http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БIаьсте ели Печать Email

Магомадов Мовсар

 

Магомадов Мовсар Гадаевич.  Вина 22-г1а майхь, 1950 шарахь Казахстанехь Кустанайски областехь. Карарчу хенахь Нохчийчохь, Шела г1алахь, вехаш ву. Цуьнан дуккха а байташ араевлла Шела к1оштан редакцин газета т1ехь. Иштта эшарш а ю цуьнан дешнаш т1ехь яьхна. Кестта, байткхоллараллин гулар а ю цуьнан араяла езаш кечйина.

Ког байбеш еана схьакхаьчна ели,

Йовхонан х1уо дохьуш б1аьстенан юьхь.

Аренаш сенъелла, б1аьсте ма ели,

Исбаьхьа 1алам ду вайн Нохчийчохь.

 

Ч1ег1ардиг, селасат, аттйокх схьакхечи,

Эшарийн зов лаьтта аренашца.

Вайн бошмаш, аренаш зазано кхели,

Мерза чам-хьожано дог ийдарца.

 

Дийнатийн дахар а к1еж тийса дели,

И синош шайн кхерчаш тодеш ма ду.

1аламах воккхавеш, дог ловза дуьйлу,

Тхан сийлахь Даймохк хьо мел хаза бу.

 

 

Б1АЬСТЕНАН ЮЬХЬ

 

Б1аьстено ойланаш йойту,

Дан дезарг ма дукха ду.

Ховхачу лаьтто садоь1у,

Ялта дие нах кечлуш бу.

 

Лело куьг оьшуш ю бошмаш,

Язйийр ю стоьмаша уьш.

Алсамма юьйра ю хьаьжк1аш,

Г1абакхийн х1у а ду дуьйша.

 

Б1аьстенан мур марса болу,

Ларош я ларонза а.

Мало яхь хьо-м дохко волу,

Гуьйрено гойту жам1 а.

 

 

БИЭКА ПОНДАР

 

Биэка, дечиг пондар, биэка,

Бала балхош, боьлху мерз.

Воцуш стаг шен бала биэкъа,

Бассабелла бовха кхерч.

 

Биэка, иза дагалуьйцуш,

Синкъераме яхна хан.

Д1а мел даьлларг хьоме хеташ,

Белла пондар х1инца къан.

 

Д1аихна берш дагалуьйцуш,

Къонахийн д1алелла дош.

Зама хийца ялар дуьйцуш,

Ойла ма ю хено хьош.

 

Г1иллакх, оьздангалла юьйцуш,

Оьзда наной, оьзда дай.

Вайн довш лаьтта 1адат дуьйцуш,

Бека, дагна бала бай.

 

Ладог1а стаг воцуш биэка,

Хьанна оьшу бохуш ша.

Беттан серло корехь къиэга,

Буьйса юкъал т1ехъяьлла.

 

 

ДАГАДОГ1У

 

Суна-м х1инца дагайог1у

Вайн д1аяхна хаза хан.

Вай левзинчу гу т1е волу,

Юха а бералла ган.

 

Вовшен кхойкхуш берийн аьзнаш,

Лерехь зевне дека сан.

Дегнаш т1ера дерзац даь1наш,

Къестош вовшех дохуш вай.

 

1ежаш, кхораш, хьечаш дууш,

Денна девлла лелара.

Я ден-ненан са а дууш,

Хьашт доцче ца кхийдара.

1а чекхдолуш хьонке оьхуш,

Стоьмаш лехьош аьхка схьа.

Гурахь хьаьжк1аш схьа а йохуш,

Раг1ун к1ело юзура.

 

Дена, нанна улло довлий,

Бошмашкахь болх бора вай.

Суьйре еъча, нене олий,

Кино ваха лохьа шай.

 

Буьйсанна чудерзар доцуш,

Ловзуш кхоьхьура вай мур.

Тидам боцуш хан д1айолуш,

Хилла-кх маццаъ вайн къанлург.

 

 

КХОЛЛАМ

 

Х1ай кхоллам, ма г1ертахь некъаш сан цеста,

Ма г1ертахь ваккха со дакъаза хьо.

Безначех до ахьа сел къиза къестар,

Х1ай кхоллам, ахьа-м тхо ма хьийзадо.

