http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


"СО ЙИТЕ ХЬО МА ГIОЛАХЬ…" Печать Email

Джабиров ИбрахIим

 

 

(Дийцар)

 

Кандагаран лаьмнийн рег1ан баххьашкара кхечанхьачул хьалха охьаюссуш хилла йолу гуьйренан шело оцу шарахь хьеяла йоьллера Афганистане чу йигна йолчу советски эскаран группировкина юкъайог1учу хьалхара мотострелкови полк лаьттачу тог1ене кхача. Цхьа а марха а йоцуш, к1оргачу сийналлера шен г1ийла з1аьнарш а яржийна, синкъераме охьа хьоьжуш латтара серло луш, амма йовхонца дег1 ца дохдеш болу малх. 1инчухула д1абоьдуш болчу некъан аьтту аг1орахьа ха деш йолчу взводан салтий делкъана х1ума кхалла бахале шайн духар а, эткаш а ченах ц1анъеш бохкура караулах мукъа мел верг. Т1улгийн блиндажа чура ара а ваьлла, шен сахьат т1е хьаьжира взводан командир Азимов Асламбек. Жимма хан яра кхин а салтий т1егулбан команда дала йисина. Гимнастеркин некха т1ера аьрру аг1орачу киснара жима календарь схьа а яьккхина цу т1е хьаьжира и. Хьалхарчу октябрера ткъолаг1чу кхаччалца долчу х1ора денна гонаха ц1ен ч1агарш яра ехкина. Царах ткъаесса т1оьхула раз сизаш хьаькхна д1аяйина яра. Жимма гола т1е а лахвелла ткъолаг1а де а д1адайира цо шен ручкица. Оцу дийнахь отпускера схьакхача везаш вара кхуьнца цхьаьна ротехь г1уллакх деш волу Асламбекан юьртахо а, доттаг1 а волу 1ела. Х1орш эскаре д1абуьгучу хенахь 1ела Афганистане хьажийний шена ма хиъина, шена билгала йинчу Севастополе а ца воьдуш, командованига заявлени а яздина, шен доттаг1чуьнца цхьаьна Афганистане д1авахара Асламбек.

 

Ши шо т1емашкахь, тийсадаларшкахь чекхделира. Кхузза чевнаш а хилира, шиъ б1аьхаллин совг1ат а къегира кхуьнан некха т1ехь: «За отвагу» ц1е йолу медаль а, «Ц1ечу седанан» орден а. Амма цара а аьтту ца бира к1антана цкъа мукъане а отпуске ваха. Делахь а кхин г1уллакх дира цара: чу вуллучара а, дисциплинарни батальоне хьажочара а к1елхьараваьккхира.

Ша цкъа цхьанне а сий дайа а ца г1оьртинера и, шен сий а ца дайийтинера цхьангге а. Делахь а лоьхуш ца кхочу-кха вайна т1е наггахь дов а, сингаттам а. Х1ара цхьа шо чекхдаьккхина волуш кхеран роте ваийтира Германерачу группировкера цхьа прапорщик. Куро-н стаг вара и. Боксехула спортан мастер хиларе терра, гуттара а цхьаьнна коча ваха куьг а к1амлой, дуккха а салтийн чам байа кхиънера и. Цхьаьна дийнахь столовехь шен хударан кад а, бепиган юьхиг схьа а эцна х1ума кхалла Асламбек юьстаха волуш, ца хууш оцу прапорщиках гола 1оттаеллера кхуьнан. Шегахь нохчийн оьздангалла хиларе терра, юха а вирзина, жимма ц1ий а велла, бехк ца биллар дийхира к1анта. Вукхо тергал а ца дира кхуьнан бехкала вахар. Хьера ваьлча санна чухахкавелира и Асламбекана.

– Ас и кад коьрта т1е буллур бу хьуна, салага, – аьлла, буй тоха т1еволавелира прапорщик. Цо шен куьг хьала айбарца ч1ениган лахахьара хьала буй а бохуьйтуш, стоьлаш т1оьхула варжийна д1а вахийтира Асламбека шех ца ваьшна волу довхо. Прапорщикан мара а кагбинера, ши церг а яьллера д1а… Д1адиттина, схьадиттина, кхуьнан майраллий, б1аьхаллин совг1аташший тидаме а эцна чу ца вуллуш витира Асламбек. Х1етахь дуьйна забар еш йовлакх т1е а хьокхе хьостура кхо шен медаль а, орден а: «Сан г1одаккхархой ма бу х1орш!» – олий. Цул т1аьхьа отпуске сатуьйсийла а яцара. Цундела шен доттаг1чуьна нана ч1аг1 а елла и телеграммица ц1авахар нисделча, ша воьдуш санна воккхавеш вара Асламбек.

– Цунна гичи а доккха х1ума ду-кха суна ган мел луурш, – бохуш ойла йора цо. Х1инца гуттаренна а ц1аваха кхуьнан диснарг а дацара ши к1ира бен.

Ша ч1ог1а лардина долу де т1екхаьчна а, масех сахьт даьлчи шен доттаг1чуьнца хин долчу цхьаьнакхетарна а воккхавеш, са айаделла вара Асламбек.

Делкъа хан т1екхачарца сихха шен взвод схьа а гульйина, шина мог1аре а х1оттийна, полевой кухни т1е йигира цо. Ша х1ума муха юу а ца хаара цунна, 1елин ойла еш. Сихха хьала а г1аьттина казармехьа д1ахьада са к1амделла, халла сатуьйхира цо взводо х1ума кхаллалц. Х1орш юха а бирзина чоьхьа бевлчи дневальнина т1ехьаьдира Асламбек.

– 1ела схьакхаьчний? – хаьттира цо го баьккхина д1а-схьа хьаьжна.

– Цкъачунна гуча валаза-м ву и, – жоп делира вукхо.

