http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ойланаш кхерстинарг заманен чекх Печать Email

Бурчаев Хьалим

 

1909-чу шеран 10-гIа декабрехь Нажи-юьртан кIоштара Чуьрч-Ирзе юьртахь дуьнен тIе ваьлла нохчийн гIараваьлла поэт, прозаик, драматург, гочдархо, Iилманча, карзахе са, вуьшта аьлча, похIма долу стаг Гадаев Мохьмад-Салахь. Ша схьаваьллачу юьртах, цигарчу Iаламах лаьцна иштта яздо цо шен «Буьйсанан бере» цIе йолчу поэми тIехь:

 

Со вина борз угIучу ламанан Iин чохь,

Эндаже лечарчий, ижунна дуьйлуш,

Суьйренца хьийзачохь,

буьрса аз кхуьйлуш;

Вина чIу ца баллал луьстачу

хьуьн чохь,

Лаьттан тхов тиллинчу

тишчу тхайн буьн чохь –

Дада сайн ваьхначохь,

къаьхьа кад муьйлуш …

 

Кхузахь дIадахна цуьнан бералла, Iаламна юккъехь, малх кхетачу хенахь араволий, берзинчу когашца хьаннийн хIорд, уьшалан Iаннаш, акхаройн некъаш толлуш; пепнаш тIера дартанийн баннаш, тIома хьийза лечарчий тергалдеш.

 

Декарах девзара олхазар суна,

ЦIийзарах, угIарах – акхаройн васташ,

Озе ладуггIушехь дора ас къаста,

– дуьйцу кхидIа а Мохьмад-Салахьа. ХIетахь цунна данне а дагахь дацара, мел хала, къиза кхоллам язбелла хилла шена бераллин а, къоналлин а шерел тIаьхьа. Оцу муьрехь иза массарел а ирсе вара, цигахь ша «бераллин той» дуучу хенахь, мокхазар бердаша го биллина, «сирлачу шовданех дай бекхначу» махкахь.

 

ХIетахь жимчу сайн кхетамо соьга

Шабарца олура: Хьол ирсе хилла

ДIа мила воьрзур те, каш чу дегI дилла?

Хьайн гIоддах хьо Iалам дезарца вогу,

Ткъа изаъ дац хьоьца наххартал шога,

Хьоьсту цо денна хьо, барамах тилла».

 

ХIаъ, Гадаев Мохьмад-Салахь Iаламан бер дара, шен даймехкан-Нохчийчоьнан исбаьхьчу Iаламан агано техкийна, кхиийна, цо шен аьрхачу амалехь дахчийна бер. Цунна шен халачу дахарехь гуттаренна а дуьненан къилба хуьлий дуьсу бераллин ирсечу муьран суьрташ, царах болу дагалецамаш. «Жималла дагна гена мел ели, йицлой ткъа? ХIинца а йиц ма ца ло. Сирла ю», – эр ду цо тIаьхьа, ша гIеметта хIоьттинчу муьрехь «Дарта цIе йолчу стихотворенехь. Иштта дан а дара и. Цуьнан говзарш йоьшучу хенахь гуш ду иза.

Гадаев Мохьмад-Салахьах гIараваьлла поэт хир вацара, нагахь иза шен дайн юьртахь, Чуьрч-Ирзехь, ца ваьхнехь, ЦIечу-Берда тIера хьаннийн мукъамашка ла ца дегIнехь, аьрцнаш тIера гIов лерса хьостуш ца хиллехь, буса ара а вуьйлуш, ломан буьххьера хьала куьг тIекхоччехь хетало седарчий, уьш «дажош лела церан Iу» – буттий тергалдеш, церан къайленийн ойла еш ца Iийнехь.

ХIетахьлера шен синхаамаш, кхано шех поэт хилча, йовзуьйту цо «Орцара гIов» стихотворенехь:

Композитор хилча изза сурт хIотто,

Аьрцнийн цу декарах эшар йича,

Цуьнга ладогIархьама,

говрахь-гIаш доцуш,

Некъ хилар, цахилар чоьте ца лоцуш,

Ваьлла дIагIур вара, доцуш «мича?».

