http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ас хьуна сайн байташ йоьшу … Печать Email

 

Тамаш

 

Тасу, дуккха а хиламаш, хийцамаш хиллера сан дахарехь хьо вевзачу дийнахь. Чам баьккхинера дикачух, вочух. Моьттура хааза, ганза, ланза дисинарг дац.  Цхьа куьг лестош, жимма техкачу боларца хьо гучуваьлча, суна х1аваъ ца тоьира, 1ачуьра г1аьттина дехьа елира со. Я йоьжна лаьттах иэн, я т1ома яьлла стиглах иэн ойла йолуш дуьне гатделира. Т1ехваьлла д1авахча воллушехь, хьо т1ех1оьттира сан йоьхна-яьржинчу ойланашна. Со хьажаелира хьоьга. Б1аьрнег1ар тухучу юкъанна, хьан алчу б1аьргийн айманна чуюьйжира. Хьоьга кховда дагахь хилла сайн ши куьг не1саг1ех тесна сацийра. Со ца кхийтира сайна хиллачух. Хьо кхеттера цунах. Шерийн гонахехь со хьалха елахь а, хьан алссам зеделларг хиллера оцу х1уманах. Суна къахьделира хьо воцу дуьне. Амал дацара хьо хила. К1урк1амане хьовзийна догучу даго ла ца дуг1ура хьекъале. Ахь говза лецира со. Хьан говзалла ца хила а мегара и, сан лаам а бацара генахь. Т1аьхьо ун-м хилира хьуна а, суна а цунах. Амма хьо юха а лан везаш хилча, со юхаер яцара, ткъа ахь ойла йийр яра…

 