Шен маьнгина т1е а вахана, дог ца догг1ушшехь г1одаюкъ а яьстина, юьхьах хи кхарза вахара и. Кран чуьра охьадеттачу шийлачу хина к1ел куьйгаш а лаьцна лаьтташ кхуьнан ойланаш генарчу Кавказан лаьмнашкахьа д1ауьдура. Юьхь т1е гата а хьаькхна, шен маьнга болчехьа д1аволавелира и. Гата маьнгин г1овли т1е а тесна, г1айба хьаланехьа а озийна когаш лаьттахь а болуш д1атевжира и. Сийсара моджахедаш танкийн ангарашна т1е а летта са хиллалца царна дуьхьала лаьттина к1адбелла бара х1ара а, кхуьнан накъостий а. Юха а шен дай баьхначу махка кхерстара коьртера ойланаш. Юх-юха коьртачохь карладуьйлура дагалецамашкахь дисина сурташ а, аматаш а. Хьалха х1уьттура 1аьржа еха к1ажарш йолу исбаьхьа йо1 Дагман.

Х1ара эскаре вахале ах шо хьалха, дагахь а доцуш, тамашийначу х1оттамийн бахьанца тасабелла безам бара и. Оцу шарахь Асламбекан аьтту хиллера университете юридически факультете деша тасавала. Да цомгаш к1елвисина хилар бахьанехь заочни отделени ваха дийзира к1ентан. Гуьйренан экзаменационни сесси т1ехдика д1а а елла, шолг1ачу курсе а ваьлла, шен дас лелийначу «Жигули» т1ехь мохь тоьхна илли а олуш, синкъерамечу деган айамца Грознера ц1ехьа вог1уш вара Асламбек. Некъ дукха готта болуш, хьалха йоьдучу автобусана хьалха волийла а доцуш меллаша т1аьхьатекхаш йог1ура кхуьнан машен. Автобусан номерш Асламбекана дика евзаш яра. Кхуьнан юьртахо вара цу т1ехь шофер, наха дукха сутара хиларна Сайд-Нахарт аьлла ц1е а тиллина. Шена мелла а алсам  сом даккхархьама, бог1учул а шозза алсам нах т1ебуттура цо шен оцу тиша къеч1алга т1е. Банки чохь селедкаш санна хьаьрчина хилахь а, ц1а кхаьччахьана бохуш, садеттара наха. Автобус, гух хьалаг1ертон буг1а санна уг1уш, узамаш деш, моторан кийрара схьа йовхарш етташ хала йоьдура ирхоне.

Ма эхь ца хета-кха хьуна Сайд-Нахарт бохуш, ойла еш 1аьшшехь, Асламбекан б1аьргашна хьалха оцу минотехь х1оьттинарг ирча сурт дара. Автобусан чкъуьргаш к1елхьарчу латтанан цхьа аса ц1еххьана д1а а къаьстина 1инчу охьа таттаелира, цунна т1аьххье автобус а къайлаелира, чохь наха хьоькхуш маьхьарий а долуш. Тормоз т1е педаль а та1ийна, шен машен чуьра ара иккхира Асламбек. Берда йисте а хьаьдда чухьаьжчи, дечигех, т1улгех етталуш кеглуш, аталуш охьа йоьдуш яра автобус, чура нах д1аса а кхуьйсуш. Бухахь 1инан к1оргенехь, дарделла ц1оькъалом санна, детталуш, кхийсалуш д1аг1ерташ Орга а дара, цуьнан 1овраш юкъахь бердах д1ата1иний, коьллех тийсабеллий нах бара маьхьарий хьоькхуш. Шен ма хуьллу гор-бертал, ира коьллаш луьйцуш, царна т1е охьахахкавелира Асламбек. Масех стаг, царна юкъахь, цхьа зуда а дийна бара, цхьацца кондаргех тасабелла охьа такхоза бисина. Кхаа сохьтехь ваьллира Асламбек уьш екъачехьа схьатекхон г1ерташ. Цхьа а тайпа аьтту бацара уьш лакха т1е хьалабаха. Буьйса юлуш яра, цундела д1асайоьдуш машен я цхьа стаг а ца хаалора. Нехан орца кхаьччи Асламбек ша а вара царна юкъехь 1уьллуш дукха к1адваларна. Цхьацца бохуш и нах хьалаоьцуш орцанна баьхкинарш а болуш, ша д1аяхьа хьалаойбуш зудчо Асламбекехьа а йирзина, б1аьргех хиш а оьхуш элира: «Дала 1алаш войла хьо! Дела реза хуьлда хьуна. Хьалхара Дела, шозлаг1а хьо бахьана долуш дийна диси-кха тхо! Сан ц1е Аружа ю хьуна, ц1ера Аьрзойн Дукъа т1ера а ю хьуна со. Хьайн суна т1екхача аьтту нислахь, дехар ду хьоьга цкъа мукъане а суна т1ех1оттар». Асламбека г1ийла вела а къежна жоп делира: «Аса динаргга-м доккха х1ума дацара. Муьлхха а бусалбано дан декхар дерг дара. Хьуна Дала маршалла дойла, Аружа, со хьуна т1е кхочур ву хьуна Даламукъалахь!»

