http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Маьлхан догIа Печать Email

МИНКАИЛОВ Эльбрус

 

ДогIа цIеххьана доладелира.

Къеггина богу малх, цхьаьнца лечкъаргех ловзу бер санна, мархашна тIехьа дIалечкъира. Мархаш кIайн яра, бамба  санна, амма юкъ-юккъехула таьIна-сира, дошан басахь асанаш хаалора…

Жимма хан яьлча, малх юха а гучубелира. Мархаш нийсса гIалина тIехула севцира, ойлане евлча санна… Церан сацар хье ца делира – кестта догIан тIадамаш лаьтта иэгадуьйладелира. ТIадамаш даккхий а, довха а дара. Малхо делккъалц дохдинчу лаьтта тIе оьгура уьш, «дап-дип» деш, шаьш охьаэгначу меттехь хьалха цкъа жимма чан а ойуш. Дукха хан ялале, некъ берриге а башийра, тIедачу силаман баса а берзош. Гонахарчу диттийн гIашна а, царна бухарчу бецана а тIехь севцца догIан тIадамаш жовхIарех лепара маьлхан зIаьнаршлахь.

Тхойшиъ а тIадийнера, иза сов а тIадош – цунна тIехь коч бен яцара, кIайн а, баьццара а мохарчий йолчу цхьана дайчу кIадин. Со костюм а юьйхина вара, буйннал шад беш, ехха галстук а йихкина.

– Вайшиъ цхьанхьа чудахийтахьа, догIа саццалц, – элира ас, дуьххьара тIадамаш иэга дуьйла ма делли.

– Хьокхуьнах-м догIа хир дацара. Къеггина схьакхетта малх а бу. ХIинцца соцур ма ду хIара...

– Хьо тIадорна кхоьруш бохура аса-м…

– Со шекарх йина ма яц… Ешар яц хьуна… Жима йолуш, юьрта яхча, бIаьста я аьхка догIа догIуш, беца тIехула когашIуьйра едда лелаш самукъадолура сан…

– ТIаккха-м хIумма а дац…

ГIашлойн новкъахула схьадогIуш дара тхойшиъ. Нах, я шайн болар сихдина, я уьдуш тIехлелхара, ткъа иза-м шек дIа а яцара… Ас сайн болар а цуьнчуьнца нисдора… Ца ваьлла…

Жимма хан яьлча, сайн костюм кховдийра ас цуьнга, тIекхолла аьлла. И реза ца хилира, ас мел дехарш дарх а.

– Цхьа тамашийна хIума ду-кх хьан амалехь… –  элира цо Iийна-а. – Доккха маьIна долу хIума я беламе доккху ахь, я тидаме а ца оьцу. Ткъа кIеззиг дерг юьхьар а лоций, и кхочушдан гIерта, айхьа бохург ца хилахь, дуьне духур долуш санна…

– Ахь дикка ойланаш йина моьтту суна сан амалан…

– Йина дера… Айхьа бен ца йо моьтту хьуна ойланаш...

Со дуьхьал вист а ца хилира…

 

Тхуна юкъа херо йоьллера… Амма дерриге а иштта чекхдер ду бохучух теша ца лаьара. Тахна а цо долийра къамел, ас ма хуьллу тIаьхьатоьттуш хилла долу. Амма цо аьлларг суна дагахь доццург  дара… И бахьнехь со чIогIа воха а вуьйхира…

– Вайшиъ дIасакъаста деза, – элира цо, схьакхайкхайо кхиэл санна, дуьхьало ян меттиг ца буьтуш…

 

…ГIуллакх, олуш ма -хиллара, уьншарахьлерчу  хиламашца доьзна дара. Тхан деда Лагаш лаьцначохь вайнера. И лацарна бехке тхан тайпанан нахана кхуьнан деда Межад хетара.

Мухха делахь а, хьуьнах дечиге вахханчуьра Лагаш лаьцна дIавига баьхкинчарна юкъахь гинера иза, цу хенахь НКВД-ехь болх беш хилла волу. Межад воцу а дукха хан яра  (цунах дерг суна дукха хан йоццуш хиира, цхьана гергарчу стагера). Казахстанехь иза складехь болх беш хиллера. Чхьаьвриг кхеттий, матар тесний хьажа гатанан тIоьрмигаш чохь хIора кIирнахь ши кийла ялта хиллера иза волчу чу дохьуш. И ялта юха  дIа а ца дохьуьйтуш, юьртахь уггар кIелбисинчу доьзална дIалуш хиллера цо. Цхьамма мотт а тоьхна, лаца а лаьцна, итт шо хан тоьхна хиллера цунна. Лаьцначуьра цIавирзина дукха хан ялале, цигахь кхеттачу пехийн цамгарх кхелхинера иза…

 

