http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Хьо мичахь лаха-те, къинхетам? Печать Email

Овхадова Яхита

 

 

 

 

Шуна цахуург, цагург дийца-м ца г1ерта со, инзардаха-м – х1ете а. Ойла ша ца 1а-кх екъаялаза, оьшуш стаг велахь а, вацахь а.

Мархин бутт. Цуьнан дозаллех вайна-м дуккху а дийцина, ца хаарий, ца хезнерий боху бехказлонаш ца йитархьама санна. Б1аьргара хица ла а дийг1ина вай-м 1еламнехан хьехамашка. Цу баттахь Дала Ялсаманин не1арш схьайоьллу бохуш, вовшашца къаьсттина дика, къинхетаме хила бохуш, къилахь, хьарам долчух б1аьрг, лерг, мотт, куьг ларде, Далла 1амал йиэ бохуш …

Амма… Цхьанна а тидамза бисна хир бац цу баттахь туьканашкахь, базаршкахь лаьттачу йохкархоша вайх бина баккхийчех боккха «къинхетам» (массо а шарахь беш болу, х1ара шо башхалла а йоцуш). Марха досту де герга мел лести, сабуьйлу церан «къинхетам». Тоьпара кхоьссинчу д1аьндарган тайпа йорт оьцу юурган мехаша. Кха туьман т1ера пхийтта туьмане «кхоссало» («кхуссу») помидорийн, наьрсийн кийла, ткъа туьман т1ера ткъе пхийтта туьмане – котам, пхиэ туьмане – соьналлин хелиг, иштта стоьмаш, кхиерг, кхиерг. Шаерриг!

Ткъа и хьарам рицкъа даккха  меттигаш къуьйсуш (ког биллал латта а эрна ца дуьташ), цара лелориг гина-кх вайна! Вовшашка тамехь йоцу баганаш етташ, Делах къера дуйнаш бууш (лерган а, меттан а марха достий) каетта зударий (божарий а!), адамийн куьцара а бовлий, ц1убдарш санна, нехан кисанах летий, малалуччул ц1ий молуш, яккхалуччул – ц1ока! Оьцур юй (ца эцча ца довлий) хууш, т1аьххьара кепек д1аелла а, юхалург даьккхина а!  –  мархин дозаллина, сийнна. Яхьана а! Вай – оьцурш – кхечу пачхьалкхера даьхкина ду?  Мостаг1ий ду? Махкара, юьртара, лулара, гергара дац?  Бусалбанаш дац?.. Цхьайолчу бусалба йоцчу пачхьалкхашкахь а марха лоруш мехаш охьабохучохь, маьхза юург  х1отточохь, вайнах т1етаь1а… марха д1адалале… вовшийн ц1ока яккха. Къиза, къинхетамза!.. И рицкъа кхачийна вай дисарна кхоьруш. И делларг (д1аоьцург а) мила ву дицлой.

Ма алалаш уггаре халачех халаниг – жижиг эца г1ерташ лелийнарг – дицделла! «Даржехь лакхабаьхна», долу а, доцу а гергарлонаш кхийдош, ваьш хьестаделла, хьистина «жижиган министраш». Дуьненчуьра а къайладаьлла жижиг (можан, къорзан, т1аьххьарчу шеран а, ц1оганца, голанца) боккхачу озабезамца… цара ваьшна дохкарна…

«Имам-1елига дехар дина цхьана 1аьрбичо, шах1адатах долу х1ума дийцахь, аьлла:

– Шах1адат ду хьуна – тоба дар.

– Цул т1аьхьа шах1адат ду хьуна – 1еса х1умнаш дитар.

– Гергахь ду хьуна  – къематан де.

– Гергахь ду хьуна – валар.

– Хала ду хьуна – коша чу кховдор.

– Цул хала ду хьуна – кхача а боцуш, цу чу виллар.

– Тамашийна ду хьуна – дуьне.

– Цул тамашийна ду-кх хьуна – и дуьне дош хетар».

Шина тайпана хуьлу вайн ойланаш цу мархин т1аьхьарчу дийнахь. Цхьаберш цу кхиссабеллачу мехех инзарбуьйлуш, кханенна хьаннал кечамаш беш хьийза. Ткъа вуьш (и «берзалой») шаьш «катоьхна» даьккхинчу (х1аъ, оззийна даьккхинчу!) соьмо 1ехабой (маржа-я1!..), дуьзинчу кисано к1адбалар а дайдой, ц1абоьрзу сархьо-о. Кхана цу хьарамчу соьмах саьхьаш а даха, цу хьарамчу соьмах кечбина кхача  марханаш къобалдан баьхкинчарна хьалха а билла. Цу хьарамчу рицкъанах шайн доьзалш а бузон, т1аккха цецбийла, сел ийман, сел беркат доцуш уьш (д1аьвшечу рицкъанах ун даьлла т1аьхье) мичара бевлла ца хаьа, бохуш.

Хьарамчуха хьаналниг кхиа йиш юй?

Аг1ор доьг1начу синтарах нийса дитт хуьлий?..

Х1инццалц марха д1адаьлча «ц1абоьрзуш» хилла мехаш кхушара карарабевлла. Цу баттахь бусалбанаша лелийначу эрчонийн ачо ю-кх, олий, дагатосу  тахана – 2 туьманна, кхана – 3, 5, 10 туьманна кхиссалу (хьалакхуьссу) мехаш … Соцунг1а йоцуш, «1алелай!», аьлла, 1адавалла.

«Х1ора Дала доуьйтучу дийнахь вай д1адоьрзу долу каш-лахьта кхойкху вайга пхоьазза:

– Х1ай! Сан букъа т1ехь лелаш ву хьо. Воьрзу волу х1усам сан кийрахь юйла хаьий хьуна?

– Сан букъа т1ехь хьайна деза-дезарг, хержа а хоьржуш, дууш ву хьо. Сан кийрахь хьайн дег1 дахкалур дуйла хаьий хьуна?

– Сан букъа т1ехь воккхавеш ву хьо. Сан кийрахь хьо г1айг1ане хир вуйла хаьий хьуна?

– Сан букъа т1ехь воьлуш ву хьо. Сан кийрахь хьо воьлхур вуйла хаьий хьуна?

– Сан букъа т1ехь къинош летош ву хьо. Сан кийрахь айхьа 1азап узур дуйла хаьий хьуна?»

 

Дукха хан яц вай, ц1арах, ц1е-к1урах а  девлла,  нехан не1аран саг1ахь 1аьхкина, мацалло кийра1ийжош, бомбанийн «эшарша» дегнаш делхош.

Синош кхоьруш! Кхоьруш! Кхоьруш!

Деле кхойкхуш! Кхойкхуш! Кхойкхуш!

Хьесталуш! Хьесталуш! Хьесталуш!

Ткъа х1инца?.. Ма сиха!..

Х1ан-х1а, вай ца кхетта, ца кхетта шуна вай  т1емаша вешан «хьестарх».

 

Къинхетам! Хьо мича бахна-те?! Къинхетам! Хьо мичахь лаха-те?!  Къинхетам!

Юха а оьг1азло ерий-те Дала?

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.