http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ДАХАРАН АГIОНАШ ЛУЬСТУШ Печать Email

Айдамирова Машар

 

 

Х1окху доккхачу дуьненан ширалле дирзина ши х1ума ду – безам, ненан дог. Дийца 1аламат дукха дуьйцу, амма цкъа а, цхьана а заманахь царах билггала бакъдерг аладелла цхьа а вац – дукха мел дийци тилало шен ойланийн лехамашкахь. Х1ора адамо ша велла д1аваллалца ша-шега – со х1окху дуьненчу х1унда веана? – бохучу хаттарна ца карон жоп санна буьсу и ши синхаам а.

Безаман куц-кеп х1оттош, ца далош х1ун васт дисина, амма иза х1инца а бу б1аьрзечу адамах боьлуш лелаш. Мерза я кхаьхьа ца хьехош, безаман кад д1амала кийча ву ша верриг а.

Ткъа ненан дог?

И кад нанна бен кхочуш бац. Хьаъа мел х1уъу дийцарх а ненан дагах кхеташ еккъа цхьа нана бен яц. Оцу деган беза мохь, лазам шега иэцалур болуш я лаам болуш цхьа а вац.

Хьанна моьттинера, нисса ткъа шо даьлча халла меттадеана ненан дог ямартчу тохаро юха а морцур ду. Замано халла ерзийна чов йиллина д1аяхийтира, аьртачу туьро юьтучух, цкъа а йоьрзур йоцу керла заралла а юьллуш.

Хьаьдда-едда лелаш де-м сихха д1адолура, амма х1ара буьйса йог1у-кх цкъа а чекх ца яла санна. Сирлачу дагалецамийн шед бостуш йог1уш елахьара а х1ун дара? Т1аккха-м мелла иза яхъяларе сатаса а мегара.

Буса сахиллалц хьан б1аьра хьоьжу 1аьржа бода муха ловр бу?

Бердах воьдучо г1орасиз х1аваэхь тийсаваларх терра, буьйсанан есаллехь пана евлла ойланаш т1егульян г1ерта Медни.

Г1уллакх хуьлий ткъа?

Церан 1у ледара яьлла тховса!

Таханлерниг санна хала де хила а хиллий-те х1окхуьнан 1аьржа ун хилла хьаьрчинчу кхолламехь? Баланан доза дац бохург хир ду-кх х1ара. Атталла, йижаршна хьалха а юьхьа т1е бен дацаран чкъор озийна, эккха доллу жима дог буйна а къевлина, харцоно кагйина букъадаь1ахк сатта ца юьтуш, корта айббина юьртах чекх а яьлла, халла шен г1ийлачу х1усаме текхнера миска зуда. Т1аккха елира, болат буржалш диттина, гурахь латточу  синхаамашна парг1ато.

Ох1-х1ай, ма гулбелла хиллера-кх б1аьргаш чохь и дуьра х1орд!

Дог 1аббалц йилхина юьхь йистина, кийра а бассабелла, цхьанна а дагара ца хаийта г1ерташ къийлина ерриге а дег1ан меженаш лозуш г1ора а иэшна.

Х1ан-х1а, наб озор ю бохург аьттехьа а дац. Корта а бу эккхаболлуш, оззийна т1ера эзарг1 схьаяккхал.

1аьржа бода, дог огу къаьхьа ойланаш, саоьцу тийналла!

Уьш кхуьй а цхьааллина лан 1аламат хала мостаг1ий бу, – бус-буса садууш, шаьш боккхучу толамех пхьор оьцуш, ц1ий муьйлу сутара убарш.

Дуккха а хахирцинчул т1аьхьа охьахиира Медни.

Бодано 1аьвдинчу жимчу ц1а чохь текхна-а лелачу сахьтан цхьамзанаша болчун т1е а совбаьккхинера хуорам. Церан текхар, х1окхуьнан карзахдаьллачу деган сихделла деттадалар  цхьана эшшара ца лела. Биллина д1а хье т1е оьгучу т1адамо хьерадоккху боху адам. Оцу та1зарх тарделлера зудчунна тховса хан ялхош сахьто беш болу болх а.