 

Iожалла, шена тебаш, готийса йоьлча, лайначу халонийн, иэшамийн дукъ тIех даздаларна, шийлачу ойланаша эххар а кхалха везар кест-кестта даг чу тийса долийча, юха а шен уггаре ирсе хиллачу бералле дIакхойкху поэт весетан дешнашца:

 

Цигахь диънера ас бераллин той,

Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.

Пепнаш кIел тIулг богIий,

гонаха берд хьой,

Безамна бIарлагIа елаш цигахь.

 

XX-гIа бIешеран 30-чу шерашкахь евзира Гадаев Мохьмад-Салахьан цIе нохчийн литературехь. Дагахь а доцуш, цIеххьана, амма шех тоьшуьйтуш, кхиъна ваьлла поэт волуш веара иза вайн литературе. Нохчийн поэзин жовхIарех цхьаъ лара йогIуш йолу шен «Йисита» стихотворени хIетахь язйинера поэта. 1939-1940 шерашкахь зорбанера араевлира цуьнан поэзин а, гочдарийн а гуларш. Хууш ду, цо дуьххьара нохчийн матте СССР-н гимн а яьккхинийла а.

Оцу муьрехь дукха а, кхиамца а къахьоьгура Гадаев Мохьмад-Салахьа оьрсийн а, советски а яздархой нохчийн матте гочбарехь. Царна юкъахь ю М.Ю. Лермонтовн «Мцыри», «Паччахьах Иван Васильевичах, къоначу опричниках, майрачу совдегарх Калашниковх а илли» поэмаш, Вл. Ставскийн «Болар иэцар», А. Фадеевн «ХIаллакбар» романаш. Н. Асеевн, Дж. Джабаевн, М. Исаковскийн, Д. Бедныйн, С. Чикованин, кхиболчу яздархойн произведенеш а. Иштта цо говза гочйира А.С. Пушкинан стихотворенеш а, поэмаш а, Л. Толстойн «ТIом а, машар а» романан дакъошший, дийцаршший, Т. Шевченкон «Ойланаш» цIе йолу поэма а, А. Чеховн исбаьхьа говзарш а. ХIетахь язйира Гадаевс «Буьйсанан бере», «Ши стаг» романаш, «Нус», «Акхаралла» повесташ, иштта дийцаршший, стихашший. Цуьнан «Герз далар» поэма, А. Тарковскийс оьрсийн матте гоч а йина, I939-гIа шарахь Соьлжа-гIалахь зорбатоьхначу «Нохч-ГIалгIайчоьнан поэташ» гулар тIехь араелира. Республикера газеташний, журналашний тIехь зорбатухура оцу шерашкахь цуьнан говзарш, амма уьш карийна яц цкъачунна.

Гадаев Мохьмад-Салахьан «Стихаш» цIе йолу гулар 1940-гIа араяьлла. Оцу шерашкахь цо зорбане кечйина хилла стихийн, поэмийн, прозин а «Довха дог», «Безаман лирика», «ТIаьххьарлера безам», «Партизанаш», «Попан дийцар» киншкаш куьйгайозанехь йисира. Иштта Гадаевс язйинера «ЧIир екхар а, чIирхо витар а» киншка. Цунна юкъадаханчу ширачу хабарша, туьйранаша, баснеша, притчаша гойтура хIетахь литературе веана волу Гадаев Мохьмад-Салахь кхоллараллин лехамийн шорто йолуш яздархо хилар.

