http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нус Печать Email

М.-С. Гадаев

 

/Дийцар/

 

Сарахь дара. Эвлайистера регIахь. Нехан тобелла бахамаш а, ишттачу дахарх хьоьгуш беллачу дайн оьзда гIиллакхаш а хьехош, хиъна Iаш вара со а, сан цхьа гергара стаг а. Султан бохуш. Жималла а хьахаелира. Ткъа со кхин цкъа а юха ца ян дIаяханчу жималло эцца ваьхьира. БIаьргана дайнарш, лергана хезнарш хьалхха схьахIиттира. Суьйренан малхо варкъ диллина бердан басе санна, къега а къегаш. Цаьрга вогIавеллачохь сацавелира тхойша. Вистхилар доцуш. Вовшийн а вицвелла.

Жимма иштта Iийначул тIаьхьа, дола а дина, цхьа хабар дийцира Султана. Шена дайна хIума. Шена хилла хIума. Цо ма диццара дIаяздо ас и хабар, «Нус» цIе а туьллуш.

– Башх-башха адамаш а, бес-бесара хIуманаш нисло стагана вахаран новкъахь, – аьлла долийра Султана. – ГIаьххьа дика бехаш цхьа нах бара тхан эвлахь. Тхуна башха гена а боцуш.

Церан цхьа кIант вара. Сан хенара. Рамзан цIе а йолуш, дукха йоIах тера а волуш. ЙоI санна хаза хиларал сов, массо хIума а дара зудаберачух тера. Кечвелла лелар а. КIезгалла а. Аз а. Буй ластабар а.

Ткъа и буй кест-кеста ласто безаш а хуьлура цуьнан. Ша девнан да вацара. Ванне а. Ийна хила гIерташ вара берашца. ЦIера кхехьа а кхоьхьуш кампеташ, хьовла, кхиерш кхийдош. Хьаставалар доцуш, даггара, бераш деза а дезаш, лелош дара цуьнан и хIума. Хьайбанца а, жIаьлица а, олхазарца а вара иштта кIеда-мерза. Бераша хьозан бен бохийча а хуьлура велха воллуш. Ткъа бераша хIара хьийзавора, Iехавора. Атта Iеха а лора ша. Схьааьллачух тешара.

Доллучул а халахетара Рамзанна ша Iехийча. ГIагI-гI-гI олий, воьлххий дIавоьдура. Хин татолаш хьоьлхура боьмаша бIаьргаш чуьра. КIайчу беснеш тIехула охьа. Гучура дIа а волий, цхьанхьа дIалечкъара, Iаббалц велха. Цигахь а ша ца витича – летара. Велха а воьлхуш. Масса велахь а летара. КIиллу вацара цуьрг а. Амма латарна охIла вацара.

Рамзанах дог а лозий, со цуьнгахьа волура. Цуьнгахьа а волий, летара берех. Сайн доттагIех а тIехь. Со Рамзанал онда вара. И санна вуткъа а воцуш, зоьртала вара. Рамзанал башха дов дезаш а ма вацара хьуна со. Айса дуола а дина, дов дина а ма вац. Амма лата ца летча ца волуш меттигаш нислора. Денна а бохург санна. Цу меттигаша Iамаварна, латарехь кайолуш вара со. Мел дукха уьш хилча а, сайн хенарчу берех ларавеш.

Ас и бераш дIасалесто долийча, чIогIа там хуьлура Рамзанна: велакъежара, бIаьргех оьхуш хиш а долуш.

И вошалла бахьана долуш, со дукхавезара цунна. Шен дел-ненал а сов аллал. Амма сан башха безам бацара Рамзане. И гуш, хIара суна герга а ца гIертара. Кхечарга санна эвхьаза хIума ца кховдайора соьга. Ас схьа ца оьцура. Гамо яцара вовшашца. Янне а. Эвлахь а, арахь а дуьхь-дуьхьал нисвелча вовшашна къажа а къежара. Амма къамел дацара вовшашца. Цхьа а тайпа.

Эвларчу школехь а дIакхийхьи оха шимма и шийла доттагIалла. ТIаккха Ростовски рабфаке а цхьаьна нисвели. ХIетахь-м тхо ондадевлла кегийраш ду. Маж-мекх а тохаделла. Рамзанах дика товш жимастаг хилла. Массо студентка а йоллу хIара дагавоьхна леш. Ткъа студенташа хьийзавора. Мехкаршна везарна хIуьттаренна санна. Витане ша ца витича, лата а летара хIара. Велха а ца воьлхура, хьалха санна. Амма латар хьалха санна дара. Зудаберийчух тера. Рамзанна юххе а хIуьттуш, лета дийзи цигахь а. Цигахь-м тхойша виллина цхьаьна ву. Вижар-гIаттар а, даар-малар а, массо хIума а цхьаьна долуш.

Цу балхах дукха воккхавеш вара Рамзан. Сайчунна юххерачу маьнги тIе охьавижа а, суна улле хIоьттина волавала а, сох агIо а тоьхна, парти тIе хаа а, соьга вистхилла а шен йиш хиларал доккха зовкх хеташ а вацара, оьшуш а вацара. Доза дан а дацара цуьнан соьгахь болчу безаман. Хьехош бацара и. Хьахор болуш а бацара. Амма хьулбан хьийзош а бацара. Даима а соьга ладоьгIна вара Рамзан. Суна хIун лаьа хаа гIерташ, суна оьшучуьнга хьажа кечвелла вара.

ХIетахь а вара со и хаалуш, ткъа хIинца шерра го – со шийла вара. КIоршаме вацара. Цхьа чо а. Рамзанехь безам боцуш а вацара. Хьалха санна. Цунна новкъа долчунна дуьхьалволуш а, вер волуш а вара. Со хIаллакьхирг хиларх. И гуш Рамзан а вара (и ца алахь, кхин цунна ала хIума карош вац со). Реза волуш а вацара цу сайн шийлаллина, амма цунна дан хIума долуш вацара.