Суна дезара хьоьца даьккхина сурт, моьттура, суьртийн дуьненахь хьо уллохь хилча а тоьур ду сайна. Вайшиннан дуьххьара сурт сан доттаг1чо даьккхира. Цхьаъ бен ца хиларна и соьгахь дисира. Шолг1аниг а даьккхира цо. Дага ца дог1у айхьа цунах динарг? Хьаьззийна со уллора д1аяьккхинера хьайна! Х1ун дира ахь сох, ягийра, ят1ийра? Нийсса, суна дог1ура иза.    Цхьана юкъанна хьуна соьгара хаза оьшуш хилла «коьрта» дешнаш, корта бацараллина дийкира. Ткъа уьш, к1орггерчу безаман дешнаш, мел даггара хиллехь а, хьуна беламе хеттачух тера дара. Со кхийтира, сайн доттаг1че ахь яздинарг дешча: «Сан малх, хазаллин кхачам хиллачу хьан б1аьргийн йийсарехь ву со…» Б1аьргашна гучух ца тешара со, даго т1е ца дуьтура, дуьне къаьхьделла, есалла х1оьттира. Ас хьоьга хаам бира: «Ахь «малхе» яздинарг д1акхечира шен дега». Хьо цецвелира: «Х1ун? Хьан? Хьаьнга?» Со къийса ца елира хьоьца. Хиллачу восана къурд бина, ас совг1атна йитира хьуна и хьан юьхьдегалла. Шолг1ачу дийнахь балха т1ехь цхьаъ галдаьлла вас хилира хьуна. Сан сардам бахна, элира ахь. Цо а гойтура дерриг а. Суна ца гора. Ца гора цу хенахь а, ца го тахна а. Ткъа сардам? Цкъа а луур дацара суна хьуна цатам, вас хин йолу х1ума ала а, дан а, суна цунах мел дика болх хилча а. Суо дика ю бохург-м дац сан иза, бакъду, хьоьца долчунна со даиманна а хилла ц1енчу даггара. Со тешна ю: Дала синош дуьнен т1е канашкахь кхиссинчул т1аьхьа, эзар-эзар шерашкахь дуьнен т1е довла азаллин паналлехь рог1е хьуьйсуш уьш лелаш, вайшиннан синош ул-уллохь хилла хиларх а; дуьнен т1е цхьана дийнахь ца девллехь а, хено уьш къастийна латтийнехь а, амма лаьтта т1ехь мацца а шаьш вовшехь кхетча, вовшашна девзина, церан  цхьана ханна хилла уьйр дуьненан 1адаташ бахьанехь хадарх а. Лаьттахь а, мел дукха вовшашца  дахарх, я стаг лей зуда юьсу, я зуда лей стаг вуьсу, цундела азаллин паналлехь хьоьца кхета йоза хир ду аьлла-м ца хета суна. Амма сан сатийсаман ойланаш соьца еха, ас ца доьху хьоьга сайца уьш екъар. Шерашкахь, бахьна хьо долчу, толам ца хуьлучу т1амехь лаьттина со сайн сица, сайн дагца. Юьхь1аьржа хилла сан а, хьан а гергарчарна хьалха. Ларъелла, со лерина ахь дендолчу зиэнах. К1езиг х1умнаш ду? Хила мега.   Кхета, везачун далар ца эшна, цавезачун алар ца эшна. Мелла а шолг1ачу декъах ларйина ахь со, баркалла. И шолг1а дакъа бехказлонна х1оттийра ахь хьайн керлачу кехатна со т1аьхьакхиъча: «Сан дахаран хазна ю хьо, сан хьомениг. Хьоьга кхоллабелла сан безам денна ч1аг1луш бу. Хьо езаро ирсе вина со. Даиман хьан ойла йо.  Хьан хазалло, дикалло…» Чекхдалаза дара кехат. Цхьаммо новкъарло йина, я хьуо а шек волу деса дешнаш  вовшах тийса эхь хетта дисинера-м хаац, амма сан доттаг1чо беламе ийцира хьан массо а дош. «Воккхачу стеган п1ендарх шайт1ано муьшка тоьхна», – г1адъяхна и йийлича, лиира суна нехан кехат деша, амма хьан яздаран хат1 девзича, дуьне доьхна, когаш к1елхьара латта хаьдча санна йисира. Мухха а, леринчунна ца эшаре терра, кехат сан карахь дисира. Ас юх-юха а доьшура иза. Суна лаьара и дагахь дуьсийла. Сайн хьох лаьцна йоккха ойла йолчу дагахь. Лаьара, оццул хьох доккхалла дан лууш долу сайн дог  ц1ийлахь керчийла, цунна хиллачу цатоме хьоьга цабезам кхоллийта. Ас дуккхаза а юх-юха яздина, г1ап йира кехатех. Цу юккъехь 1ачу сайна хийла т1ехтохам бира: «Коьртаниг, цкъа делахь, хьоьга ца яздина. Шолг1а делахь, хьоьга а дийцинчу дешнех  пайда эцна. Амма «сан цхаъ бен йоцу, хьомениг-м» ца аьлла». И бахьна хилира со хьуна къинт1ера ялаяларан. Эрна хилира ас хьоьга къадийна кехатах дерг. Хьуна г1енах а гина а, хезна а дацара и. Цу т1е ц1арца яздина а дацара «хьанна хаа и хьоьга яздинарг дуйла?»-атта к1елхьара велира хьо. Х1етте а, цунах хиллачунна т1аьхьакхиа хьо г1ортар хиира суна. Цундела аладелира соьга: «Ахь цхьа барт баьккхинехь, кхин цкъа а кехат яздийр дацара ахь «малхе». Хьо цецвелира: «Х1унда? Суна оьшуш-ам яцара иза. Эцца, цкъа-шозза…» Сан хийцаяларо мотт сацийра хьан. Хьалаэккха де дацарна когаш т1е лахъелла, холчу х1оьттина, дагар айделла, кхохкийна, хьацар туьйхира суна: «Со а эшна-те иштта?» Делахь а хьуна хьалха со оццул ледара, к1езиг яларо ницкъ белира чекхдаьккха: «Хьан «маьлхан» багара даиманна а, уллохь ца сацалуш, хьожа йог1у». Суна тахна а эхь хета, сел осала, собар доцуш, дукха ч1ог1а шух  суо таръяларна. Б1аьрзечу эмгаралло со  къонах ца хилар гайтира. «Суна хьожа а ца кхета», – воьхнаа элира ахь. «Хаьа суна, цхьана а х1умнах», – жоп делира ас. Хьоьга д1адала деъна кехат соьгахь дисира. Тахна а эхьан терзанна метта леладо ас иза.  Цул т1аьхьа суна хийлазза а хьан соьга болчу безамах дерг хезна, яздинарг а гина, б1озза а «ас толам баьккхина», т1ам хецна стигала хьажа ойла а кхоллаелла. Амма сан дагна хьаам а, тоам а ца хилла. Доцца аьлча, сан толам моттарг1анан хилла. Ахь ма аллара, безам баха а, лар йоцуш бан а цхьа дош а тоьу. Муьлхарг дара и дуьххьарлераниг я т1аьххьарлераниг? Сан хьесап дайна. Ас хьуна лийринчу дешнийн хан яйна, суна долчунна, хьуна а и ца тоьа.  Вайшиннан б1ахьаллин арахь дукха ду нисдан ницкъ цакхочурш. Х1ун дер ткъа, хено нисдийр ду дерриг а. Вайшиннан /я сан хьоьга!/ хиллачу безаман юьххьехь, байташ йоьшура ас хьуна. Дуьххьара ийзалуш, т1аккха хецна-а. Цкъа хьалха неханаш, т1аккха сайнаш. Хьо хьовха, со суо цецъюьйлура. Хьо сан «хаарех», со сайн т1аьхьайисарх. Цхьа-ши б1е яра уьш, со «т1ома» яьллачу хенахь, ас оьрсийн маттахь язйинарш. Т1емаш дойна, лаьттах  кхетча, къа ца хеташ чим беш ас ягийнарш. Лазарх «ц1анъелча», юха а язло соьга. Х1орш тера яц хьалхалерачех. Ойла йо ас, суна карош хиллачу сирлачу дешнийн хьоста доьза дарах, ткъа байтамаллинарш оьланашкахь 1анадахарх. Сан дог а, сатийсам а ца бисна хьога хьежа, еккъа есалла йоцург. 1уьйранна, кор  д1адоьллушехь, ягаран хьожано юзу сан чоь. Хьо воцу керла де ду догург я сан хьоьга сатуьйсу дог ду морцург? Оццул хан яьлча а ца 1ема со хьоьга ца хьежа, ца 1ема хьоьга са ца тийса…

