http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ГIаттаман либретто Печать Email

Ибрагимов Лёма

 

Автор

Лакхенийл лакхавуьйлуш,

Лахенийл лахавуьйлуш,

Iаламца, адамца, массанхьа массаьрца

Дагавуьйлуш.

 

Озаца, мукъамца, духарца, сибатца

Зиен хIуттуш,

Сайн къоман цIий-синах со кхета гIерта,

Сайн халкъан кхолламан со дуьхе гIерта.

Нохчийчоь езна берш, хIинца а езаш берш!

Дахаро ха хаьрци.

Девр дац вай тахна кхин дешнаш ца лехча,

Хьежамаш хийцина, кхин мукъмаш ца даьхча.

Девр дац хийцаза цхьайолу амалаш,

Ма-барра бийцаза зоьртала хиламаш.

 

Поэт

Мел чIогIа озийчаъ – оьмаран Iодара –

Муьлхачу харцоно хьуна хIун дийр дара? –

ТIехIотта дисинарг дукха ца хилча.

 

Автор

И сийна стигланаш, и тхевнийн чоргIенаш.

Ца хилла те йоьгIна нохчашна шахьараш? –

Букъ тоьхна чир-пенах вайнехан пхьоьхана.

Ца лийна хилла те царалахь цхьа а бакъ,

Пха тохарх, даш тохарх ца волуш аркъал-акъ?

Ца ваьхна хилла те царалахь цхьа а харц –

И нийса нисвина мичахь бу халкъан марс?

Хенан мах хадочу ширачу иллешца,

Динан гуо шорбечу суьпачу назманца –

Кхолламан шога некъ мичара болало?

Сан къоман уочакх некъ мичара дIа мича?

Вайн нанойн сибаташ Азалле кхийда,

Вайн ворхIе ден цIераш Абаде кхийда.

Хийла да вуьсучохь: доь доцуш, хIу доцуш,

Яккха цIе ца юьсуш.

Месалчу масална, юьсучу тIаьхьенна,

Юьхьанна букъ тоха, яхьанна белш тоха...

ХIун дисна цараха?

ХIу дисна цараха...

ЦIий дисна тахненна.

Дош дисна кханенна.

 

Овтар

Шадерриг дуй сийлахь вайн дайша лелийнарг?

И шадерг сийсаздахь, дозална хIун до вай?

Вайн дайша лелийнарг шен хеннахь ца кхачош,

Шен меттахь ца кхачош, тIаьхьенна дитинарг.

ХIан, цхьадерг, хилийтахь шен хенан хоршахь –

Вукхарна хIун до вай?

ХIан, яьлла хилийтахь цахууш карах топ –

КIелонна, зуламна, харцонна хIун до вай?

Шайн куьйга хIу кхачон дуй биинчарна,

Шайн куьйга доь дайа дош деллачарна...

Со кхета, со кхета: хьакхоргийн маI-сира,

ШайтIанан бIаьра хьоьжуш,

Чекххьажар – цхьа ира.

И Iаьвла мехкарий  –

Са лоьцун апари.

Доь-дилхан зовра,

Вайн хьаштийн ковра.

Шен хенан ловзаргахь мила ца хьовра?

Мотт кхаба нус еза и кхаьбча, бер деза –

Ненаца хан екъа берана да веза.

Iад дулун синкъерам.

Iад дойна къа-къерам...

 

Автор

ВорхIалгIа верас ву хаттар дан кечлуш,

Мел волу вовхатар ладогIа кечлуш.

– Ткъа ахьа, ткъа аша хIун дина кхочуш?

ДIа хилла хуьлуьйтур тхан хьекъалш аьссха,

Тхан дегнаш хилийтахь, тхан амалш стешха,

Ткъа ахьа, ткъа аша хIун дина кхочуш?

Дан дезачарех, тIаьхьа дисинчарех…

Къизачу хаттарша кIесархье морцу,

Кхетаман гилгаша дегI тIулгах хоьрцу.

Шаьш хьенан ду дийца ца лууш синош ду.

Аса-м ца боху, и хьуьнар ду, гIалат ду.

Ца хьахош дитинарг ца хилла моьтту,

Уьншерех дайн чарташ ца дозу моьтту –

Таронийн дай хилла – пекъарийн цIий мелла.

Ца кхета, ца кхета цхьаболчийн амалех,

Со дуьхе ца вита Iалашо лаьцначех.

ГIертарах пайда буй?

Мехкан воI цкъа маццаъ тIекхочург хилча:

Хьекъало шадерриг цкъа луьттург хилча.

Я дагца дохку шу истори литта,

Цу дагца махкана дуьхьала хIитта?

 

Овтар

Цхьа бIе цхьаъ дуьхьала ваьлла,

Ши бIе шиъ цIера а ваьлла,

Цхьа хIума хилла хир дацара,

Амалах доьзна ца хилча.