Шолг1ачу дийнахь районан больнице вахара Асламбек ша к1елхьарабаьхначийн хьал муха ду хьажа. Цигахь Аружа 1уьллучу палати чоьхьа ваьлча кхуо хи чура хьалаяьккхинчу зудчунна юххехь маьнгана йисте а хиъна, цуьнан хьаьж т1е куьйг хьоькхуш 1аьш яра лаьтта охьа кхочуш йоккха ши к1ажар а йолуш, стигланан к1оргенехь лепачу седарчел хаза ши б1аьрг болуш, ло санна к1айчу беснеш т1ехь жима ши к1аг х1уттуш, басар хьакха ца оьшуш, ц1ечу ц1арца догуш дела къежна ши балда а долуш исбаьхьа йо1. Цунах б1аьрг кхетча цкъа а хьалха ца хааделла хьал х1оьттинера кхуьнга. Кийра леттачу ц1аро мотт а сацийна, 1адийнера жима стаг. Ша ала кечдинарг а дерриге а коьртера д1а а даьлла цо халла кийрара даьллачу озаца хаьттира: «Муха ю хьо, Аружа?»

– Марша ва хьо дела1! Асламбек, хьо вац и, – аьлла, меттахь хьалаайаяла г1оьртира Аружа!

Асламбек сихонца т1еведира. – Делан дуьхьа ма йийла меттаха, Аружа,-аьлла дархо шен нана санна йовхонца маракъевлира Асламбека. Аружин б1аьргаш чухула охьаоьхуш хиш дара. К1ентан юьхьа т1е и хьостуш куьйг а хьаькхна елха а эгош йист хилира и:

– Дала дукха вахавойла хьо хьайн дена а, нанна а. Суна дешнаш ца тоьа хьуна баркаллаш баха. – Т1аккха шен йо1е а йирзина т1етуьйхира цо, – Дагман, х1ара ву хьуна аса вийцина и оьзда нохчийн к1ант. Хьо дийна мел ю сий-ларам белахь х1окху къонахчун! Х1инццалц сайн к1ант вац бохуш г1айг1ане яра со, х1инца курра ала йиш ю-кха сан:

– Ворх1 к1ентан меттана а волуш к1ант ву-кха сан, Асламбек ц1е а йолуш!

Шина баттахь 1илла дийзира Аружин больницехь. Чевнаш еза а дукха а хиллера. Х1ора дийнахь кхочура Асламбек а, цуьнан ц1еранаш а шайн к1ентан а, шайн а юххера гергара хилла д1ах1оьттинчу оцу оьздачу зудчунна т1е. Циггахь шен нанна юххера д1а ца йолуш 1аш йолчу Дагманна а хетара хаза х1ара веача. Цхьаьна дийнахь а и ца гича мегар а ярий-те со аьллачу хьоле кхаьчнера цуьнан кийрахь безамо кхиош йолу къайлаха ойла. Асламбекан корта-м тоххура д1абаьхьнера йоь1ан хазаллой, лела хаарой, оьздингаллой.

Асламбекан ненан Хедиштан а ч1ог1а безам баханера йо1е. Йоь1ан нене захало д1ахьедале, шен к1ентан дагахь х1ун ду хьажа г1оьртира и. Цхьана дийнахь, Аружина т1аьхьа а дахана, х1ара шиъ ц1а дог1уш Хедишта забар ечуха эккхийтира:

– Со-м, Асламбек, и Аружа тоелла а ялла ц1айигначул т1аьхьа и Дагман цуьнгара вай схьаяьккхичи х1ун дара-те бохуш ойла йолуш ма ю! Хьан да а ч1ог1а реза ву оцу сан 1алашонна. Хьуна муха хета и, Дика? – Бераллехь дуьйна х1ара хьостуш йоккхуш яра цо и ц1е. К1ант эхь хетаррий, хазахетаррий цхьаьна а ийна лергаш т1ера лога т1е кхаччалц ц1ийвелира, жаьнк санна. К1антана йо1 езий, цу т1ехь шайн барт хир буй хиира нанна. Делахь а дерриге а дохош дерг юха баттахь х1ара эскаре д1акхойкхуш хилар дара.

Билгаладаьлла захало карара ца далийтархьама гергарниш х1уъу дина а ша ц1ахь вуьту некъаш лоьхуш буй хиъча Асламбека шен ненаца къамел хилира.

– Гой хьуна, мама, со цкъа а кхеташ хилла вац 17-18 шо кхаьчначара зуда ялорах. Х1ун х1усамда, х1ун доьзалан г1ортор хир ю цунах. Я чекхъяьккхина х1ума а йоцуш, я доьзул кхаба цхьа а белхан корматалла а йцуш. Ша а шен ден кочахь, кхин цхьаъ а оцу ден коча… Сан да могуш вац, я со кхаба а, сан хинболу доьзул кхаба а. И-цхьаъ ду. Шолг1а- со дешар т1ехь билгалаваьлла. Корматалла а хаьржина. Уьш сихха пайденна дерзон диъ, пхиъ шо оьшу. Делахь а со-м оццул 1ен а ца воллу шун кочахь. Армера ц1авеанчул т1аьхьа сан юридически корматаллехула милице балха ваха таро хир ю. Болх бешшехь дешар а чекхдера ду. Арми т1ехьатесначул т1аьхьа, оццу шарахь ахьа бохуш дерг а дан тарлуш ду. Ши шо дукха хан а яц. Нагахь и хан а ларъеш Дагман соьга хоьжуш 1ай, Дала мукъалахь, со ц1авеанчу шолг1ачу баттахь доккханиг ловзар а х1оттор ду-кха вай вешан кертахь. Тоьий хьуна, сан хьоме нана?

Хедиштана хаара шен к1анта цкъа хьалха х1оттийна 1алашо кхочуш йой, ша бинчу сацам т1ера и юхаваккха хала дуй а, цундела цо доцца жоп делира:

– Дика ду сан хьоме к1ант! Ахьа боххург дийра ду-кха вай. Ткъа Дагмана хьо дагчура воккхург ца хиларх со хьоьл а ч1ог1а тешна ю-кха!

