http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дош Печать Email

Махмудов Iийса

 


 

Дош, ма тамаше ницкъ бу хьан,

Ма дукха ю хьан аг1онаш.

Ала дезачохь алаза дисча,

Ахьа-м са хьийзадо.

Ала ца оьшучохь аьлча,

Юхь1аьржа х1оттаво.

Лардан дезаш хуьлу хьо  алаза,

Лардан дезаш хуьлу хьо аьлча а.

Дерачех 1овжаме чов йо ахь,

Ерзаян дарба ца хуьлуш.

Цкъа хьостий ахь ч1ог1а 1ехаво,

Совг1атна луш санна дуьне.

 

 

Сан деза денош

 

Ма дуьзна, ма тайна дог1у хьо цкъацкъа,

Комаьрша, беркате дог1у хьо цкъацкъа.

Я 1ай а, аьхка а сан ойла яхчош,

Безамо  хаьржина, хьаьстина къастош,

Ма хаза дог1у хьо цкъацкъа.

 

Аллах1ан ц1е яккхар алссама хиллехь,

Ваша воцчу йишийна ваша хьо хиллехь,

К1ант воцчу нанна а дика к1ант хиллехь,

Орцанна кийча хьо доттаг1а хиллехь,

Ма деза, ма сирла деъна хьо хилла.

 

Жимчунна масалла хилла хьо деънехь,

Воккхачуьна ларам беш, сий дина деънехь,

СагІийна комаьршо яхьаш хьо деънехь,

1аламан хам-пусар дина хьо деънехь,

Ма деза, ма хаза хьо суна деъна.

 

1от-баккхам баьллачохь масла1ат динехь,

Ма деза, ма хаза деъна хьо хилла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.