http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Г1айренан некъаш Печать Email

Дагалаева Малика

 

Диъ шо бен дацара Асетан. Шен нена куьг лаьцна. Яьсси-хи йистехула, г1ашлойн готтачу новкъа, юьрта чу йог1ура и шиъ.

Аьхкенан декхна де дара. Шок етташ, хьоькхуш мох а бацара. Яьсси, йокъано жимдина, хершнашка декъаделла дог1ура. Цуьнан г1овг1а а яцара хезаш. Тиййначу арахь, уллохь кхин луьйш-олуш накъост цахиларе тера, ойлане яяьлла йог1ура Кемиса. Хабарна дукха т1ера йоцчу йо1а, новкъарло ца йора цунна. Берийн бала ца кхочуш х1ума ца дуьсура. Амма, асета,ша дика х1уманан эс динчул т1аьхьа, цхьа 1алашо йолуш бен ца хоттура х1ума. Юьрта чукхаьчна ала мегар дара шиъ х1инца. Лаьмнашкахь ц1енош гена-генахь хиларна, ши-кхо ц1а т1ехтилла йог1ура. Х1инца шайн керт гучуелира. Амма, Яьсси-хи, цу юьрта йистехула чекхдолуш, генна д1адоьдуш дара.

- Уьш некъаш дуй, нана? – хаьттира Асета,дика ша тидам бина яьллачул т1аьхьа, Яьссин тог1и чохь х1иттинчу г1айренашна т1е п1елг а хьажош. Лаьтта б1аьрара д1аса ца хьожуш:

- Х1аъ! – элира нанас.

- Некъаш ду уьш??? – юха а хаьттира йо1а.

- «Х1аъ» - хезира дуьхьал.

Шолг1а а цо «х1аъ» аьлча, йо1а ч1аг1дира шена тарделларг. Сацам бира, сен ма1аш санна долчу, царна т1ехь уьдуш, ловза.

Сарралц маьлхан б1аьра хьоьжуш 1ийна 1алам, маьрк1ажан бода т1ег1оьртича, сада1а доьллера. Ц1ийелла малхбузе кхоччуш 1аржан, дика ницкъ безара Буьйсанна. Кхана а де декхна дог1ург хиларан билгало яра иза. Лохийрачу ц1енош цхьалха кораш сема дара. Мохо хьадахь диттан г1а- иза а чухезара. миса стена делаь а, наб яйна 1ара тховса. Ши б1аьрг хьаббелчи а, ца еза г1ан-набарш дуьхьалтосе, хьалаоьккхура. Сатесначул т1аьхьа д11атийра, мохо наггахь ечу эшаро, ц1енойн тхевнех хьекхочу диттийн генийн шах-ших. Мерза юург схьаяла гергаяхча, мацбеллачу кийрано санна, маьлхан з1аьнарша чуийза йолийра бес-бесарчу зезагийн а, стоьмийн а хаза хьожа. Х1инццалчул хьалхе г1еттира Асет тахана. Нене йист а ца хуьлуш, шен коч-мача т1е а юьйхина, кевнехьа хьаьдда йоьдура иза.

- Хьо стенга йоьду? – мохь туьйхира, йо1ах б1аьрг кхеттачу Кемисас.

- Ризванаг1аьрга! – ц1е яьккхира, шеца даим цхьаьна ловзуш влочу,шеен шичин.

- Ма г1о, уьш г1евттина хир бац, - 1ехиййна, юхаерзийра Асет.

Амма, дукха хан ялале, хезира берийн аьзнаш. х1инца – м, цхьаннех а ца лечкъаш, яхара А Асет ловза.

- Ризван … Ризван… - бохура цо, ша т1е ма йоддара, -суна некъаш ма гира.

- Муха некъаш?

- Цхьа шери долуш, дуккха а некъаш ду – кха д1огахь.

Йоь1ан дукха самукъадаларо, кхин хеттарш дан ца вуьтуш, д1ахьаьдира к1ант. Йоккхаеш, цунна т1аьхьахьадира Асет.

- Схьавоьл… схьавоьл… - бохура цо, Яьссин йистехьа а йоьдуш. – Хьажал, уьш некъаш ду хьуна, - п1елг хьажийра, хи жимделла х1иттинчу г1айренашна т1е.

- Уьш-м дац некъаш, - шеко йоццуш, элира Ризвана.

Асетал дукха вокха вацахь, а, уьш некъаш ду бохучух ца тешара иза.

- Ма ду! - бохуш, нанас шен хаттарна деллачу жоьпана, уьш некъаш ду бохург билггала бакъ – дина, т1ег1ертара Асет.

- Дац! Дац! - мох санна болчу к1ентан мьахьарца, кхоссаелла чуяхара иза. Шина коган лар юьсуш, кхоазлаг1а г1айрено д1алецира йо1. Ризван т1ехьаьдира… Куьг лаца г1ертара йоь1ан. Амма, метах мел ели, кхин а к1оргене йоьдура. Дан г1о доцуш, воьхна хьийзара Ризван. Эхар а, Асет хьалаяларха дог диллича, ведира к1ант. Ма воддара, Кемиса йолчу вахара.

- Кемиса!.. Кемиса!.. – сихвелла кхайкхира, - Асет хи чу яхна.

- Мичхьа! - когашкара хьалатоьхначу лазаро, дег1 лахийра Кемисин.

- Д1о… Яьсси-хи чу...

Шен г1ори догах хьалаяла а г1иртина, г1амарла бертал кхетта 1уьллура Асет.

- «Некъаш…», «Некъаш…» - Кемисин иэсехь самаделира йоь1ан селханалера хаттар.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.