Ненан сурт хьалха х1уьттуш, наб озон йолийнера Асламбекана. Оццу миноташкахь казарми чохь г1овг1анаш елира. Набаро д1адуькъначу лерехула 1ела олуш санна хийтира цунна. Парт аьлла шашаха хьалакхоссаделира кхуьнан дег1 маьнги т1ера. Б1аьргех буйнаш а хьийзош, наь1арехьа д1ахьаьдира и, ведда воьддушехь г1ода юккъе доьхка д1а а доьхкуш. Казармина юккъехь чамда а карахь, салтийн синкъерамечу гона юкъахь шуьйра вела а къежаш лаьттара кхуьнан хьоме доттаг1а. Асламбек воьдуш лаьтташехь белшашца салтийн го д1аса а боькъуш, ткъап аьлла т1ехьаьрчира доттаг1чунна. Хазахетта шинне а б1аьргаш чохь хиш латтара.

– Д1авала д1ахеца, оьккхуьйту ахь и, - забар йира Асламбеке сержанта Астаховс.

– Т1аккха дийцахьа, х1ун ду ц1ахь? Хьан нана муьлхачу хьолехь яра? Сайниш гар нисделирий хьан? Керла х1ун ду ? Меттигаш хийцаеллий? - бохуш хеттарш чулаьхкинера Асламбека.

– Ц1ахь берш дика 1аьш бу. Массаьргара  маршалла  ду хьоьга. Меттигаш а вай д1адоьлхуш ма хиллара ю. К1еззиг хийцаелла. Ишта дукха хан а ма ца яьлла, Асламбек, уьш хийцаяла. Вайна кхузахь и ши шо шийтта шарал дахлахь а, цигахь хенан чот ишта ма яц.

Оцу дешнашца шен чамда уллорачу г1ента т1е а йиллина нег1ар д1адиллира 1елас. Пхи минот ялале сиха яссаелира и. Ц1ера деана ба1арш, якъийна туьркаш, дакъийна хьечаш, дакъийна жижиг, 1ежийн, кхорийн гараш, кхин йолу мерза х1умнаш, ц1ерачу кхерчахь дина хьокхумаш  массарна а кхочучу кепара д1асадикъира 1елас. Т1аьххьара чамдин бухара жима магнитофон схьа а эцна и Асламбеке д1акховдийра цо.

– Х1ара хьоьга д1ало аьлла-кха соьга. Х1ара-м х1умма а яц хьуна цу чохь йолчу кассете хьаьжча. Х1инца хаал и совг1ат хьан даийтина?

Асламбека жимма ойла а йина белшаш та1ира: «Суна-м хаац и хьан йоуьйтур ю!».

– Дика ойла е ахьа,- элира 1елас. Асламбек ойла йичи а ца кхиара т1аьхьа.

– Х1ан-х1а хьо кхета а ца воллу. Цул а кассете ладог1а вай, – аьлла  клавиши т1е п1елг та1ийра 1елас. Оццу минотехь къоначу зевне озо Асламбекан ц1е яьккхира. Лов аьлла дег1ах мерза алу кхерстира к1антана.

– Сан Дагман ю-кха и,-элира цо ша муха олу а ца хууш. Лерина ладог1а кечвелира и. Жимма пауза а йина юха а йистхилира йо1:

– Сан хьоме, генара доттаг1а, Асламбек! Ас Далла хастам бо сан аз хьо волчу д1акхачон аьтту суна баларна. Генарчу, хийрачу махкахь, халачу кхерамен некъашкахь со йицъйина хьо ца 1ай а хаьа суна. Ас гуттара а сагатдийриг х1ун ду хаьий хьуна? Х1инцца бен дахар довза а, цуьнан чам хаа йолаелла йоцчу  йо1е эшалур юй-те шина шеран яхалла, лаьттара буй те цуьнан дагчохь дуьххьаралера безам бохуш, хьан хинъйолу шеко ю-кха! Цу т1ехь хьо сапарг1ат хила лаьа суна. Мел дукха хьоьга хьежа дезчи а к1адлур йоцчуьнгара, хьо цхьаьна денна а дагчуьра ца ваьккхинчуьнгара д1аэца х1ара мерза маршалла а, сан хьоьга болчу сирлачу безаман тоьшалла а, хьоме доттаг1а, сан дуьненан ирс,Асламбек. Хьайн кхерамечу т1еман некъашкахь вайшинна безамо ницкъ лойла хьуна хьо холча х1оьттинчу минотехь. Хаалахь, сан деган эла, хьуна цхьаъ хилахь, суна х1ара маьлха дуьне цхьаьна денна а, цхьаьна сохьтана а кхин оьшур дац хьуна. Дала 1алашвойла хьо! Ас хьуна сагатдеш яьккхинчу х1окху эшаро эра ду хьоьга соь дашца ца аладелларг.

Асламбеке лерина хьоьжуш волчу 1елина гуш дара цуьнан б1аьргаш хих буьзна хилар. Дагманан йист хилар чекхдаьлчи казармин чоь а екош д1асадаьржира кехатан пондаран зевне аз. Сихачу хелхаран мукъамна т1аьхьа яйн вота а ялош йоь1ан хазачу озо, дег1е зуз а доуьйтуш, лекхира Асламбекана хьовха хьанна а дагчу южур йолу эшар.

Цкъа а хилла бацара Асламбекана ишта боккха кхаъ, ишта хазахетар а. Эшар чекхяьлчи 1адийча санна дуккха а 1ийра и метта ца вог1уш. Т1аккха 1елин белшаш т1е куьг а диллина, и шена т1е а озийна даггара элира цо:

– Х1ара де цкъа а дицлур дац-кха суна, 1ела. Со валлалца хьуна декхарийлахь хир ву-кха со.

– Валар-м генахь дара… Вай х1инцца бен даха дуьйлалуш а дац. Хьуна хаза хетар дуй хаьара суна, – элира 1елас.