Ас хьуна юха а

сайн байташ йоьшу,

Ас хьуна юха а

сайн дог д1адоьллу…

 

Хьуна тамаша ца хетта Тамаш

С а т и й с а м

 

 

Д1айолху г1арг1улеш г1ийла,

Сан дагна лазам беш, кхойкхуш.

Сатийса йисна со хийла,

Юха гар ойланца лоьхуш.

 

Хьох хили сан деган илли

Г1арг1улийн т1аьххьара эшар.

Дахарехь шийла йис йилли,

Ца еша, ахь ярах уьшар.

 

Д1аяй и г1арг1улийн ковра

Стигланийн 1аьрчашкахь

тийна…

Хьан дешнийн хазалла йовра

Дахаран халонех ийна.

 

Ца лаьа хьох яьлла яха,

Сатуьйсуш хир доцчу ирсе.

Йишъелар г1арг1улех яха,

Лаха хьо воцу иэсе.

 

Хьо воцу кхо де

 

Кхо де - кхаа бетта новкъа

Д1адахна, хьо ца гуш суна.

Къаръяла ца лаьа суна,

Дог а ца дуьллу ас хьох.

 

Хено дерриг а ширдо,

Муо буьсу, д1айоьрзу чов.

Хьанна го, дог ц1ийлахь керчар,

Лазийна, берч цунах  хилар?

 

Дог-зуламхо

 

Суо-сайна кхелахо хилла,

Сайн дог ас ийзадо жоьпе.