 

Бераллехь шед етташ, кхиийша бохуш,

Къоналлехь дахаран тхо кара ло.

Уггаре оьшучохь тхо вовшах дохуш,

Х1ай кхоллам, ахь х1унда тхо хьийзадо.

 

Х1ай кхоллам, битахьа безамаш бага.

Безаман мерза мутт милийтахьа.

1ехадой, кховдадой, хададо дакъа,

Х1ай кхоллам, дитахь тхо мерза даха.

 

Дуьне а довзарна ахь дохко доху,

Лоьху ахь бахьанаш тхан г1алатех.

Алахьа , х1ай кхоллам, ахьа х1ун боху.

Цхьа а вац вуьтуш ахь хьайн декхарехь.

 

 

КЪИНТ1ЕРА ЯЛАХЬА, НАНА

 

Сан дуьхьа хиллехь хьан буьйсанаш яйъар,

Сан дуьхьа хиллехь хьан деган лазам,

Со бахьнехь хиллехь хьан балано 1ийжор,

Вайн Дала бойла-кха суна бекхам.

 

Хьо бахьнехь хилла сан дуьненчу валар,

Мел хала кхиийна хир ву ахь со.

Хьан дешнаш кегдеш хиллехь со ц1армата,

Доьху ас, ялахьа къинт1ера хьо.

 

Со бахьнехь йилхина б1аьргех хи даьллехь,

Со ваьхьнехь дош дуохо човхийна хьо,

Нагахь хьан лезна дог суна ца гинехь,

Къинхетам боьхуш хьоь, ас до1а до.

Хьан хама ца беш со д1алеллехь, Нана,

Ялахьа къинт1ера, доьху хьоьга.

Эхартахь хьийзор вуй хаьа суо кхана,

Г1о-орца доьхуш, мохь бетташ хьоьга.

 

 

ЛАДОГ1А

 

Халонаш 1итталуш зама ю хьуна,

Нахала вала кеч ма лолахь, к1ант.

Цхьа а вац дахарехь атта чекхваьлла.

Бохамо 1овдуш цкъа лоцуш ду лаг.

 

Хьайн хаза юьхь-сибат тишдала доьлча,

Дог дохий куьзгана ма хьежалахь.

Тахана челакхе буохь боьг1на ваьлча,

Х1ун хаьа, де эшна вуьсий кхана.

 

К1еззигчу декхарна т1аьхьа а валий,

Неха са дууш хьо ма лелалахь.

Амма де доьхна ву вехаш верг алий,

Цунна т1ехь декхар хьайн ма диталахь.

 

Ала ца тарлуш дерг сихдан ма г1ерта,

И ала оьшуш а кхочур ю хан.

Наха сий цадечун сий а ма делахь,

И дан хьо волахь, сий довр ду хьан.

 

Дозалла деш доьзал хеста ма белахь,

Ца хууш кханенан къайленаш ахь.

Зоьртачу дег1ах хьайн воккха ма велахь,

Цуьнан сий дайта дог кийрахь дацахь.

 

Доккха къамел дерг хуьлу дог деса.

Ишттачех накъостий хуьлуш ма бац.

Дена я нанна, шен махкана ваьцна

Воцуш цуо дуьйцуш дерг къамел ма дац.

 

 

МА КХОАБЕ НЕНАН МОТТ

 

Даггара нохчийн мотт бийца

Дог дог1ий, сахьаьвза сан.

Х1ун де ас, хилча и ц1ийца,

Ткъа бийца-м ца хуьлу стаг.

 

Оьрсийчу маттаца иэбой,

Кегайо цхьаццамма чалх.

К1орггера хаза дош къийдой,

Дешдакъа хададо ах.

 

Ширачу б1аьвнашка волий,

Ладог1а хуу охьа.

Тийналло са б1арздан дулий,

Тарх лоцуш волу лома.

Амма кху лаьмнаша буьйцу,

Даггара к1оргера мотт.

Ден дайша лелийнарг дуьйцу,

Ширалле синкхетам хьош.

 

Бала а, г1айг1а сан оьцу,

1еначу шовданаш д1а.