Ша хьалхарчу деношкахь хиллачу т1емашкахь к1адвелла, х1оьттина воллушехь, цу буса са хиллалца наб ца кхийтира Асламбекана. Ши к1ира… «Т1аккха чекхдера ду-кха даламукъалахь х1окху декъазчу махкахь сан т1еман йорт еттар а, – бохуш ойла йора к1анта. – Советан пачхьалкхан эскар кхузахь латторах махкана хуьлуш я пайда а, я барт а бацара. Дийнахь, буса а шинне аг1онгахьара отуш адамаш, алсамъйолуш йолу нехан къелла, вайн салташка а, эпсаршка а кхуьуш болу цабезам – и са ю-кха кхузахь йолуш ерг.

Кхин цхьана х1умнах а ца кхетара Асламбек. Шен хьекъалца хьесап дан г1ертара и: «Цкъа делахь бусулбанаш бу бохуш а бу х1ара афганахой... Ткъа вукху аг1ора хьаьжча, дуккха а Дала ца магийна, дихкина долу х1умнаш а ду лелош. Шайн т1екхуьуш йолу т1аьхье х1аллак йина ца 1аьш, дерриге а дуьнен т1е а наркотикийн ун ду даржош. Шайн бошмашкахь ялта, стоьмаш, хастоьмаш лелоран меттана к1омал бу буьйш. И кхиъна баьлча, цунах вахош долу уггаре а боьха д1овш а кечдой, массо пачхьалкхашка д1асахьажадо. Ткъа духар ма ду! Я зуда а, я стаг а вовшех а ца къаьсташ. Лаьтта кхаччалца еха кучамаш, цхьа а хат1 доцуш тегна шарбалш, палтонан я плащан метта дег1а т1е кхоьхкина одеялаш… Къоман духарш т1ехь нохчийн духаре-м хьаха кхочур дацара цхьане къоман духар а. Паччахьаша а лелийна и доккхачу дозаллица. Дийнна эскаран дакъоша а лелийна и духар. Цунна т1ехь санна цхьане хормана т1ехь а ца хилла ишта товш: тур, тапчий, шаьлтий, дашон погонашший. К1ентан кийрахь куралла г1уьттура шен махках а, шен къомах а. Ойлано шен т1емаш т1ехь юха а винчу юьрта кхачавора, шена дуьненал а дукха езачу йо1ана герга вуьгура. Цхьаъ вукхуннал хаза сурташ  хьалха х1иттадора цо ша ц1а вирзича  кхочушдан билгала динчух, шен, Дагманан хиндолчу ирсечу дахарх ,шаьшшиннан хир долчу хазачу берийх…

Сахиллалца д1асакирчира и шен армейски бекъачу меттахь. 1уьйренга кхочуш к1ад а велла кхуьнан ши б1аьрг т1екъовлалушшехь ц1еххьана йийкира т1амана орца доккхуш йолчу сиренин, урс санна дагах чекхйолуш йолу шийла шок. Набарха бевллий, бовлазий хьалалилхина салтий, сихонца т1е х1ума а юхуш, аралелха буьйлабелира автоматаш ги а тосуш. Асламбек хьалхарачаьрца ара иккхира шен пулемёт белшаш т1е а кхоьссина. Кхаа-еа минотехь машен т1е а хевшина новкъа бевлира мотострелкови ротан б1аьхой. Асламбекана юххе охьахиира 1ела а. – Х1инца х1ун хилла-те? – хаьттира цо, набарха бовлазчу б1аьргаш чу буйнаш а хьийзош.

– Вайн колоннина к1ело йина хир ю-кха моджахедаша. Ца хилчи г1овттор дарий вай са а тасале, – жоп делира Асламбека..

– Х1ара мукъане а стенна яхьаш ю ахьа, – цецвелира 1ела, цуьнан четахь магнитофон гича.

– Йитахьа, новкъа хир яц хьуна и вайна, – жоп делира доттаг1чо. – Цу т1е селхана дуьйна Дагманан аз а ма ца хезна суна, - аьлла велавелира и.

Армейски колонна 1инчухула хьала йолаяларца аьрру аг1онгахьара тоьпаш йийла йолаелира. Царна т1аьххье хезира афганахойн пулеметийн г1орг1а аьзнаш а. Кхин д1а некъ бихкина бара к1ело йинчара. Яьккхина тапча а йолуш, хьалхарчу машен чуьра охьаиккхира ротан командир капитан Ганецкий.

– Старшина Азимов, схьаволал суна т1е! – омра дира цо. Т1едеттачу герзийн х1оьънаш колонна сецначе т1екхача доьллера. Асламбек машен т1ера чу а иккхина охьа а ца таь1аш т1еведира капитанна.

– Со ладуг1уш ву, накъост капитан!-аьлла хьалха д1ах1оьттира и.

– Старшина жимма охьа та1арх х1умма а дац хьуна. Вай-м т1амехь дай! Х1оъ 1овдал ма бу. Цо хержа ма ца хоьржу ша х1аллаквенверг!

– Оцу мозанех-м воьллера со тоххура,- жоп делира к1анта.

– Хьо ма хаза ву тахана Асламбек! - аьлла забар йира капитана шен яппарш ерзош. Хьайн взводаца х1ара гу д1алаца ахьа, вайн коьрта ницкъаш т1екхаччалца уьш хьайна т1е а ма бахкийта! Тхо диснарш 1инчухула хьаладовла хьовсур ду. Вайн ницкъаш к1еззиг бу, т1ом вуно хала хир болуш бу шуна. Мал ма лолаш!