Ши туьман ши сом дара тхан стипенди. Цунах исс сом саца а деш, баттахь юучунна талонаш лора. Юург тоьаш а яра. Ткъа Рамзанна хIора баттахь цIера ахча догIура. Нийсса цхьана хенахь. Беттан тIаьхьарчу деношкахь. Доллу хIума а низамца лелош стаг вара цуьнан да. Дукхахьолахь, кхо туьма догIура. Поштера ша воггIушехь и ахча соьга кховдадора Рамзана. Ас и схьаоьцуш доций а, оьцур доций а шена шера хуъушехь. Схьа мосазза ца ийци, хала а хетара. Бегашна а доцуш. ЦIий а лой лелара. Велха воллург санна. Кампетах, пряникех, чкъургех юззий карайора тумбочка.

Цкъа, ши туьма а делла, хеча эцна веа базарара. Суна. Баьццарчу исхаран галифе яра иза, дукха нисъелла. Цул тIаьхьа, цхьана бIаьстенан юьххьехь, ши туьма ворхI сом делла, эткаш эцна веа. Сайниш тишъелла а гина. Дов-ков дора ас Рамзанна, иштаниг дича. Амма еанарг схьаэца езаш хуьлура, мегар вацара ца эцча. Дехарш а дера дийра дацара. Цкъа «хIан-хIа» аьлча, кхин вист а хир ма вацара. Амма кийрахь Iийжар вара. ДIовш мелча санна. Дерриг дуьне къахьделла хьийзар вара. Жимчу беран дог дара цуьнан кийрахь дерг. Кхин ца хиллал къинхетаме а долуш. КIеззигчу цатамо эрча Iовжа а деш.

Йоза хаза долуш а, дешарх дика кхеташ а вара сан доттагI. Суна а тIехь гIо а деш. Къаьсттина математика тIехь («и яра сан «эгIаза меттиг»). Кхеташ вара, массо предметана «вуд» - весьма удовлитворительно. ХIинцалера – «отлично» долуш а вара, амма классехь дIа а хIоьттина, къамел далуш вацара, эхь хеташ.

Чекхдовла дисина цхьа шо а долуш, аьхкенна цIа даьхкира тхо I928-чу шарахь. Рабфак чекх а яьккхина, институте ваха безам болуш, каникулаш яхъелла вара тхойша. Вовшашка и хьеха а деш. Хенал цхьа ткъех де хьалха дIаваха барт бина Iаш вара.

Цхьана сарахь ду, веа суна Рамзан, олла а велла. Велха воллург санна. Хилларг дийца а ца туьгу. Шен бала балхош Iедал долуш вацара. Шенна дита Iемина вара шен лазарш. Берахь дуьйна а. ЦIерачара хIара цIахь сацош хилар гучудели халла. Церан лаамна дуьхьалвер волуш вацара Рамзан. Ша леш хилча а. Вала эр долуш со а вацара: дас-нанас бохучунна дуьхьало ярал ирчаниг ца хеташ вара со. Я хIинца а ца хетта суна цул ирча хIума. Деца-ненаца бертахь воцург, цаьрца мерза хила хууш воцург – сонта, вуьззина лартIехь воцуш хетта ву со даима а.

ДIаваха со. Рамзан а витина. Кестта кехат деа: юьрт-советан секретарь а хилла шех, нускал а далийна ша, аьлла. Сурт а дара нускалан. Тоьъарг безаме стаг яра, гIалахойн вастара кечъелла а йолуш. ГIалара ю аьлла а дара. ЦIе Маржан ю бохура.

Рамзанан ден белхаш хир болуш бара уьш: хIара балха хIоттор, кхунна нускал далор а. Бахаман Iалашонна хьажийна дара цуьнан доллу хIума а. Цундела бахам болуш а вара. Дукха дIоггара хIума дацахь а, тоьъарг.

ГIалахь цхьа гергарлонаш долуш бара хIорш. Наггахь Рамзан а воьдура цига. Амма цигахь кхуьнан безам болуш, я кхуьнга безам болуш, йоI ю бохуш хезна дацара суна. Рамзанехула-м хезийла а дацара: и тайпа хIума хьахор долуш вацара хIара. Нахе хьахийча а, соьга (со дукха воккха хетара цунна). Вуьшта, нахехула а ца хезнера. Тамаша бара и хIума Рамзанна шена хууш а хиллехь. Кхеран дайша-наноша дина захало хир долуш дара и. Чекхдоллучу хенахь кху шинна вовшийн а гойтуш. Ткъа куьцашкахь кху шиммо вовшийн ца магадойла а яцара: Рамзан санна хаза яцахь а, Маржан а яцара ирча.

Иштта, вовшашка кехаташ а, суьрташ а кхоьхьуьйтуш, и Iа дIадели. Дешар чекх а даьлла, со а веа цIа. ШолгIачу дийннахьехь шайга виги со Рамзана. Леррина тIаьхьа а веана.

МаьркIажан бода булу зама яра тхойша кхеран керта кхочуш. Рамзанна зуда а ялийна, доьзалца да гIала вахана хиллера. Цигахь керт а эцна. Ткъа кху йоккхачу кертахь хIара шиъ шаьшшиъ хиллера.

УьйтIа дуьхьал а яьлла, маракхийти суна нус. «Марша вогIийла, ва кIант!» - аьлла. Марахь чIогIа со дIа а Iовдуш… барт баьккхи. Цхьа тамашена башха барт! Ростохахь накъосташа хьехош хезна вара со и тайпа барт, амма сайна бевзина вацара. Олуш товш дацахь а эр ду ас и: схьадаха санна чIогIа сан балдаш а цIубдина, сийна цIе кхарстийра дерриг дегIе! Кхоьссина хIара дIаяхийта дог хили сан, амма цунна сан кадалале дIахийци со.

– Же! Валолахь чу. Денна хьо вуьйцуш, хьоьга сатуьйсуш, хьо вогIий хьуьйсуш бIаьргаш а гIелбелла Iаш ду тхо, – бохуш, ша и чIегIардиг санна хецаели. Маттана шера стаг хиллера иза.

Иштта, кхин и «хьаьгна» тIар-тIар ца хадош, стоммачуьра ши пхьарс а лаьцна, сих-сиха уьш Iовда а Iовдуш, букъа тIе бовха накха а теIош, марахь чувиги со несо.

Де а ала хIума доцуш, культурно кечийна яра чоь. Маьнга берг а, куз берг а, кхин ерг а шеен-шен метта нисъелла. Иштта говзаллица кечйина стол а яра. Юург ян а, хьалха йилла а хуур долуш хиллера Маржан.

