http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ГУЛАМ Печать Email

Тухашев Хьамзат

 

 

 

П1ераскана де дара. Рузбана де. Цхьана а тайпана къийсамаш я т1емаш бен а, лорт1ахь волчу бусалба стага доккха г1уллакх д1адолон де а дацара. Делахь а тахана кху юьртахь д1абахьа билгалбина бара гулам. Рузба чекхдаьллачул т1аьхьа харжа везаш вара юьртан къеда. Кхузахь хьалха хилларг дукха хан йоццуш кхелхинера.

Рузба чекхдаьлча д1аболабелира къеда харжаран болх. Кху юьртарчу нахана башха оьшуш г1уллакх а дацара х1ара, цхьа молла а тоьаш вара кхузахь. Цу т1е, уьш теша а ца тешара кхуза баьхкинчу хьаькамийн «ц1енчу» ойланех…

Юьртан моллас Юсуп-Хьаьжас, и гулам маьждига чохь а ца беш, арахь бахьара аьлча г1уллакх ца хилира. Кхуза баьхкинчу баккхийчу хьаькамаша дийхира и г1уллакх маьждига чохь д1адахьийтар. Хетарехь, Рузба чекхдаьлча нах д1аса ца бовлийтархьама дина дара иза. Цаьрца и къийса ца тарделла 1ад1ийра молла.

Тахана кхуза гулбелла бара 1едалан тайп-тайпанчу дакъойн векалш. Гулам д1аболош вистхилира районан администрацин куьйгалхо. Иза жима стаг вара, г1алара дукха хан йоццуш кхуза балха хьажийна.

- Накъостий! Вай тахана кхуза гулдаларан бахьана шуна дика хаьа: вай харжа веза кху юьртан къеда. И 1аламат жоьпаллин г1уллакх ду. Цу т1е доккха политически маь1на долуш а ду иза. Вай массо а цхьаъ санна, вешан куьйгаллехь болчу накъосташна юххе а х1иттина х1ора юрт, х1ора район, ерриге а республика меттах1отторан белхаш т1ехь жигара дакъалацан дезаш ду. Иза вайн патриотически декхар ду. Кху юьртахь д1ахьочу массо а г1уллакхана хьалхаваьлла лелан дезаш а, дерриге а жоьпалла шена т1елаца дезаш а ву х1инца вай хоржу волу юьртан къеда. Шу массо а дика кхета аьлла хетта суна оцу жоьпаллечу декхарех. Цундела аша жигара дакъалоцийла луур дара вайн таханалерчу балхахь. Х1инца суна дош дала лаьа вайн районан имамана, лоруш волчу 1абдул-Къедар-Хьаьжина.

- Бусалба вежарий! Вай тахана харжа веза кху юьртан къеда. Сан дехар ду шуьга, г1уллакх хабаре а ца доккхуш, вайн болх дукха бах а ца беш, юьхьк1ам боллучу кепара чекхбалийтар. Къеда харжан хьакъ волчу стагах лаьцна х1инца хьена х1ун ду ала?

- Х1ун ду кхузахь дийца а, баха а? Аша хьалххе къастийна хир ву шайна оьшуш верг. Аша цуьнан ц1е яьккхича-хьана, оха массара а куьйгаш айбарца къобалвийр ву-кха шун кандидат!..

- Дела вазалор вийр вац-кха цхьацца болчара-м!

- Оха тхаьш хоржур ву тхешан юьртан къеда. Тхоьгара и бакъо д1аяккха х1унда г1ерта шу?

- Шун бакъонаш шуьгара д1аяха г1ерташ цхьа а вац. Шайна товш верг харжийша. Цу т1ехь цхьа а новкъарло хир яц шуна!

- Делахь х1ета, вай дера веза лаха к1ажарчу Гатин Аьрсамикан к1ант 1абдул-Муслим харжа. Цунна дика хуур ду и г1уллакх д1алело. Шуна ма-хаъара, иза дуккха а шерашкахь даккхийчу пачхьалкхан даржашкахь лелла а, жоьпаллин белхаш бина а ву.

- Иза мегар вац. Цкъа делахь, иза Хьаьжин Ц1а вахана вац. Цу т1е, Советан 1едал долчу хенахь милицин районни отделан начальник хилла а ву. Иза оцу большевикийн 1едал ч1ог1а лоруш, цунна ч1ог1а муьт1ахь коммунист вара, шуна дагадаг1ахь.