Кхо бIе шиъ суждане вахча а,

Цхьа хIума кхочуш ца хилла:

Вай ваьшша лехна ца хилча,

Кхолламо хьехна ца хилча.

 

Поэт

Моьттича, моьттинарг леладо.

Лелийнарг хуьлур-кх зуьйш.

Хийцалуш хIума дац, ахкалуш амалш яц.

ДIавоьду-схьавогIу, дIадуьйцу-схьадуьйцу.

Дуьйцуш дерг хIун ду?

ЛадугIуш стаг а вац…

Дош дашах дуцу,

Шайн дог ца хуьйцу.

 

Жухарг

И Жима АтагIа,

И  Йоккха АтагIа.

Цкъа Лаха-Варанда,

Цкъа Лакха-Варанда.

Цу Таркхойн раьгIнашна тапхIуьтту Чоьхьара,

Цу Теркан раьгIнашна лачхIуьтту Дехьара.

Гуьмсанна хIуо кхоьхьу гарманан аренаш,

Мукъаме аз оьхьу хьомсара Ножай-юрт,

Шиъ-шозза ерина вайн хилла Хасун-юрт,

Схьаиэлла схьаийна юххера Iаьнда,

КIесара Мартанаш,

КIайн-Iаьржа Шалажаш,

Котт доккху Котара...

ДIаала, дIаала.

 

Мехкаьзни

ХIун ала,

ХIун ала тхов лекхчу хIусмашка?

 

Жухарг

ДIаала, цIе хала шу кхерчийн кIегаш тIе,

ДIаала, даI даьлла вайнехан дегнаш тIе.

ЙоIзар ца карийча, миндаьIахк кагъе,

Буносте кхевдича, чIуност ма йицйе,

Динбухко “къарш” аьлча, яьIна ма сеттае.

 

Автор

Сино хьоьххург дийца онддачех дог хилча,

Цу даге хьаьжжина дуьнен тIе дош даьлча,

Ша кхача деззачу и дош дIакхаьчча –

Цхьаболчех хIун дора,

Цхьадолчух хIун дора?

 

Жухарг

Чо бала, тха дала шун синойн кхашка.

Цавелха, цавела, цалела ца волу

ЧIаIаза, маIаза дуьнен тIе волуш верг.

Махьарха, махьарза узаршца вина верг.

Цу шоьшлан тIуьналло милла а хьаналво,

Шен рицкъа  кхачадан милла а декъалво.

Вай набъеш Iохккушшехь, латта ду хьийзаш,

Вай вовше дуушшехь, лулахой дебош.

 

Аьзаьзнаш

– АстагI Тимар ву-кха вогIуш...

– МIаьмгалойх-м вац и?

– Царех вацахь, а гIоли-м вац.

– ГIажарий санна, лалла веза...

– ГIирмахой бу-кх чугIерташ,

Салой, таркхой, гIебартой.

ХIара дуьне ду-кх вайца гома...

– Цига тилла лаха йома.

– Вайна тIе пIелг хьажоза, пIелг боцург висна.

Маттаца дIовш тохаза, мотт боцург висна...

– Сан дуьне, сан дахар – халкъан цIе яккхахьа!

– Сан ков-керт, сан доьзал – мехкан цIе яккхахьа!

Вайн къилба-хьаьнца?

– Къилбаседаца,

Малхбалеца, Малхбузеца...

 

Поэт

Цхьа зоьрта ойла ю со волчу оьхуш,

Цхьа онда дешнаш ду сан лерехь декаш,

Ойланна гIовс хила кийча ду шаьш, бохуш.

 

Яйна тIаьхье

ЭхI, хьо Iалам, эхI, хьо мохк, эхI, ханеха!..

 

Овтар

ДаьдаьтIа! Ма доьлла-кх шун амалх хIилла...

 

Яйна тIаьхье

ТIаккха ткъа, тIаккха ткъа, вайн дайша  хIилла

Хьекъалан билгало лоруш ма хилла.

 

Овтар

ЭгIазчу хьекъалан  билгало бохий аша?

Йо, гора дуьне яI, хьо маьлхан дуьне!

Ма хала дуу хьо цхьадолчу халкъаша...

Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина нохчаша…

Схьаала, схьаала...

 

Поэт

ХIун ала, хIун ала? ХIун аьлча хIун хир ду,

Я аьлча ладогIа кийча Iаш мила ву?

Халкъ Iехо шорттачех и кхето мила ву?

Халонех чекхваллалц кхеттачех мила ву?

Ас халкъе хIун ала, и къора хилча.

 

Мехкаьзни

Хьан боцу бехк  бохьуш, бехк кхаьчна хьуна,

Хьан доцу эхь дохьуш, эхь деъна хьуна.

 

Поэт

ХIун де ас – ас лоьхург ца хилча

Я леха сан зама кийча ца хилча.

 

Овтар

Хьо мехкан воI ма ву,

Хьо мехкан сахьа ду.

