http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Безаман ницкъ Печать Email

Резванова Айза

 

Ас маьрша дуьтур ду

хьо лела некъаш,

Я дагчохь хьо сецош

со йоьлхур яц.

Дуьне а лаьттар ду,

шен 1алам хуьйцуш,

Безамо 1овжоза дахар хир дац.

 

Вай вовшех къастарх а

соцур яц зама,

Некъаш а лаьттар ду,

уьдур ду хиш.

Юха а 1уьйренца

б1аьстенан хьоза

Декар ду, лоькхуш шен

самукъне йиш.

 

Доьналлех вохавой

хийла стаг воьлху,

Безамо уьрсаца доруш шен дог.

Кхеташ верг, ша-шега

шабарш деш воьлу,

Мила ву бохуш, цо лацаза лаг.

 

Къастаза ца волий,

безамах къаьста,

Дуьллуш шен мерзачу

дахарах дог.

Кхолламца къийсарах,

тоьлур вац цхьа а,

Азаллехь яздина ду цунна куьг.

 

Маржа-я1, хьо безам,

ницкъ бу хьан ч1ог1а,

Делхо а, дело а адамийн дог.

Хьол тола луучо,

хьо хьеста беза,

Собарца лоруш

ша мел боккху ког.

 

Ас къамел до беллачаьрца

 

Ас хеттарш до беллачаьрга,

Кешнийн кертахь йолалуш.

Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,

Ткъа шу ма дац дист хуьлуш?

 

Делан кхоьлах ваьлла моьттуш,

Дуьне дууш леллариг.

Я хьарам дерг шеха къестош,

Хьанал рицкъа лехнариг.

 

Цхьа воккха стаг хьаставелла,

Телхина лела моьттуш со,

Хаттар деш, вистхили соьга:

- Хьаьнца къамел деш ю хьо?

 

Ас меллаша жоп делира,

Хоуьйтуш сайн дагахь дерг:

- Ас къамел до беллаьчаьрца,

Кхето лууш дийнаверг.

 

Дуьненан да ша ву моьттуш

Хиллачарах дисна ду.

Ткъа дуьненах 1еха ца луш

Леллачара дитна ду.

 

*  *  *

Син парг1ато шайна лоьхуш,

Кхечу махка ихнарш д1а

Хир буй теша парг1ат бехаш,

Са ца хьийзаш даймохк ган.

 

Дерриг дуьне серладоккхуш,

Б1аьсте йоьлуш еъча т1е

Сан са т1омадолий доьду

Сайн махкахой гулбан ц1а.

 

1ожалла ю когех хьерчаш,

Новкъарло еш боларна.

Замано а тукар туьйсуш,

Дацдо некъаш дахаран.

 

Сан дог доьлху, Деле кхойкхуш,

Доьхуш рицкъа дерзор ц1а.

Доьзалах б1аьрг тоха хьоьгуш,

Хийла наной кхелхи д1а.

 

Ойла ейша х1ай махкахой,

Къизалла а эккхаяй.

Барт ца хилча, кхин х1ун ирс ду

Доьзалашка кховдо вайн.

 

 

Везачуьнга

 

Суна-м хаац,

сел сов реза хилла,

Дог хьо волчу

х1унда г1ерта сан.

Ойланаш а керчаш,

тулг1еш санна,

Хьан аматах хьерчаш оьху д1а.

 

Къайлаха сайн кхолламе

хьо воьхуш,

Дачохь безам лачкъо

г1ертарх со,

Хьо схьагича,

б1аьргаш чухула къегаш,

Безаман нур хьуна делало.

 

Когийн п1елгаш чуьра

дуьйна зийзош,

Хьан безамо сан са ийзадо.

Доьху хьоьга:

б1аьргашца цкъа хьастий,

Сайн дахарехь ирсе ехьа со.

 

 

Даймохк, хьан бакъо яц къарбала

 

Даймохк,

хьан бакъо яц къарбала,

Хьо къийсар эрна деш тхан.

Тхо кхета, т1амо хьо дарбина,

Ерзаза ю чевнаш хьан.

 

Даймохк,

хьан бакъо яц къарбала,

Сингаттаме дуьтуш къам.

Хьан озе ладог1а сатуьссуш,

Айбелла бу лекха лам.

 

Даймохк,

хьо къар ца луш бахалахь,

Халкъана йовхо луш хьайн.

Машаре, самукъне аьзнашца

Са парг1атдоккхуш тхан дайн.

 

Хьаннашкахь

олхазарш декийта,

Лаьмнашкахь уг1ийта борз.

Дог хьастий,

кхерчашкахь хазийта,

Ирсе бай, тхан нанойн аз.

 

Даймохк,

хьо малх санна къагалахь,

Хьанал ду хьуна тхан ц1ий.

Т1аьхьенна беркате хилалахь,

Ларделахь турпалхойн сий.

 

 

Хьо х1унда ца кхета сох

 

Чуртана боьг1на т1улг санна,

Лаьтта со ойла еш хьан.

Ахь безам д1атиттар гена

Х1ун ду техь, ца дуг1уш ла.

 

Безамо жималле йигна,

Лела со, лууш хьо ган.

Кураллийн ч1аг1онаш эгна,

Дог эшош, когаш к1ел хьан.

 

Шайт1анна мох хилла хьийзаш

Сан даг чохь безам бу хьан.

Дит т1ера г1аш санна ийзош,

Идош сан ойланаш д1а.

