http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ойланаш Печать Email

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

 

МИСКА ХЬО ЯЦ...

 

«Ма йоккха миска йина яьккхина хилла-кх со Дала кху дуьнена», – аьлла, шен доьлху бIаьргаш лечкъош коре йирзина, букъ тоьхна дlаьх1оьттира зуда.

Иза иштта де эшна, гIад дайна гар дог саццал лазаме, халоне даьллера суна. Яхь, доьналла, цуьнца даима а дара. ЦIе яра цуьнан: цо ша йина цIе.

Бакъду, орам а бара цуьнан. Оьздачу ц1ийнах схьадаьлла да-нана дара. Дела, Пайхамар, эвлаяъ, устаз лийринчу хIусамехь кхиъна йолаелира иза дуьненан некъашна тIе шен некъ бан. Тахана кIадъелла, хIоьттина го, мацах самукъане, каде хьийзина йоI.

Маре яхара иза шена везачуьнга. Дахар дика нисделлера цу шинний: юьртахь цIенош, керла ков-керт дира, гIалахь квартира ийцира. Шена чохь-тIехь дерг шен чоме, лааме хьаьжжина дойтура марзахоша. Цул доккха ирс хир а дуй яха еанчу зудчунна?

ЦIийнада бан болх бац бохуш, доьзалан дукъ зудчунна тIе а диллина паргIат Iачарех вацара. Iедал дуьйхира, цхьа ша къаьстина пачхьалкх йо бохуш, валалуш верг ша ма-валлара Iовдала, сонта ваьлла даьхкира шераш. Алапа хаьттинарг мостагI вара. Хьаьмцаш, хIонка ду бахара халкъан даар. Ткъа мехкан даьтта, хаац иза мехкан маца хилла-м, «мехкан доцу» даьтта хаддаза ша кхехьа Iеминчара дIакхоьхьуш дара.  Халкъ шина-кхаа декъе декъаделира – «собар дехначарний», «собар ца тоьачарний», «собар цкъа а хила а ца хиллачарний».

Дан а ма ду иза иштта. Цхьаболчарна къола дар беркате дирзира, вукхарна – зуламе делира. Садетташ, хало Iовшуш, ца вийчахьана бохуш Iийнарш хIусамех, аьтто-таронех бевлира.

Дукхачарна элира-бахарехь а доцуш шайна хиира, дуьненчохь цхьа зама йогIуш хиллий дог доьлхушшехь хьо вела къежа дезаш. Иза хиллера хьо хьайн хIусамах, бенах ваьлла, шарахь Iийна а ца Iаш, 15-17 шарахь Iен везаш ву бохург.

ХIинца дика хаьа, дIора лаьттачу зудчунна, гурахь шайн бен чуьра гIевтина дIайоьлху гIаргIулеш, некъан бохалла тийжаш хIунда йоьлху... Ваша вешина тIе ма гIойла-кх кхаа дийнал сов хьелуш... шен хIусамах валар, нахана тIехула волавелла лелар, хиллера дера иза хьо ах валар санна, гIо доцуш висар.

Шен собар гуттар а кхачаделча киншкан чохь лаьттачу шкафана тIе йоьдий, можа мужалт хьарчийна Гайтукаева Банин байтийн гулар схьаоьций, дог оьцу байт еша хIутту иза. «Баьрганашна бIаьрзе хилий яха боху соьга, лергашна къора а хилий лела боху соьга...».

Чу озийна са теттича бен ара даккха ницкъ ца тоьа цуьнан. Куьйгашкахь, дегIехь хIинца а бисина ницкъ, амма синан ницкъ кхачийна. ГIелоно цостуш хила иза. Нехан хIусамаш хуьйцуш доьзалаш баккхий хили цуьнан. Нехан хIусам аьрха ю, неха ю... Цуьнан цIенкъе, пенаш, чоьнаш ша долу хIума хьоьга шен йоцийла хоуьйтуш хийра ю. Цо атта ловр бара и бала, нагахь санна гуонахьара кхин сурт хIора денна шена гуш дацахьара…

Цо къахьоьгура, берашка доьшуьйтура, цомгаш хилла цIийнда а лелавора. Амма шо-шаренга даьлча бала байлуш ца карабора, ткъа цхьанхьа балхахь а боцуш, дешна а боцурш де-дийне бахамо хьере беш гуора. Церан бахамаш хи диллина наьрс санна кхиара.  Цунна доьзал баттахь кхаббал долу рицкъ цхьаболчу наха шайн берийн тайнигех духкура.