Меттиг бац и къайле дилла,

Ду цуьнца сан хьекъал девне.

 

Дог догу марса а дуьйлуш,

Ойланаш ца йоьрзу хорша.

Хьекъало, довха ц1ий г1орош,

Йоуьйту юха а хорша.

 

Хилалац дагах толамхо,

Безам ца лору бехказло.

Гуттар ду бехке, зуламхо!

Мух1ар та1адо хьекъало.

 

Эшац деган ян мук1арло,

Безаман алух дуй бууш.

Хьекъало и лору ледарло,

Гац цунна дог ц1аро дууш.

 

Ма хуьллу,

дог хьекъалх тийсало,

Дуьне а кхоьллина безамо!

Толам ца боккху къийсамо,

И дожадо керлачу эшамо.

 

Хьекъална хаа дерриг а,

Цо гойту бакъдериг лаьттахь.

Безамца хилац наггахь а,

Дог долуш хьекъалца бертахь.

 

Безаман хIорд

 

Хьулйина

хьан б1аьргийн аймано,

Ца дало бердехьа нека.

Шовданах декачу хьан озо,

Моттало яьккхина новкъа.

 

Х1инццалца к1айн хетта дуьне,

Дешеха кхелина хилла.

Йирзи хьо воцу хан уьне,

Хиэ яьхьна цун кана хила.

 

Хьан дешнаш-бацалахь

жовх1арш.

Малхаца къийсалуш лепа.

Цаьрца сан гила-ойланаш,

Тем боцчу паналлехь яйна.

 

Азаллехь язбина кхоллам,

1аьржачу марханех хьаьрчи.

Хьох ма ца къаьста сан безам,

Хьогаман х1ордах и баьржи.

 

ХIун дохьу кханено?

 

Хьуна к1ордийна сан байташ,

Хьуна уьш дуккхаммо ешна.

Дог1ийла хьуна а денош,

Хьан карахдолуш уьш еша.

 

Хьо массо х1уманах кхиъна,

Чекхваьлла хих а, ц1арах а,

Амма хьо цецваьлла висна

Чекхвала ца велла безамах.

 

Дешнаш-м турпала дара хьан:

«Сан цхьаъ бен йоцу, хьомениг!»

Ладоьг1ча, цу дешнийн лорах ян

Хилла масех а «хьомениг».

 

Ахь лору дерриг д1адаьлла:

«К1ур тесна,

ц1ерпошт д1аяхна!»

Жоп дац хьан кханенах дала,

Хьо парг1атваьллехь а тахна.

 

ГIан

 

Суна наб кхетта,

Цхьа хаза наб.

Дуьне а детта,

Ца дека ч1об.

Хьоьсту хьан метта,

Г1енаша со.

Хьо вуьсу латта,

Со х1уоно хьо.

 

Стигланийн к1оргалле

Ас нека до.

Кхузахь хьан аьргаллин

Караяц лар.

Марханийн меттахь

Малхо дутту,

Лаьттахь ца тоьу

Безаман мутт.

 

Мохо кор детта,

Лерехь ду зов.

Сан ирсах кхетта,

Г1ан сиха дов.

1уьйре чухьожий,

Со г1аттайо.

Сан хьоьга хьоьжу

Де долало.

 

Хьан ц1арца йижна,

Со цуьнца г1аьтти.

Даиман доьжна

Дог, г1ено г1атти.

Цу г1енан кхоьлах

Ахь суна эли,

Со самах хьоьгу

Безаман илли.

 

ХIун вон болх

бина ас хьуна?

 

Ахь атта туьйхи букъ суна,

Ас лехна карийча санна.

Ца лаьа кхул т1аьхьа яха а,

Бакъдолчун маь1на карон а.

 

Говза ахь боьг1начу гуро,

Хьажийтац караян къаро.

Ца йоьрзу чов ялла суна,

Х1ун вон болх бина ас хьуна?

 

Ца хиъна ларъяла хьох суна,

Хетта хьо дуьненан меха.