- Цу т1ехь харц ву хьо, Букар-Хьаьжа. Советан 1едална муьт1ахь а волуш 1абдул-Муслима шен белхан декхарш кхачам боллуш кхочушдеш хиллехьара-м хьо кхузахь лаьтташ а дера хир вацара!..

- Х1унда ца хуьлуш ву со лаьтташ? Мича вахана хир вара-те со?

- Дера хир вара Магаданан маьлхан басешкахь хьонка лахьош!

Маьждига чохь мел хилларг велавелира.

- Накъостий, соьга ладог1ал. Гатин Аьрсамикан к1ант вайна мегаш вацахь, Бузуркъин Шапталан дукха луьйш волу Бушт1ар хаьржича х1ун дара-те вай! Мелла а вайна пайдехь хила тарлуш накъост ву иза. Шуна массарна а ма-хаъара, сих-сиха саг1ийна жижигаш а доькъу цо!..

- Иза бакъ ду. Саг1а ч1ог1а доккхуш ву Бушт1ар-Хьаьжа…

- Вайн к1оштан хьаькаман, ломара мох хьаькхча а яла южуш йолу, стуннана цомгаш мел хили Деле а, цуьнан массо а эвлаяашка а оцу къанъеллачу зудчуьн могашалла юхайоьхуш, тухий цхьа старг1а я шинар а доьй, саг1анаш доху Бушт1ара а, цуьнан вежарша а!.. Шуна массарна а гина хир ду иза. Х1оразза а вайн телевиденешкахула гойту-кха цара и бежанаш тилош…Цу т1е, диц ма де, борз санна, т1ейог1уш гуьйре хилар а! Дукха хан ца йисина цуьнан шийла денош т1екхача…

- Дера иза а бакъ ма ду. Кестта т1екхочур ю баккхийчу наха а, къаьсттина зударша а цамгарш лехьон гуьйренан йочанаш…

- Доцца аьлча, жижиг дезачунна пайденна хир волуш накъост ву-кха Бушт1ар!.. И харжа веза вай!

- Аса а тоьшалла до шуна иза ц1ена бакъ ду аьлла! Цу т1е, ч1ог1а мерза а хуьлу оцу Бушт1арг1еран жижигах йина шашлык!..

- И жижиг мерза хилар дукха хьолахь оцу бежанна урс хьокхучух дозуш дуй хаьий хьуна, ва Саьрмасекх!..

- Нийса боху. Шен каяьллачунна шаьлта тухуш волчу Буккал Г1умин к1анта Мамеда, я паччахьан 1едал д1адаьлла б1е шо гергга хан яьллехь а, х1инца а Теркал дехьара г1алг1азакхийн говрийн реманаш вайн юьрта кхуьйлучу Коврнакъан Маккхал-хьаьжин к1анта Абубакара урс хьаькхначу уьстаг1ан я бежанан жижигах йина йолу шашлык ч1ог1а мерза хуьлу!

- И шиъ-м хьа ву урс-м хьанна а хьокхур долуш!.. Ву дера!

- И х1ун къамелаш ду? Дикчу наха саг1ийна декъначу жижигах маларна т1екхалла шашлык ян мега ткъа?!

- Х1унда ца мегаш ду-те х1инца мах боцуш керадеанчу жижигах шашлык ян?

- Мила ву и дихкинарг?

- Мича юккъера ву иза?

- Схьавалвел иза вайн буфете!..

И челакха къамелаш марса дохуш верг к1унзал болу Эмал-Муса вара. Ч1ог1а харцахьа «борз» яра иза…

Молла юкъа ца г1оьртинехьара кхузахь дов далан герга дара.

- Накъостий, вайна х1инца девнаш ца оьшу. Иштта ца оьшу вайна телевизорш чохь саг1анаш дохуш, дукха луьйш болу Бушт1арг1ар а. Нийса бохий аса, юьртахой? Ткъа ша вистхуьлуш волчо, вай маьждига чохь хилар диц а ца деш, сих а ца луш, хаза оьзда ала олуш дерг! Сацаел шайн ца оьшу г1овг1анаш! Бакар-хьаьжа, хьо ваьллий хьайна хетарг аьлла? 1аламат дика ду ваьлла. Охьахаа, делахь, г1овг1а а ца еш.

