http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан каш тIехь... Печать Email

Усманов Iимран

 

 

Шийттолг1ачу беттан цхьайттолг1а де

 

 

Нана, со юха а веана хьан коше,

Даьсса карийча хьо чохь 1ийна ц1а,

Хьох дагавала, ладог1а хьан даше,

Массарел гергара хьо яра сан.

Балхаца,некъаца хьевелла вог1уш,

Геннара къаьстара хьан догу кор.

Ирсен суо хетара, ладоьг1уш хьо йолуш,

Хьуна со хетара хьайн деган лор.

 

Хьайн б1аьргашчухула вайн дуьне гайтина,

Суна беш бода уьш хьабби ахь д1а.

Сан дагчохь хьайн сибат дагош ц1е латийна,

Х1усамехь дити ахь и шийла 1а.

 

Ца хили цхьани 1ер вайна ма хеттара,

Эшон ницкъ ца хили и къиза кхэл.

Йиги хьо ховхачу к1айчу хьайн меттара,

Шийлачу,1аьржачу цу лаьтта к1ел.

 

Кхетамо олура-дезар ду къаста,

Даго ца йуьтура 1ожалла т1е.

Ладег1на б1аьстене, лууш цо хьастан,

Ма хьалхе деа и вай кхерра де.

 

Шо дузуш юх-юха дог1ур ду шийла

Шийттолг1ачу беттан цхьайттолг1а де.

Нана ас хьуна сагатдийр ду хийла,

Некъ боцуш хиларна ван хьуна т1е.

 

Са детта к1ордийча лазарца къуьйсуш,

Г1о доьхуш санна, схьа хьоьжура хьо.

Деле хьо ехарца хьуна гуо туьйсуш,

Б1арзделла г1ад а дой хьийзара тхо.

 

Жима вац бохуш ахь ламаз 1амийра,

Жимчохь дуьйна ларби ас боккху ког.

Комаьрша яра хьо, саг1ийна т1ийра,

Ша ц1ена бусалба дара хьан дог.

 

Алахьа, хьо муха т1еийци Дала?

Ц1ахь санна езаш юй-те хьо цигахь?

Барт хоттуш хиин-те нийса дош ала?

Мэл узуш лерин-те мел лайнарг ахь?

 

Кхайкхина устазаш,и эвлаяаш,

Орцаха боьвлин-те, лецирий г1о?

Цаьрга  хьо кхойкхура, доьхуш – «г1о делаш…»

Шайн т1ома к1ел цара лецин-те хьо?

 

Вовшашка сатуьйсуш хилла вай генахь,

Хьо ц1ахь юй хааро вора со вох.

Замано гайтина 1овжинчу дийнахь,

Хьайниг бен лозуш дог ца хилла сох.

 

Хьуна там лехарехь, хьан дуьхьа дара

Сан кхиам, и толам,сан х1ора дош.

Сан хьал а, бахам а чохь, кертахь хьо бара,

Лергана аз хезаш, б1аьргана гуш

 

Ц1ера д1аваханчу новкъа б1аьрг бетташ,

Кхин кет1ахь 1ийр яц хьо диллина г1ант.

Хьо шега ладоьг1уш 1аьш хир ю моьттуш,

Дог ловзадуьйлуш ц1авог1ур вац к1ант.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.