http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Барзийн езар Печать Email

Т.А. Итаева

Вайнах Сибреха буьгучу дийнахь вагон чохь нисделла хилла дезаш долу йо11ий к1антий. Новкъахь г1иллакхах, оьздангаллах ца юхуш кхалхар нисделла йоь1ан. Цхьана юьртара хилла и шиъ. К1ентан ц1е Барз хилла.

Дала делла дуьне дай хьо, –

Кхоллам Делера хилар теш.

Массо синош азаллера

Адмийн хьесапе дерзадеш.

 

Маьлхан дуьне дилхинера,

Бала гина т1ег1ерташ.

Халкъехь собар ма хиллера, –

Делера хиларна, хастам беш.

 

1ожалла т1еийци хийла,

Хуьлуш хало, – керста теш.

Г1иллакх, 1адат ца дохийна, –

Цуьнан дуьхьа, хийла а леш.

Безам-алу дагчохь кхуьйлуш

Оьзда дашца кхийда еш,

Вовшийн дезар, дашар долуш

Шайн безамна пусар деш.

 

Махках доху ирча дийнахь

Вагон корах, – дуьне теш,

Барзе т1аьххьара хьаьжийра,

Сирла нур шен кхоладеш.

 

Х1ора шарахь оцу дийнахь

Цунна хьалха х1уьтту сурт,

Т1аьхьара йо1 шега хьажар

Ц1ена б1аьрахиш эгадеш.

Иман, ислам къобалдина

Собар сийна, – везар теш.

Безам векал Барз хьох вина –

Делан эхарт къобал деш.

 

Доьнал-дагна хуьлуш лазам, –

Х1ора а де цунна теш.

Деган 1ийжам баьхна цуьнца,

Ца ловш даго, безам леш.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.