http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ХЬЕЖА ЛАЬА ЛЕЛАШ . . . Печать Email

Сейлмуханов Муса

 

 

1алуш вац со хиъна ц1ахь,

Суна-м лаьа лела.

Сайн Даймехкан марзо,къахь,

Юуш,вала хене.

Лаьа хьежа, малхо шеца,

Хьоьстуш диттийн генаш.

Нуьре з1аьнарш корехь леца,

Туьдуш гина г1енаш.

 

Лаьа хьежа, дечиган пхьеро,

Аннаш шардеш, хьоькхуш.

Хьежа, хино хьийзош хьера,

Мерза ахьар доккхуш.

 

Оьланашка 1аьнан дарцо,

Хьежа, гулдеш лош.

Заза доккхуш 1ожан дитто,-

Мохо бецаш техкош.

 

Вац со 1алуш парг1ат, ц1ахь,

Суна-м лаьа лела.

Сайн шерашна ца луш яхь,

Вала кхин цкъа а хене.

 

 

Ирсе  буьйса

 

Буьйса,шена т1е  1аьржа

верта оьзна,

К1адъелла, г1енаш гуш

йижна 1а.

Датон беттаса а

мархаш т1е доьжна,

Корехь шен серло юьтий,

доьду д1а.                                              Мох  д1атийна, г1ире  амал

юхаоьзна,

Дайн 1аьнарца хьоьстуш

диттийн г1аш.

Гича,1аршехь седа

ловзабаьлла,

Карлаюьйлу

мерза ойланаш.

Х1ора хан а дагна

хьоме хиэта,

Иэсан  чевнаш цкъацкъа

меттахйохуш?..

Х1унда  бу-те  баьгна безам

сан  сих  лиэташ,

Хилларг,лелларг х1ора буса

карладохуш?

1уьйрено  шен з1аьнаршца

ана серлайоккху,

Беттаса а сийналлехь

догий, дов.

Хьоьх йолу ойла

г1ертарх гена яккха,

Дог чохь лаьтта цкъа а

д1а ца йовш...

 

 

ЛАЬТТАН УЗАРШ

 

Ладог1ал! Хезий шуна

Воьлхуш цхьаъ буса? –

Уьш лаьттан узарш ду,

Доцуш кхин тоха са.

 

Дуьне ду ц1ийх дуьзна,

Вай йинчу чевнех.

Цуьнан кийра  вай буьзна,

Йист йоцчу къизаллех.

1алам-са доьлхуш  ду,

Вай терго ца еш;

Дагна хала ду

Лан, лаьтто узарш деш.

 

Сутараллин доза дац,

Саьхьарчу вай дегнин.

Хууш верг а вуйла харц,

Стамдеш ву къинош…

 

Вайн б1аьргийн йийсарехь

Дуьне ду лаьтташ.

Харцоно ког туьйсуш,

Делхадеш латта.

Ладог1ал!..Хезий шуна

Воьлхуш цхьаъ буса? –

Уьш лаьттан узарш ду

Вайн дикане туьйсуш са…

 

 

ДЕКА ИЛЛЕШ

 

Далла хастам

Хуьлда бераш,

Д1аяларна хала хан.

Кхин дац хезаш

Къиза,дера

Лелха  х1оьънаш,

Бомбанаш.

 

Х1ун дара х1инццалц

Вайна гинарг?-

Боьлху  наной,

Баланаш.

Лан хала дара

Махкахь динарг-

Аьтта ярташ,

Г1аланаш…

 

Цу къизаллин

1азап  лайна,

Халонех чекх девли вай.

Х1инца-м бераш

Эшарш, иллеш

Даймохк  хестош

Хеза  вайна.

 

Дийно-дийно

Хазлуш  лаьтта,

К1отарш,шахьарш,

Майданаш.

Хьавсал  д1аса-

Массо меттехь,

Дахар  хаздеш

Адамаш!

 

Ю вай къоман

Цхьа ирсан къайле,

И хаа лаахь

Бераш аша

Жимчохь дуйна

1амаделаш,

Нохчийн оьзда

Г1илакхаш.

 

Дахар хаздан

Дац-кха атта,

Машар ч1аг1беш,

Кхиалаш.

Ненан маттах

Марзо оьцуш,

Деша а,даха а

1амалаш.

 

Даймохк цхьа1 бу-

Вайн Нохчийчоь!

Кхин вайн боций

Хаалаш…

Дика а, вуон а

Цуьнца цхьана,

Доькъуш,бертахь

Дахалаш!

Ломахь буьйса

 

1аьржа буьйса

К1ад а елла,

Ломахь сецна

Йижа д1а.

Мох а цуьнца

Цхьаьна лелла

Урх д1ахецна

Парг1ат 1а.

 

Ницкъ ца кхочуш,

Г1ийла догуш.

Хета стиглахь

Седарчий.