Амма шадерриг чомах доккхура. Юххе охьа а хиъна, тIехула пхьарс а баьккхина, хIара кхаллий, хIара малий бохуш хьийзавора, саццаза шен тIар-тIар а буттуш.

– Дерриг дуьне тхаьшна гуш санна хета тхуна хьо гуш волуш. Гучура волуьйтур вац хIинца. Хьо гучура ваьлча, тоха са хир дац. Иштта тхаьшна юххехь кхобур ву. Хьуна дезарг, хьуна луург хьан хир ду. И хIуъа делахь а! Массо хенахь а кийча хир ду. Хьуна ма лиъи! Дерриг а хир ду хьан! – бохуш, мара къуьйлура со, хорша еанарг санна, ерриг ега а еш. Кхехкаш яр-кх. Ша ма-ярра кхехкаш!

Ша ян а яцара хьуна цхьа кIеззиг хIумий бен. Хадда йоллуш юткъа гIодаюкъ. Беран куьйгаш. Беран бат. Массо а хIума дара берачух тера. Деккъа и цхьа кхехкар доцург. И дацара берачух тера. Сан бIаьргашна гина а дацара цо чул буьрса кIеж туьйсу адам. Жима а, доккха а. Дика «любовни романаш» ешна а, гIаьххьа хIума девзина а ву со хIетахь. Вуьшта, хIара саннарг… дуьйцуш а ца хезнера. Ирча болх бара цунах лета цIе!

Ден-ненан хьомсара хилла хир йолуш яра иза. Доллучу хIуманехь гуш дара и. Лаамаш сецо Iамийна йоцу куц дара. Беран лаамаш тIера дуьйна схьа. «Мегар дац» боху дош ца хезаш кхиъна йолу куц дара. Ткъа и дош Рамзанера хезар доций хиъна яьлла хир йолуш а яра. Цундела кхуо шен деган бовха лаам а битинера хецна. Яхь а, юьхь а дицдина. Сан бIаьргаш чу шен Iаьржа ши бIаьрг а боьгIна, тIегIоьртина юьхьа тIе Iаьнаран тов а етташ, кегийра дегош долу довха балдаш сайчарна тIе а кховдийна, шабарш дора.

– Кхин гучура вер вац алахьа, ва кIант… иштта уллохь Iийр ву алахьа… ва диканиг, алахьа…алахьа… – Эндаже дIа а тетти. Шозза а, кхузза а. Мичара! «Деллахь, сацае хIара»,  – бохучу хьесапехь Рамзане а хьийжи. Вела а къежаш, Iадда Iаш вара. Цу ирчачу суьртах там хуьлуш санна.

– Дуьххьара хьан суьртах бIаьрг кхетчахьана цкъа а даг чуьра дIаваьлла вац хьо. Дийнахь а, буса а. ГIенах а, самах а… Хьан суьрта тIера бIаьрг дIа ца баккхалуш Iийна. Иштта хьалха дIа а хIоттийна… Гой хьуна? Буьйсанца гIуьттуш хийла хьежна со цуьнга… Алахьа, ва кIант! Уллера дIавер вац алахьа! Даима-даима, дийнахь а, буса а иштта юххехь Iийр ву алахьа! Кийра боттуш йогу сийна цIе лагIъехьа, иза а алий! Ва диканиг… – елха йоллучух таръелла.

ХIумма а дика хьал соьгахь а дацара. Оццул боккхачу безамца, сел довха хьастаделла тIегIертачу адаме кIоршамениг ала мотт ца керчара. Юххе майра а хаийна, зудчо лелош долу и хIума даго къобал а ца дора. Рамзан къежахь а, и базар цунна товш хир йоций хаьара суна. Цунна тайча а, сайна ца товш хетара.

Цхьа сиха гIуллакх ду боху бехказло а хIоттийна, кеста юха ван дош а делла, халла Маржанан марара а ваьлла, дIавахара со. АхIи декъахь йоьлхуш иза а йитина. Берана нана санна, цунна гонах хъийзаш Рамзан а висира. Со виц а велла!

ДIа-м вахара со. Охьа а вижира. Бакъду, набарна ши бIаьрг ваьшта-м ца биллира. Цу хIоьттинчу суьртан ойла еш. ГIаьххьа дешна а йолуш, шера оьрсийн мотт а хууш, гIалин мехкаршца кхиъна йолчу Маржана дукха лакхара хIиттийна хир долуш дара хин волчу майрачуьн сурт: «ЙоI санна хаза, эса санна эсала, лом санна майра…»

«Хазалла», «эсалла» нисделлера Маржана. Рамзанал хаза а, цул эсала а боьрша стаг кIезиг хир вара, нагахь хилахь а. Амма «лом» дацара. КIиллу ванне а, амма лоьмах тера цхьа чо а бацара. Ткъа зударшна коьртаниг «лом» ду. Багахь «эсала эса» хилахь а, дагехь «буьрса лом» долуш бу зударий. Къайллаха ша сатийсина «буьрса лом» сох тарделлера Маржана. Тардаларна бехкениг Рамзан хир волуш а вара. Шен доза доцу эсалалла дIагайтарал совнаха, сан сурт дукха «буьрса» хIоттийна хир долуш вара. Шена а ма хеттара. Берахь дуьйна ас лелийна «майра» хIуманаш дийцина хир долуш дара. Маржан «инзара» мел ели, деста а деш. Ткъа цу «буьрсачу» суьртаца цхьаьна соьгахь болу шен боккха безам а биллинера Маржанан ховха-довхачу даг чу.

ХIинца-м кхета хир вара и ша динчух, бохура сан даго. Дохковаьлла а хир вара. Амма хIинца тIаьхьа ду. Довхачу дагахь сийна цIе летта яьлла. ХIинца хила маслаIат дац. Со веттавелча а, Рамзан веттавелча а.

Ткъа Рамзан веттавала дагахь а вац. Веттавала хууш а вац. Къежа а къежаш, Iадда Iан воллуш ву. Маржана соьца хIуъа лелийча а. Цунах цецвуьйлура со. Хьера валлал.