 

Геннара вог1уш хьо вайча,

Б1аьргийн нур хьерча сан хьох.

Сан дагна хьо везаш хилча,

Хьо х1унда ца кхета сох?

 

 

Зезаг ду сох кхета дерг

Хаза  зезаг эрна арахь кхиъна,

Цхьанна а хаац цунна дезий хи.

Малх бохбелча,

лаьтте охьатаь1на,

Мохо лестош, сетташ лаьтта и.

 

Иштта безам бу

сан даг чохь кхиъна,

И зезаг ду цунах кхета дерг.

Ц1ена безам, хаза зезаг санна,

Вац сох кхеташ

дагна везаш верг.

 

Йоьду со и хаза зезаг хьаста,

Цуьнга дуьйцу ас

сайн дагахь дерг.

Рицкъа доцуш

йиш яц кхоллам  хила,

Цхьаъ хир ву-кха

сох а кхета верг.

 

 

Йиш йоьхна йог1у со

 

Х1ай зама!

Дитахьа да-нана,

къиза ка ца етташ хьайн.

Марзонна

Орамаш хедийча, х1ун до

кху дуьненах тхайн ?

Хала некъ

Ас бина, цу шинна т1екхаьчна,

совг1ат дан сайн,

Тахана

Йиш йоьхна йог1у со,

дехарца, хилла хьан лай.

 

Х1ай зама!

Ден-ненан

б1аьргаш чу хьаьжча,

сайн бералла гой,

Йоьду со ,

Дуьххьара ког боккху

бер санна, болар деш дан.

Цу шиннан

Могшалла ахь къийзош даге ца ладелла сайн,

Тахана

Йиш йоьхна йог1у со,

дехарца, хилла хьан лай.

 

Х1ай зама!

Ма мотта со лелла амалех

ца кхеташ хьайн.

Дуьненан

Хазаллехь ма мотта

къаьхьа чам суна ца тай.

Ден-ненан

Декхарх со ца яьлла,

ма хетта д1атекхна сайн,

Тахана

Йиш йоьхна йог1у со,

дехарца, хилла хьан лай.

 

Х1ай зама!

Хьо уьду, т1аьхь-т1аьхьа

хьалхачул болар сихдой,

Ден-ненан

Доггаха дог хьаста хан лохьа,

цкъа собар дай.

Дахарехь

Ас ойла ца йина цу шиннах

къастаран сайн,

Тахана

Йиш йоьхна йог1у со,

дехарца, хилла хьан лай.

 

 

Даг чохь кхиийна безам

 

Ма хьежа соьга схьа,

хьайн б1аьргаш белош,

Ма г1ерта сан деган

къайленаш ган.

Ламанех бухдуьйлу

шовданаш мийлош,

Сайн даг чохь кхиийна

безам бу сан.

 

Ойланех сан хьерчаш,

дог ловзадохуш,

Сан б1аьргаш

седарчех цо къагадо.

Безаман мут даго

пхенаш чу уьйзуш,

Дахаран  марзонах дог 1аба до.

 

Балина дазделла к

ийрахь дог доьжча,

Тешамца ницкъ луш цо

дог хьосту сан.

Къизалло 1овжийна

дог худаделча,

Ховхачу безамо дог досту сан.

 

Ма хьежа соьга схьа,

хьайн б1аьргаш белош,

Ма г1ерта сан деган

къайленаш ган.

Ламанех бухдуьйлу

шовданаш мийлош

Кхиийнчу безамах

къаьстар яц со.

 

 

Балано 1овжийна дог худаделча,

Шен ховха куьг хьоькхуш,

дог досту цо.

Къизачу кхолламо

г1елйина яйча,

Дог хьоьстуш керла ницкъ

цо суна ло.

 

Ненан лаам

 

Малх схьакхеташ я чубузуш,

Хенаш хуьйцу замано.

Ворх1 дуьненна го тосуьйтуш,

Ойла йойту балано.

 

Собаре дог кийрахь сецош,

Шашах б1аьргех уьду хиш.

Аьрру аг1он т1е куьг хьоькхуш,

Сингаттам бу ненан гуш.

 

Цуьрриг шеко дагт1ехь йоцуш,

Муьлхха хенахь йоьллуш не1,

Нанас к1антах дог ца дуьллуш ,

Массо хенахь ларбо кхаъ.

 

- Х1унда бу

сан кхоллам къиза ? -

Бохуш, тийжаш нана яц.

Къайлах хастам бен цо хеза,

Делера бен х1умма дац.

 

 

Нохчийн мотт

 

Кхолламо вахарх а

махкана гена,

Дог ду сан бусалба,

ду нохчийн ц1ий.

Дайн г1иллакх, ненан мотт

ду сан дозалла,

И дицлахь д1адовр ду

къонахчун сий.

 

Да-нана лоруш верг Дала а лору

Бохуш, цу Къурано

беш хьехам бу.

Ша винчу ненан

мотт хера ца болу,

И марзо шен ц1ийца д1аийна ю.

 

Дуьххьара б1аьргаша,

бераллехь боьлуш,

Безамца схьалаьцнарг

ненан сурт ду.

Юха цу мерзачу  озе сатуьссуш,

Нанас со хьистинарг

нохчийн мотт бу.

 

Ламанех схьадуьйлу

шовданийн санна,

Ц1ена шен бух болуш

нохчийн мотт бу.

Дашочу 1аламца

куц хуьйцуш денна,

Къегина лаьтташ берг

сан Даймохк бу.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.