Хьан б1аьргийн шелоно лаьцна,

Хиллачух ца кхеташ сецна.

 

Ца лаьа хьуна ладог1а,

Ца деза леткъамийн дог1а.

Ас доьху, жоп лохьа суна,

Х1ун вон болх бина ас хьуна?

 

Къахьоьгу ахь барам боцуш,

Дог дохон аьрга дош лоьхуш.

Юкъ туьйсу

б1аьргийн серлонна,

Аз а г1орадо шелонна.

 

Хьан толам – сан б1аьрхин экъа-

Баьржина эшаман новкъа.

Жоп лохьа мацца а суна,

Х1ун вон болх бина ас хьуна?

 

*    *    *

К1ирнах ас ларийна гаргол,

Ца хезаш, бекна, д1абай.

Хьайн озана ахь тоьхна баргол,

И муха яьсти ахь, хадий?

 

Дала ша нисди-кха хьуна,

Дуьненал а доккха бахьна.

Ас х1инца цуьнга сатийса,

Юха хазар хир дацар-те?

 

Бехк боцу бехкениг хилла,

Йиш йоьхна, дош дайна сан.

Ма лиънехь, з1е тоха соьга,

Йиш хилла, хьомениг, хьан!

 

Нуьцкъала хилалац хьоме,

Ца кхеташ яцийца со-м.

Суна бан дика болх  боллушехь,

Г1орийна дог долуш

хилла-кха хьо!

 

*    *    *

Хьо соьха даггара воьлу:

«Берашца ахь салаз хоьхку!»

Ца кхета, со т1аьхьа йисарх,

Дахарехь хьо вайна леларх.

 

Карийча а хьо хилла

Вовр волуш атта.

Кхин седа хилла

Хьан стиглахь кхетта.

 

Мел ч1ог1а со къагарх

Хилац со сирла.

Хьан г1ура яшон

Тоац сан йовхо.

 

Виелахьа к1ежтуьйсуш,

Дассош хьайн дог.

Мекханах и ц1андеш,

Хьегахьа къа!

 

*   *   *

Сан дог, хьо,

Лазамийн уьйриг.

Т1аьхьадисна дахарна

Хаахьа хьайна.

Мохь бетта-м эшац

Цунах хьо кхето,

Куьзгано гойтица

Хьан шерийн гота.

 

Х1етте а дицлой хьо

Деттало эрна.

«Собар» ас боххушехь,

Ц1е кхерстий, йов.

«Хьекъалан» масал а

Долуш ма дара.

Г1орийначу деган йовхо

Хуьлуш ма яцара.

 

«Х1упп» бахарх ц1е кхарстац

Овкъаршна т1ехь.

Къааштонна метта

Ножан гуьйриг хилча.

Сан дог, хьо,

Лазамийн уьйриг.

Сох йин ахь

Дог доцу т1уьйлиг.

 

*   *   *

Ас эрна къахьоьгу

Кехаташ бехдеш.

Цхьа сал а гулдой,

Кхе кхуьссу уьш.

Оццул а лаарах

Со хьох ца 1ем,а.

Генара хьежархо

Со хила ца ло.

 

Ас сайна «ор доккху»

Суо лелачу новкъа.

«Кол юьллий»

Некъ лоцу сайн.

Со кхето г1ерташ,

Ахь къа ца хьоьгу.

К1ардийна  сацаре

Сатуьйсуш 1а.

 

Г1ар йоцу мохь хьоькхуш,

Ас орца доххушехь,

Хьуна бен и хаза

Йиш йоццушехь,

Б1аьргашна б1аьрзвелла,

Лергашна къарвелла,

К1ур боцчу ц1ергахь со

Йогуьйту ахь.

 

Сан «бисмил», сан «алхьам»,

Сан деган лазам,

Лехна ца нисделла

Т1аьххьара г1ан.

Ванах, хьо, сан дег1ан

Меже ма яцара,

Сел ч1ог1а «туп» тоьхна

Синхаамех иэн!