 

Аьзаьзнаш

Хораме бода бу, бода бу кийрахь,

Цхьа Iаьржа бода бу цхьаболчийн кийрахь,

Цхьаболчийн кийранна бу иза аьхна,

Цхьаболчийн дахарна боллушехь хьаьхна.

…Нохчийн халкъ, тоьур дац ахь йина ойла?

Самадала, тоьур дац ахь лайна бала?

Ма деха дахделла хьан ирча гIан.

Къам хиллал декъала ца хилла техьа хьо?

Хьан доцчу гIорано иэхь дохьу суна,

Хьан доцчу собаро ов дохьу суна.

 

Зарема

Цхьаъ-шиъ-кхоъ, богIуш бу хIоъ!

 

Мехкаьзни

Орцадала! Орцадала!

РегIа дала, Iин чу дала!

 

Яйна тIаьхье

ХIун хилла, хIун хилла?

Мила вийна, мила велла?

Оха хIун де?

 

Жухарг

ХIумма а ма де – соьга ладогIа:

Акказех диг догIа, дог дагIахь, кхор богIа,

Ца дагIахь – къола де, талор де, курхал де,

Цул тIаьхьа мохк цIинбе, дажало ма-элли –

Жа санна, гул а лой, бIарз санна, оллалой,

ХIорда чу кхоьссина цу кана санна,

Карийнчу  кIезанах чалтачна хьесталуш,

Йовссарех цIийзаш, чагIалкхца пхьор къуьйсуш,

Махкаха довла.

Цу-ахьарх бер дохка, мижаргах йоI йохка,

Кхин цкъа а гIамаршлахь хи лоьхуш лела...

 

Яйна тIаьхье

Ца кхета, ца кхета хьо ала гIертачух.

 

Жухарг

… ГIеллур ву, гIиллакхах вухур ву.

ЮьхькIоме сатуьйсуш, юьхьIаьржа хIуттур ву.

Цхьаъ-цхьалха висина – баттана кIирвоьлла

Барзаха угIур ву.

Со стаг вац аьндолу къонахий бевзича,

Соьгара кхечуьнга зуда маре гIура ю.

Хьаналчу некъаца сайн къоьлла кIордийна,

Харцонах пхьор дийр ду.

 

Мехкаьзни

Бала бу, бала бу тIебогIуш вайна.

 

Яйна тIаьхье

Тхан цуьнца бала бац.

Тхан тхешан баланаш:

Цкъачунна йолуш ю екханза чIин-чIираш.

Шу марша Iойла...

 

Поэт

Шен коьртах бIешерийн юргIа а хьарчийна,

Сан къоман иэс Iуьллу набарна тхьаьвсина.

Наб кхоччуш йина яла эзар шо ца тоьуш,

КIелтесна, тIетесна ю ала, хIума йоцуш.

 

Жухарг

Мало – хало.

Дешар – серло.

Яа лаьа, юха лаьа

Мах а ца луш,

ГIел а ца луш.

Доцу хьуьнар,

Доцу гIора.

Чакар-чакар-чакар-тал,

Ашшур-бани-бани-пал.

 

 

Яйна тIаьхье

Ма ала, ма ала,

Иштта ма ала.

 

Зарема

Дош дацара, ца аьлча,

Дог досттуш, ца аьлча.

 

Мехкаьзни

Махка буссуш бала бу –

ХIора уьйтIа кхочун болу.

Стешха яххьаш, гIийла адам,

Доьза декъий шуна

Шортта гур ма ду.

 

Аьзаьзнаш

– Вай кIентий, вай кIентий деций,

Болатан дегнашца деций!

– Хьайн зуда елла виса хьо!

Йо, гора кIентий, йо, гора черчий!

Аш дуу хIара дуьне, даа ма-деззара.

М-м-м-м-м-м-м! Ц-ц-ц-ц-ц-ц-ц!

Ю-ю-ю-ю-ю-ю-ю-ю! Ва-а-а-а-а-а-а-а!

С-с-с-с-с-с-с-с! М-м-м-м-м-м-м-м!

В-в-в-в-в-в-в-в! А-а-а-а-а-а-а-а!

– Вочу нахана хIун до вай?

– Ирхъохка, ирхъохка!

– Къечу нахана хIун до вай?

– Царна юххе ирхъохка.

– Кхелъечарна хIун до вай?..

Мехкадаьтта мичахь ду?

Мехкадада мичахь ву?

Аса, оха къобалвина...

Аша къобал мила вина?

Хьанна маца муьтIахь хилла?

 

Назма

Хьаьжи, ва тхан Хьаьжи,

Хазачу Эртана коьрта тIе вахана,

ГIийлачу ойланца, ва битаза ца болу хьо, бохуш,

Дог доьлхуш буьтуш бу хьо, бохуш,

Ва Хьаьжи, хьо волавелча,

Дуьненан и сийна стигланаш,

Ва Хьаьжи, хьан къинна йилхинера-кха...

