http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Шаьлта Печать Email

Абдулаев Леча

 

Къонахийн тешаман масална кхуьйлуш,

Дехаш ду, тIаьхьарчу тIаьхьенга дуьйлуш,

И хабар, дуьйцучо, моз а дой, дуьйцуш,

Мацах цкъа хиллачу цу девнан куьцаш.

 

ЦIаьххьана хилла и дар-дацар къасто,

Дой хецна, биссира уьш эрна арахь?

Я хилла цхьаъ вукхуьн да вийна мостагI?..

Цхьа бахьна хилла хир-кх, церан довдала —

Цхьа жима суй тоьа, йоккха цIе яла.

 

Я бахьна хIун бен ду? Церан довдаьлла,

Шайн довдан ши къонах дIаюьстахваьлла.

Ткъа и дов хьевззина летачу даьлча…

Цхьаьнгахь бен ца хилла дитт ира шаьлта.

 

Ямартло муха йо стаг волчу стага!

И ян ца елла-кх, ткъа, шаьлтанан дега.

Ца йина, теш вацарх, йича, и дIаган.

Ша-шена цамагорг стагна ца мега.

 

Шаьлта, цхьаъ хилча а, тоьар ю аьлла,

Кхаж тесча, цхьаъ ваьлла и хьалха тоха.

Ца хаьа, и кхаж а муьлхачун баьлла.

Тоьхначо вукхуьнга дIакховдош юха,

КъотIалгIа виначо санна, ца Iуттуш,

 

Йиттина цара и, йиттина шаьлта.

Къарвелла, яхь елла, гора ца хIуттуш,

Аьтта шаьш, дIаэггалц шайн цIийла лаьтта…

 

…ХIай, гора, доьналла, къонахийн яхь а!

Кху лаьмнийн дагахь шу гуттар ду сийлахь.

Айса шун ворхIе дас динна сийдахь а,

Сан шух цакхетар а кIезга ца хилла.

 

Кху ширчу хабаран турпалчу кIентийн

Тешнабехк цахилар, толарал коьрта

Нийсо а лерина, тешана метта

Яхь хIоттош, сийдина шайн куйнан, коьртан! —

 

Цу кIентех бIаьргбуьзна ойлаеш хийла,

Сан ойла гуттар а Iовжаме хилла, -

Шаьлта сел хьанал и дика ши къонах

Дашо цаваккхарна шаьлтанан вонах!

2002 ш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.