Тхойшиъ вовшашна девзина дикка хан яра (цхьана институтехь дешна а, цул тIаьхьа цхьаьна болх беш а дара), амма хIинццалц тхойшинна цу гIуллакхах хууш хIумма а дацара. Уьш хиллачул тIаьхьа шовзткъе итт шо гергга даьллера, амма мекха йисна хиллера-кх… Казахстанехь даьккхинчу кхойтта шарахь нехан дуккха а мацах хилла девнаш дIа а дирзинера, дуккха а керла гергарлонаш а кхолладеллера… Амма тхан иштта ца нисделлера-кх, да висарг…

Со кхунна тIехьийзаш ву аьлла хезча, денанас и улло а ца дитна бохуш, хезнера суна цхьа бутт хьалха. Ткъа кхунна-м суначул хьалха кхачийнера и хабар: и захало хилахь, тхан тайпанан цхьана боьршачу стагана а ша къинтIераер яц аьлла, дуй биъна бохура  тхан денанас... Баба ян а яра къонах стаг, цхьа шен амал йолуш, амма цо аьлларг мелла а дестийна дуьйцуш санна хийтира суна…

 

Цхьа бутт хьалха, кхуо дуьххьара сайца и къамел долийча, ас беламе даьккхира иза, зама хийцаелла, цу моттаргIашка хIумма а хийцалур дац вайшиннан кхолламехь, аьлла.

– Хьуна ма моьтту кIезиг хIума а дац иза-м. Шун дерриге а тайпанна ца луъушехь, хьо царна дуьхьал а ваьлла, хIара захало хилча а, со муьлхачу хьолехь хир ю аьлла, ойла йиний ахь? Массеран хьежарехь цабезам гушшехь, со муха къежа  еза царна, дика нус а хилла.

– Хьох дика нус хилахь, цабезамца цхьа а хьоьжур вац хьоьга.

– ХIан-хIа, гIуллакх хир доцу хIума шен хеннахь дита деза, – элира цо, цхьа хIинццалц суна хезначух тера доцчу озаца, цхьаммо шен кхетамехь чIагIйина ойла цуьнан озаца схьахьееш санна.

Ас и гIуллакх толлуш ду, жимма собарде, суо тIаьхьакхуьур хиларх со тешна ву бахарх а гIуллакх ца хилира (со ван а вара цхьацца архивашкахь таро йолу кехаташ айса кегош а, кхечаьрга кегадойтуш а, амма цкъачунна хIара ду аьлла къастийна хIума дацара)…

 

ДогIа цхьана ханна чIоггIа тIетуьйхира. Тхойшиъ цу хенахь схьадогIу сквер кхачочохь лаьтташ доккха ши цIа дара, вовшашна пурх нисдина доьттина, шолгIачу гIаттан локхаллехь ткъех метр ехачу, аьнгалин даккхий бIаьргаш долчу тIейинчу чоьно, тIайно санна, вовшех а хIоьттина. И чоь яле хьалха шина а цIийнан лахахула дуьхь-дуьхьал хилла неIарш, хетарехь, дуккха шерашкахь пайдаоьцуш цахиларна, ченех а юьзна, баса а евлла лаьттара. ЦIенош дина дуккха а шераш хилар гойтуш дара неIаршна тIехула дина беданаш – шуьйрра, тIера охьакхозуш тайп-тайпана аьчках дина хаза бустамаш а долуш. Цу беданех цхьанна – некъана уллорчу цIийнан неIарна тIехула болчунна – кIелахь сецира тхойшиъ…

 

…Иза уллохь яра, чIогIа уллохь, иштта хIинццалц цкъа а ца хиллачу кепара. ДогIано тIадийна коч дегIана тIелеттера, ойланашкахь хийла кхолла гIиртина езачун васт кхечу кепара, дуьззина гергара а, хьоме а хоьтуьйтуш.. Дикка хан елира (я хан цкъачунна сецнера-те?), тхойшиъ иштта догIанах лечкъина Iаш долу, ул-улло а хIоьттина, дист а ца хуьлуш. Суна цуьнан сихделла деттало дог хезара, цунах схьайолучу йовхоно вагавора, аьхкенан дийнахь кхеттачу бовхачу малхо санна… Корта хьийзара, ойланаш кегарехь яра, вехначу стеган санна…

– Хьажал, Iалам а даьлла-кха тахна вайшинна орцах.  ХIара маьлхан догIа вайшинга кхин а ойла яйта, кIеззиг мукъне ул-уллохь сацо, къастале  кхин а дистхилийта, дагара дийцийта  Дала кхоьллина бахьна ма ду… – аьлла, мелла а яхъелла тийналла йохийра ас.

– Вайшиъ къасточу бахьанна маьлхан догIа кIезга ду… Я уьш юха а меттахдаьхначарна гуш а хир дац хIара…

…ДогIа, дола ма даллара, цIаьххьана сецира. Ерриге а стигал дIалоцуш, стигалхула тиллина тIай санна, ворхIбесан стелаIад хIоьттира…

– Цхьанна гале, дIадалий вайшиъ кхузара, – элира цо.

