х1утту-кха хьо

иштта атта, -

Узам беш хезча а цамогашчо.

 

Хаза дош аьлла,

цхьаъ вистхуьлу хезча,

Цо йовхо луш санна ма хетало,

Ткъа цхьаммо кхечунга

«юьхь йоцуш» аьлча,

Чов, и, сан дог, хьоьх кхетало.

 

Цхьаммо цхьа ямартло

йинехь кхечунна

Я тешнабехк цунна бинехь а цо,

Цабезам кхоллало

догбоьхачунга,

Нийсонгахьа хьуьлу

дерригге хьо.

 

Хьуна ма лаара дикалла яха.

И лаам ца хилча

х1ун дора хьоьх?

«Дуьсучу дуьненчухь

догц1енна даха!

Адмашна мохь але,

экххахьа хьо.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.