- Накъостий! Ладог1ал х1инца массара а! Шаьш дуьйцуш дерг х1ун ду хууш мукъане а дуьйций-те аша? Суна ца лаьа сайн юьрта къеда кху юьртан бух биллинчу тайпанах а воцуш, цхьана хенахь сан дайша т1елаьцна хиллачу нахах стаг харжа! Иштта аса тамаша ца бо селхана яа х1ума йоцуш варрашкахь хьаьмцашка а лелла, тахана яа сискал хиллачу нахах а! Уьш бу ц1ерахазмана саг1анаш дохуш берш а! Массарна а хаа ду шуна: и тайпа стаг цкъа а кху юьртан къеда хоржур вац, цуо хьанна т1ера саг1анаш дахахь а! Я аса шуьга хоржуьйтур а вац! Иза диц ма де цхьаммо а! Бегаш – бегаш бу, ткъа г1уллакх г1уллакх ду! И шиъ иэдан ма г1ерта, бехк ма билла челакхо вистхиларна!

Наха лерина ладуьйг1ира х1инцца вистхиллачу Дутин Вадудан к1анта Мохьмада аьллачуьнга. Цунна дуьхьал вистхила цхьа а ца х1оьттира. Иза кху юьртахь дош лелаш а, ца лелахь лоьлуьйтур долуш а борз яра.

Кхузахь цхьаццаболчарех 1отталуш Мохьмада динчу къамело бина болу т1е1аткъам мелла а малбархьама, шеха вела а къежаш, масла1атан дош ала дагахь хьалаг1аьттира цуьнан тайпана ваша, дуккха а шерашкахь кху юьртарчу клубан директор хилла волу, дехьарчу Саьлмирзин Аюбан к1ант Обарг-хьаьжа.

- Юьртахой! Къеда харжаран меттана вай вовшашца девнаш а даьхна д1асадохахь ма юьхь1аьржо хир ю. Амма со тешна ву вайн собар а, оьздангалла а хьалха а яьлла, вай веша болх кхиамца чекхбоккхург хиларх. Дала аьтту бойла вайн цу т1ехь!

Массо реза хилира цуо аьллачунна а.

- Соьга а алийтал цхьа дош. Суна хаьа мила харжа веза. Вай дера веза вешан юьртан къеда Шаьхьтамаран Муц1ин к1ант Донц1а харжа.

- Василий, ахьа х1ун дуьйцу!

- Со Василий вац, со Висади ву!

- Д1авалахьа, х1ун бен ду иза!..

- Висади, цуьнга тхо х1аллакдайта-м ца г1ерта хьо? Къаьркъа а молий, цуо Ша1ин ресторанехь лелош хилларг дицделла хьуна? Иштта стаг мега ткъа юьртан къеда харжа?!

- Х1инца малар а дитина имане ма веана иза!

- Имане веанехь а, ца веанехь а гена ваккха! Х1инца и «япп1арг1а» вара вайна оьшуш верг!

- Шун х1ун дара суна ала, яьсса хечеш? Таманин буфетехь неха ахчанах дорах чаг1ар муьйлуш-м ца лелла шуна со, кхузахь 1аш болу цхьацца болу «хьаьжой» санна!.. Хьажахьа, хьанна а х1ума ала ма кийча а ю х1ара гезарий. Цу т1е даьлча, мала а мелла, молуш а ву, мер долуш а ву! Я х1окху шун «гужбане» кхин вог1ур волуш а вац!..

Ч1ог1а оьг1азвахана Донц1а маьждиг чуьра аратасавелира…

- Бусалба вежарий, маьждига чохь дийца тамехь къамелаш дац х1инца аша кхузахь деш дерш! Х1ара х1ун ду аша лелош дерг?!

- Дац хьуна цара и къамелаш дукха деха-м дийр. Довла массо а ара! Маьждиган хьалхарчу майданахь д1ахьор аша х1ара шайн «гужбан»… Шу эвхьаза довлуш лаьтта! – аьлла маьждига чохь мел хилларг хьем ца беш араваьккхира моллас.

Х1инца маьждига хьалха д1атарбалан г1ертачу нахана хьалха юха а вистхилан дийзира районан администрацин куьйгалхочун.

- Накъостий! Бусалба вежарий! Сан дехар ду шуьга х1ораммо а олучуьнга дика ла а дуг1уш, оьг1азлонаш а ца лелош, вайн гуламан болх д1абахийтар. Сарралц кхузахь 1ийна а къеда харжаза ца довлу шуна вай. Дала аьтту бойла вайн цу т1ехь!

