http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Хьан алух баьлла суй... Печать Email

Муртазов Iалдан

Дахар

 

Шерашца хийцало дуьнене хьежам,

Шерашца хийцало дахар.

Хенаца хийцало дахарехь безам, –

Хийцало, хийцалац бахарх.

 

Бераллехь ага а, къаналлехь Iаса

Къаьсташ ду вовшех, дац бахарх.

Къаночун къена дог, беран а жима дог

Цхьаьна дагIац, мел догIу бахарх.

 

Шерашца хийцало дахаре хьежар,

Хиндолчух, кханенах тешар.

Зама ю, шераш ду деригге хуьйцуш,

Бакъ ду и, бакъ дац мел бахарх.

 

 

Суна-м лаьа

 

Суна-м лаьа лекхчу лома вахна,

Ширчу бIаьвнех доггах бетта бIаьрг,

Суна-м лаьа, сайн орамаш лехна,

Суо ма-варра вовза, со-суо верг.

 

Суна-м лаьа шовдан коьрте хIотта,

Iаббалц баха ламанан хин чам,

Суна-м лаьа бIаьвнаш тоеш йотта,

Карла яккхархьама яхна хан.

 

Суна-м лаьа хьалхалера дийцарш,

Дагалеца, дийца кIад ца луш.

Байракх сих еш,

цIенчу новкъахь эгнарш

Бийца, хесто, доггIу хьакъ дIалуш.

 

Суна-м лаьа сенчу байлахь Iилла,

Ламанан хIуо шовкъе уьйзуш чу.

Йист йоцучу хьежа лаьа стигла,

Кху лаьттаца деган зIе сан ю.

 

Суна-м лаьа ломан боьххье ваьлла,

БIаьрга лаца ерриг Нохчийчоь,

Органера Терке салам делла.

Вовшах хотта екъна Нохчийчоь.

 

Суна-м лаьа, каде дина хиъна,

Массарна хазийта етта берг,

Дайн кхерч бовза

марзо ваьлча йиъна,

Хуьлда сох а суна доьгIна дерг.

 

 

*   *   *

Аса-м хьо лоьхур ю

Маццалц а, миччахь а

Массанхьа дуьнен чохь,

Маца хьо карор ю?

Ца карош Iелур вуй?

 

Аса-м хьо лоьхур ю

Бух боцчу хIордашкахь,

Йист йоцчу хьаннашкахь,

Хьан амат бIаьра хьалха

Лаьтта сан массанхьа.

 

Аса-м хьо лоьхур ю

Цу маьлхан дегIа тIехь,

Седарчийн баккъаш тIехь,

Дуьхьало эшийна,

Дерриг а дицдина.

 

Аса-м хьо лоьхур ю

Лаьттахь а, стиглахь а,

Кешнашкахь, тойнехь а,

Алахьа, стенгахь ю?

Дийцахьа карор юй?

 

Аса-м хьо лоьхур ю

Сайн гIенийн гIенашкахь,

Ойланийн пхенашкахь,

Хьо суна генахь ю,

Амма сан даг чохь ю.

 

Аса-м хьо лоьхур ю…

 

 

*   *   *

ХIинца ас яздийриг дуьххьара дац,

Амма и кхечарех къаьста.

Байтийн барамца къаьсташ и дац,

Къаьсташ ду – безамах лаьтта.

 

Сахьтан цхьамза бен хIума хазац,

Кошара тийналла хIоьтти.

Ойланийн зIе соьга хадалуш яц,

Хьовзий со цо сихха готте.

 

Миноташ сохьтел а яхъелла го,

Сахьташ ду дийнел а деха.

Буьйсанаш бIешерел яхъелла-кха,

Хьаьнга ас хIун дарба деха?

 

Наггахь ас сайга къайлаха хотту:

Цу йоIехь хIун тайна хьуна?

ТIаккха-ма тамаше цхьа ойла гIотту;

Рицкъано нийса некъ лехна.