Туог1енехь попан дег1 лоьцуш,

Шабарш деш, со-м вехха 1а.

 

Диканца ц1е йоккхуш ала,

Дош хилча стагана т1ехь.

Декъала воцуш и кхана,

Вуьсур вац шен дахарехь.

 

Кегий нах, ма хета дола,

Бийца и хаза вайн мотт.

Шен сица х1ора а къома

Бу шуна кхоьллина мотт.

 

 

НОХЧИЙЧОЬ

 

Малхо къагийна, лепаш ю хьо,

Гуо баьккхина хьан лаьмнаш го.

Беркат сов долуш ехийла хьо,

Хьоме Нохчийчоь, хьан ду-кха тхо.

 

Бухдуьйлуш шийла шовданаш ду,

Б1аьстенца хьаннаш сенъелла ю.

Аьрзоша хьийзаш хелхарш шайн до,

Хьоме Даймохк хьох дозалла до.

 

Б1аьрса 1ехош аренаш го,

Зезагаш техкаш шабарш деш го.

Мел хаза ю хьо, сан Нохчийчоь,

Хьоьца тхайн дахар ма ирсе го.

 

Хьо доккха ни1мат делла ду Дала,

Ларбелаш Даймохк вайга а аьлла.

Сий долу хьоме сан Нохчийчоь,

Дуьсур дац дайна цкъа а хьан доь.

 

 

САТЕСНА ВОГ1У СО

 

Сатесна вог1у со, хьуна т1екхача,

Хийла сатийси хьоь, хьоме Даймохк.

Ца лезна бохуш дог соьха ма кхарда,

Бала д1атийна вац, хьегна вац зовкх.

 

1ийна со ца хиллехь, билла бехк суна,

Бус-буса дуьхьала х1уьттуш хьан сурт.

Сийначу бацалахь ваьлла хьан уьйт1а,

Куц хаза лаьмнаш сайн дуй теша гур.

Дахаро къастаран бахьанаш лоьхуш,

Хьох къаста кхолламна карийна уьш.

Даима лелча со, Даймохк, хьох хьоьгуш,

Хилла-те, дахар хьо, сан собар зуьйш.

 

Маршалла хаьттина шовданан коьрте,

Х1отта сатуьйсуш со-м дукха лелла.

Шийлачу 1ай а ю хьуна чохь б1аьсте,

Нохчийн дог долуш верг хьох ца къаьста.

 

Хьох ваьлла 1ен лур ву нохчийн кост доцург,

Хьох ваьлла къанлур ву ша нохчи воцург.

Хьох ваьлла дайх лаьцна дийца шен доцург,

Ву моьтту да-нана, мохк хийцинарг.

 

 

ЦХЬА ДЕ

 

Селханлера де д1адели,

Берта дахна кхолламна.

Нийсаниг я г1алат дели,

Хаац суна-м сайгара.

 

Цхьа де а ду тоьуш вала,

Гуттаренна дакъаза.

Цхьа де а ду тоьуш кхача,

Хьайн хиндолчу ирсе цкъа.

 

Цхьа де а ду тоьуш вала,

Даиманна дакъаза,

Цхьа де а ду тоьуш ваккха,

Гуттаренна хьо хьала.

 

Цхьа де а ду тоьуш аьлла,

Хьайн доллучух хьо къаставан.

Т1аьххьарлера де т1екхаьчча,

Кхочу 1ожалла а схьа.

 

Цхьа де тоьуш ду хьо кхето,

Мел дийлинчу г1алатех.

Амма денош юха дерзо,

Ницкъ хир бац хьан кханенехь.

 

СИЙЛАХЬА ДАЙМОХК

 

Хьоме Даймохк, Нана латта,

Сийлахь, оьзда Нохчийчоь.

Дахар ду тхан хьоьца атта,

Хьан йовхонехь дог а тоь.

 

Хьан йовхонца дуьйшу, г1овтту,

Хьо лазийча, доьлху тхо.

Цкъа а къесташ, хьох ца довлу,

Хьан хазаллех даккхий дие.

Сийна дарийн екхна стигла,

Маьрша нека мархаш деш.

Хийла адам хьоьгуш 1ийна,

Хьан хазалло 1еха деш.