- Со вист хила мегар дарий? – аьлла дика доьшучу дешархочо санна куьг хьала а айбина, вистхилира шовзткъа шарахь гергга кху юьртарчу школехь директоран болх бина волу Сатун Макшерипан к1ант Мохьдан.

- Аша суна бехк ма билла, юьртахой, со дика ца кхета аша х1инца лелочух. Вай харжа г1ерташ долу юьртан къеда т1ом а беш, девнаш а дохуш харжа везаш вац, суна хетарехь. Вайх т1ебаьхкина болу хьеший а ца кхардош, собарца, хьекъалца чекхбаккха безара вай х1ара болх!

Маьждига хьалха гулбелла нах массо а реза хилира цо аьллачунна.

- 1аламат хьекъале а, нийса а х1ума ду Мохьдана аьлларг. Цо бохучуьнга ладуг1уш хила деза вай! – аьлла шен ши мехк а хьовзош, парг1атчу боларца дош ала майдана юккъе велира кху юьртахь лоруш хилла волчу Овтин Микин к1ант 1адлан-Хьаьжа. – Суна хетарехь, вай вийцаре ван везаш верг Ибахи Вахин к1ант Бадрудди-Хьаьжа ву. Иза вайна массарна а дика вевзаш а ву. Масех дош эр дара аса, шун пурбанца, цунах лаьцна. Дийцина ца валлал, дийцича адам ца тешшал майралла а, доьналла а долуш стаг ву иза! Дера ву! Х1инца цхьана бакъдолчунна т1ехь масал далон воллу со. Дика дагайог1у суна и йовха аьхкенан суьйре. Иза дара Германаца т1ом болабалале шо хьалха. Х1окху Бадрудди-Хьаьжин раг1ун к1елахь, т1о-берам чу, х1инцца кхера схьаяьхна, мартанхойн к1айчу ахьарх йина тоьпаш а 1уьттуш, т1е шура тоьхна чай а молуш, луьйш-олуш 1аш дара тхо… Мелла а бода ч1аг1ло хан яра, хевшина 1аш долчу тхуна т1е цхьа накъост веача. Салам-маршалла хаьттинчул т1аьхьа т1евеанчу хьешо элира:

- Х1ара х1усам Ибахим Вахин к1ант Бадрудди-хьаьжа вехаш ерг юй? Со нийса кхаьчний-те?

- Кхаьчна-те, сехьавала, охьахаа.

Юххе а веана стогаран серлонга ваьлча тхуна вевзира т1евеана хьаша.

- Ой, ой, Сталин, хьо вац иза! Марша вог1ийла, генара хьаша! Ма дика ду хьо веана! Х1инцца жижиг-галнаш ду схьадовлуш! Хьо ч1ог1а нийса кхаьчна! 1аламат нийса!

- Ахьа х1ун Сталин вуьйцу, х1ай накъост? Лорт1ахь вуй хьо?

- Вай дохийна х1аллакдина хилла волу вайн къоман чаьлтач и Дела мостаг1а а – Сталин ву ахьа вуьйцуш верг?

- Х1инца цунна хьошалла деш дара шу!?

- Дара, дукхавахарг, дара! Иза Гитлерца т1ом а балале ма дара! Вай х1етахь дохийна а дацара, цкъа делахь. Ткъа шолг1а делахь, иза хьаша ма вара вайн юьрта веана! Кхетий шу?

- Кхета. Кхид1а х1ун хилира дийцахьа!

- Хьо лаа лелий, ва Сталин? – аьлла хаьттира аса цуьнга. Т1аккха цуо соьга х1ун элира хаьий шуна? Дера элира: «Кху Бадрудди-хьаьжица цхьажимма г1уллакх долуш веанера со-м» аьлла. Муха хета шуна? Ша Сталин веанера-кха кхуьнца г1уллакх долуш!!!

- Хьажахьа, тхуна хезна а дацара вайн юьрта Сталин веана хилла олуш. Иза ма тамашийна х1ума ду!

- Тамашийна хилла а-м ца 1а! Т1акккха хьошалла дирий аша цунна?

- И ду хаза! Дира дера! Тоьхна синкъерам а бира. Оцу сарахь Эг1ашбетара кхеран лула хьошалг1а еана хиллачу цхьана жерочуьнца мосуьйттаза хелха а велира Сталин. Шолг1ачу дийнахь, йовха мохь тоьхна сискал а, бакъийна дума а таьлсаш чу а тесна, дукха хан йоццуш 1аьндашкара эцна балийна болу шен расха дин а белла, Соьлжа-г1ала д1ахьажийра Бадрудди-хьаьжас и веза хьаша… Иштта къонаха ву-кха вайн юьртахь вехаш! Суна хетарехь, иштта верг бен хьакъ а вац вайн юьртан къеда хила!