Дуьххьара гуш санна ехха шен куьйгашка хьийжира иза.

Дитт къанделча цуьнан орамаш, к1омсарш санна, гучудуьйлу, ткъа адам къанделча – пондаран мерзаш санна пхенаш т1едовлу. Иштта уьш т1едовллал къена-м яц хьуна иза: дахаро хьистина ца хиларе терра, кхолламо, сацкъар т1ехь санна, та11ош йихкина хьаьркаш ю-кх. Х1окхунна бен деша хуур доцу зайлйоза.

Дера ду декъаза куьйгаш!

Дог ца дог1уш, халла г1аьттина яхана тилвизор латийра Меднис.

Тахана нохчийн зудчун деза де даздеш даздарш ду хьерадевлла д1адоьлхуш.

Ма цхьана ца дог1у цу чохь дека т1ак-т1ака а, х1окхуьнан бакъабеллачу кийрахь етта вота а!

Массара а декъалбо зударий, хестайо церан доьналла, оьздангалла, деза совг1аташ до хьакъ бу бохучарна. Шираллера схьадог1у ченан уьйриг хилла нохчийн 1адаташ, мел дукха корта беттарх, кхин ала керла х1умма а ца карийча, хелхаран д1ах1оттаме нисдина цхьа г1иллакх гайтира – йо1а довхошна юкъа кхуссу кортали. Иза а ду массо заманахь шена луъ-луъучо цкъа охьадуьллуьйтуш, т1аккха т1етуьллуьйтуш.

1адаташ маца хилла нохчийн зудчун бакъонийн г1аролехь?

Хилча а уьш дахарехь хьан лелор дара, Дала Къор1анца доссийнчу шар1о бохург деш ца хилча?

Дийца говза бу-кх, амма уьш деккъа дийца аьлла даийтина ма дац Дала!

Кхочушде боху!

Бусалба динан к1оргене ша кхаьчна моьттучу цхьаммо элира-кх, зудчунна эвлаяъ г1енахь вог1ийла а дац, аьлла. Велла вала иза дела-1, и эвлаяаш мичара бевлла ца хаьа-те цунна?

Уьш стиглара охьа иэгна моьтту-те?

Ша хьан дуьненчу ваьккхина дицделла-те?

Яларна-йисарна юкъахь нанас дукха хала дуьненчу баьхна бац уьш?

Цхьана аг1ор бакъ луьйш хила а тарлора иза – г1елоно, харцонаша к1елйитинчу нохчийн мискачу зудчунна хьалха х1отта-м хьанор дац х1умма а аттачех г1уллакх!

Кхайкха аз доцуш, кийрахь доккха тезет х1оттийначу хеттаршна дала-м жоьпаш хила а  дезий. Амма х1ора боьршачу стагана буса г1енахь-м хьовх, самах а х1ора денна цхьацца эвлаяъ оьшур-кх уьш меттабало, Дала доссийнчу Къор1ан чохь зудчух, ненах аьллачух уьш нийса кхето.

Нохчийн махках хьаьрчина къа оцу орамах доллуьй-те олий а хета наггахь?

Тилвизор дика х1ума-м дера яра, ган а гуш къорза пуьтуш буттуш яцахьара. Тиларчу вохуьйту дела олуш хир ду-кх цунах – тилвизор. Дика ду-кх цунах вихкина воцуш - ара ма веллинехь дахар ша ма-дарра гуш, девзаш а хуьлу-кх, хьарцахьа яьккхина кетар санна.

Са 1ехо х1умнаш а дера ма гойту оцу тилвизаро, амма, деган цхьана к1оргенехь тоххара нийсонах догдиллина, хьаьшна д1ата1ийна сатийсамаш боккхачу дегабаамашца самабаха бахьанаш а довлуьйту-кх.

Бусулба пачхьалкхашкара зударий бу къамелаш деш, шаьш шайн бакъонаш муха ларйо дуьйцуш. Нагахь санна шайн х1усамда доьзал кхаба ларош вацахь, шаьш иза суьде д1ало боху.

Нана яла нохчийн зударийн!