Рамзанна Маржан чIогIа дукхаезаш хилар гуш дара. Цу безаман боккхалле хьаьжжина чIогIа хила езаш яра Рамзанан «ревность» боху хIума а. Ткъа и яцара. Хаалуш а яцара. Соьгахь болчу безаман боккхалло йойуш ю те и? Маржанна товр хилчахьана бохуш, шен лазарна сатоьхна Iаш ву те?

Цуьнан къастам ца балора. Иштта со Iуьллуш, котам а йийки. Цкъа а, шозза а. Маржанна Рамзан сайна тIаьхьа ваийтарна а кхоьрура. Сахилча муххалле а хин дерг дара и. Кхин а холча хIотто верг а дара: «вогIур вац» аьлла, Маржанна цатам бан а луур дацара, ваха а вахана и хьеста а луур дацара. Кхера а кхоьрура цу «хьестарех». Со а ма ву хIетахь жима стаг. Кийрахь йогуш цIе а йолуш. ДегIехь шортта ницкъ а болуш.

Къайлавала сацам хилира сан. Юьртара а дIавала. Лам чохь ненахой бара. Ненан вежарий. Сан хенара кIентий а болуш. Со веача хаза а хетар долуш. Мел дукха Iерах со кIордор а воцуш.

Цига вахара со. Сатоссуш новкъа а ваьлла. Дега нене ала а аьлла. «Чехкачу гIуллакхана гIала вахана», – бохург даржо царна тIе а диллина. Лам чу-м вахара. Ваъал везаш тIе а ийцира ненахоша. Амма синтем ца хилира. Мелхо а чIогIа гатделира са. Цул хьалха цкъа а сан ца гатделлачу кепара. Саца а, хIотта а меттиг ца карайора. Бер санна йоьлху Маржан а, цунна гонах хьийза Рамзан а лаьттара дуьхьал. Мичча ваьлча а. ХIуъа хилча а. Башха хIума дара и, шиннех а цхьатерра лозура дог. ГIаьххьа лезна Iаш а дацара. Воккхах волчу ненавашас а хьийзавора: саготта ву хьо, кIант, и хIун ду хууш ву ша, бохуш.

Иштта, сацам-хIоттам а, вижар-гIаттар а доцуш, цу лаьмнашкахь со хьийзаш дикка зама елира. Ши бутт гергга. ТIаккха ваша веара суна тIаьхьа. Кхин гIуллакх-болх боцуш, сох хьаьгна. Шийтта-кхойтта шо долуш вара и хIетахь. Жима волу дела цуьнга а йийцина ца хиллера дас-нанас со волу меттиг. ХIетта бен. Маржан ехха цомгуш Iиллина хиллера. Сих-сиха вогIуш, со хоьттуш Рамзан а хиллера. Сох дог диллича бахана хир бара уьш, – гIала бахана эли кхелхина.

ТIаккха цIа веа со. ЦIа ма-кхеччи балха а хIоьтти. Зам. предрика. Хаза сан бертахь а доцуш. Институте безам хиларал совнаха, цхьанха болх банза а вара со. ДIа ма воьддура оццул лакхарчу балха ваха ийзалора. Амма хIетахь лаар-цалаар хьехош хуьлуш дацара. ХIинца санна.

Болх дукха бара. Денна бохург санна, ярташкахь хехка дезаш хуьлура говрахь. ХIетта гучуйийла йолаелла яра СОЗ-аш, ТОЗ-аш- керлачу дахаран хьалхара зIийдигаш. НЭП-ан шерашкахь корта айбинчу цхьаллин долалло царна «гIигI» дора. Керлачунна новкъарло йора. «ГIигI» дина ца Iаш, берзан ка а тухура юкъ-кара. Диллина гIо оьшуш дара керлачунна кога хIотта. Доладала Iемаш долчу берана санна. Кога хIотто гIерташ доллу керлачуьнга а, цунна дуьхьал бирзинчу кулакашка а хьаьжна, воьхна лаьтташ вара середняк. Иза керлачунгахьа ваккха везаш вара. Сих вина, цец а ца воккхуш. Меллаша.

Цу гIуллакхийн хьокъехь хIора бус-буса хуьлуш собранеш яра. Керлачуьнгахьа болчеран хилла ца Iаш, цунна духьал болчеран а тIехь. Къайлах. Чолхе мур а, чолхе болх а бара. Деган сингаттам бицлора. Дукхахьолахь. Амма буьйсанан боданехь геннарчу гIалин цIераш яйча, амал-гIад кхачадеш Iовжадора. Дерриг дIа а кхоьссина, цига дIахьаддал бIарзлора. ГIуллакхашна кест-кеста ваха дезаш а хуьлура гIалийтIе. Облисполкоме. Мосазза воьду гIали чувулуш дог тохалора. Кийрара схьаэккха санна: Маржан ган а лаьара, гарна а кхоьрура. Облисполкомехь цхьана йозанашна тIехь болх беш волу Рамзан гора суна. Мосазза ваха а. Хьалха санна, со гича чIогIа хаза а хетара Рамзанна, шайга вига а хьовзавора. Бехказлонна а доцуш. «Даима хьехош Iаш ду тхо, – олура. – Хьо вийцар бен кхин къамел дан а дац тхан. Шен вешел а дукха веза олу Маржана шена хьо. Цкъа хьох бIаьргкхетар дуьненан меха хетар дара олу шена. Волахьа…»

Цецволура со. «Деллахь, хIай, Маржанна со везар муха ду ца хууш ву те хIара? Хаац моьттуьйтуш ву те? Я со ву те галваьлларг? Дан а доцург ду те суна моттаделларг?»  –  олий хетара.

Амма и эвлахьлера башха барт… сан бIаьргаш чу богIабелла къега ши бIаьрг… тIе а кхевдина дегош долу балдаш… схьадетта дагаран тов… И хIуманаш «ваша» бохучу дашца тар ца луш гора. «Кху некъехь дукха сиха ву со. Юхавеача ирх-пурх вогIур ву», – олий, дIавоьдура. Чов санна Iийжаш дог а долуш.

