http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Маршонан некъ Печать Email

Сабуралиева Йисита

 

АХЬМАД-ХЬАЬЖИНА ЛЕРИНА

 

Халкъо тешам шена белла,

Сийлахь вина айинарг,

Дала сирла кхетам белла,

Дезчу дарже кхачийнарг.

 

Шен халкъ дезаш, цуьнан сий деш,

Т1амна дуьхьал г1аьттинарг,

Маршонан некъ юьхьарлаьцна,

Шен 1алашо ларйинарг.

 

Мел кхерамаш шена тийсарх,

Шен доьналлех ца воьхнарг,

Уггар деза, мерза дахар

Халкъан дуьхьа д1аделларг.

 

Делан веза хьаша хилла,

Далла дуьхьал вахнехь хьо,

Деган йовхо тхуна хилла,

Тхан дегнашкахь веха хьо.

 

 

 

КАДЫРОВ

АХЬМАД-ХЬАЬЖИНА

 

Сингаттам боьссина Нохчийчу тахна:

Хеназа кхелхина вайн мехкан да.

Харц дуьне дитина,

тхох къаьсташ вахна,

Ахьмад, хьо кхин цкъа а юха ца ван.

 

Хьенан ницкъ кхечи-те,

къиза дог 1абош,

Делхадеш йиш-ваша, да-нана, халкъ.

Лаьтта т1ехь ямартло

кхин алссам дебош,

Вожаван шен халкъан айинарг дукъ?

 

Хьенан ницкъ кхечи-те,

деза де кхолош,

Кхочуш ян сел стешха 1ожаллин кхел?

Толаман де дицдеш,

доьлху вайн дегнаш,

Б1аьрхиш а ледало, сецадарх мел.

 

Вайн Делан лаамца кхаьчнера дарже,

Дуьненна довзийна нохчийчун васт.

Ткъа къомо даггара бира шен харжам,

Къастабеш маршонан сийлахьа некъ.

 

Массарна д1ахазош,

кхайкхийра лаьттахь:

«Нохчи вац зуламхо, талорхо вац!

Ткъа корта нохчаша те1ор бу моттахь,

Доьналлех шаьш боьхна,

иза бакъ дац!»

 

Хьан г1азот вайн Дала къобал а дойла,

Бисинчу хьан доьзалх

къинхетам бойла.

Хьайн халкъан дуьхьа ахь

д1адели дахар,

Хьан сий деш, вайн къомо

ларбийр бу машар.

 

 

ДЕ-НЕНЕ ДОШ

 

Хала ду шух яьлла яха,

Дахаро ца хьоьсту вай.

Дай-наной вайна ца беха,

Д1абоьлху, хададеш тай.

 

Аса-м шу лерина доггах,

Цкъа а ца делхадеш дог.

Шун сий деш, лийхира 1илма,

Иманехь боккхура ког.

 

Хастам бо вайн везчу Далла,

Хиларна цо кхоллам белла,

Сел башха да-нана делла,

Яккхарна дахаран новкъа.

 

1амийра аш Делах кхера,

Лулахой, баккхий нах лера.

Кхоьллира адмашка безам,

Боссабеш къинхетам кийра.

 

Сайн лерар ас шуьца дусту,

Делахь со наггахь чхьаг йолу,

Диканна диканца доькху,

Ткъа вонца ницкъ ма-ббу къуьйсу.

 

 

С. ДИДИЕВН ЛЕРИНА

 

Берх1итта шо даьлла

вай вовший ганза,

И х1умма к1еззиг хан яц.

Тарлуш ду тахана вовший ца довза,

Ас хьуна бехк буьллур бац.

Накъосто элира: «Хьо цец ма яла.

И х1инцца даржехь стаг ву.

Хьал-бахам стамбелча стаг кура волу,

Ишттанаш сов дукха бу».

 

Со-м сихха кхийтира: и г1алат яларх,

Моьттинарг аьттехьа дац.

Ца хиллехь х1инццалца

вайн вовший гойла,

Хено вай хердина дац.

 

Хьо-м х1уммаъ хьалхачул

хийца ца велла,

Йиллар бен цхьа жимма к1ац.

Хьал-бахам стамбаларх

кура ца ваьлла,

Лен а ца 1емина харц.

 

Лардина амалехь адмалла, г1иллакх,

Ца хуьлуш кураллин лай.

Дахаран йохалле ца дойтуш х1аллак,

Вайн уьйрийн, марзонан тай.

 

Вай декъа йиш хир яц дехьа, я сехьа,

Вай дерриг цхьа нохчий ду,

Ахьа-м сан тахана доггах г1о леци ,

Со цунах тоам беш ю.

 

 

НЕНАН МОТТ

 

Хьо бийца, хьо хесто суна эхь ца хетта,

Хьо хууш волчуьнга

леррина ладоьг1на,

Хаза хьо бийцарца

нанас со хьистина, –

Исбаьхьа ненан мотт, бекалахь тахна!

 

Яздаран бакъенаш

бераллехь 1амийна,

Хьо бийца хала ду цкъа а ас ца баьхна,

Емалчу дешнашца хьо

сийсаз ца бина, –

Исбаьхьа ненан мотт, бекалахь тахна!

 

Хьан сий деш ца леларг,

даго д1атеттина,

Доьзале ца буьйцург

хьекъале ца хетта,

Дозалла хьох дарца,

оха хьо ларбина, –

Исбаьхьа ненан мотт, бекалахь тахна!

 

Хьо кхиор, 1алашбар –

тхан коьрта декхар ду,

Хьо Делан лаамца

сийлалле кхочур бу.