Оцу т1е даьккхича, Нохчийчохь цхьа наггахь воцург, берриге бохург санна боьрша нах маьрша хила хьакъ долуш ма бац – набахтехь ерриг оьмарна хан токхуш хила ма беза уьш.

Кхечо дуьйцу, х1усамдеца д1асакъастар хилча юкъарчу бахаман тоьлла дакъа шена а, шен доьзална а кхочу, елла д1аяллалц г1ело тиекха а ца дезаш.

Ткъа вайчара х1ун до?

Бежана санна лоллий д1айохуьйту. Ша хьегначу къина т1ера тилор тай а ца луш, оззадой бераш схьа а дохий.

Х1ара Медни санна..

Шен куьйга ц1енош а динера х1окхо, к1ари бист кхаччалц дерриге дина а яьлла, х1усаман кхерч биллинера. Хаза доьзал а бара – йиъ йо1, цхьа к1ант. Кхид1а-м яха хала а дацара аьлла хеттийтина, дагахь доццург хилира – майрачо зуда ялийра. Х1инца а дикка кхетта яьлла яц иза хиллачух. Марзошна, х1усамдена муьт1ахь а ма яра иза, г1уллакх-г1иллакх т1ехь шегара яхь д1алур йолуш ма яцара, къахьега мало еш ма ца хиллера, вийца ворх1е да а ма вара. Хьанал-хьарам къасто а хууш, ламаз-марха а долуш ц1ена хила а ма г1иртинера. Майрачо, хьо шена кхин оьшуш яц, д1аг1о аьлча забар йина моьттира. Йитина бехира, т1аккха а доьзалх яла ца лууш кертахь сеца г1иртира, марзоша метта ца валаво-те бохуш. Берийн дуьхьа деган куралла а иэшийра.

Денна карзахвуьйлуш иза 1анне ца 1ийча дец1а яха дийзира.

Цкъа а дицлур дац Меднина, йо1ана хилла цатам хиъча, шен ненан байна юьхь-бос. Юха цуьнан масла1аташ, доьзалехь дар-дацар доцуш хуьлуш а ца хуьлу, ша дерриге а д1анислур ду, бохуш.

К1ира даьлча д1анисделира дерриге а – эмгар гучуелира. Маренаш деш а лелла, х1инцца хьаькам ваханчу х1окхуьнан х1усамдена т1е б1аьрг биллина хиллера цо.

Муха ца буьллу? Иза-м 1овдал дера ца хиллера – куьг 1отта а ца дезаш кийчча ц1енош ду, мотт-г1айба, коре-наь1аре иэца а ца езаш.

Меднина-м шегахь собар карийра иза дерриге а лан, амма цуьнан мискачу ненан даго ца лайра-кх. Дукха хан яллале нана д1акхелхи. Т1аккха т1ом бели, да а д1авели. Ваша воцу г1ийла йиша ю х1ара. Х1инца ша йисина яьссачу кертахь. Доьзал кхиъна, йо1арий марехь бу, к1анта а зуда ялийна. Делан къинхетам боккха бу, хаза д1атарбелла уьш. Цаьрга дешийта а ницкъ кхечи цуьнан, шега далург дира, могашалла а ца кхоош.

Цхьаболу зударий-м тухий маре а боьлхий, шайна кхин доьзал а болабора, амма х1окхуьнга ца дадели-кх иза. Ша бахьанехь доьзалан корта та1арна кхоьруш, церан сий лардеш, марехь йолчу зудчул а хала лелаш, д1акхийхьи  и деха шераш. Бакъдерг ала деза, юьхьанца шен доьзална т1е д1аерзаре сатуьйсуш ма лийли, амма т1аьххьара а дог дилла дийзира – эмгаран кхоъ йо1 ю х1инца. Церан бен муха бохор бу? Берийн бехк болуш х1ума ма дац х1окхеран д1ах1оьттинчу кхолламехь.

Х1инца-м цецвала дисина х1умма а дац. Берашца жоьра йисинчу зудчо шена стаг валавар а долийна: дехьа чохь бераш, сехьа чохь «къона нуц-нускал» а. Цхьаммо а емалдеш ца го, хила дезаш санна д1анисдо. Марехь йолуш кхечуьнга маре яхана бохуш а хеза. Дера хаац! Медни кхеташ х1умнаш дац-кх уьш цхьа а.