– Хьалхара взвод охьайосса! Д1алаца позицеш! – мохь туьйхира Асламбека шен б1аьхошка. Кхуьнан 25 салти, чехка машен т1ера охьа а лилхина, д1анисбала буьйлабелира шайна билгала динчу т1улгийн дукъа т1ехь. Дег1 д1ахьулдан б1ег1ийла йоцуш, хала меттиг яра кхарна кхаьчнарг. Лахьалучу т1улгех цхьа дуьхьалонийн бахьанаш а дина, мостаг1чунна дуьхьала лата кечбелира салтий. Капитан биснарш еэцна бердан к1елд1ахула 1инах хьалаволавелира.

Боккхачу мокхузан т1улга т1е шен пулемёт д1а а нисъйина охьалахвелира Асламбек. Уллохь д1анислуш воллучу 1елегахьа а вирзина цуьнга вистхилира и:

– 1ела, д1огахь йолу Каретниковн отделени гой хьуна? Цигахь дукхаха берш къонанаш бу. Хьо цаьрца хилча со а сапарг1ат хир вара. Жимма ира-кара а х1иттабехьа уьш. Цхьацца болчийн дуьххьарлера т1ом бу хьуна х1ара.Царна х1умма а ца хаьа хьуна, ларбелахь уьш. Х1инцца далийна бераш ма ду уьш. Суна хьайн меттана х1ара патарманийн ленташ т1едала цхьа салти а ваийта.

– Дика ду. Хьо ларлуш хилалахь, Асламбек, – аьлла 1ела д1атекхира. Геннахь лаьттара хьала а г1уьйттуш т1еида буьйлабелира афганахой. Оццу минотехь текхаш т1е а веана кхунна юххе охьавижира 1елас ваийтина г1оьнча ефрейтор Зарубин.

Шен пулемётана диск т1е а диллина, цхьа б1аьрг д1а а хьаббина, т1етекхачу моджахедашна бирг1а т1енисъян волавелира Асламбек.

Тамашийна бу т1еман х1оттамаш. Дуьхь-дуьхьала лаьттачу шина ницкъо вовшашна т1е герз а тоьхна, оцу латаран цхьа йист ялале юкъа нислуш йолу миноташ к1езиг елахь а, амма дуккха а х1умнийн ойла ян а, дуьнен т1ехь яьккхина хан дагалецаман суьртехь юха дуьхьала х1оттон а аьтту бо Дала. Т1еман балхах мел воьллачунна а хала ду стаг вер, и мостаг1а велахь а. Дала чу са а кхоьллина, да-нана а, даймохк а белла дуьнен т1е воккхуш ву х1ора стаг а. Лаьтта т1ехь харцо лело бакъо елла а, я харц некъ байта а кхоьлина дац вайн сийлахь Везачо адаман са. Диканна! Юха а диканна! Амма я дика, я вон къастор х1ора стагана шена т1ехь дитина ду. Делахь а мел харц волчунна а шен некъ нийса хета. Стен къастайо цуьнан нийсалла, я харцо?

Цхьацца долчу хьелашкахь ша шен эхь-бехкаца а, иманца а, оьздингаллица а ц1ена а волуш, 1алашонаш сирла а йолуш, нахана пайден а волуш волчу стеган кхоллам а нисло наггахь, цунах дозуш доцчу бахьанашца, зуламечу басехь. Ма лаьар-кха Дала и хьесапе а эцна иштачех къинхетам бойла.

– Тахана суна дуьхьала чуг1ерташ берш, цхьана аг1ора лерича, сан динан вежарий а бу, вукху аг1ора лерича сан даймехкан латта шена т1ехь 1уьллуш йолчу пачхьалкхан мостаг1ий а бу. Царах х1ора а шашаха ваьккхича цхьаьнгге а цабезам а бац сан дагчохь, я сан доьзалан ч1ир а яц царна т1ехь. Т1аккха стенна г1ерта уьш со вен а, со уьш байа а?-бохуш ойла йора Асламбека.

– Дика ду, сайн герз охьа а диллина, куьйгаш хьала а айбина со каравог1у шуна аьлла т1ег1ура ву. Цара ца вуьйш вита а тарло. Ткъа эзарнаш шерашкахь схьадеана долчу нохчоллина х1ун до вай?! Оьрсийн дуккха а историкаша билгаладоккхуш ду-кха, дуьнен т1ехь мел долчу эхьел а доккха эхь лоруш хилла нохчаша мостаг1чунна каравахар. Цхьаъ ткъе иттанна дуьхьала нисвеллехь а. шена чура са д1адаллалца лата везаш хилла и. Нагахь еза чевнаш а хилла, ша шен дег1ан дола  ца далучу хьолехь и кара ваханехь а,т1аккха а цунний, цуьнан ц1енний т1ера д1а ца долуш хилла не1алт а, эхь а.

– Ткъа цул сов къонахчун дош? Биъна дуй-м буьйцур а бац вай! Эскаран мог1аршка х1уттуш х1орамма а дуй буу шена чохь са мел ду Даймохк ларбан а, лакхарчу куьгалло т1едиллинарг дуьззина кхочушдан а, ша биъна дуй ца къарба а. – Кхин д1а а ойла йора Асламбека. – Далла бу хастам,кхузарчу къоман долалле сатийсам а бац сан. Я кхера-м латта а ца оьшу суна, я х1окху балха т1ехь сайна са а ца лоьху ас, я дарже а ца кхийда со. Т1аккха х1ун чулацам хила беза сан латаран? Х1ун бахьана х1оттон деза т1аккха цу юккъе? Цхьаъ бен ца дуьсу-кха суна а, со санна болчу бусулба динехь болчу советски салташна а? Тхо кхуза кхийсинчийн кхел Дала йийра ю, х1унда аьлчи нехан махка герзаца чувахар мухха леричи а нийса ца хиларна. Цуьнан жам1аш эхартахь Дала а, дуьнен т1ехь историно а дийра ду. Сан а со санна болчу кхечу нохчийн а, г1алг1айн а, кхечеран а кхузахь къовсуш ерг къонахашлахь уггаре а еза лоруш йолу мехалла – майралла ю-кха. Схьа т1е дуьйла шу еха кучамаш йолу афганахой! Хьовсур ду-кха вай тахана вайх доьналлехь сов а, майраллехь лекха а мила ву!