Езачух а, цуьнца доьзна хила мел сатийнчух а ваьлла дIаваха ца лаьара, амма кхузахь кхин Iойла а дацара. Доьхначу дагца, ойланаша гIелвина вогIура со, цунна улло а хIоьттина.

Церан кевне кхаьчча, саца а сецна, юха а къамел доло гIоьртира со.

– Юх-юха ма дийцахьа, ца оьшу!.. Ца оьшу, иштта а даьттIачу дагна тIе туьха тийса!.. – елха а йоьлхуш, кевнах чоьхьаелира иза…

Ков цхьана къорачу татанца чIоггIа тIекхийтира, кхин цкъа а схьа ца делладала чIагIо еш санна…

 

… Ерриге а стигал дIалоцуш, хIаваэхула тиллина тIай санна, ворхIбесан стелаIад  лаьттара…

ХIора басца богIуш цхьацца синхаам бара даг тIехь – дIасакъастаран кIайчунна тIера безаман цIечунна тIе кхаччалц…

… Кхин иза суна ган доьгIна ца хиллера…

Цу шарахь, май бутт чекхболуш, со эхашарна дозанал арахьарчу пачхьалкхе вахара, белхан гIуллакхашна. Цигара Москва кхаьчначу шолгIачу дийнахь Нохчийчохь тIом болабелира.

 

...........................................................................................

 

Соьлжа-гIала  аьхка  кхечира со… ГIала аьлча а, и хиллачу метте… Наг-наггахь бен урамехула йоьдуш машен я автобус ца  гора.  Дерриге дуьне а дегош, танкаш, БТР-ш, тIехь салтий болу яккхий машенаш яра дIасахехкалуш… Сайн цIенош долчу сарахь кхечира со. Массанхьа дерг а санна, ирча сурт дара хьалха хIоьттинарг… УьйтIахь а, чохь а хIумма а яцара – да воцуш йисна аьлла, оьш-оьшучо дIаяьхьначух тера дара ерриге а… ЦIийнан кор-неI дацахь а, тхов биснера…

Сол хьалха цIабирзинчу лулахошкахь буьйса а яьккхина, Iуьйранна иза Iаш хиллачу вахара со. Церан цIенош хиллачохь еккъа цхьа херцийлаш карийра суна. Иза а, цуьнан да-нана а мичхьа ду хатта цхьа а вацара… Массо цIа а, ца хууш дийна диснарш а, даьсса дара, адамаш хьовха, цициг-жIаьла а  кертахь гуш доцуш…

Цхьа бутт баьлча, ас хьалха лехна НКВД-н архивашкара кехаташ карадаьхкира суна, сайн деден кхолламах долу. Мажидан цхьа а тайпа бехк ца хиллера. И шеко йоцуш дара… Бехкеверг кхин хиллера, дагахь а воцург (иза-м дуьтур вай, буьйцучу хиламашкахь иза милла хиллехь а, бен а доцу дела. Цунна а хир ю-кха, хакъйоллу Делан кхиэл)…

 

Суна чIогIа хазахийтира, дерриге а иштта нисделла…

 

Амма сан хазахетар бух боцуш хиллера. Иза, суна еза йоI,  Керлачу шеран буса гIалара арайолуш яйнера. Доь а доцуш... Иштта хила йиш яц бохуш, цхьа лар каро гIерташ, дикка лийлира со, хIинца а бакъдерг хуур хиларх, Делан диканах дог диллина а вац…  Делахь а, тIаьххьарчу тIамо тешам кIезга битна – хийла стаг, хи чу кхоьссина тIулг санна, вайна. Цхьа а лар йоцуш…

 

…Тхойшиъ кIелахь лаьттина беда хьовха, дерриге цIа а дацара, цига со гIала кхаьчначу шолгIачу дийнахь вахча. Гергара стаг дIа а верзийна, цуьнан кошан борзах бIаьрг а тоьхна дIавоьдург санна, гIийлачу боларца, юха а ца хьожуш, гена велира со херцаршна… Хетара, къацахетарша, цIенош дохийна ца Iаш, адамийн кхолламаш а, синош а, иэс а хIаллакдан леррина Iалашо кхочушъеш ю, аьлла. Оцу Iалашоне уьш кхача герга а бара, цкъа ца хиллачу кепара …

 

Шераш дIаоьху… Керлачу бохамаша  хьалхалерниш мелла а тIаьхьатеттахь а, цхьана паргIатчу хорша ца доьрзуш, синтем боцуш дIадоьду дахар…

Амма хIинца а, наг-наггахь маьлхан догIа деъча, ерриге а стигал дIалоцуш, хIаваэхула тиллина тIай санна, стелаIад хIоьттича, дагалецамийн йийсаре а воьдий, лазамо дог а Iовжадой, Iадавой вуьсу со …

 

Амма стелаIодан ворхIе а басца богIу синхаамаш кхин цкъа а хир буй-те сан дахарехь? Цхьаьнца – Iаьржачуьнца – богIурш бен…

 

I995, 2004 шш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.