Къамел а сацийна гонаха д1асахьаьжира 1адлан-хьаьжа, ша х1инцца аьлларг юьртахоша т1е муха лаьцна хаа г1ерташ санна. Т1аккха шена гиначуьх мелла а тоам хилла, шен доттаг1чуьнга вистхилира:

- Цул т1аьхьа кхин моссазза цхьаьнакхетар нисделира шуьшиннан, ва Бадрудди-хьаьжа?

1адлана дийца долийначунна ч1ог1а реза вацара, кхуьнан челакха забарш к1ордийна волу, Бадрудди…Амма х1ара юьхь1аьржа ца х1отто, кхетарг кхетар ву-кха аьлла, кхуьнан къамелана юкъавахара иза, ткъа цул т1аьхьа шена а хазделира шаьшшиммо дуьйцуш дерг…

- Бакъдерг дийцича, цул т1аьхьа вовшен кхин гина вац тхойшиъ, 1адлан-хьаьжа. Иза ч1ог1а дегабаам бина ву бохуш хезнера суна…

- Астаг1фируллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Аша соьга-м ма ца аьллера вайн юьртахь Сталинан доттаг1а ву вехаш, аьлла! – юьртан мола, кхуза гулдаларан коьрта 1алашо йиц а елла, ч1ог1а цецваьлла бага а г1аттийна лаьттара. Иза х1инца а т1аьхьа ца кхуьура хуьлуш долчунна…

- Дакъаза ма вала хьо дела1, Сталина дегабаам балла х1ун далийтина хилла-те ахьа хьайгара, ва Бадрудди-хьаьжа?

- Делахь х1ета, хьо ву-кха бехке вай дохийна Сибарех дахийтарна!..

- Д1асацахьа, Сонта-хьаьжа, дийцитахьа кхид1а а!..

- Накъост, хьо х1ун ала г1ерта? Иза Сонта-хьаьжа вац. Цуьнан ц1е Сунта-хьаьжа ю! Башхалла гой хьуна?

- Цу Дела вазалор ца го-кха!..

- Шайн г1овг1анашца аша тхо ладог1а ца дуьту. Совцийша, тарлахь! –  Кхара дуьйцучуьнга леррина ладоьг1уш лаьтташ волу районан администрацин куьйгалхо, дукха ч1ог1а цецваьлла, ша мича кхаьчна хаан г1ерташ санна, д1аса хьежа велира…

Районан къеда а дукха цецваьлла шен маж къажъеш лаьттара…

- Бакъдерг дийцича, суна х1инца а ца хаьа тхойшинна юкъа х1ун доьлла хиллера. Вуьшта цул т1аьхьа со волчу хьошалг1а веана хиллачу Ворошиловс элира соьга. «Хьо Гитлерца цхьаьнакхетар ца тайна вара хьан хьаша Сталин!» аьлла. Ша иза дацахь, сан са а кхеташ, кхин х1ума-м дацара соьгара даьлла.

Х1инца цецваьлларг 1адлан-хьажа вара…х1окху рузбане, аьлча а, кху гуламе баьхкина хилла нах маьждиг чохь дийца ца дог1у къамелаш дийца бевлча, моллас маьждиг чуьра дукха сиха аратийсинчул т1аьхьа кхара дуьйцучуьнга ладог1а гулбелла бара дуккха а лула-кулара нах а, новкъахула дехьа-сехьа воьдург а. Моьттур дара х1инца кхузахь Болкхара веана пелхьо воккхуш ву. Къаьсттина дукха дара бераш. Церан массеран а ч1ог1а самукъадаьллера…

Амма кхуза баьхкина болчу хьешашна ца вевзара х1инца дерриге а къамел шайн караэцна волу ши доттаг1а. Х1окху шиммо дуьйцург х1ун ду ца хууш ч1ог1а цецбевлла 1ара уьш…

Юха а маьхьарий девлира гулбеллачарна юккъехь:

- Бадрудди-хьаьжа, Гитлер а веанера хьо волчу хьошалг1а?

- Иза маца ду? И нажжаз муха кхаьчна кхуза?

- Урс х1унда ца 1оьттира ахьа цунна, цхьажимма чож а дат1ош?