 

Хьоме Даймохк, ирсе кхане,

Хьох даккхий деш лела тхо.

Хастош хьуна илли ала,

Хьуна дог ца кхоадо.

 

 

*   *   *

Цкъа маццаъ къанлур ду вайша,

Чу-ара дала ца луш.

Кхирстина аренех хьега,

Къоналло 1одика еш.

 

Г1еллур бу т1еоьху хьеший,

Сатуьйсуш ган лууш берш.

Дегза чухьоьжур бу несарий,

Дац бохуш, шуьшиъа-м леш.

 

Дехар ду терго еш вовшен,

Хии кху заманан мах.

Хетарехь йиш яц вайша ловзо,

Йии кху дахаран къахь.

 

Вовшашна к1еда куьг хьоькхуш,

Хьоьжуш цу кораха ара.

Бевзаш берш уллох т1ех буьйлуш,

Дог доьлхуш вайша 1ара.

 

Хьал-бахам х1инца бац оьшуш,

Могшалла бахам бу вайн.

Жималла дага а лоьцуш,

Къаналло б1арзди-кха вай.

 

Х1ун до цу ахчанах х1инца,

Х1ун до цу бахамах вай.

Могшалла эца ницкъ хилча,

Мел ирсе хир дар-кха вай.

 

Юьхь-беснеш хебаршка яхна,

Делахь а вайша тахна,

Жималлехь вовшашка бахна,

1а безам  марса а баьлла.

 

 

ХЬОЬГА САТУЬЙСУ

 

Шовдане ладоьг1уш лаьтта,

Х1ун дуьйцуш цуо шабарш до.

Со цуьнан маттах а кхетта,

Ницкъ белар дан цунна г1о.

Кхоьллина хьуна ца хилла со,

Бохуш ахь х1унда дог эт1адо.

Кхоллам бац хьуна язбанза берг,

Хьо-м хилла яьлла суна цатерг.

 

Набарца хьоьстуш сатуьйсуш хьоь.

Хьан суьрташ кегош яржийна чоь.

Хьо-м хаза, мерза безам бу сан,

Ма ч1ог1а лаьа суна хьо ган.

 

Вовшашца ловзуш тулг1енаш ю,

Сел хьаьъна дог1уш Басан хи ду.

Со-м хьоьга хьоьжуш берд ларбеш ву,

Алахьа ойла хьан хьаьнца ю.

 

Мотт 1ама г1ерта бер санна 1а,

Ала дош лоьхуш гучуяьлча хьо.

Ма ирсе бу-кха хьо лела некъ,

Сан г1енаш дахахьа хьуо гайтий чекх.

 

 

УСМАНОВ 1ИМРАННА

ЛЕРИНА

 

Эшарийн мукъамехь мохца г1аш ловзуш.

Декар ду къан ца луш хьан деган аз.

Наноша берашка ладог1а бохуш, –

Халкъан иэс дицделла хан йог1ур яц.

 

Хийла б1аьрг боьлхур бу, хьо дага оьхуш,

Ма т1аьхьа хадор бу наха хьан мах.

Хьо кхиъна жима юрт, мохь тоьхна йоьлхуш,

Ломахь т1улг иэккхаш шех, хилла ши ах.

 

Цу кешнийн ох1ланехь, кхаьънаш а дохуш,

Лелар ду хьоь хьежна миска синош.

Г1а-бецаш, зезагаш, кошан барз кхолуш,

Вуьсур вац хьайх  ала  доцуш хьо дош.

 

Дахаран хьашташ шайн к1елдитий дуьйла, –

Цкъа маццаъ вайх а уьш дуьсур ма ду.

Доьлху дог делхийта, ма г1ерта къийла,

Вайн ойла иллеша хьоьстур ма ю.

 

Аланза кхоийна дош нагахь диснехь,

Шийла чурт хьостуш аш  алалаш дош.

Масане нагахь и, дашца галваьллехь,

Д1аяккхий лелалаш дагт1ера вас.

 

Ларонза висахь и, дахар шен хаьдда.

Ца кхуьуш чекхъяккха Даймехкан йиш.

Челакхен зама мел йодарха хьаьдда,

Даймехкан мукъамаш ма делаш диц.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.