Царна г1онна

Сихлой дог1у

Буьйса хазъеш

Беттаса.

Г1ийла мукъам

Хезош нанас

Дуьллу шен бер

Агана…

1аьржа буьйса

Йижна лома,

Наб озийна

Юьртана.

 

Наггахь хеза

Берзан уг1ар,

Юкъахдохуш

Хаза г1ан.

Хьан ойланехь

Латта гуттар,

Берахьлера

Мерза хан!

 

 

СТОЬМИЙН  БЕШАХЬ

 

Жимчохь дуйна  дагна  хьоме,

Хилла  лаьтта  стоьмийн  беш.

Цхьанхьа а хир бац хаза,чоме

Мерза стоьмаш,  кхузахь бен.

 

Б1аьрса хьоьстуш техка д1аса,

Хилла баьлла  бешара  стом.

1ежаш, хьечаш – массо  басахь –

Воккхавеш  лаьтта  со-м.

 

Генахь  хеза  мохо  дегош,

Луьста  генаш,  кхораш  т1аьхь.

Мангалкомарш сан  са  хьегош,

Кертан  гечош къуьйлуш  1а.

 

Диц ца ло цкъа  нанас бешахь,

Лехьош  1ежаш дина дов:

Мегар дац к1ант рицкъа  хьеша-

Делан  беркат ма  ду стом!

 

Х1инца цхьана беш ю лаьтташ,

Стоьмех хилла оьланаш.

Г!ийла йоьлхуш хетта хьаьтта,

Эгош шийла можа г1аш.

 

Малх  чубузу сан куьг лоций,

Юкъарйоккхуш  ойла сан.

Маржа я1 хьо, юха хир йоцу,

Кхузахь марзо эцна хан…

 

 

Ма дош дац хьо, дуьне…

Айдамиров Абузарана

 

Тезет ду.

Къонаха д1аваьлла махкахь…

Тезет ду , х1ай адам, тезет …

Д1абоьлху къонахий

ткъес тухий догах,

Делан кхиэлана вай хуьлий реза.

 

Нохчашлахь – нохчо –

сий динарг меттан:

Ма хан яра вай

цуьнах дагадийлла хан!

И саннарш мел беха,

сий хьулу мехкан –

Уьш мел бу лаьттар

ду х1ара дуьне, къам.

 

Х1оранна цхьа де ду

д1абузуш малх а…

Къонахчун малх бузац

цкъа а д1а!

Цаьргахь хьулу массо а

диканан хьалхе,

Оьшучохь д1акховдон

т1аьхьене д1а.

 

Тезет ду.

Къонаха д1авелла лаьтте…

Ма хан яра вай

цуьнах дагадийлла хан!

Д1абоьвлча къонахий –

дассало латта,

Ма дош дац хьо, дуьне,

данне а дан-м…

 

 

Дайн гIиллакхаш

 

ГIиллакхах бух буьллуш

йоьттина  бIаьвнаш.

Безамца диллина

хьешана кевнаш.

Собарца къийлина

яхь йолу дог.

Диканна биллина

лаьтта тIе ког.

Доьналла, сий лоруш

баьхна вайнах.

ГIиллакхах, гIуллакхах

ца боьхуш мах.

Кхуьчу тIаьхьенна

масал ду и:

ГIиллакхаш - уьш саннарш

карор дац кхин!

 

 

Дика ц1е

 

Ца лиъна хестон динарг, дийриг,

Г1иллакх дохош , хьуьнарш

къийса сайн.

Цуьнца доцург доккхуш

денна хийра,

Ваха лиъна масал оьцуш дайх.

Хаза а хетта, хилча

нехан аьтто:

-Хьаг1ца ваьхнарг цкъа а

тоьлла вац…

Яха юьсу ерг дахарехь

вайл т1аьхьа,

Дика ц1е яцахь,

дуьсуш х1ума дац

 

 

Къонаха

 

Къонахий схьабевлла

Даймохк вай ларахь,

Къонахий техкийна

наной вай ларахь,

Нохчийчоь, девр дац

хьан къонахийн доь:

- Къонахий хьан сий ду,

сан Нохчийчоь!

 

Къонаха г1арол ву лаьттан,

Нохчийчоь, лардеш хьан сий.

Къонаха кийча ву г1атта,

Машарна, ца 1анош ц1ий.

 

Къонахийн хилла бу ларам,

Еза ю къонахчун ц1е.

Къонаха, дика - вуонехь, арахь

Накъост ву эшначохь де.

 

Нохчийчоь –

сан сийлахь Даймохк –

Къонахий кхиийна латта!

Бехийлла вуон ца гуш цкъа а,

Нуьречу малхаца г1атта.

 

Къонаха, Къонаха, Къонаха,

Х1ума дац къонахчун меха!

Хиларх и муьлхачу къомах а-

Шен мехкан лазамца и веха.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.