Паншерски лом аьлла ц1е яханчу Ахмадшах-Мас1удан уггаре а майра а, говза а т1емалой бара Асламбекан позицешна т1ехецнарш. Адам а, т1улг а, латта а отуш, кескаш еш, стигала мархашка хьала оьхуьйтуш т1ебог1уш бара уш, кучамийн пхьуьйшаш хьала а дина. Цхьацца болчийн яххьаш а дика къаста йолаеллера. Ефрейтор Зарубин кир санна к1ай а велла, дегочу куьйгахь пулемётан шолг1а диск а долуш цецваьлла, Асламбекана т1евог1авелла 1ара.

- Накъост старшина! Накъост старшина! Ткъех ше бен ца йисна-кха уьш вайшинна т1екхача. Вайшиъ эт1авайта воллу-кха хьо цаьрга!

Асламбека Зарубине д1а а хьаьжна вела а къежаш б1аьрг та1ийра:

- Шек д1а ма вала хьо,Сергей! Аса х1инца пастанаш санна цоьстур бу хьуна уьш-м!

Меллаша лаг т1е п1елг а та1ийна, пулемёт д1аса а хьовзош т1еяссо волавелира и т1ег1ертачарна. Шиъ, пхиъ, ит моджахед цестина охьавиллира пулемёто. Т1аьхьабог1урш сихха лаьтта т1е охьа а эгна, т1улгаш т1ехьара схьаетта буьйлабелира. Схьадеттачу болатан дог1ано т1улгийн кескаш ирх оьхуьйтура, зевне шакарш а етташ. Афганахойн ницкъаш кхузза сов буй гуш дара схьаеттачу ц1ерийн дозанах б1аьрг тоьхчи а. Асламбекан взвод ма хуьллу дуьхьала т1ом беш яра уьш дукъа т1е хьала ца бовлийта г1ерташ. Дог1маш д1ахьулдан аьтто ца хиларо зен дора салташна. Пхиъ виний, ялх чевнаш йиний юкъара баьхнера взводера. Ша пулемет сацийначу юккъехула накъосташка мохь тухура Асламбека:

- Жимма сатохалаш, к1ентий! Вайна т1екхача дезаш г1о ду шуна кхин а цхьаьна эха сохьтехь вай юха ца довлуш лаьттичахьана!

Кхунна хьалха болу гу буьзна бара 1охкучу моджахедаша. Ц1еххьана аьтту аг1онгахьара схьаетта йолаелира церан миномет. Х1ара юхахьаьжчи взвод кхунах д1ахадийнера т1ееттачу ц1аро. «Нурадилов Ханпаша санна суо вуьсуш ма лаьтта со-м х1окху дукъа т1ехь», - аьлла ойла иккхира коьрте. Оццу минотехь миномётни гериго кхуьнан аьрру г1ог1ан дилха а дат1ош голел лахахьара даь1ахк этира. Кхунна юххера ефрейтор Зарубин марахь патарманийн диск а долуш вийна 1уьллуш вара, цецваьлча санна билина ши б1аьрг стигла а хьажийна. Цунах къахетта б1аьргех хиш девлира Асламбекан. Чехкка цуьнан ши б1арг д1а а хьаббина, шен подсумок чуьра бинт схьа а даьккхина, цергашца пакет а ят1ийна ц1ий д1а ца деттийта шен настарна т1оьхула ма къовллало шад бира цо. Ц1ий жимма лаг1делира, саца ца сецира. Асламбек юха а пулемётана т1евирзира.

Когах дозуш х1ума дацара: этиг а, дилха а цхьаьна а ийна худар хиллера. Когах йисина ларча цхьаьна чкъура т1ехь кхозуш яра. Лазар лахдеш болу маха а тоьхна хаьнт1е, киснара макъара дуьллу урс схьа эцна, цергашца и схьа а диллина, жимма д1а а вирзина харс аьлла д1ахадийра к1анта шен ког. Кхо хьесап дичи дег1ера ц1ий д1а а дахана х1ара кхетамчура валлалца йисина хан пхийтта-ткъа минот яра. Жимма ц1е лаг1ъеллачу минотехь мохь туьйхира цо:

- 1елий, Каретников, Сазонов, Лукин! Дийна берш, чевнаш хилларш сха а эций чехка юхадовла. Г1о кхочур дац шуна! Ас шун дог-ойла айархьама аьлла дара шуна и! Со соцур ву кхузахь уьш т1е ца бохкуьйтуш! Соьца Зарубин а ву,-элира цо и вер лачкъа а деш. – Тхойшиъ ларалур ву шуна цаьрца. Моджахедаш х1инца дукха а ца бисина, уьш охьа ма хьаьккхина тхойшиъ а т1аьхьакхуьур ву шуна!

1елас дуьхьала мохь туьйхира: «Тхо г1ура дац хьо а витина!»

- Г1ура дац бохург х1ун ду! Приказ шух хьакхалуш дац?! - т1ечевхира Асламбек.

- Хьо муха ву?- хаьттира т1аккха 1елас. – Дег1ах х1умма а хьакхаеллий хьуна?

- Дика ву! Х1умма а ца хьакхаелла! Шортта патарманаш а ду! Шу чехкка юхадовла, кхара шайна го бале. Кара даха шуна а луур дац, т1аккха шаьш шайн дайа дезара ду шун. Шуна х1у оьшу Далла хьалха и къа шайна т1елаца!

- Чехкка д1адахана довлахьара шу, - бохуш шен дагахь ойла йора Асламбека, - ма шуьга мохь бетта де дацар-кха соьхь.