Тилвизаран куьзгана чохь цхьа мог1а  мехкарий бу схьагойтуш, нохчийн сийлахь йо1 ц1е яккха къуьйсуш ду и бераш. Цхьана баттахь хуьлуш ма яц и еза ц1е!

Вайн дайша «к1ентан ирс аренца, йо1ан ирс – чохь» лаа аьлла ма дац. Со хаза ю, дика ю бохуш, нахана хьалха сеттарх хуьлуш ма яц оьзда а, сийлахь а. Х1окхеран юьртахь а кхиъна туй тесна бен хьажалур воцуш исбаьхьа йо1, цуьнан хазаллица дуьстича х1орш-м говза кечйина тайнигаш ю. Цхьамма-м и шайн йо1 оцу къовсаршка х1унда ца йохуьйту, цо хьалхара меттиг а боккхур бара, цунна деза совг1аташ а хир дара, дуьненна йовзар а хир дара, аьлла, шайга схьахьедича, и стаг венза ваьккхира йо1ан ц1ерачара. Х1инца а дерзанза ду и дов.

Тилвизарчохь кхайкхош ца хилча а хууш хуьлу-кх хьенан пенаш юкъахь кхуьуш ду мехкан сий ойбу ц1ена жовх1арш.

Иэхь-ийман 1индаг1е г1ерташ хуьлу, серлоне ца лелхарх, цуьнан нур боданехь а лепаш ма хуьлу!

Шена ца доьг1на ирс берашна кхаьчна йоккхаеш, церан хазахетаршца ехаш схьайог1учу цуьнан дог тоххарехь цхьанаэшшаре деттадала доьллера. Шен дег1ана там-товраш ца лоьхуш, оьздангаллех, собарх ца юхуш, доьзалан дуьхьа ша яхарна Дала шена бина боккха къинхетам хета цунна уьш иштта ийманехь нисбалар. Къаьсттина йоккхайоь иза к1антах, 1умарх. Нахаца, йиша-вешица к1еда-мерза, г1иллакхе. Оццул къона воллушехь, балхаца а ларош ву. Иштта дика к1ант кхиорна х1ара декъал а йо, баркаллаш а олу.

Кхин х1ун оьшу нанна?

Х1инца Хьаьжи-ц1а ваха лууш ву к1ант… Оцу т1ера д1адоладелира тахана хилла чекхдаьлларг.

- Хьаьжиц1а ваха сацам хилла сан, мама, - ненан кара корта биллира 1умара. – Пурба лохьа суна!

- Дера лур ду-кх, Дала мукълахь, - доккхачу хазахетарца т1еийцира Меднис и хаза кхаъ.

- Мама, цига вахале кхин цхьа декхар ду суна т1ехь, иза кхочуш ца дича Хьаьжи ц1а вахар дихкина ду суна.

- Х1ун ду хьуна новкъарло йийриг?

- Хьо сан дега д1аерзо деза сан…

1аьржа юькъа месаш кегош нанас хьоькху к1еда куьг, и дешнаш хезча, сецира.

- Мама, хьо йист хуьлуш ма яц? – жоп ца хезча, нанас куьг хьоькхуш там хилла къевлина б1аьргаш схьабиллира к1анта.

- Оьший-те? – эххар а йистхилира иза.

- Оьшу. Со вайн юьртан къедица дагаваьлла…

- Дукха зударий ма бу со санна шен кхолламна къера а хилла 1еш, да-нана цхьана ца тохарх, церан доьзалш а ма бу, Хьаьжи-ц1а а оьхуш лелаш.

- Церан шайн г1иллакх ду, суна сайн хьажалла Дала ма боххура ц1ена хила лаьа.

Дуккха а къийсинчул т1аьхьа 1умара ша боххучунна т1еерзийра нана.

Цхьана к1иранчохь новкъайолуш яра 1умаран тоба. Цундела сихвеллера к1ант дерригенца а лараван.