Цкъа иштта шайга вига со хьийзош воллуш, Маржан а яц цIахь, эли, буьйса яккха яхана. Ша ву и ша, эли, цIахь. ТIаккха ваха со. Гена ваха везаш а ца хиллера. Ков дIа муха доьллу дийци суна. Буса вогIуш хилча. Кех чу ма велли аьтту агIор долчу цIеношкахь Рамзанан да-нана хиллера. Берашца. Кху шиннан хIусам къаьстина хиллера. Хьуьлла, кертан кIоргехь. ТIечIагIош неI а йоцуш сени а, доккха цхьа цIа а.

Эвларниг а санна товш кечдина дара цIа. Электросерло а йолуш. Гуш бедар-кедар а яцара. Шифоньера чохь хир яра уьш. Цунна уллохь Маржанан туфлеш лаьттара дуткъий-лекха кIажаш тIехь. Царна тIехIоьттинчохь сацабелира сан ши бIаьрг. Тасаелла хIума санна. Озийна и шиъ царна тIера схьа а баьккхина, дика сайна оьгIаз а воьдуш, охьахиира со. Стоьлана хьалхахь пенах боккха гур кхозура. Суьрташца цу гура чохь, суьрташна юккъехь, жима гур бара деган кепехь. Маржана ша бина хир болуш бара и.

Цунна чохь дара сан а, Маржанан а суьрташ. Вовшашна тIеттIа а гIортийна.

«ХIара хIума хIунда могуьйту ахь, ва къонах?» – ала дог хилира сан цкъа. Хиллехь а IаддаIийра. И болх «бехкечу» безамца бара, тоьшаллаш дацара кхунна хIитто. И безам «бехке» бац моьттуш, я муттуьйтуш Iаш волчу кхунна чов а хир яра. Эрна а дара алар: Маржанан лаамна дуьхьал хIара валалур вацара. Вуьшта, адаман лаамна дуьхьал валар долуш а вацара сан доттагI берахь дуьйна а. Цу хIуманийн ойла а йина, вист ца хуьлуш Iийра со. Дика Iийна а хиллера.

– Цигга охьа а хуий, хьан суьрте а хьоьжуш, йоьлхуш Iа Маржан. Шозза-кхузза иштта и ца йоьлхуш, буьйса-де ца долу. Дукха хазахетар дара цунна тховса цIахь елахьара. Хьуна там бан гIерташ хьийзар яра. Хьол дукха дезаш хIума дац цуьнан…

«Хьераваьлла те хIара? Я со ваьлла те хьера?» – боху ойланаш хьийзара сан коьрте. СадаIар бохург хила а ца хилира цу буса. Маржанна со везар дуьйцучуьра саца а ца тигира Рамзан. Iуйранна тхойша араволуш а эли:

– Хьо вар а, ас хьо шен маьнги тIе вижар а хиъча, хазахетар ду Маржанна.

И хиънехь, со вацар хьуна цу маьнги тIе вуьжур волуш а. ТIаккха, тхо вовшахкъаьсташ, эли Рамзана:

– ХIоккха схьаволахьа, Султан. Гуттаренна а. Цхьаьна Iийр дара вай. Цу цIа чу кхин цхьа маьнга а хIоттийна. Со кест-кеста районашка ваха дезаш нисло. Райисполкомашкахь йозанан болх нохчийн матте боккхуш хиларца доьзна. Маржан ша юьсу цIахь. Кхера а кхоьру, са а гатло. Хьо шеца хилча кхоьрур яцара и. Сагатдийр дацара. Шен вешица йолуш санна паргIат Iийр яра. Волахьа хIоккху схьа. Ма хаза Iийр дара вай.

«Со хир ву хьераваьлларг. Суна ма-моьтту хир дац и. Хьалха хиллехь а, хIинца. Дош дац ас лелориг», – бохучу ойланца цIа вахара со хIетахь. Цхьа башха дуьне серла а даьлла. Цул тIаьхьа кIира а далале ду, Ростох ваха дийзи сан цхьана гIуллакхана. Цигара вогIуш, буьйсанан юкъал а тIаьхьа кхечи гIали тIе. Гостиницашкахь меттиг ца хили. Гуттара а санна. Ленинан урамехь цхьа меттиг яра. «Дом крестьянина» олуш. Иза а юьзна хили. Цунна гергахь бара РамзанагIар. Цаьрга ваха со. Ша хирг хир ду-кх аьлла. Новкъа охьавижжал чIогIа наб йогIуш а вара.

Сени чу а ваьлла, неI туьйхи аса. «Мила ву?» – хаьтти Маржана. «Со вара хIара-м», – ас оллушехь, цхьа башха мохь а болуш, неIаре хьаьди. И дIаеллале хаьтти соьга: «Стагга а вуй хьоьца, ва кIант?». ЦIахь а ца хилчух тера Рамзан, бохург дагаиккхина, ас эли: «Соьца-м стагга а вац. Рамзан вуй цIахь?» – «Ву! Ву! ЦIахь ву!» – олуш, неI дIа а йиллина, озийна со чоьхьа а ваьккхина, гIуй боьлли неIарна. Лампа а яц летта.

– Вай-й-й, кIант, со ма ялийтахьа! Со ма ялийтахьа! Леш ю-кх хьуна, ва кIант! Ма ялийтахь со! – бохуш, гIапп-аьлла мара а кхетта, лагах ши пхьарс а хьарчийна, сан даг тIе корта а биллина, йилхи. Йилхи аьлла дуьйцийла а доцуш, Iана яха. И хьехадар-м товш дац. Дацахь а, цкъа волавеллачуьра дуьйцур ду ас и. ХIинца хьоьга бен дийцина а дац. СадоIучу дегIе! Я хIинца а дуьйцур дацара, и шиъ дийна хилча…

Циггахь сацавелира Султан. Кийрахь лазийча санна, чIичкъа а воьдуш. Геннарчу лаьмнашкахьа а хьаьжира. Амма цунна гуш дерш уьш дацара. Хилларш-лелларш дара. Заманехь гена девллехь а, Iийжарехь буьрса кIеж туьйсуш долу. Жимма иштта саца а велла, шен хабар дIадолийра Султана:

– Цу башхачу белхаро а, цу леткъамечу дешнаша а ницкъ бинера суна. Алоно даш санна, дог лалийнера. «Йолуьйтур яц, сан диканиг, йолуьйтур яц, сан хазаниг», – бохуш, ма-хуьллу кIеда-мерза и хьаста лааделлера. Оцу хьастаран «хьарам-хьанал» хьесапехь а доцуш. Лааделла Iийна ца хиллера… Айса и марахьарчаяр сайн муха нисдели хууш вац со. Я хIетахь а, хIинца а. Велла дIаваллалц цу хIуманна сайна гечдан ларор волуш а вац. И сайна дагадаьхкина дешнаш барта дIа а бохуш, аьтта дIаяхийттал чIогIа марахь Iаьвдина Маржан а йолуш, берзинчу букъа тIехула охьахецна йолчу цуьнан хьийкъинчу месаш тIе куьг хьоькхуш карий суна суо… Тохара эвлахь суна евзина цуьнан оба яра со «самаваьккхинарг». «А-ахIа-ахIа. ЦIе йожа хьо белхан!» – бохург дагахь хIара дIа а ластош, лампа латий ас. Iадийча санна лаьтташ  хIара, ший а буй чIениг кIел а гIортийна. Цхьа пайда йоццу бахтарш бен тIехь хIума а дац. НеIарехь боллучу гIуйга ка ас а туьйхи, юргIана кIел хIара а иккхи. Сан дагахь дерг а хиъна, бертал а йоьрзуш. ГIуй уьйзи ас несана. Меже атарна а кхоьруш, кIеддачу а нисбеш. Цхьа чIикъ дIа а ца боккхура. Тесна и гIуй цунна тIе а бахийтина, дIаваха со. «Хьай, неIалт хила хьуна. ХIума йоцу хIума! Хьо хIун ян гIерта вайх?» – цуьнга а кхуссуш. Кхин цу агIорхьа сайн лар ца хьора ас. Рамзана мел хьийзаварх а. Шо а сов дели иштта. Цкъа ду, цхьаьнхьара-м вогIуш, буьйсанна вокзале воьсси со. Шийтта даьллачул а тIаьхьа. Рамзан ву-кх лаьтташ. Леррина суна дуьхьалвеана волуш санна. Шайга виги со. Нуьцкъах ала мегар долуш. Кхеран чу волуш, уггар хьалха сан бIаьрг тIехIоьттинарг ага дара. Сов хаза кечдина а долуш. Цунна юххехь лаьтташ Маржан а яра…

Деллахь, ма хьалхалерачух тера яцара! Цу минотехь бен паргIат цуьнга хьожийла хилаза вара со. Ткъа цу минотехь аьлча… туьйранашкахь юьйцу ГIалин-ГIизларха а, цул исбаьхьа-оьзда дIахIоьттина адам хеталуш дацара. Стиглан басахь халат яра тIехь. Коьртахь оццу басахь йовлакх дара. КIеззиг коьрта буьххьехьа а хилош, хьалагулйина йолу Iаьржа месаш халла дIахьулъеш. Кегийчу лергех кегий дешин хьалкханаш къегара. Мерехьа юткъа ног а тухуш, вовшех хоттаделла долу луьста ши цIоцкъам жимма хьалатоьхна дара. Цецъяьлча санна. Амма цецъяьлла яцара. Цуьрриг а яцара цецъяьлла. Буьрса бетта а белла, тийна хIорд санна паргIат яра. И хIорд санна «йоккха», и хIорд санна «кIорга» гуш яра. Стогаллех юьззина лаьттара. Дерриг дуьне атаделла доьдуш хилча а, шек дIа а ер ма яцара хIара, ала ваьхьар волуш.

– Дела ва, кIант, хьо марша! Хьо мичара вели? Хьо мича Дала валий? Бокъалла а, хIай, ма дика болх бина ахь веана! Же, охьахаал! ПаргIат валал! – олуш, йистхили. Мара а, кара а ца гIерташ. Аз а дацара хьалхалераниг. Бераниг. Хьалхалерачул дукха сов зударийн кIедалла дара озехь, ткъа цуьнца цхьаьна хаалуш болатан ондалла а дара.

Эццахь езаелира суна Маржан. Цкъа а адам дезаделла доцчу кепара чIогIа. ЦIена бакъдерг ду хьуна и! Езаелира… йишин хьесапехь. Екхна стигал санна цIенчу безамца. ЧIогIа там хилла охьахии со. Суьрташ а дацара. Цхьа а тайпа. Берийн ловзарш дIадевллера. Вовш-вовшашкара оьцуш хабарш а дуьйцуш, даггара дийла а дуьйлуш, дукха мерза сакъийри оха. Вовшах а, дуьненах а даккхийдеш. Цул тIаьхьа кест-кеста воьдура со цаьрга. Тхешан цIа санна эвхьаза. Рамзан цIахь воцуш а нислора. Цуьнан маьнги тIе охьа а вуьжий, буьйса йоккхура. Цхьацуьрг ийза а ца луш. Сайн меттара дIа, шен меттара схьа Маржана хабарш а дуьйцуш дукха Iара тхойша лампа дIаяйинчул тIаьхьа а. Йиша санна цIена а йолуш, йиша а ца хиллал дика а йолуш, исбаьхьа-оьзда нус хилира суна Маржанах. Ваша хилла дIа Рамзан а вахара…

Со малвеллехь хIун хир дара тхох?

Цу хаттарца чекхдалийтира Султана шен хабар. Буьзначу малхана тIаьхьа а хьоьжуш.

02.03.I972 шо

 

 

ЭПИЛОГ

 

«Нус» цIе йолу дийцар арадаьллачул тIаьхьа хIара ши кехат деара соьга.

 

«Хьоме…………..!

Хьан «Нус» йийшира ас. ДогIа санна елха а йоьлхуш. Сой, Маржанний цхьана хенара а йолуш, лулахь кхиъна яра тхойша. Вовшех яьлча мегар дац моьттуш дукхаезаш яра тхойшинна вовшийн. Деа вовшех хьулдина хIума доцуш, доттагIаш а яра. Школе а лелара цхьаьна. Олуш там бацахь а, синкъерамашка а цхьаьна хийшинера. Наггахь мукъа тIехIоьттина елха коша барз а боцуш дIаели-кх сан и, бохуш Iаш яра со. Ша ялале цо сайга яздина кехат а доьшуш. Маржанан безам берриг кхунна тIе а берзийна.