ХIинца хьо юха Нохчийчу воьхуш,

Елха мегар дацара те уьш?!

 

Аьзаьзнаш

Биболат, Биболат, ва Таймин Биболат,

Хьо стенах кхийтира кхалхале хьалха,

Хьуо виеле хьалха?..

Ва Тапа, ва Тапа, ва Чермойн Тапа,

Париже дIакхаьчча,

Хьан даго, хьан сино хьуна хIун хьийхира?

 

Поэт

Ялтанах пхора ду сан нана-Латта,

Яхь йолчу кIенташца луьра бу сан мохк –

Вовшашца чIир кхаба кайолу меттамотт,

Шалхенийн цIувгашна це тайна Даймохк!

Махкара мехкада ца тайна Нохчийчоь,

Нохчочун кхиамаш ца лалун Нохчийчоь,

Урх хаьддарг сацаван де доцу Нохчийчоь.

ГIийланиг хьийзочохь, мотт кхаьбна латтанаш,

Низаме кхойкхучух ца деша ламанаш.

 

Мехкаьзни

Тохтамыш, ва Тиймар, Нохчийчохь аш динарг.

Аш шайца ялийна саьхьара ардангаш...

КIайн паччахь, цIен паччахь!

Нохчолла дIаяккха, Нохчийчохь аш динарг:

Мехкарийн мах кхочу къонахий хIаллакбеш,

Стеган къоьлле бигина, хьанна а резабеш,

Зуда хьарам йолчунна тоьлла йоI хьаналъеш,

ЦIе хьарам йолчунна стеган цIе хьаналъеш...

 

Овтар

Вайнехан мехкарийн хазачу бIаьргаш чохь

Масийтта бIешаро латтаеш гIайгIа ю.

Харцонийн таж тайна, тийжачу Нохчийчохь

Ма-дарра дуьйцун дерг кхиавеш нана ю.

 

Кхуьуш ву къонаха, ков-кертал тIехваьлла,

Эвлаяийн хьекъалшна тIекхача сихвелла.

Кхиабан кхетамаш – майраллел безачех,

Кхиаян пхьоьханаш – дуьненна евзачех.

 

Сийлахьна – гу бина, зуламна – ор даккха,

Цкъа маццаъ хIиттина а вай хIитта дезар ду.

Ткъа хIетталц, вайн хазчу мехкарийн

бIаьргаш чохь

Масийтта бIешерийн гIайгIанаш лаьттар ю.

 

Поэт

Ахь хIун до, сан Даймохк, исбаьхьчу назманех,

Массеран болу бехк ахь цхьанна белча?!

Ахь хIун до, вай хIун до турпалчу цу иллех,

Турпала мел хилларг вай вийна хилча.

Вай хIун до, махкахой, хелхарийн эшарех,

Самукъа мел даьлларг вайн мостагI хилча...

ДIабе вай узамаш, аз-къора тийжамаш,

Лулахойн орцане даима сатуьйсуш

Цкъеллиг-цкъа шен хеннахь вайна ца кхаьчначу,

Я кхаьчча, вайн агIо цкъа а ца лаьцначу.

 

Зарема

Нохчашна хьакъ велахь, вевзар ву хьо, поэт,

Я велла дIаваьлча, я вала шо дисча.

Нохчашна хьакъ хилахь, бехар бу нохчийн мотт,

Хьакъ бацахь, хIумма а дац белла дIабаьлча.

 

Овтар

Уьншераш, хан-зама, Нохчийчохь аш динарг,

Кхолламан къа-гIама, нохчашна ахь динарг:

Яхь-нохчо вала воьдуш, тоьли чу левчкъина,

Йисинчу тIаьхьенийн цIу-тоба стамйина –

Къар дайна, къар ца ло, схьаийна ца бовлу,

Нохчашца Нохчолла къовсаза Iа ца ло.

Нохчашна Нохчолла – хIун хилла, хIун яра –

Шайн цIийца йоццушехь, хьехаза Iа ца ло.

Нохчолла яра шуна, нохчалла ю шуна –

Бух кIорга ойла, нийсонца тарвалар,

Къарвелла, собарца дIатакхар декхар.

ЮьхьIаьржа хIоьттинчохь бехказа ца вуьйлуш,

Шен доцчу хьекъална хьалха цавийлар.

Халонах ца уьдуш, заане кхийдаш,

Iаламца, адамца догцIена хилар.

Нохчолла, цхьана дашца – адмалла яра шуна.

Нохчолла, тахна а – адмалла ю шуна.

 

Умалт

Толаме сатосий, собарх са додий,

Айпечу кхолламан юьхь гучуяьлча,

Цергашца, мIарашца, гIоргIачу озаца

Борз жIаьлех тасало, цахуьлчу даьлча.

 

Автор

И дицдан йиш хилча, и дуьйцур хьан дара,

И дерриг сан хилча, и такхар хIун дара?