…Тилвизарчохь доккха ловзар ду д1адоьдуш, кхуьссучу шатлакхаша дийнахь санна серлайоккху стигал.

«Декъал йойла нохчийн зуда!»

«Елало, нохчийн йо1!»

Зуда г1аддайна елаелира – х1окхунна а кхаьчна оцу дезчу дийнан дакъа. Дуьззинчу дахарехь х1окхо лелийнчу оьздангаллин, г1иллакхан мах хадош доккха совг1ат кховди.

Керта ян пурба ло тов?!

Тилвизарчохь Дади-юрт йоккхуш хилла т1ом бу д1агойтуш. Маьхьарий, мела ц1ий, тарраш, шаьлтанаш, тоьпаш – к1урк1амане ю-кх, цхьа хьере хьаьвзина к1урк1амане. К1айн г1абалеш юьйхина кечбина мехкарий, цара луьра мостаг1чунна ен дуьхьало, ц1ийх 1аба ца туьгуш, къора г1ерг1а сийна Терк. Иэхьечу йийсара, 1ожалла т1елоцуш, хи чу лелха и г1орасиз мехкарий.

Да ма ват1арг, оцу генарчу замане ца кхевдича тахана нохчийн зударех кхин дийца турпала г1уллакхаш ца карийна-те и кино яьккхинчарна а?

Дади-юьртара мехкарий цхьана доьхначу дийнахь Терка-хи чу лелхарх бан тамаша бац тахана бехачу нохчийн зударийн. Хи чу лилхичхьана чекхдолуш хилча-м и буьрса Терк зударийн декъийх дуьзна хир дара, дукха хиларна царах тулг1еш а керчаеш.

Декъазчу Нохчийчохь т1амо 1ожаллин хьер йиллира. Иблис меца 1аьхира адамийн ц1ий доьхуш, хьерахь жарж баккха адамийн буьйда дег1 дийхира. Мехкадаьттанал совделира татолах хьаьдда ц1ий, латта хьанделира нохчийн хьеначу дилхах.

Х1окху т1аьхьарчу т1еман шераша дуьззина жам1 дира нохчийн зудчун декъазчу кхолламан. Доьзал хене баккха рицкъа лоьхуш, шийла-меца ца хьехош, бага са а кхаьчна хьаьдда-едда лелла, 1ожаллин х1оъ-молхин дорцана дуьхьал тийсина экаме дог1маш цаца санна дерина, могашалла иэшна г1орасиз хилча а тахана сада1а меттиг ца бели-кх царна. Шайна г1ортораш хила боьг1начу божаршна г1ортораш а хилла схьабаьхкинчу х1окхарах х1инца а 1ебаш бац-кх!

Шен лаамехь дуьненчуьра д1авахар Дала ша гечдийр доцчух уггаре а доккхийчарах доккха къа лерина. Жоьжахатан ц1арах кхоьруш ца хилча, х1окху харц дуьненчуьра д1абаха новкъабевлла дукха мух1ажарш хир бара, дуьне а г1еххьачул даьсса лаьттар дара.

Къаьсттина декъазчу зударех.

Х1ора дог1учу Дела денна ц1ерга лелхаш схьабог1у уьш.

Деш цхьа хам-пусар делара?

Дахаро хьовзийча, цхьа Дела воцург, накъост а воцуш. Шийла мохь аьлла, хецаелла Цуьнга кхайкха а ца яьхьа – бехк билларна кхоьруш, осала яьлла аларна кхоьруш.

Х1окху т1аьхьарчу т1емийн халчу муьрехь турпала чекхбевллачу нохчийн зударшна х1ун х1оллам буг1ур-те? Церан къа мича дахьа деза-те? Ган а гуш харцонаша хьовзийча, арз деш, 1едале яла а озало – тайпа-тукхам, доьзал, дехьа-сехьарнаш нахала бовларна кхоьруш. Х1ара нахала яккха цхьа а цхьаннах уозалуш вац – я Делах, я 1едалх. 1адаташ 1адда 1аш ду, шайгара жоп ца дехчахьана. Шар1е ялар дагадеача а хьераяьлларг лору.Кхи-м хаац, амма оццул хала дуьйцучу оцу Сират-т1айх, ц1алга лелхаш, чекх-м ялалур ю нохчийн зуда. Муха ца ялало? Аганара яьлчхьана дуьйна пелхьо хилла дахаран 1инах чекхъюьйлуш яьхна йолчу цунна даккхийчерах зер дацара иза-м!