 

*   *   *

Ломахь керчина чхар божахь,

Я рег1ахь мохо буц хьаяхь,

Ахьа со хийрачул херйо,

Сан доцчу собаро къарйо.

 

Ахьа сан амал хийцина,

Сан синан парг1ато хьарчийна.

Сайна а ца евза суо.

Бисина дегабаамийн муо.

 

Цкъа дуьне мазал а марздо,

Юха и стимал а къахьдо.

1ад санна геналле кхуссу,

Я буьйнахь 1аддарг1ех сацайо.

 

Ас луьтту есалла десачу,

Ойланийн г1аланаш херцайо.

Хьайна товшдерриг

ахь д1анисдо:

«Ца дича х1умма а ца хуьлу!»

 

Ахьа со ца вешаш хьоьсту,

Цундела со ц1арах йогу.

Сан даго т1е куьг ца яздарах,

Со кхета сайн меттигах:

 

Хьо воьдучу новкъа нисбелла,

Хьан мачин айранна к1ел,

Ца оьшуш,

ахь юьстах кхоьссина,

Новкъара т1улг хили-кх сох.

 

*   *   *

Ца оьшу тоьллачийн

Кура хабар,

Я церан хьадалчийн

Уьш сийсазбар.

Со кхоьру, доттаг1ийн

Дицдарна дехар.

Ца кхуьуш, мостаг1ийн

Дисарна декхар.

 

Сутара ца хьоьжу

Дуьненан хьоле,

Мел хиларх и дуьсу

Ца дуьллу меле.

Замано ца хуьйцу

Сан деган къайле,

Ас хьоьга сатуьйсу,

Ца хуьлу г1оле.

 

Ларло со кхардамах

Цабезарийн.

Кхоьру со сардамах

Суо езарийн.

Йогу хьан беламах

Цавашаран.

Дог диллац безамах

Сатийсаран.

 

Ца до ас до1анаш,

Эрна хан йоьхуш.

Сов даха сайн къинош,

Гечдар а доьхуш.

Тоьур ду сан денош

Хаззалца суна,

Со йолчу вог1уш

Хьан когийн тата.

 

Хьуна сох кхоам хета

 

Хьуна сох кхоам хета,

Диэзаш лелийначу,

Неца кхеттачу

Барзакъах санна.

 

Хьуна сох кхоам хета,

1ег1ано г1елдинчу,

Нехан бешарчу

Хесах санна.

 

Хьуна сох кхоам хета,

Уьшална юккъерчу,

Цхьалха техкачу

Томарех санна.

 

Хьуна сох кхоам хета,

Хьан йоцуш, зен яйна,

Бай т1е ца йоьхкина

Хазаллех санна.

 

Ткъа суна хьох мисхал

Кхоам ца хета.

Хьо долчух ца кхета,

Сан хьуна догэт1а.

 

Ахь хьоьстучу

«Хазачу, эсалчу

Б1аьргаша,

Ховхачу, к1едачу

Балдаша»,

Дахаран ц1ергарчу

Йоккхачу базарахь,

Мах айбан стаг валахь,

Совнахчу шайнах.

Вевзачух, хийрачух,

Муьлххачух кхечух,

Хуьйцур волчу хьох-

Суна къахета…

Ткъа хьуна…

Сох кхоам хета.

*   *   *

Оьмаран зиле со кхочуш,

Сан дийнан чаккхенгахь

Хьо хир вац.

Ас хьуна дуьтур дац дехар а,

Вайн доьзал

Кхуьйлур бац хьоьга.

Доккхачу лайлахь хьо  вуьсур ву,

Т1еван некъ боцуш,

И нислахь 1ай.

Даккхийчу хьашташа

кхайкхина вигна

Хьо хир ву генахь,

И аьхка нислахь а.

Дилхинчу дог1наша,

текхамаш бина,

Некъ юьхьарбаьлла,

Вуьсур ву, гурахь.

Хуьлда и б1аьста,

олхазарш декаш,

Дерриг а 1алам

Дендала долалуш.