Цуьнан докъа тIехь карийна хиллера хIара лулахошна. Цул тIаьхьа шо а сов зама яьлча, бевзачу нахехула кхаьчнера соьга. ХIетахь дуьйна даима сайн дагна юххехь лелош ду сан хIара. Сайца коша дилла аьлла дина весет а долуш. ТIаккха дIайовр ю-кх Маржанан тIаьххьара лар а бохуш Iаш яра со. Сайн яларал сов цуьнан лар йовш хилар новкъа а долуш. Ткъа хIинца…

ХIинца хала дац! Яха а яла а хала дац хIинца. Маржанан цIе дуьнехь юьсуш хилчахьана.

Султан волуш хилар хууш а яцара со. Цуьнан а, МаржангIеран мерза-цIена гергарло девзаш хиллехь а. Султанаца шеца хьо-со дукха кIеззиг хилла ша со. Дика ду-кх цо шайн ма-хиллара хьуна дийцина а, ахь и зорбане даьккхина а.

Дукха чIогIа там хилла, цамгар а яйъелла хьийзаш ю со хIинца. Керлаха дуьнен тIе яьлча санна. «Ва нах! Юху «Неса» тIехь юьйцуш йолу Маржан сан доттагI яра шуна! Цо шен хазчу куьйгашца яздина кехат а ду соьгахь. Хьовсал кхуьнга!» – аьлла, дуьне Iадо санна, мохь тоха дог догIу.

ХIара кехат ша-м хьоьга дIадоуьйту хьолехь дисина а дац: заманан йохалло а, массо доьшу сан бIаьргех Iенначу хиша а дукха тишдина хIара. Цхьадолу дешнаш гуттаре дIадайна (суна-м дагахь хууш дара уьш). Цуьндела, сайн весет кхочушхила а луу дела, кхунна тIера яьккхина копи йоуьйту ас хьуна. Цхьа а дош, цхьа а хьаьрк галдаланза, нийса ю хьуна хIара. Чаккхенахь «28» диллинчул тIехьа, цхьа элп ду цуьнан «И». Иза «июль» лоруш ю со. КхидIа хIумма а ца язделла куц ду мискане.

Хьайн аьтту хилахь, хIара а зорбане даккха хьажалахь.

Баркалла дуьзначу дагца бухаюьсу Зери».

 

«Зери! Ва-а-а Зери!!

Хьо мичахь ю-те? Наной биса вайшинан!... Вовшех яьлча мегар а дац моьттуш Iийнера. Вовшийн мичахь ю а ца хууш йиси. Дорцан мохо попан гIаш санна даржий вай къизчу кхиэлан мохо. Вайга хIоьттинчу къематана Гитлерна сардамаш доьхуш, тешнабехк бинчу фашисташна луьйш Рамзан а дIаваха. Цкъа а вочу дашна мотт карчаза волу и!

ДIаваха… Тахана, I944- чу шеран июль беттан 27 - чу дийнахь. ХIокху гIиргIазойн доккхачу цIа чохь цхьана йиси со хIинца. Дукха ехар йолуш а, яха лаам болуш а яц. Цкъа дIакхалла рицкъах хIума а дац кертахь. ЦIа дуьззина и хиларах, цунах цхьа бат дIа тухур йолуш а яцара. Берашний, Рамзанний тIаьххье дIаяха кечъелла яьлла со. Дагца а, дегIаца а. Цхьа цуьрг йоьхна а яц. Цуьрриг кхераелла а яц. Йоьлхуш а яц. ТIулг санна чIагIделла дог а ду. Лекъна шовда санна бакъабелла ши бIаьрг а бу. И бIаьргаш лашо, и дог дашо хIума дисина дац. Цу балхана-м сайх яша йиш йолуш ю со. Цхьаъ бен ледара хIума ца го суна сайх: йист а ца хуьлуш, хIара сайн бала сайцанна лахьти чу бахьа лара ца йо со. Хьоьга хIара балхонза Iелац. Цунна гечделахь суна, Зери… Нагахь хIара сан балхам хьайга дIакхачахь.

8 - чу мартехь Ош бохучу гIала диссира тхо (новкъахь хьегнарг дуьту ас). Йовха яра. Зазаш дохуш туьркаш а яра. ГIалина юххехь колхозехь хилира тхан совцар. Ша-м вон меттиг а дера яцара хIара. Кхузахь бинчарна. Амма тIедаьхкинчу тхуна ца тайна хIара. Дерриш а цомгуш хили. ХIара йовхо ца лаели тхоьга. Ткъа рицкъ а дацара кхачам болуш. Уггар хьалха карахь волу кIант вели, ледаралла делахь эр ду ас и, дукха ницкъ бира тхуна цу кIанта. Дуьззинчу кIиране велира, са даьлла ца долуш, диллина ахI деш. «Со ма валийтахьа» бохуш санна, сан бIаьра а хьоьжуш, цо дина узарш хIинца а лерехь ду. Цу узарша кийрахь тоьдуш ша воллушехь, и хьул а дина, суна маслаIат дан гIертара, миска, Рамзан. Цунах дукха цецъели со, Зери, Рамзанах. Доза а, барам а ца хиллера цуьнан дикаллин, доьналлин. Иштта цхьа хала киртиг тIехIоьттичий бен гучадер долуш ца хиллера стагах дерг. Зудчух лачкъийна юург кхалла гIерташ майра а, изза дан гIерташ зуда а гин суна хийла. Нехашла кхуьйдург а, сагIа доьхург а гин. Иштаниг лело вешир вацара Рамзан. Цаьрга а хьоьжий, олура: «Шен а, шен къоман а сий ца дойуш вала мегар ма дара стаг». Иштта вала а вели ша.

Амма тхуна дан гIо дацаро ницкъ бора мисканна. ХьегIаш а вара ша а. Халла лелаш вара ирахь. Велахь а, шен дегI диц а дина, тхуна там лоьхуш вара.

Тхуна дан доцчу гIонна гатвеллачохь лоьра и немецки фашисташна. Лоьра аьлча а, ши-кхо дош олура. Доллчунна а бехкениш уьш лорура цо.