Вуьшта, дикка ойла йича, ненан кийрара дуьненчу ма воллура цкъа кхоссавелла коша эккхал бен хан ца хуьлу-кх. Оцу м1аьргонех лаьцна иэсехь дита ирсан т1адам кхочий алахь? Керта ян пурба ло тов?! Х1окхуьнгара пурба даккха дезаш бара-кх уьш шаьш оцу кертахь битарна, х1инццалц и пурба а доцуш шаьш 1арна х1ара къинт1ера а йоккхуш.

Шаьш бусалба ду бохуш ламазана кортош а бетташ, маьждигашкахь Далла хьалха гуора оьгучу юьртарчу баккхийчу нахана а, моллина а гуш ма дара х1окхунна т1ехь йина къиза харцо.

Уьш мичахь бара х1етахь я х1инца а?

Х1унда ца йира цара шар1о ма-бохху нийсо?

Стаг вийча масла1атана-м арабовлу х1орш.

Ткъа зудчун, цуьнан доьзалан кхоллам кагбар – тезет ца х1оттадарх, охьадиллина дакъа ца хиларх бохам ларалуш бац-те?

Доьзалан марзонах дуьйцина хаза дуьне ма ду доьхнарг! Т1аьхьа даьккхина саг1а а доцуш, марчо хьарчийна коша йиллина а йоцуш, дийна йоллуш елла, б1арла хуьлий лела миска зуда, шен доьзалах, ц1а-ц1ех а хьоьгуш.

Керта ян пурба ло тов?!

Х1ара-м башха цец а ца елира иштачу чаккхенах, долийчхьана дуьйна и хир дуйла а хаьара. Миска, ша цхьа диканиг дечух дог тешна волу 1умар вохийнера-кх хезначо.

…Кхайкхина молла юха мах беш шен декхарш кхочушдан волавелча, дас ц1арт1е яккха оьшуш хьал дац, эцца керта ян пурба ло ша, аьлча, собарх вуьйхира к1ант.

- Оцу сан ненах х1ун даьлла, цо хьанна т1е х1ун иэхь деана, хьенан сий дайина? Иэхь-ийман, г1иллакх-оьздангалла х1ун ю ца хуучу шуьгара пурба даккхал ма декъаза стаг хилла-кх со вина сан нана! –  х1окху дийнахь а маларх дикка ца ваставеллачу дегара жоп доьхуш мохь белира дог доьхначу к1ентан.

Важа вист д1а а ца хуьлуш лаьттара.

- 1умар, дега иштта къамел деш ца хуьлу! Мегар дац, хьоьгахь товш х1ума дац иза! – бехк боккхуш ненан аз хезча кхин а цецвелира к1ант.

- Мама, хьайна т1ехь х1окхара лелийнарг к1езиг хета хьуна?

Ненан б1аьргаш хих буьзира.

- Ма бакъ дац-кх зуда стеган п1ендах кхоьллина бохург, - г1айг1ане корта хьовзийра 1умара. Когашкара дуьйна коьрте кхаччалц оьг1азе шен дега а хьаьжна, к1оршаме т1етуьйхира: – Иштта хилча-м х1уманна а мегара яцара иза… мичара карор дара ненехь оццул доза доцуш собар, къинхетам!

…Дера ду х1окхуьнгахь-м собар.

Ца хилча долий иза?

Дала ша собар долчунгахьа хир ву ма аьлла!

Къинхетам?!

Иза собар санна бехча хуьлуш бац. Адамехь къинхетам бу я бац. Хьоьца Дела алссам велахь карош ду и ши жовх1ар а.