- Ма дийца хьашт доцу х1уманаш! Г1иллакхе хила. Шен хьешана урс 1уттуш хуьлу ткъа. Лорт1ахь вуй хьо? Мегар ма дац иштта хила!

- Иза Германа пачхьалкхаца т1ом болабеллачу шолг1ачу шарахь ду моьттуш ву со. Билггала дага ца дог1у. Ткъа харц лер, шуна ма-хаъара, со дезаш вац! Цхьана дийнахь Махкат1ера цхьа чермо веара со волчу. Чай а мелла тхойшиъ парг1атваьллачул т1аьхьа цо соьга схьакховдийра немцойн маттахь т1ехь йоза яздина долу кехат.

- Х1ара кехат хьан кера д1ало аьлла ваийтина-кха со Гитлера. Иза селхана кхаьчна тхан юьрта.Хьайн аьтту белахь, хьо ша волчу вог1ийла лууш вара иза. Вуьшта ша а хьо волчу вог1ур волуш дера хиллера иза-м. Вордана т1ера охьавуссуш, ц1еххьана ког а керчина, цул т1аьхьа иза бистина харцахьа а баьлла, т1е ца х1отталуш лазабаьллера цуьнан. Хьайн аьтту белахь хьоьга ша волчу вола бохура, ткъа хьан вог1ийла ца нислахь, масех дийнахь, ког то а балийтина, ша хьо волчу хьошалг1а кхочург хилар хьоьга д1ахаийта а элира Гитлера.

Оццул генарчу Берлинера вай долчу Гитлер веана хилча г1иллакхе а ма дац Веданара Махкат1е а ца вахча, аьлла со а вахара-кха цига. И чог1а дагахкхетта хиллера-кха Сталинна… цунна дицделла хиллачух тера дара вайнехан хьаша-да т1еэцаран г1иллакхаш. Наггахь х1ума дицлуш 1едал дара цуьнан!.. Ткъа вай-х ма даций веша г1иллакхах духур долуш! Шуна ма-хаъара, вайн юьртара, Иди а ца воьхна шена дечке ваханчохь хен хаьрцича…

Маьждиган хьалхарчу майдана гулбеллачеран ч1ог1а самукъадаьллера…

Массерачул а ч1ог1а самукъадаьлларг а, амма цуьнца цхьаьна, шен доттаг1чо лелочух ч1ог1а цецваьлларг а 1адлан-хьаьжа вара… Кхуьнан доттаг1а кхуо йинчу забарийн г1анел а т1ехъиккхина д1аваханера…

- Собар дехьа, Бадрудди-хьаьжа! Цхьа х1ума хатта воллура со хьоьга. Суна бехк ма биллалахь, мел хан ю хьан?

- Т1едог1ачу шарахь, б1аьста, 1один ирзехь хьаьжк1ашна шолг1а асар дечу хенахь, кхузткъе итт шо кхочур ду-кха, Дала оцу хене со  валийтахь!.. Вуьшта кхин сингаттам болуш-м ца хаьттира ахьа иза, ва Буркъин бекъа?

- Ой, и бохург х1ун ду? Х1инцца 1адлан-хьаьжас ма-аллара, и дерриге а лелочу хенахь «хьаьжо» хиллачу хьан кхин хан яц? Иза муха нисло ткъа? И ма тамашийна х1ума ду! Х1ай 1аламаташ!.. Цхьана а тайпана х1инца аша дуьйцучунна т1аьхьакхуьуш вац-кха со!

«оцу 1адлан-хьаьжас юьйцучу хенахь Бадрудди-хьаьжин мел дукха а кхо-диъ шо бен хуьлийла дац!.. Т1аккха муха нисло иза? Хьаьжо а муха хуьлу цугах? Иза а Сталинан заманахь! Я со кхетамах туьлуш ву-те…» оцу ойланаша а, шен хеттаршна Бадрудди-хьаьжас деллачу жоьпо а дукха ч1ог1а цецваьккхина, вог1авелча санна, лаьттара вахабистийн 1едал долчу хенахь кху к1оштан шар1ан кхелехь г1уллакхехь лелла, ткъа тахана долчу 1едалан а жигархо хилла лелаш волу Симакин Гатин боккха мара болу Тоьмаркъа… хетарехь, цхьана х1уманна т1аьхьакхиа г1ертачух тера дара и къена жигархо…

Кху гуламе гулбелла нах саца ца луш буьйлуш бара…

- Х1окху вайн маьждигехь мел дешначу къур1анор, юртахой, кху сингаттамечу заманахь, к1иранах цхьана дийнахь мукъане а доггахь вешан самукъадолийла лаахь, х1ара Бадрудди-хьаьжа харжа ма веза вай вешан юьрта къеда! – аьлла вистхилира кху юьртарчу клубехь дуккха а шарашкахь киномеханик болх бина волу Мутин Асхьабан Шепа1.