ГIалин урамехула, паркехула ойланаш еш йолалора иза. Нахана юкъа вала аьлла-кх хьайгара бала базбелча. Паркерчу гIантахь хиъна Iаш дагатуьссура дIаяхана ирсе хенаш: гIалахь Iара, тIаккха гIалин гIовгIа, кула хьехча, юьрта хьодура.

ГIаш ког а ца боккхура, ша ялош ма-еззара, хIинца а дукхаезаш кхебира цIийндас. ХIинца ша чохь витина цIийнда дагавогIуш, бIаьргех хи хьодий, паркехула дIасалелачу нахана гале, сихха дIабоккху тIадаман буьртиг.

Сай санна айвелла доьналца лелларг, тахана чохь висна могашаллах хаьдда ваьлла. Атта дац езаш-оьшуш кхаьбна зудчунна, цхьана дийнахь доьзалан да-нана, Iу хилла дIахIотта. Дош дашера ца долуш дIадахна шерашна йоьлхура иза. Иза ирсе ма яра, коча ма яра хIетахь. Цуьнан амал ма дара зуда хилла Iен.

Ткъа хIинца, мангал кхетта «петIаматах»… ЦIахь болчарна иза балхара ялаза ю моьтту х1инца а. Ткъа и шен бIаьрхиш лечкъош, шегара хьал хьулдан еана ю кхузахь.

ХIинца гIаьттина шен гIийла хьал гIанта тIехь дитина, елаелла чу гIур ю. ТIаьхьарчу хенахь цо кест-кеста до иштта.

Иза евзачарна цунна елха дицделла моьтту, цунна ца хаьа моьтту. Дагца елхар нуьцкъала хуьлу, бIаьргашца йоьлхучул а.

«Хьаьжахь, иштта декъаза миска хIунда ю техьа со?». Хоьтту цо соьга.

Миска хьо яц, декъаза а хьо яц олу ас цуьнга. Миска дера ву хьо хьайн хIусамах яьккхинарг, хьуна хIусам ца луш, шайниш дебош бехарш, ахь дуьне гIийла дууш, хIара дуьне дукха тIехь мерза даарна иза къахьаделла бехарш, кера юккъехь къаьсташ а доцуш, ахь къахьогуш чудохьу миска алапа, шайн доьзалшна ворданашкахь нехан рицкъ чу кхоьхурш, ахь хьарам-хьанал къасточу хенахь, бакъ-хIарц доцуш «суна, суна» бохуш шаьш бен ца гуш бехарш.

Миска хьо яц. Хьо эла ю, хьо «петIамат» ду, хьо цIена, сирла, аьхна Малх бу. Хьан ийман даггара ду, дагахь а, багахь а цхьаъ долуш, аьлларг аьлла долуш.

Хьо адам ду, цIена, сирла, тешаме адам.

Миска хьо яц, хьан дIадаьлла дахар юьхькIам бу. Ахь токху хала хан – юьхькIам бу.Хьо саннарш эзарнаш, эзарнаш бу.

Хьан сий цIена ду, хьан куьйгаш, ойла цIена ю.

Халкъ а, уммат а хьо санна чарех лаьтташ ду. Хьо тхан дозалла ду. Хаалахь, пенаш, тхов, Iайг-мIара ца хиларх дакъаза ца волу, ийман, яхь, сий дайнарг декъала а ца хуьлу. Миска хьо яц хьуна. Миска хьоьга миска ойла мел йойтуш верг ву.

Хьо санначух малх алийтахь ...Малх.

 

 

 

 

ЙОI ЙИНА...

 

 

«ЙоI йина хьуна!» Цу кхоана велавелла вац цхьа а да. ЙоI йича, ур-аттал зингатна а новкъа догIу боху. «ХIан, хIинца хIара а еа, цуьргаш охьаэга ца дуьтург», – олу боху цара.