Х1ара дахар-м цхьа ц1е санна х1ума яй – доладалар к1ур тийсарца хуьлу, чекхдаьлча еккъа цхьа юкъ юьсу-кх. Лап аьлла яьгначу сирниках х1ун юьсу – цхьа хьаьвзина, кхарзаелла цуьрг?!

Цхьаммо хаьттина боху цомгашчуьнга:

- Дахарний, 1ожалний юкъехь х1ун башхалла ю?

- Цхьа а башхалла яц-кх! – жоп делла вукхо.

- Т1аккха хьо вала х1унда ца ле?

- Цхьа а башхо йоцу дела!

Мел ду бахарх а, дахар данне а дац г1ан. Г1ан ду-кх иза даиманна д1акхетта 1ечу стеган, набарна тхьуз доьлла, ша самадаккха г1ерташ, шега  кхойкху аз ца хезаш, ондда къорделлачу сина.

Къаналле дирзинчу адамана синкхача лург цуьнан дахаран дагалецамаш бу. Терзанна т1ехь диканиг совдаьллехь токхе хуьлу, вониг гулделлехь – н1аьно стом санна, диллина д1а дуу са дуткъдо.

Тховса дуьххьара шен дахаран жам1 деш и терза х1оттийча Медни жимма сапарг1ат хилира – х1окху дуьненчохь лелаш ца хиллехь а, бакъдуьненахь лаккхара мах хадор болчу синмехаллашца яьхна иза – г1иллакх-оьздангаллица, къинхетамца, собарца.

Оцу синмехаллийн стом цхьана дийнахь кхуьуш ма ца хуьлу. Цуьнан чам баккха а кхуьур яй иза-м.

Вуочу х1уманан сахьт дукха лелахь а, дикачун а ма ю, минот бен яцахь а, тоьхна шен цхьа хан.

Тахана х1окхуьнан оьздангаллин беша кхоьссинчу т1улго 1овжа-м йира-кхи х1ара, вуно дукха ч1ог1а лаза а йира…

Х1уммаъ дац, д1овш мийла 1еминчунна вала вожа х1ума дацара иза-м. Х1ун дийр ду ткъа? Берийн вон ца гичахьана бохуш д1алеларг хир ю-кх.

Арахь цхьа татанаш хезна тилвизаран г1овг1а яйира Меднис.

Сатосуш а ца хиъна х1окхунна шен дахаран тептар кегош. И тептар а карийра юкъахь дуккха а аг1онаш ца тоьаш. Цхьа буьйса а тоьур йолуш хиллера иза деша.

- Мама!

1умар вац иза? Х1инца х1ун хили-те?

Сихха т1е х1ума а кхоьллина не1аре хьаьдира нана.

К1ант генна новкъа волуш санна кечвелла вара: Хьаьжи-ц1а ваха аьлла леррина иэцна духар, коьртахь пес, карахь суьлхьанаш.

- 1умар, хьо ма хьалхе новкъа ваьлла? Кхана 1ийча ду ца бахара ахь шайн кема?

1умар догдика велавелира:

- Дукха т1аьхьа висина, мама! Хьалххе новкъа вала везаш хиллера!

- Хьо х1инцца новкъа волуш ву?

- Новкъа волуш вац, мама, со Хьаьжи-ц1а схьакхаьчна-кх!

Нана ца кхеташ шега хьаьжча, хьаьжа т1е барт бокхуш, иза маракъевлира к1анта - цхьана буса йолчунна т1е а худаеллера миска.

- Ялсамане ненан когашкахь ю бохуш хилча, Далла т1е боьдучу новкъахь уггаре а гергара х1усам х1ара ма хета суна-м!

Не1арехь цуьнан доттаг1 Абу гучувелира. Цунна т1аьххье 1умаран жима доьзал а.

- Х1ара чамданаш стенга йохку, 1умар?

Медни кхийтира дерригенах.

- К1ант, наха-м к1иранаш-беттанаш ма дойу новкъахь, хьо ма сиха схьакхечи! Цхьана буса баллал бен ма ца хили и хьан некъ! – елаелира иза.

- Сиха дац, мама, ткъех шарахь бахбелла некъ бу ас бинарг. Къобалдехьа сан хьажа!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.