http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сийлахь говзалла Печать Email

 

Дабачхаджиев Н.

 

Ткъе кхойтталг1а шо ду Кесабиева Зара Арбиевнас Гуьмсерчу № 3 йолчу юккъерчу школехь болх бен. Т1еман шерашкахь а, шина – кхаа шарахь алапа ца лучу хенахь а болх бинчех ю иза. «Сайна мелана, Делан дуьхьа, берийн дуьхьа бира-кх», – олу цо, шега хаьттича.

Кесабиева З.А. йина Сибрех. Цуьнан да Кесабиев 1аьрби, ц1ена бусалба хьанала стаг вара, нана Кесабиева Улькулсум яра оьзда, ийманехь, г1илкхехь шайн ялх доьзалхо кхиош яьхна: кхо к1ант, кхо йо1 кхиийра, дешар доьшуьйтуш,  г1иллакхехь цаьршимо. Х1ора доьзалхочо цхьацца говзалла 1амийра: цхьаъ хьехархо, шиъ – лор, к1ант – агроном, шолг1аниг лоьрийн дешар дешна волуш, лазийра. Меттахь дукха хан яьккхина, кхелхира иза. Иштта хьалхе кхелхина церан нана, да. (Дала гечдойла царна.)

Жима йолуш, школехь доьшуш даима лоьран говзалла хазахеташ яра Зара. Амма цхьацца бахьанашца цига яхар ца  нисделира.

Ца нисделлера аьлла, иштта 1ийра йолчарех яцара Зараъ: дас-нанас шайга доьшуьйтуш хьегна къа хууш йолу иза, эрна хан д1а ца йохуьйтуш, Гуьмсерчу педучилище деша яхара, цигара д1а Грозни-г1аларчу Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологически факультетан национальни отделене заочно, школехь болх беш.

Масех шарахь юьхьанцарчу классашкахь болх бина, шена безаш болу нохчийн меттан урокаш схьаийцира цо. Берриг ницкъ а, безам а д1ало цо балхана а, берашна а. Даима шен говзалла лакхайоккхуш, ша – шен 1амош, семинарашкахь дакъалоцуш, нохчийн маттана леринчу мероприятешкахь хуьлуш, схьайог1у иза. «Тхо гуттар цуьнга хоьттуш, 1емаш, болх беш ду», – олу цуьнан белхан накъосташа Бугаева Маяс, Израилова Лайлаа, Мустапаева Заремас, кхечу школера нохчийн меттан хьехархоша а.

Кесабиева З.А. школехь кест-кеста йо йиллина мероприятеш, яздархошца цхьаьнакхетарш, халкъ махках даккхарх лаьцна а, кхечу дезчу деношна лерина а. Иштта, иза хилира шен дешархошца Айдамиров Абузаран музейхь, цул т1аьхьа и дагалоцуш мероприяти д1аяьхьира, и кхелхина кхо шо кхачарна лерина.

Цу гуламе кхайкхира яздархочун йо1 Айдамирова Машар, махкана вевзаш волу журналист Сумбулатов Дени, Айдамиров Абузара уллора накъост хилла лелла волу, кхиболу яздархой. Ч1ог1а дагах кхеташ, к1орггера бакъдерг гойтуш йира цо лакхарчу классашкара дешархошца халкъ махках даккхарна лерина урок «Кхойтта шарна бахбелла некъ» аьлла ц1е йолуш. И дара М.С. Горбачевс «гласность и демократия» аьлла кхайкхийначу шерашкахь.

Дукха материалаш арайийлинера газеташ т1ехь, журналаш т1ехь цунах лаьцна. Дийца, яздан йиш йоцуш, кийрахь къийлина, 1аьткъина бала балхийра яздархоша а, махках дахаран къахьо лайначу наха а. Цунах лаьцна яра и районни семинарехь Кесабиева Зараас йина урок. Цул т1аьхьа массо а школашкахь ян йолийра и тайпа урокаш, мероприятеш.

Х1ора шарахь дакъалоцу цуьнан дешархоша олимпиадашкахь а. Дукхахьолахь хьалхара меттигаш йоху. Цо 1амийна дешархой лакхара дешарш дешна даржашкахь белхаш беш бу. 2006-чу шарахь Зараа дакъалецира хьехархойн конкурсехь. Цуьнан белхан дика мах хадийра куьйгалхоша, грамоташ, ахчанца совг1ат дира. Исс шарахь завучан болх бина цо. Шен дахарехь цо уггар коьрта лоруш дерг нахана а, берашна а везаш, лоруш хилар ду. Хьехархочун болх ч1ог1а жоьпалле декхар ду олу Зараа, берашна еша, язъян 1аморах ца тоьа, уьш нийса некъ харжа 1амо а, къоман г1иллакх – оьздангаллехь, ийманехь кхио беза. Хала болх белахь а, хьуна бераш дезаш, хьайн белхан дика жам1аш гуш хилча, атта бало и  болх, олу Зараа.

Х1окху 2010-чу шарахь Гуьмсерчу № 3 йолчу школехь халкъ махках даккхарна лерина мероприяти д1аяьхьира нохчийн меттан, литературан хьехархочо Кесабиева Зара Арбиевнас, ялхалг1ачу классан дешархошца. Белхан зиеделларг долуш йолчу, масех шарахь районни нохчийн меттан хьехархойн методически цхьаьнакхетаралин куьйгалхо лаьттина йолчу хьехархочо хаза кечйинера кабинет а, дешархой а, къаьсстина зудбераш дара шайн коьртахь техкина йовлакхаш, хаза оьзда духаршца, белакъежарш доцуш, шаьш кечйинчу мероприятин мах хууш дара и бераш. Уьн т1ехь яздина дара Шах1ида Рашидовн дешнаш, эпиграфана далийна: «Делхийтиша дашо дог1а кхечанхьа, со сайн махкахь аш витийша, т1улгаш делхарх, билларх ша».

Ч1ог1а дагах кхеташ дешнаш дара бераша шайн стихашкахь далийнарш и де лерина, цара карлаехира кхузткъе ялх шо хьалха дагна йина чевнаш, къоме 1овшийтина къаьхьа стом. Цу т1екхуучу къона ч1уро, дукха хеттарш дора соьга, цо гойтура церан бала хилар, и лелларг довза лаар. Зараа царна дуккха довзийтина хилар.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.