 

Хьо хIунда деттало, алахьа, дог,

Карзахе, тоха са доцуш.

Лелха хьо,

хьайх хилла цхьа йоккха топ,

Синтеме дан ца туьгуш.

 

ХIинца ас яздийриг дуьххьара дац,

Амма и кхечарех къаьста.

Сахьтан цхьамза бен хIума хазац,

Хьовзий со цо сихха готте.

 

 

*   *   *

Хьо хаза ю –

бIаьстенан чIегIардигел,

Хьо дика ю –

эсала цициган кIорнел,

Хьо жима ю –

селхана доьгIначу синтарел,

Хьо кура ю –

ламанца бежачу сенал,

Хьо цIена ю –

гIовгIанца догIучу шовданел,

Хьо оьзда ю –

оьздаллах йохалур йоцуш,

Хьо седа бу

стиглара уггаре сирла,

Хьо седа бу –

сан деган къайленийн седа.

 

 

Юьртахошка

 

ГIовтта  Iуьйрре, сан юьртахой,

Тоха бIаьрг вайн Iаламе.

ЙогIу хIора Iуьйре хазлой,

Туьйране сурт гойтуш шен.

 

Дохк хIоьттина, раьгIнаш хьулъеш,

Мархаш гIовтту ч1ожара.

ЦIечу динахь даьхний лоьхкуш

БежIу гур ву геннара.

 

Къорза борг1ал дог а гIиттош,

Вайга зевне кхойкхур ю.

Олхазарша, шайн мукъамаш

Iуьйре хазъеш лоькхур бу.

Баца тIехь тхи гур ду къегаш,

Лахло сихха шело яйн.

Iалам лаьтта самадолуш,

Вай а самадовла, хIай!

 

Шен зIаьнаршца бIаьргаш Iийжош,

Кестта малх а гIоттур бу.

Цо къагор ду къоьжа лаьмнаш,

Вина юрт а къегар ю.

 

Тайп-тайпана къора аьзнаш

Вовшех ийна декар ду,

Хьоза хуьлий стигла довлуш,

ТIаккха лаьтта дуьссур ду.

 

 

*   *   *

Кавказан ломахь хьо кога яхна,

Нохчийн дош дуьххьара хьан беро эли.

Хьан халкъан даггара безам бу хьоь,

Дуьненахь сийдолу тхан Нохчийчоь.

 

Хьан лаьмнийн баххьаш

малхаца къега,

Хьан хьаннийн хотешкахь

къоркхокхий дека,

Шовдано тийналлехь хьоь къамел до.

Iаламо хазйина тхан Нохчийчоь.

 

Цхьа доьзал санна, сий ойъуш хьан,

Бартболу къаьмнаш хьуна чохь деха.

Байракх хьан лестайо мелачу мохо,

Товш ю хьо даима тхан Нохчийчоь.

 

 

*   *   *

Болар эцна бIаьсте йогIу,

Вина юрт тIех хазйина.

Зезагийн хIу кхуьуш догIу,

Цо сан дагна там бина.

 

Лайнах тарлуш лаьтта оьгу

Дитташ тIера кIайн заза.

Синтарш техка мохехь мелчу,

Царна-м бу и мох беза.

 

Малх бу кхетта ирсана вайна,

Юрт сан къагош зIаьнаршца,

Къорза зезаг, хазбеш бай а,

Даьлла малхе лепарца.

 

Малхо лаьтта зIаьнарш лоьхку,

Цара латта хьаьстина.

Синтарийн гIа-патар даьттIа,

Дог сан лома лестина.

 

 

*   *   *

Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира

Хьан дегIах суо дакъа дуй.

Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира

Хьан алух баьлла суй со буй.

 

Ахь гIайгIанехь сан дог а ийцира,

Ахь иэшамехь сан ницкъ а гулбира,

 

Ас нигат деш ахь некъ сан тобира,

Ахь боданехь со серлаваьккхира.