 

Суна х1ун бен ду и

мацца а хилча а,

Хьо цигахь суна гург ца хилча?

Хьан юьхь т1ехь г1айг1а

Ас йоьшург ца хилча,

Со йоцу хьан бала

Бевзариг ца хилча?

 

Верта т1едаржийна,

барма схьалаьцна,

Со Деле йоьхуш,

До1анна куьг лаьцна.

Суна т1е лаьттан цинц

ахь кхуссург ца хилча,

Сан барзах

куьг тоьхна,

Хьостуриг ца хилча?

 

Х1ун бен ду суна

и мацца а хилча а,

Со хьайна къинт1ера

ахь йоккхуш ца хилча?

 

ХIун хилла вайна?

 

Сан къинойн мохь эцна ваха,

Со бахьнехь ц1ергахь а вага,

Б1ов йотта Башломахь юха,

Мокхазан берд цигахь ага.

Б1о тоха муьлххарг а юха,

Харцадан х1илланийн ага,

Хьо вара селхана кийча,

Ткъа тахна х1ун хилла вайна?

 

Дайна дерг дахаран хьаьттахь,

Сатийса ца ваьхьнарг г1енах,

Нисделла дерриг а меттахь,

Соь бахна хьан безам бахьнехь.

Ца тешаш кхаьчначу ирсах,

Кхоьруш хьо тиларна некъах.

И дерриг дара селхана,

Ткъа тахна х1ун хилла вайна?

 

Муьлхарг ду сох доьжна г1алат,

Ца нислуш, галморзахдаьлларг?

Со яра хьан хилла г1аларт,

Хьан дош бен

кхин доцуш аьлларг.

Хьо воцуш дийнахь ца мегна,

Хьоьца бен сайн ирс ца дезна.

И дерриг селхана мегна,

Ткъа тахна х1ун хилла вайна?

 

*   *   *

Дахарехь д1аг1ур ду денош,

Со йолуш я йоцуш лаьттахь,

Хаалахь, со йоцчу дийнахь

Къинт1ера ца яьллий доггах.

 

«Сан цхьаъ бен йоцу, хьомениг!»

Хьоь баха даларна йоццушехь.

Китарлойх ахь г1ала йоттарна,

Дийца хьайн бакъдериг

доллушехь.

 

Кхин т1аьхьло йоцчу

хьан  дешнех,

Къилбанан нийсо ас ярна.

Тешаеш хазчу туьйранех,

Дийца хьан карахдаларна.

 

Хьан ц1е таръелла марчонах,

Сан дег1ах

ца къаьсташ хьарчарна.

Иттаннех чекхдевллачу дешнех,

Хьадисан мог1анаш тардарна.

 

Сан б1аргийн нег1арш

ца айлуш,

Эхьо даздина латторна.

Ц1арах со ягарх ца 1ебаш,

Г1орийначу х1орда кхоссарна.

 

Бехк бу сан а сатийсарна,

Хила йиш йоцчу хазалле.

Хьан туьйра дахарх дустарна,

Чаккхе кхачарна къаьхьалле.

 

*   *   *

Сан восийн кочар а

Дуьзна ца даьллера.

Кхин цхьа вас хьогара

Т1еоьшуш кхозура.

Ахь хазчу г1иллакхехь

Со цунах ларйира,

Эххар а собар

Хьайниг а кхачийра.

 

Со дика кхета хьох,

Бехке дац цуьрриг а.

1емина хьо ваха,

Нислуш дагахь дерг.

Суна вас хиларх

Хьан бала бац.

1ийжа чов хилларг

Хьан дог а дац.

 

Сан г1енийн г1айбанах

Х1айкал хиллица.

И восийн кочарах

Д1аийди ас.

Хьоьгара хилла вас

Царна т1ейоьзна,

Бух боцчу бердах

Уьш кхиссина ас.

 

Январь-июнь.

Суна дика дагадог1у, хьуна дицделла а хила там болу шо

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.