Дукха доьзалийн кхолламашкахь хилла-лелла хIума ду, йина аьлча, воккха ца вийнехь а, амма цул тIаьхьа мел йог1учу хенахь, йоI шен кIентел а дукхаезаш, вехаш нисло да.

Ден цIахь а, арахь а децIенна чу садиллина, беркате-м хуьлу йоI.

Схьахетарехь, нохчийн да воьлхуш йогIуш ши киртиг ю: ненан барам кех ара боккхуш а, дика, муьтIахь кхиъна ийман долу йоI маре йоьдуш а.

ЙоI дуьнен чу ялар я доьзалехь а, я юкъараллехь а дош ца хетахь а, амма экамечу, гIийлачу доьзалхочун – йоьIан карах-марахула чекхдолу доьзална, халкъана тIедогIу дика-вуо.

Шена дан амал доцург даима а къомана орцах юьйлуш гина дуьне-м ду хIара.

Нохчийн зуда, цкъа къонах хуьлий новкъа йолура хьо, юха, са дуткъделча, гIелделла жима бер хуьлура хьох.

Амма цкъа а гина яц хьо доьналлах, яхьах йоьхна. Ас юьйцург боккъал а цIий-орам нохчийн кхерчара схьабаьлла нохчийн йо1 ю.

Нохчийн зударийн де герга кхачале кест-кеста ойла вайн зударийн дахарна, кхолламна тIейоьдий Iа со.

Соьлжа-ГIала юккъехула йоькъуш, доьдучу Соьлжа хина тIехула тиллинчу тIеха йолуш, юхахьажаелча ирча, буьрса догIучу хих бIаьрг кхетча, генарчу заманахь йохийна, ягийна йохийначу Дадин-Юьртара дакъазабаха дуьгучу зудаберийн сурт карладолура. Ткъа Терк Соьлжа хинал а дистина, кIорга, шуьйра ду. Хи, цIе, Iин – ирча ду церан карах валар хилахь.

Еригге а заманашкахь ма деза, цIена, сирла хилла нохчийн йоьIан сий. Шен са мерза ду хIоранна. Къанвелча а лаьа ваха, могаш воцуш висча а ца лаьа дуьненах вала. Ткъа шайн жимачу, хазачу, дахар-дуьне дезачу хенахь 46 йоI цхьа барт бина Терка чу лилхина, елла бохург дуьненан шоралла, дохалла дехачу жил-Iаламна дIакхайкхадал хIума дара.

Дукха хуучара шайлахь дуьйцуш, даккхий синош дохуш, ойла ярца дагатосура и де. Амма оьздангаллин лар цкъа а ца йов, сий, цIе ларъяран некъах мел аьлла дош, мел баьккхина ког дуьне эхарта дерззалц диц ца до наха.

 

ХIинца вай дехачу курачу заманахь, сий, цIе бохург дIасакхийса ваьшна магочу заманахь, хIора урамехь, юьртахь оьшу дош дош долу къонахий, сий айбина лела мехкарий...

Нохчийн зуда.

Ялсаманахь уггаре а йоккха меттиг хьуна йогIу аьлла хета. Кедан юкъ санна, жимачу, горгачу Нохчийчоьнан кхерчахь хьуна тIехIиттинарш, ахь лайнарш, ахь дIасалистинарш собаран лам оьшу гIуллакхаш дара.

Ахь айхьа хьайна долчул а тIех даздина леладора дуьне. Хьайн эгIазчу куьйгашка беза мохь эцна йогIуш ю хьо.

Хьуна атта ирсе хила а ца хии, хьо зингат ду-кх цуьрг эцна доьду, рицкъ лаха доьду, хьо – цIоькъалом ду-кх кеман, танкин, бомбин цIе яйа канахь хи эцна доьду. Стиглара охьадогIу догIа а догIа дац, – уьш хьан гулделла бIаьрхиш ду, халахетча а, хазахетча а девлла бIаьрхиш.

Нохчийн зударийн де. Иза хIора дийнахь а ду, хIора хIусам церан оьздангалло хазйина ю, церан собаро латтош ю.

Зударий оьзда мел бу дийна ю Нохчийчоь.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.