Вай вовшийн дан дисна дуьненахь дукха дац.

Адамо адамна дийр доцуш хIума дац.

Дицлур дац, хIумма а дицлур дац.

Вицвала гIертар ву, ткъа виц-м вицлур вац.

Цхьана ханна вицлур ву... вицвелла моьттур ду.

Вицвелла моьттина, самукъа дера ду.

Эххарчу мIаьргонехь, къевкъинчу цу мурстехь

Хилла дерг ма-хиллара юьхьдуьхьал догIур ду.

 

Поэт

Лензалла, лензалла, лензалла...

Лензалло лензаллех лензалле

Мах бехна, там бехна, кхаъ бехна,

Цхьаболчийн шадоллу дахар,

Вукхеран шаболлу кхоллам –

Кешнашкахь беккъа цхьа хIоллам,

Деккъа цхьа къадийна тезет

Я къайлах даьккхина цIен цIет.

И гина пекъар тишъелла,

И лайна дегнаш дуткъделла.

Лензалла, лензалла, лензалла.

Абаде кхийда Азалла.

Лензалла, лензалла, лензалла.

ТIаьхьенийн цIурдоьлла дозалла:

– Тхан дендас масийтта вийна,

Девашас сагIийна хьийна,

Тхан цIийно ала ца дитна,

Аладерг, цаваьхьаш, висна.

Лензалла, лензалла, лензалла.

Лензалло лензаллех лензалле

Мах бехна, там бехна, кхаъ бехна.

 

Умалт

Ша динччу доIано гIаттаво стаг,

Гиначу гIенаша декъалаво.

 

Зарема

Цхьаъ-шиъ-кхоъ! БогIуш бу хIоъ!

Цхьаъ-шиъ-кхоъ! Юххе кхечи хIоъ!

 

Мехкаьзни

Орцадала! Орцадала!

Хьаладала, охьадала!

 

Яйна тIаьхье

Вай хьаьнга ца дахна, вайга мила ца еъна.

Вайх мила ца ийна, вай хьанах ца ийна,

Вай ма дац расисташ...

Вахьа декхар долчара хьура ву дIа...

ДIасаца, дIахаба,

ХIаллакбе фашисташ.

 

Зарема

Йо, гора сан Даймохк, ма гIоза баьхна хьо!

И санна болчарна латтадеш пхьор.

 

Аьзаьзнаш

Ас кога юьйхинарг мас лоьмар мача ю?

Ас арабаьккхинарг мича боьду некъ бу?

Ас кIелхьара доккху дерг хIун къоман къам ду?

Лаьий те халкъана маршоне кхача?

Лаьий те нохчашна цу дикне кхача?

Оьший-те, оьший-те со хьалхавала,

Оьший-те, оьший-те со тIаьхьахIотта?

 

– Аттила, Ганнибал, шайн десар, ала,

Мича кхача сатесна?

– Дуьненан йисте.

– Зулкъарнай, Бонапарт, ненасар, ала.

ХIун дохьуш даьхкина?

– Маршонна – илли, къехошна – нийсо.

Къаьмнашна – яххьаш,

Халкъашна – даххаш.

 

– Ингалс кара гIур ду вай!

– Кху халкъах жоп дала

Стаг вацте нохчашлахь?

– Вина ву, волуш ву.

Селхана сахуьллуш, Iуьйкъана вина ву.

Айкхъюьйлу само ен цхьа Iаьржа ойла...

 

Зарема

Цхьаъ-шиъ-кхоъ! БогIуш бу хIоъ!

Цхьаъ-шиъ-кхоъ! Юххе кхечи хIоъ!

Цхьаъ-шиъ...

 

Мехкаьзни

Орцадала, дукъ тIе дала!

Когаш, куьйгаш акхадала!

 

Яйна тIаьхье

ХIинца хIун хилла?

 

Мехкаьзни

БIо бу богIуш, цIен бос болуш,

Лаьмнийн къаьмнаш махках дохуш.

 

Аьзаьзнаш

– ХIунда? Стенна? Мича? Бехк буй вайн?

– ГIовтта кIентий, кIентий вай!

– Ма гIовтта, халкъ ларде, и хIаллак ма дайта!

Вай тоьлур дац, вайгахь герз дац.

Вайнехан мостагIчо вайнехан куьйгашца,

Вайнехан когаш кIела когаш ма тийсина?

…ХIинца Iаба нохчо нохчех,

ХIинца Iебий вовшех шу?!

Яа вовшийн кIозйохурш,

Лаца къамкъарг, варе, гола,

Лаца тамберг, боцург лаца.

Юхатоха тоьхна тIара,

Юхатоха кхетта мийра,

ЧIираш эца – эцаза йиснехь,

ТIамарш яа – яа йиснехь.

– Хаза дарий Нохчийчохь, нохчий а боцуш?

Товш ярий Нохчийчоь, нохчийн дош доцуш?

Аренаш йоьлура, лаьмнаша къоьрура?