- Цуьнан г1оьнча 1адлан-хьаьжа харжан а мегар ду! – т1етуьйхира цхьаммо-м…

Нахана юккъехь яккхий г1овг1анаш евлира… Царех дукхахберш йийцаре ечу кандидатурана дукха ч1ог1а реза бара.

- Юьртахой, х1окху гуламах синкъерам бан а ца г1ерташ 1ад1ейша! Деле шайна цхьажимма собар дехийша! Аша лелош дерг дан х1ун ду?!

Масех минотехь г1овг1анаш а йина д1атийра к1адбелла, амма, дика самукъадаьлла нах.

- Суна хаьа вай мила харжа веза юьртан къеда! Вай дера веза астаг1чу Миндаран Седакъан Абу харжа! Иза ч1ог1а товш хир ву оцу даржехь! Аса шайга бохург де, юьртахой! Толам вайгахь бу! Аллах1у Акбар! – аьлла аьтту куьг хьалха кхоьссира Абу волчохь дика са а къийрина ц1а вог1уш, ларамза кху гуламна т1енисвеллачу Дуц1ин Буркъин Салмана. Амма иза сиха «говрара воссийра» юьртан моллас…

- Ладог1а соьга, накъостий! Битал х1ара синкъерам! Со х1инца оьг1азвахийта г1ерташ шаьш дацахь, цхьажимма собаре хила г1орта! Дукха мийлинчу къаьркъано гуттара а вестина лелачу, оцу Россин, Ельцин бохучу президентан хьадалчийн г1оьнца шайна юккъехь барт а бина, масех стага х1ара республика шен ден мере яхийта 1алашо йолуш, массо а халкъо дагалоцуш харжамаш бо аьлла куц а х1оттийна, вайн, аьлча а, шаьш санна болчеран президент, оьрсийн инарла хилла волу Дудаев х1оттийначу хенахь, цуьнан хечин барчах а тасавелла, леррина йолчу цхьана подразделенехь г1уллакх деш ву ша бохуш, варраш хоьхкуш леллачу, шен ворх1ий а дена ца гина йолу тиша иномарка хоьхкуш лелла волу х1инца х1окху Дуц1ин Буркъин Салмана шен дагахь харжа аьлла хьалхатеттина волу массарна а мотт бетташ, иман а, беркат а доцчу, астаг1чу Миндаран Седакъан к1ант Абу, шуна массарна а дика дагайог1учу хенахь, Соьлжа-г1алахь къома къаной бу бохуш массо а ярташкара лахьийна ялийна еса х1уманаш хьалха а яьхна чалахь бинчара и шайн шайт1анийн ловзарш д1ахьочу хенахь хаьнт1а а оьллийна,  мера к1ел ши чо а латийна, Соьлжа-хи йистехь церан жижиган еш кхехкош лелла ву. Шен дена санна, мотт беттар ц1ийх доьлла волу иза, х1инца а ву боху цхьана российски спецструктурашкахь болх беш. И санна верг товш хир вац вайн юьртан къеда! Кхеттал х1ума дуй аса х1инца аьлларг? Делахь х1ета и чекхдели!

- Кхечара бохучуьнга ла а ца дуг1у вай?

- Д1авалахьа, Василий, х1ара г1уллакх дахдан ма г1ертахьа.

- Со Василий вац. Со Висади ву. Моссазза баха деза шуьга?

- Цхьа ког коша а бахана лелачу хьуна х1ун бен ду х1инца милла хилчи а? Дика ду. Хьуна иштта ч1ог1а халахеташ хилча, кхин эр дац аса. Вуьшта, ч1ог1а тера-м ву хьо царех…

- Д1асовцал! Шу кхуза сакъера гулделлачух тера хета суна. Дера хета. Малхбуза ламазан хан т1екхачале чекхбаккха беза х1ара гулам. Дита и ца оьшу къамелаш. Х1ара синкъерам я ловзар а дац! Тоьар! Мацах цхьаммо баьхначунний а дайна – халлас!

