http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


НАНОЙ Печать Email

ШАЙХИЕВ Iалвади

 

 

Дахаран некъаш вайн

ДIадуьйлало

Дегнаш чохь

Хьомсарчу нанойн.

«ДIадижа, сан боли!» –

Вай тахкадо

Шайн марахь,

Аганахь цара.

 

Цкъа мацца ма деза

Лаьттан ницкъ лан!

Аьхначу куьйгашца

Меллаш,

Ши биши схьалоций:

«ХIаъаний… хIан», –

Ког баккха Iамадо

Бераш.

 

Вай кхуьу. Кийча ду

Къийса а вай,

Кхоллам бу хIораннан

Шен-шен.

Наноша дIахоьцу

Куьйгаш масс-дайн,

Некъ дика бо цара

КIентийн.

 

ХIорамма озабо

Ша-шениг кхаж,

Къаьстачохь

Эзарнаш некъаш.

Кхин безам. Кхин йовхо.

Кхин тайпа раж.

Кхин дахар,

Вайна церг къежош.

 

Амма цкъа цхьа зезаг

Цо кховдадо,

Къоьжачу патаршца

ДаьттIа.

«ДIадижа, сан боли!» –

Вай тахкадо.

Тахкадо

Вай НАНА-ЛАЬТТО.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.