http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


НАНА. САХИЛАХЬАРА Печать Email

Бексултанов Муса

 

 

1аьнан ехачу буьйсанца, тийналлин г1ара а хезаш, суо цхьаъ цхьалха, ойланашца сайн, д1атаь1ина 1уьллучу суна, геннара хьиег1а г1айг1а санна я гергарчу аьзнашца сайн бералла дуьхьал х1уьтту дагалецамийн некъашца.

Нана го сайн, сийна уьйт1е, к1айн кир тоьхна жима ц1а.

Юха суо а го, жима бер долуш, паднара т1ехь вежаршца ловзуш.

Суьйре хуьлу я пхьуьйре хан, тхо дерриш тхайн чохь а, пеша хьалха, юург еш, цхьацца узамца хьийза Нана.

Сан суьрташ серладуьйлу юха, юьхь-бос гуш, аматаш; х1етахьлера х1оттам а сайн, беран кхетам, Ненан аз.

Цо еш хилла галнаш а го, нуьйда та1орца бертиг а къовлуш, текха т1ехь сецна к1айн 1аь, сан цергех дийлина хи а.

Юха Ненан елар хеза, к1айн цергаш, к1еда ши куьг, тхох х1ора а хьостуш цо, до1анашца д1авижор а.

Т1аккха г1енаш бераллин (куьзган чохь гуш санна) дуьхьал оьху иштта суна, сайн хиллачу ловзоргашца.

Ма дарра го 1уьйранна суо (ах г1енах а, самах а волуш), галл-гал а лелхаш, паднара т1ера теса т1е кхача схьавог1уш а. Т1аккха Нанас  саца а вой, охьа лах а луш, мара вохкар, юха суо Ненан белаш т1е корта товжош вижа г1ертар а.

Эх1, Хьаби!

Сан Хьаби, маца, мичахь, х1ун некъашца хьодур-кх со лаха цкъа: есаллин бухбацаре я стиглан 1аьршашка!

Дала херрехь, декъалчаьрца хуьлда-кх вайн вовшийн гар: «Нана яла хьан, сан к1ант!» - аьлла, со хьаста хьо т1е а хьодуш.

 

1997-2002 шш.

 

САХИЛАХЬАРА

 

Моза байин, тата доцуш, тийналла ца хьаян санна, цхьанаэшшара хьалаг1уьтту лампа йогучу чохь.

Охьахуьйшу иштта меллаша.

Буьйса, буьйсанах тера йоцуш.

Кху буьйсанца инзаралла, юха шах-тата кхерамца, меха буьххьехь денло са.

Тийналла.

Мозанан «дзар-р», машанан тайша лаьцначу.

Геннахь лечкъина 1ийна гезг-муьша т1ехула чахчарх хьоду.

Масех гуо.

Х1азарш.

Моза кепа лацарца, ле.

Ша хиллачохь д1атоь гезг а.

Декораци. Иза тахана д1авоьллира. Лулахо. Юьртахь яра тезет. Бен-бен нах. Сибаташ. Къоьжалло синтем кхуллу, г1айг1а евзинчу хьажаро а – бакхий нах. 1ара иштта. Де юьхьаза нисло-кх ч1ог1а. Стаг войъу дено, юьхь – амат даржош. Оццул хилла адамаш буьйсанна шаьш цхьацца – х1унда? Юха х1орамма доьг1у ла. Х1ора, а шен хьежарехь, шен кхерамца, 1адорца шен, шен гурара буьйлучу кхетаман кхолламца а...

Цу кхалламца юха – суьрташ, буьйсанаш, лекха 1аьршаш, азаллин паналла.

Тахана д1акхелхинчун дуьххьарлера эхартан буьйса.

Са 1адор. Шийла хорша.

Я Аллах1! Хьо орцах...

Цкъа сахилла делар-кха, маца а цкъа, маца а...

И беларш, г1овг1анаш, цхьанхьара-м маьхьарий, эшаран мукъамаш а.

Кхин масса лер  кху буьйсанна, дуьненчу а масане ваьр.

«Х1ор-рос-тоъ», лелха герз. Мохо кхоьхьу вотанан г1овг1а.

Безамаш! Безамаш а бу-кх, цхьанхьа, къора хьестарш, эсала аз.

Иза мел хала велира-кх, ялх баттахь, худалуш. Цуьнца шо а ца даьккхи, шерашкахь хьегначуьнца.

Эшамаш.

Кешнийн гуо.

Тийналла. Тхьузйоьлча санна, д1атоь ойла.

Ойла ерриг а цу кешнашца, цигахь 1ан везар санна, бесарчу чарташца. Уьш хьуьйсуш санна хета, д1авирзича, волавелча а, хьоьгара цхьаъ-м оьшуш, цхьана х1умане-м сатуьйсуш.

Т1унло б1аьргаш.

«И шена гуш дерг х1ун ду, х1ай Аллах1»! – Адам-пайхамара Деле.

«Хьан Уммат», - хилла жоп.

Церан дукхалло 1адийначу Адама:

- Аллах1, тарлури техьа уьш берриш а лаьттахь?

- Адам, - хазийна Дала. – Ас деа декъе бекъна уьш: хьалхара дакъа – шайн дайн баккъашца, важа – нанойн кийрахь, кхозлаг1наш – лаьттан юьхьа т1ехь, доьалг1а дакъ ацу лаьтта к1ел а.

Т1аьххьарниг суна ду-кх.

Я Аллах1! Хьо орцах... Хьо орцах ваьллахь...

Са мукъа а хила делара.

Сахилахьара.

Са.

 

Соьлжа-г1ала. 1998 шо, август

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.