http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Оьздангалла Печать Email

Бексолта Дикаев

 

 

Оьздангалла, адмашна

Ма оьшу хьо дахарехь.

Хьо йоцуш верг нахана

Ца хетта стаг вахарехь.

Оьздангалла, хьан мах бац,

Хьо ду стеган доккха ирс.

Ткъа ирс атта карош дац,

И бац бухкуш-оьцу г1ирс.

 

Оьздангалла, хьо йолчохь

Адмийн дахар ирсе го.

Амма, бакъду, хьо йоцчохь

Дахаран чам къаъхьа го.

 

Оьздангалла, велар со

Ницкъ болуш хьо д1аекъа,

Йоцчарна д1аелла хьо,

Массаьргахь а хилийта.

 

Оьздангалла ю вайн яхь,

Оьздангалла ду вайн г1илкх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

 

Сан доттаг1а, вахарехь

Оьзда хила хьажалахь.

Хьуо д1аваьлча дуьненахь

Оьзда лар ахь йиталахь.

 

Оьздангалла, дахарехь

Со д1а ахь ма тасалахь,

Сох ца къехкаш, схьа а хьерчаш,

Даим соьца яхалахь.

 

Доттаг1е

 

Машаран заманчохь халкъана вацалахь,

Цхьа кхерам х1оьттинчохь мохк ларбеш

г1атталахь,

Г1о оьшург дуьнент1ехь хьо тергалвеш хилалахь,

Де эшна висанчохь цуьнга хьажалахь.

 

Халонах ца кхоьруш, хьанал къахьегалахь,

Атталлин некъ лоьхург ахь хийра виталахь,

Некъахо, хьаша-да везаш т1еэцалахь,

Ницкъ кхочу хьошал дай, новкъа и ваккхалахь.

 

Бакъонах ца кхоьруш, нийсо д1акхехьалахь,

Харцонна даима некъ боьхкуш хилалахь,

Хьарамло хьайх йоцуш, хьанал хьо вахалахь,

Хьайн долчух тоам беш, доцчух ма  хьегалахь.

 

Харц новкъа х1оьттинчух ларвала хьажалахь,

Къола дар ца дезаш, къинхьегам безалахь,

Х1ора де хама беш новкъа ахь даккхалахь,

Хьуо велча хьайл т1аьхьа оьзда лар йиталахь.

 

Ден-ненан сий дарца даим уьш ларалахь,

Х1уъа де т1ех1оттарх церан дог эцалахь,

Воккхаче, жимаче ларийта хаалахь,

Г1иллакхца, г1уллакхца хьуо масал хилалахь.

 

Оьг1аз хьуо ваханчохь собаре хилалахь,

Вас хьайна йинчунна толам ахь биталахь,

Вон хьайна динчунна дика дан хьажалахь,

И хьуна карор ду – сох тешаш хилалахь.

 

Куралла къонахехь товш йоций хаалахь,

Мел доккха дарж кхачарх цунах хьо ларлолахь,

Олуш дерг хьаьнга а юьхь-дуьхьал алалахь,

Т1аьхьашха луьйш вериг стаг воций хаалахь.

 

Вахарехь ахьа къаьмнаш ма къестаделахь,

Доттаг1ий царах бай, барт болуш вахалахь,

Адмашца даима уьйр-безам а лахалахь,

Цхьа висар дуьненахь хала дуй хаалахь.

 

Хьолан да хьуо хиларх халкъах ма хадалахь,

Даима хьо цуьнга ладуг1уш хилалахь,

Рицкъан т1ехь тешнабехк цхьанна а ма  белахь,

Х1ара дуьне мел дезарх дуьссур дуй хаалахь.

 

Х1окху костийн мог1анаш сих ца луш дешалахь,

Сан деган лаамаш кхочушбан хьажалахь,

Т1аккхий бен мах хадош кхеран кхиэл ма елахь,

Цул т1аьхьа, доттаг1а, хьо тешна хилалахь -

Дуьненахь хьуо эрна ца ваьхний хаалахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.