– Аренаш буо яра, да воцуш уьш яра.

Даймахко шен халкъе, ма-хуъу, кхойкхура.

ГIатталург гIоттура, гIоттунверг гIоттура.

– Ас тхайн кIотарахь варраш хоьхкур ду,

Хуьта хечина йома туьллур ю.

Сан ког а берина, яьккхина хилла ахь

Довхачу истангах утаркх.

Хьан вастан серлонехь,  ши кало туьйдина,

Хьоьшу ас уьйтIара сосакх.

 

Умалт

Шелоно вигира пешана улле.

ГIайгIано кхайкхира ойланна юххе.

Шен хеннахь латозчу пешана улле.

Ши-бIозза йиначу ойланна юххе.

 

Бодане еара цхьа шийла буьйса,

Дегаза еара ша хьаьхна чилла.

Са хIовка доккхучух яра и буьйса,

Аьхкениг яцара еана чилла.

 

Питано кхоьллира цхьа Iаьржа хьунаш.

Жинаша шелдира и довха дегнаш.

ЦIий Iано сатесна яра и хьунаш.

Дан дезарг ца хууш дацара дегнаш.

 

Мехкаьзни

Лам ломах ца баьшна,

ЙоI кIантах ца яьшна,

Уггаре оьшучохь

И генаваьлча.

 

РагI дукъах ца яьшна.

Юрт махках ца яьшна,

Луьрачу мостагIца

Ша цхьалха йисча.

 

Автор

Лаьара хилла дерг ма-хиллара дийца.

БIешаро ца вуьту со дуьхе кхиа.

Азаллин йозанаш замано хьулдича,

Бакъдолчун гIа-патар…

 

Жухарг

ГIаддайнарг – ГIойтIа гIо,

ГIан дайнарг – Шуьйта гIо,

Бел яйнарг – Лаха-Невре,

ГIант дайнарг – Лакха-Невре,

Вед дайнарг – Ведана,

Цигара дIа – Тевзана,

МахкатIе, Хоттуне,

Шелара дIа – Эвтара…

Дадин-юрт, ГIизлара.

Дадин бож – иркара...

Хура-хура-хура-пал!

Ашшур-бани-бани-пал!

 

Поэт

Аса а эр дара: “Даймохк, хьо беза!”

И хьоьга баьхначо хьо бухкуш ца гича.

Эр дара: “Хьан дуьхьа вага ву кийча!”

И хьоьга аьллачо хьо багош ца гича.

 

Яхь йолчун амалехь цкъа соьга схьахьажа,

Хьайн дешан да хила ницкъ мичхьа бу, хьажа.

Со хьуна ца воьлху я велха дисна а дац,

Я велха хиинчо нисдина хIума а дац.

 

ВоIанна мохк безар хIун хьуьнар хилла?

Я беззал дог доцург мел декъал хилла?

Хьо безар-цабезар декхалуш ца хилча,

Хьан вуон а дикане доьрзург ца хилла.

 

Зарема

Кога акхадала вайша,

Дуьне мадду, дIагIо вайша.

 

Умалт

ДIа ца дахча ца Iало,

Дуьне цIахь ца даало?

 

Зарема

Сан дадина хьо ца веза,

Хьан мамина со ца еза...

 

Умалт

Хьажахьа, юха а сийлахь эла-ЧIир!

Юха а Ромео-Джульетта!

 

Зарема

Кхузахь ирсе вай хир дац.

Ирсе даха дуьтур дац.

 

Умалт

Ткъа цигахь – уьйрех хьоьгуш,

Махке са а туьйсуш...

 

Зарема

Вайша цхьана хир ма ду, сан бож...

 

Умалт

Суна сайца сайн къам оьшу,

Махкана, къомана со а оьшу.

 

Зарема

Къам мичахь ду – акха адмаш.

Мохк мичахь бу – хьенан долахь.

Аравалар маьрша ду?

ДогIа тохарх, гIуй дIаболларх,

Къуйша оьшург хьанна юьту?

ХIора а шен-шен дуо ларбеш,

Шен-шен доьзал, шен-шен керт.

Нохчех цкъа а къам хир дац,

Уьш имане боьрзур бац.

 

Умалт

Кхелана, жамIана сих ма ло.

Вайшиъ иштта хир ма дац –

Вайша масал долор ду,

ТIаккха, вайнах кхетар бу.

 

Зарема

Эшш! ДIаваьллахь, ма дийцалахь.

Хьол а, сол а зоьртал берш –

Хийла къонах, хийла йоI.

 

Умалт

Цара динарг эрна дац.

Халкъан некъаш атта хилла?

Къоман кхоллам атта хилла?

Оьшу зама, оьшу хан.

 

Зарема

Меллалц – зама, меллалц – хан?

Ткъа шо, бIе шо, эзар-эзар, миллион?

 

Умалт

Массо хIумна а оьшу хан –

Кхолла, хIотта, кхиа.