 

Ахь дагчу сан дайн бIаьвнаш ехкира,

Ахь дагчу сан дайн гIиллакх диллира,

 

Ахь гIийлачух къахетар хьийхира,

Ахь сийлахьчух сийсазниг хердира.

 

Со лийлира, Нохчийчоь, со лийлира,

Со тийшира, Нохчийчоь, хьох тийшира,

 

Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира,

Со кхийтира, Нохчийчоь, со кхийтира…

 

*   *   *

Кхолламо йоза шен яздина,

Вовшашна гена вай дахарх,

Хаалахь, езнариг, даима

Сан даг чохь хьуо лаьттар юй.

 

Цхьана а меттигах хуьйцур бац

Вай гина, девзина мохк,

Вайн хилларш,

вайн лелларш дицлур дац

Дуьненчохь, хиллалц сайх дохк.

 

Хьо йовзар, хьо езар, елар хьан

Даима ойланехь ду,

Хьоьцана доьзнарг шадерриг а

ДегIаца, коьртаца ду.

 

Сан са хьан синах дIаийна ду,

Дог лозу хьеелча ган,

Безамах кийра сайн лозуш ву,

Алахьа, лозий те хьан?

 

Вайн хиндерг, вайн кхане дагахь ю,

Хьоьца ю сан ойла, дахар,

Хьан кхане ирсе елахь ирсе ву,

Ткъа яцахь хьоьца ас токхур ю.

 

Дахаро къаьхьа кад боьттина,

Вайша цкъа къастахь мацца а.

Дицлур дац и де хьо евзина,

Хьо езар, хьан хьажар, елар а…

 

 

Буьйса

 

Тийна буьйса. Эна-Хишка

Набаран тар тесна ю,

Сирла седа, беттаса сан

Юрт ма-хуьллу къагош ду.

 

Нохчийн буьйса. Ло ду догIуш,

Сатийсира иштта ган.

ХIинца къега массо чиркхаш,

Даим хазчу юьртахь сан.

 

Iаьржа буьйса. Бода-туьйра

Гойту, дуьйцу Iаламо,

ХIумма а дац юьртахь хийра,

Догу чиркхаш, оьгу ло.

 

Лайнан буьйса. Эна-Хишка

КIайчу лайлахь Iуьллуш ю.

Сирла седа санна ло а,

Чиркхаш санна къегаш ду.

 

Мерза буьйса. Юьртахь адам

Наггахьа а догIу гац.

Еа хIара буьйса шийла-м,

ГIуранан а доза дац.

 

Ирсан буьйса. Дерриг Iалам

Вайн ирсана доьлуш ду.

Кхечи Iаьнан буьйса хаза-м,

Эна-Хишка ирсе ю.

 

 

*   *   *

Кхолламо йоза шен яздина,

Вовшашна гена вай дахарх,

Хаалахь, езнариг, даима

Сан даг чохь хьуо лаьттар юй.

 

Цхьана а меттигах хуьйцур бац

Вай гина, девзина мохк,

Вайн хилларш,

вайн лелларш дицлур дац

Дуьнен чохь, хиллалц сайх дохк.

 

Хьо йовзар, хьо езар, елар хьан

Даима ойланехь ду,

Хьоьцана доьзна шадерриг а

ДегIаца, коьртаца ду.

 

Сан са хьан синах дIаийна ду,

Дог лозу хьеелча ган,

Безамах кийра сайн лозуш ву,

Алахьа, лозий те хьан?

 

Вайн хиндерг,

вайн кхане дагахь ю,

Хьоьца ю сан ойла, дахар.

Хьан кхане ирсе елахь ирсе ву,

Ткъа яцахь хьоьца токхур.

 

Дахаро къаьхьа кад боьттина,

Вай вовше къастахь мацца а.

Дицлур дац и де хьо евзина,

Хьо езар, хьан хьажар, елар а…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.