Взводах висина пхи-ялх салти юхабовла буьйлабелира. Уьш гучара бовллалца мостаг1чуьнга корта хьала ца ойбуьйтуш т1ееттара Асламбека. Х1ара а х1оьттинера, хьалаг1ерташ берш а биснера са а хаьдда. Жимма сада1аран бахьана х1оьттира шинне аг1онгахьара а. Селхана 1елас ц1ера еана «Ростов» сигаретийн пачка схьа а яьстина, цу чуьра цхьаъ схьа а яьккхина шен бага йиллира старшинас. Ц1а вахале юьтур ю ас сигаьрка бохуш ойла йолуш вара Асламбек и шен дена ца езийла хууш.

– Дика ду со ч1аг1о ян ца кхиъна,-бохуш ойла йора цо. Ишта холча х1оьттинчу муьрехь жимма накъосталла деш санна хеталора сигарето а. Боккха к1ур а баьккхина, шен коган эханге б1аьрг а тоьхна, четара магнитофон схьаозийра к1анта.Шена улле и охьа а йиллина, ма хуьллу ч1ог1а а яьккхина клавиши т1е п1елг та1ийра Асламбека. Дерриге а 1ин а декош Афганистанан лаьмнашкахула д1асабаьржира нохчий хелхаран шовкъехь болу ша тайпа мукъам. Дагманан мерза аз кхин а хаза декара х1инца.

– Кхин ган ца йоллу-кха хьо суна – элира к1анта, и шена юххехь йолуш санна. Дог цхьа 1овжаме шад а хилла хьаьрчира кийрахь. Леро юха а леррина ладуьйг1ира Дагмана шен эшарехь кхуьнга бохучуьнга:

 

Цкъа мукъне а схьа ца хьожуш,

Я сан дагах ца кхуьуш,

Хьоь сатийса со йитина

Хьо д1аваха воллура?

 

– Кхарна ма моттара-м г1ура вац хьуна со Дагман, со д1аводахь а, – мохь туьйхира к1анта. – Хьан аз хезаш валар-м х1умма а доцу х1ума дара..!

Г1ора х1ора минотаца шегара д1адолуш дуй хууш, лаг т1ера пхенаш а дуьйлина, пулемётан т1ам ма хуьллу шен белшах а г1ортийна т1ехьийзайора цо и б1аьрго ма лоццу йолчу лахенехь цхьангге а корта хьала ца ойбуьйтуш. Жимма цхьаьна месех сиконтана пулемёт саца а йина шен 1аь ма йоллу 1ин чу мохь туьйхира цо: «Да виса хьан, Дагман, хьо къуьйсуш беш белира х1ара т1ом!»

Юха а хьала тасабала буьйлабелира афганахой. Асламбека жимма хьала а айавелла пулемет царна т1еерзошшехь кхуьнан белшах чекх х1оъ бахийтира дитташ т1ехьара схьаеттачо. Ткъа Дагмана мохь бетташ лоькху эшар бен х1умма а ца хаалора Асламбекана.

 

Д1а ма г1олахь, деган везар,

Хьайца сан са д1а ца хьуш,

Т1аккха дац вайн къаста дезар,

Вайшиъ хилахь вовшийн гуш.

 

Дег1 жимм-жима тхьуз дола доьллера. Хьаьж т1ера охьа оьхучу ц1ийно, б1аьргаш чу 1ийдалуш, новкъарло йора хьалха хьежа. Х1етте а, ша пуллемётана телатийча санна и д1а ца хоьцуш, къар ца лора к1ант. Магнитофонехьа юха а хьаьжна мохь туьйхира Асламбека:

– Маржа я1 хьо, дуьне, ма деза кхоьлина-кха хьо! Лакха ахьа, Дагман, ницкъ ло ахьа суна! Вайшинна т1аьххьара эшар ю хьуна х1ара!

Ткъа йоь1ан озо кхин т1е а карзахдохура г1еллуш долу дог:

 

1уьйре йитна хьо д1аводахь,

Суьйре йитна хьо д1аводахь,

Со йитина хьо д1аводахь

И сан даге лалур дац….

 

Хьаьж т1ера ц1ий д1ахьакха кхо куьг хьалахьушшехь дагах чекхбелира, кийра а багош, бовха автоматан х1оъ. Асламбек меллаша охьавахара пулемётан лаг т1е та1ийна п1елг а болуш. Пулемёто меттах а яьлла стигланан сийналле хьалаеттара шен ц1е. Генахь гучу лаьмнийн рег1ана дехьара хьалакъеда йолалуш яра 1уьйренца г1оттучу маьлхан з1аьнарш. Б1аьргаш т1е к1айн марха таттаелира. Саде1ар лаг1дала долалуш балдаш т1ехь ц1ен лоппургаш х1оьттира.

– Дагман, х1инца-м д1а ца вахча ца волу хьуна со, хьуна мел ца лаахь а! Дала декъал йойла хьо, сан деган эла! Цул т1аьхьа, цхьа к1орга са а даьккхина: «Я Аллах1!» – аьлла д1атийра и.

Гуьренан шийлачу мохо, цхьана хенахь кхуьнан нанас санна, хьоьстуш д1асакегайора цуьнан хьажат1ера 1аьржа месаш. Ткъа Кандагаран 1инчухула доьлхуш мохь бетташ декара Дагманан аз:

 

Тийна аре сенъелла,

Байт1ехь зезаг хазделла,

Хьоме везар д1аваха,

Т1аьхьа йоьлхуш йитина.

 

Генарчу хийрачу мехкан т1улгийн дукъ т1ехь, лам санна 1уьллура шен къоман сий ца дожийна волу, дерриге дуьненан кийра а тарлур воцу нохчийн майра к1ант Асламбек.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.