Май чакхболуш дара и кIант велча. Нахана сингаттам ца бархьама, цунна каш а ша даьккхи Рамзана. Хьалха-м суна хууш а дацара и, хала болх хиллера велларг дIаволлар. Къаьсттана а каш даккхар. И болх берриг а ша би Рамзана.

Цул тIаьхьа, июнь баттахь, кхуоь а йоI ели. Жим-жиманиг хьалха а леш. Цхьацца кIира бен юкъа ца дулуш. Уьш а тхаьш дIалистина оха. Нахана сингаттам боцуш. Даима а шех нахана сингаттам ца балийта гIоьртина вара миска, Рамзан.

ТIаккха Руслан кIелвиси. ТIаьххьарниг. Дуьххьарлераниг а. Рамзанна уггар дукха везаш верг вара и. Рамзане ша-м хIумма а ца олура цу хьокъехь, амма суна хаьара. Руслан а вара деца долу гергалла соьца долчул чIогIа долуш. Дуккха вовшех тера вара ший а. Доллучу хIуманца а.

Стомара, 26-чу июлехь, сатосучу хенахь, шен ден кара куьг а тесна, цкъа цуьнга а хьажийна, цуьнаниш санна болу, шен хаза ши бIаьрг даиманна дIахьабби Руслана а. АхI-ухI а ца ди. Ветта а ца вели. Бегашена санна дIаваха.

Изам-м лулахойн гIоьнца воьллира Рамзана дIа. Охьавожжа воллуш вара ша а. ГIо далучу хьолехь со а яцара. МаьркIажехь коре веана лулахочо элира: «Ша жимма хьелур ву кешнашкахь, са ца гатдеш Iе, элира хьоьга Рамзана».

Цу сохьта кхиира сан дог: каш даккха сецнера и цигахь. Я шена, я суна. Са хила дукха зама йисина а яцара, и чувеанчу хенахь. Соьгара хьал а хаьттина, суна юххе охьахиира. ТIаккха, сан хьаьж тIе шен шийла куьг а диллина элира: «Даима а хьо сайн хьалха яларна кхийринера со. Сайга хIутту долчух ойла еш. Ткъа хIинца хьан ойла еш ву со. Цхьаъ юьсуш ю-кх хьо хIинца… Со чакхвели…»

Хаьрццина дIаваха, иза аьлла.

Ша метта ваккха гIерташ со йоллучу хенахь а эли: «Ницкъ ма бе хьайна. Со Iадда вита. Кхера а ма луо… Каш кийча ду хьуна, Маржан. Лулахошка а алий, дIавахьийта со. Хьуо меттах ма хьа. Кхера ма лолахь… Кхера ма лолахь… Къонах хилалахь…»

Кхин вист ца хили. Селхана оццу хенахь дIатийна шен доттагI а санна, веттавалар доцуш дIатий.

Циггихь, цунна тIе а кхетта, кIеззиг йилхира со. Йилхира аьлча а, цхьа башха «ов-в-в!» делира сан кийра. Берзан угIарх терра. Иза а дах ца делира. Сихха кхачийра. Кийра дирзира.

Иштта, хIокху цхьана-шина баттахь хьаьвзина, берриш дIа а бевлла, цхьаъ йиси со, Зери. Ехар йолуш а, яха лаам болуш а ца йиси. Кханенга ялахь а, ламенга ер йолуш яц со. Ша санна шера хууш ду суна и. ХIумма а доккха хеташ а дац. Ешаш ю со сайх. Султан хила везара хIинца со ган. «ХIума боцу хIума!» аьлла цо мацах сайна кхоссина дош ду суна, Iоьттина шаьлта санна, дагах чакх а даьлла лаьтташ. … Хьуна аса хIеттахье дийцира и… И ду суна.

Цу дашна цунна дукха баркалла а ю со. ХIетахь а, хIинца а, даима а. Цу дашо серлабаьккхира сан сонта корта. Цу дашо дахчийра сан ховха дог. Боккха ницкъ белира суна цу дашо. Оццул боккха ницкъ суна бала кхин хIума хир а дацара дуьненахь.

И ницкъ бу тховсалерчу буьйсанна хьалха со майра хIоттийнарг а..

И «майра» боху дош яздели соьга. Хазза товш а ма ца хетта суна и, хета-м. Ца хетахь а, дуьту ас и. Дозаллина аьлла доцу дела. Кху суна тIехIоьттинчул хала киртигаш хийла хIиттина хир ю адамана тIе. Тховса суна еанчу йоьхна буьйсанаш а яьхкхина хир ю. Амма хIара а яц хIумма а даладелла.

Вайн везачуьнга ма йогIийла хIара саннарг! Кертахь мел верг дIа а воьллина, суо йисарал совнаха, леш йоллуш а ма ю со. Де а даха дог доцуш!

Де-буьйса дисина хир дац сан дуьненахь доккха. Селхана сахуьлуш Руслан а, тахана сахуьлуш Рамзан а санна, кхана сахуьлуш чекх яла мегаш ю (и хан хила, ши-кхо сахьт дисинехь, кхин дисина а хир дац).

ХIетте а кхераелла яц со. Йоьхна яц со. Цуьндела дуьту ас и «майра» боху дош Iадда. Майрра а дуьту!

Цкъа бен аьлла а дац, цкъа а кхин эриг а дац хьуна, Зери, хьан доттагIчунна «хIума боцу хIума».  Циггахь, сайн къамел саца а дина, ойланашка яьллера со. Са кхетарг хилчахьана дуьйна схьа бIаьрга мел дайнарг, лерга мел хезнарг хаьрцина, литтина ели.

Дерриш а долуш ду уьш коьрта чохь. Дешин ду уьш коьрта чохь. Дешин буьртигаш санна къега а къегаш. Син белгало гучу а ели корехула. Цу агIор ду сан кор. Цхьа башха, мерза наб гIерта тIе. ТIаьххьарниг йолчух тера ду: куьйгаша хаза аьлла дан тигац. Меттахь, йижина Iуьллучохь, хьоькхуш ю сан хIара Iаьржигаш. Амма хIинца куьйгаш совца гIерта.

КъинтIера ялалахь суна, Зери. Мацах сох даьллачу докхачу гIалатана. Хьайна гахь Султан а ваккхалахь суна къинтIера».

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.