Пхьоьг1анахь, майданахь

нохчийн мотт буьйцур бу,

Вайн дегнаш хьестарца

мукъамаш декар ду.

 

 

САН БЕРАЛЛА

 

Сан накъосто хоьтту соьга:

«Уггар дезарг х1ун ду хьан:

Башха лепа хаза зезаг,

Стиглахь хьоьжу дашо малх?»

 

Деза суна-м, сайн дог хьоьстуш,

Хаза кортош лестадеш,

Бес-бесара сенчу байт1ехь

Лепа башха зезагаш.

 

Еза суна сийна стигал,

Вайна боьлу дашо малх,

Коре хиъна, сан дог хьоьстуш,

Эшарш 1ено олхазарш.

 

Беза суна хьоме Даймохк,

Лекхчу лаьмнийн куралла,

Кхузахь йоьду, йоцуш г1айг1а,

Синкъераме бералла.

 

Доггах еза хьоме нана,

Сан исбаьхьа Нохчийчоь,

Хьан хазалла массарна а

Д1айовзийта таро ло.

 

 

САН ДАГАЛЕЦАМАШ

 

Чуьрча-Ирзера ишколехь вовшахтоьхначу

Гадаев Мохьмад-Салахьана леринчу цхьаьнакхетарна

 

Карлаели суна тахна

Яхна мерза хан,

Хийла шераш д1а а ихна,

Дахар хета г1ан.

 

Жимчу юьртахь керла школа,

Бетта горгали.

Ас сатуьйсу школе яха,

Хила хьекъале.

 

Суна школа ч1ог1а еза,

Дешар 1амадо.

Хьехархо ву суна реза –

Цкъа а дов ца до.

Сан бералла зевне йоьлу,

Даг т1ехь марха яц.

Сан да-нана деха бертахь,

Юкъахь шело яц.

 

Вайн жималла – ирсан дакъа –

Даим лаьтташ яц,

Дан дезнехь а хала некъаш,

Со ца лийна харц.

 

Яха дийзи сан ирхенаш,

Б1аьрахиш сецадеш,

Адамийн хьаг1 а, мекарлонаш

Дагна 1еткъалуш.

 

Суна-м хаац халонаша

Бели, эши ницкъ,..

Делан г1оьнца йи таронаш,

Хиларх деза дукъ.

 

Ма тишьелла хьоме школа,

Хьо-м евзар а яц.

Лаьтта хьо кхин доцуш г1ора,

Г1атта т1емаш дац.

 

Лаьа хьалха санна зевне,

Екхна хила хьо.

Сан дог тахна хилла чевне

Г1ийла гарна хьо.

 

 

РАЙКОМ ДАДАШЕВН

60 ШО КХАЧАРНА

 

Дала хьо къастийна,

Хьекъале кхоьллина,

1илманан да вина,

Дарже а кхачийна.

 

Эхь-иман даларца,

Нахана марзвина,

Кураллех ларвина,

Сийлаллехь вазвина

 

Доьналлех ца вухуш,

Цхьаннах а ца хьоьгуш,

Тхан сийлахь 1илманча

Б1ешарахь вехийла!

 

 

1ИМРАН УСМАНОВН ЛЕРИНА

 

Корта ца те1ина, буьхьара ца лелла,

Тешнабехк цхьанна а ца бина ахь.

Беркате дош олуш,

доьналлех ца вухуш,

Сирлачу дахаран д1акхоьхьу мохь.

Хьан иллеш хаза ду, дош алар говза ду,

Г1иллакхах ца вухуш, боккху ахь ког,

Хьо марша вехийла, хьо ирсе лелийла,

Хьо санна къонахчун доьлийла дог.

 

 

ХАЗЛО, НОХЧИЙЧОЬ

 

Х1ора 1уьйре хьоьца еза суна,

хьоме Нохчийчоь,

Х1ора суьйре хьоьца еза,

сан дай баьхна Нохчийчоь.

Деза лаьмнаш, хьан аренаш,

сийна хьаннаш, шовданаш,

Олхазараш ду ша тайпа

сан дог хьоьстуш, лоькхуш йиш.

 

Денна хазлуш лаьтта г1ала,

кхуьу ярташ, урамаш,

Сан дагт1ера оййуш бала,

безаме ду адамаш.

Эшац вайна т1еман бала,

кхечу къаьмнийн туьйранаш,

Сайн Даймахках яц со реза

хийца башха г1аланаш.

 

Шен халкъана, шен махкана

са д1адала кийча ву,

Хьалха ваьлла къона турпал –

деган йовхо халкъан ю.

К1ад ма лойла, г1ел ма лойла,

Дала сий ма дойийла,

Хьайн къомана тешам болуш,

г1оза, ирсе вехийла.

 

 

«ХАЛКЪАН ДОШ»

ГАЗЕТАНА

 

Массо а газетийн юккъехь

Лийли хьан дуьззина дош,

Цундела декъал до доггахь

Оха хьо, тхан «Халкъан дош!»

 

Кхочу хьо оьшшучу метте,

Белхалой, мало ца еш,

Ларабо кхочушдан декхарш,

Дешархой бу цунна теш.

 

Сих-сиха хьошалг1а кхойкхуш,

Сюжеташ оха а ло.

«Халкъан дош», дог-ойла ойуш,

Къинхьегам ахь хестабо.

 

Яьккхина хьалхара меттиг –

Боккха кхаъ массарна бу.

Кхин д1а а хуьлийла аьтту,

Со цунах дог тешна ю.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.