Кхузахь цхьацца болчара дуьйцуш долу и деса къамелаш к1ордийна волу Юсуп-хьаьжа кхин шеца бегаш бойтур болуш вацара. Цо совцийра кху гуламах синкъерам бан г1ертачийн г1овг1анаш.

Кху юьртара молла Г1арсин 1абдулла-хьаьжин к1ант Юсуп-хьаьжа шен х1инцца корта боккхур белахь а, бакъдерг шен дега а д1аэр долуш вара. Вахабистийн 1едална а ца везара иза ц1ена стаг волу дела.

Цхьана дийнахь, церан йоккха тоба еара х1ара д1а а ваьккхина кху юьртарчу маьждиге шайн молла д1ах1оттон 1алашо йолуш. Иза 1аьржа 1аьрби вара, ц1ена оьрсийн мотт а буьйцуш… х1инца ша бусалба ву бохуш волу х1ара 1аьрби, кочахь ж1араш лелочу керстанийн маттахь, шен дагахь кху нахана дин хьеха воллуш вара!..

- Тхуна оьшуш вац аша валийна негр! Шаьш схьадаьхккинчу новкъа юхадахан мегар ду шуна!

- Тхуна г1оьнналлина аьлла валийна ву аша х1ара? ФСБ-с леррина кечвина кхуза ваийтинчу шайн палестински моллане, тхуна ца оьшуш долу г1о дан а ца г1ерташ, иттаннаш шарешакахь шайн коьшкала а хевшина 1аш болу жуьгтий д1абаха ала!

- Нийса боху! Х1инца 1аьрбийн «чегевараг1ар» бара вайна оьшуш!

- Собарде цкъа! Шуьга хоьттуш х1умма а дац! Кху шун юьртарчу маьждиге керла молла ваийта сацам бинарг вайн нохчийн пачхьалкхан бусалба неха «шура» ю!

- Шайн ворхх1е а дена не1алт хуьлда шуна а массо а «шураш» вовшахтоьхначийна! Шуна моьттуш дерг аьттехьа а доцийла аса х1инцца шуна хауьйтур а ду! – аьлла сихха маьждига уллерчу шайн чувахара Юсуп-хьаьжа. Дукха ца 1аш схьа а веана, моссуьйттаза кхарна т1ехула автомат а кхоьссина, х1окху ардангина хьалхаваьлла веанчу, ерриге районан а хууш, КГБ-н стукач а лелла, х1инца эвлаяъ хила г1ертачу, лулара юьртарчу цхьана вахархочуьнгахьа а вирзина элира:

- Схьаверзал, х1ей, Чабан-хьаьжа! Оцу сийлахьчу Маккахь мел дешначу Къор1анор аса дуй ма буу шуна, х1инца и шайн къуот1алг1а вина негр а эцна шу сихонца д1а ца долхахь, х1ара етташ кху маьждига хьалха шун декъий охьадакха!

Цуо шен дош кхочушдийр дуйла а хиъна кхайкхаза баьхкина «бусалба вежарий», шайн молла а эцна сихонца д1абахара.

 

Къеда харжар дахлуш лаьттара. Жерахь чекхдер ду аьлла хеттачу кху г1уллакхан йист яла гена долчух тера дара.

Кхин а еххачу хенахь къийсинчул т1аьхьа моллас юкъадилларца гулбеллачу наха шайн юьртан къеда хаьржира Сатун Макшерипан к1ант Мохьдан.

Мохьданах лаьцна дош олуш Юсуп-хьаьжас элира:

- Х1ара Макшерипан к1ант, ц1ент1ера схьаваьлла оьзда г1иллакх долуш стаг ву. Шуна ма-хаъара, доьазза Хьаьжин Ц1а вахана а ву. Шеца ламаз-марха долуш, и Сийлахь Къур1ан эханнал сов дагахь а хууш ц1ена бусалба стаг ву! Амма уггаре а коьртаниг, юьртахой, х1ара юьртахь а, районехь а, жимчо а, воккхачо а лоруш, сийдеш хилар ду. Иштта волу стаг бен хьакъ вац вайн юьртан къеда хила! Иштта хила а хилла, иштта кхид1а хир а ду, Дала вайна совг1атана деллачу кху инзаре хазчу Ведана лаьмнашкахь, сийлахь-доккхачу нохчийн бусулба къоман оьзда к1ентий мел беха! Х1инца ала мегар ду шуна:

- Аллах1у Акбар!

 

Соьлжа-г1ала, 2008-чу шеран март-беттан 26-г1а де

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.