Оьшу зераш, зенаш, хьал.

Доцца аьлча,  хиламаш,

Делан йоза, кхетамаш...

 

Зарема

Суна и некъ беха хета…

Со дIайоьду.

 

Умалт

Сих ма ло, хьо сиха ю?..

 

Зарема

Со сиха ю?

Уохьа ла –

Эзар шарна тийжа нана,

Халкъо беш болу эзар узам,

Эзар шарахь синан Iийжам.

ДуогIа ла.

Уохьа ла.

 

Аьзаьзнаш

Хьасан-Хьуьсейн вайн ма вара,

Iамар-Хьаьжи вайн ма вара,

Ва Удди – нана яла!

Ва Удди, цIа вола.

Нана ели хьан, йиша ели хьан.

Ненан вели хьо, йиша яла хьан!

Да велла диса хьо, хIай маьлхан дуьне!

Хьо диънарг мила ву хетарг ва хилла?

 

Зарема

Эзар шарахь кадам, тезет,

Хьараш, хьаьтташ, мозий, мезий.

Хьунаш, чIираш, тешнабехкаш.

Боцу тешам, боцу лерам,

Доцу Iедал, доцу низам.

Вайн мотт буьйцург миска ву,

Шен цIахь нохчо буобер ду.

Воьлу Iовдал, бага мел ю.

Кхин маццалц?

Кхин маса чкъор вай хийца деза,

Кхин хIун дIовш вай мала деза,

Кхин хIун талу даа вай,

Чуьркан тIоман мехха вай?

Хьалхавала мила ву,

ТIаьхьахIотта мила ву?

Со дIайоьду, хьо Iе хьайн халкъаца,

Литератураца, романтик чертов!

 

Аьзаьзнаш

– Стенга воьду хьо, Бутата?

– Хонкара, хатт боцчу, чан йоцчу.

ГIуллакх хуьлуш дац.

Кхунах пачхьалкх маца хир ю?

Хуучара, хир яц боху.

Кхоьссинчу тIулгана

Дуьхьало йоцуш,

ГIала, экъа санна,

Шарйийр ю, ма боху.

 

Мехкаьзни

Бала бу, бала бу

ТIебогIуш вайна,

Цхьа боккха бала бу

ЧубогIуш вайна,

 

Поэт

Даьхкира,

Даьхкира,

Даьхкира денош.

ГIо оьшу, де оьшу

Цхьа шийла денош.

Шеконах, харцонах

Херделла денош.

 

Тебира,

Тебира,

ЦIевзира йовссарш:

Дош аллал де доцуш,

Шайх ала дош доцуш.

Мехкан сий лардечийн

Сий далла са доцуш.

 

Жухарг

Дуткъделча – тай хир ду,

Стамделча – муш хир бу.

Марненан ялпар мотт,

Вайн несан лаьхьа-мотт,

Даьккхиний аша котт?

Хура-хура-хура-пал!

Ашур-бани-бани-пал!

 

Аьзаьзнаш

ДIагIойша, дIагIойша, шал шийла ойланаш,

Сан кийра гатбина, бос Iаьржа ойланаш.

Витийша садайа, витийша со доIа

Ма-деззара дика дан, цу доIин дика ган.

ДIагIойша, дIагIойша…

– Тхо мича гIур ю?

Тхаьш хьенан ю, бохуш, мичхьаша лелар ю?

Хьо воцчу са-дегIе, тхан дийца хIун хир ду?

Хьан цIарах яра тхо, хьан вастах ийна,

Хьан дилхах, кхетамах, амалех йийлла.

Бахьана доцучохь, лар юьсуш яцар-кха,

Куьг бехке доцучохь, къа дуьсуш дацар-кха…

Къа латош ца йина, ца кхачош  латийча,

Ахьаза, такхаза – ахь тесна тхаьш йитча,

Шелъелла хьуна тхо – шал шийла ойланаш,

Iаржъелла хьуна тхо – бос Iаьржа ойланаш.

 

Мехкаьзни

Орцадала, гIала дала!

Махке, халкъе орца ала!

 

Овтар

ГIовтта кIентий, гIовтта вай!

 

Поэт

Эхартара хаамаш мукъаме бирзича,

Буо хьаста, къам дохдан тIом богIуш хилча,

Ас назма кхуллур яра, тIамна цIий хьаналдеш,

Уггаре дикачех цо къестош ца хилча.

 

Ас Деле доIанца и бехна хир бара,

Цу Деле къам доьхуш вилхина ца хилча...

БIаьрхинан канаш чохь хIора дош лийчадеш,

Ас Маьхьтан доIанца и бехна хир бара.

 

Ширачу жайнаша дуьйцучух ца тешаш,

Къоьжачу Iилмано бохучух ца вешаш,

Ас илли кхуллур дара, ас назма йоккхур яра –

Ас Хьаьжин доIанца тIом Деле боьхур бара.

 

Янтор

Со муха гIотту, со стенна гIотту:

Цхьаалле дирзина гIаьттина сан халкъ дац.

Я накха хьарам беш, мохь бетташ нана а яц.

Нохчашна букъа тIехьа тIелеташ нохчи ву.

Со шеха тешийна хIоьттина Iедал дац.

Эцалуш  бIаьхой бу, бохкалуш эпсарш бу,

Дуьненан бахамах дала кийча адмаш ду.

Я мостагI вара аьлла... стаг велла со стаг а вац.

 

Умалт

Иза а ду цхьа хьуьнар.

Шен боллу мах хаар –

Иза а ду цхьа хьуьнар.

ХIетте а, хIетте а…

 

ДIаьндарго, хорамо, экхано мел вийнарг,

ЦIонгане, онгане меженеш гулйина,

ХIинца а, тахна а, вайн синах каетташ,

Вайн иэсан экъан тIехь,

Веллашшехь, ветталуш,

Вайна хьалхха Iуьллу.

 

Илли

Ма елха, сан нана, ма елха –

Дуьненан бIаьрахьалха ма елха.

Базлур бу боьссина бала

Къардайна лелачу кIантана.

Дахарал догцIена Эхарт

Махкана хьаналчу кIантана.

Ма елха, сан езар, ма елха –

Безаман  бIаьрхьалха ма елха.

Къахьлур бу боьссина бала

Хьох тешна бисначу доьзална.

Дахарал комаьрша Эхарт

Махкана хьаналчу кIантана.

 

Поэт

Мичхьа бу гIийбатхой, юьхь куьйса наьIалтхой?

Шун лаам тIебели – гIаддахна Iаш дуй шу?

Майдане кхайкхина, са совра йозанхой,

Шун луур тхох дели – самукъа долий шун?

 

Барт, машар хьарамбеш юьртана, махкана,

Синкхетам самбалар – хьарамдеш халкъана:

Же яма, же яма  – кхайкхаде наьIалташ,

Аьтто беш зуламна, боьллинчу сардамна.

 

Маршонах дог даккха, нийсонан са даккха,

ТIехтоха, дIовш тоха, яржае харцонаш,

Шун дегнийн анташа Iаржйина аренаш,

Чим хилла, овкъаршлахь Iохкуш ю ярташ.

 

ДIахьовса, схьахьовса, гой шуна цIийн лараш?

Доь дайнарш, хIу дайнарш, ден дакъа текхийнарш.

КIант вийна, мар вийна, сабIаьрза хевшинарш,

КIур байна, кхерч байна, дог доьхна бисинарш.

Шун лаам тIебели, шун луур тхох дели.

Шун дагна хьаамбеш, хиламаш а хили...

Тхан луур тIедолуш, са маьрша къам а деш,

Цхьа зама йогIур ю, тхан дагна хьаам беш!

 

Овтар

Iарш-майда  –

Маршонан майда.

Дахар – тай,

Сират-тIай...

 

Автор

Ма-дарра гучудевли вайн хьуьнарш-хьекъалш.

Кхин цкъа а гучудевли вайн гIоран сизаш:

Вайн юьхькIам мичахь бу, юьхьIаьржо хьаьнца ю,

Маршоне кхийдачохь вайн толам стенца бу.

 

Вай хIун до маршонах, и ларъян ца хиъча?

Халкъ къоме дерзочохь, къахьега ца лиъча?

Ца лиъча, ца хиъча, ца даьхьча, моьттича…

ХIун биэн ду, башха ду: хилладерг хилла ду.

 

Шаверриг – турпала. Ойла ян маса ву вайн?

Хьоладай шортта бу. Мехкада маса ву вайн?

ХIоранна мохк беза, хIоранна лай веза.

Ткъа латта мел ду вайн? Лай хила некъ бу вайн?

 

Мецачу синоша хIун нийсо хIоттор ю?

Барт боцчу жIаьлеша хIун низам кхуллур ду?

Халкъ дохка кийчачо чам баккха хIун дисна?

Къа тIамарх доьллачо даржоза хIун дисна?

 

Дан санна атта дац хаттаршна жоп дала,

Ойланехь ца ваьхча, атта дац ян ойла:

Ца йича хуьлушдерг хIоранна гина ду,

Кхин дIа а вай ца яхь, юха а гур ма ду…

 

Дахаро ха хаьрци, вайнехан са мерци,

Девр дац вай, кIентий, кхин дешнаш ца лехча,

Хьежамаш хийцина, амалаш кIадйина,

Кхин дешнаш ца лехча, кхин мукъамаш ца даьхча.

 

Овтар

Iарш-майда  –

Маршонан майда.

Дахар – тай,

Сират-тIай...

Декъал хуьйла,

Декъал хилла!

Халкъан бала,

Къоман гIайгIа шайн а лерра,

Лаьтта эгна кIентий вайн!

Дахар – тай,

Сират-тIай...

I99I – I996

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.