И тIечIагIдо Гадаевс драматургин жанрахь а шен ницкъаш зийна хиларо. Шен цхьана кехат тIехь цо яздора: «Пьесаш а язйора, ролаш а ловзайора». Карарчу хенахь, халкъан ю олий, дIалокхуш йолу «Бэлин йиш» язйинера цо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро М. Лермонтовн «Вайзаманан турпалхо» романан цхьана декъан буха тIехь хIоттийначу спектаклана. Иштта, Тутуев Висамис шен «ЦIечу бердан мукъам» эссе тIехь яздо: «Кху тIаьххьарчу хенахь Гадаевн архивна юкъахь суна карийра цо язйинчу «Кунта-Хьаьжа» пьесин белхан вариант. Ша цIавирзинчул тIаьхьа иза ша хила езачу бараме яло дагахь а вара Гадаев». Цуьнан чулацамах лаьцна а дуьйцу эссен автора.

Эвлаяан Кунта-Хьаьжин хьехамаш, дахаран некъ а бовзаро боккха тIеIаткъам бо Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллина а, Iилманан лехамашна а. Иштта суффийн Iилманчин, Кунта-Хьаьжин хьехархочун Iабдул-Къедар Гиланин философин белхаша а. Оцу шина хьекъалчех кхета гIерташ, дукха къахьега а ца дийзира Гадаевн, хIунда аьлча иза ша ма вара исбаьхьчу Iаламанан йийсар, иза тергалдархо, цуьнан хаттаршна жоьпаш лехархо а. Цунах лаьцна иштта яздора цо шен цхьана кехат тIехь: «Тхан цхьа цIа эвлахь дара, ткъа важа-цунна ши чаккхарма генахь, кIоргачу Iина йистехь. ЦIенна шовзткъе иттех гIулч генахь нежнийн хьун яьлла арц бара. Цхьаццанхьа тIулган тархаш лаьттара. Лахахь шуьйра тогIи яра, шена тIехь пепнийн хьун а йолуш. ТогIина дехьахь айлора нийсса дуьхьал лаьтта арц, тханчул мелла лекха а болуш. Къилбехьа долу лаьмнаш, гена мел девли а, айалуш, Кавказан дукъ тIера лайн баххьех дIаоьра. Къилбаседехьара лаьмнаш лахлуш охьадоьлхура, эххар а йистйоцчу аренашца дIадовш. Буса цигара схьагора арен тIехь багочу эрзан а, бецан а цIераш, ткъа Iуьйрана а, сарахь а лепара лаьхьанах сетта генара Терк. Хаза сурт дара!»

…Иштта, кхета атта, ойла тIеерзош, васташ кхуллуш, ма-дарра яздан хаьара цунна Iаламан хазаллах, дахаран кхехкарх, Нохчийчоьнах лаьцна, ша берраллехь дуьйна Iаламах дIаийна, и чIогIа дика девзаш, дезаш, Iамош, толлуш леларна. Цо сих-сиха карладохура шен дененан дешнаш: «Синбилгалонца хьала а гIеттина, делккъалц Iаламехь ловзуш, цунах марзо эцнарг ялсаманехь хир ву».

Шен йозанашкахь Гадаевс дуьйцу: «Винчу юьртахь, ломахь, хьаннашкахь суна ца хууш меттиг яцара. Суна ца бевзаш олхазаран бен а бацара. Дийнахь хьовха, кест-кестта буса а кхерсташ лелара со лаьмнашкахула а, хьуьнхахула а, бухIа ган, борз я цхьогал дуьхьалкхета сатуьйсуш». Мохьмад-Салахь юххера вевзаш хиллачу наха дийцарехь, иза кхиа а кхиира, шен дерриге дахарехь виса а висира кхеравалар хIун ду ца хуу, амма гIийла-гIаддайначунна орцахвала кийча стаг санна. Цу тIе, кIиллолла, аьшпаш, ша а, шена гондхьара адамаш а, шен халкъ а сийсаздар ца ловш,ишттачохь сиха, мохане, хала амал а гойтура цо. Цундела нисбелла хила а тарло цуьнан кхоллам сел декъаза.

«Сийлахьчех сийлахьниг, шайхашлахь шайх, декъаза Кунта яI! Хьан дакъазаллехь йоллу хьан декъалла!- бохуш, яздора цо 1931-чу шарахь. –Цуьнан итт шо а дацара, цо шен тидамашца жамI дича (я, Эпикура аьлларг хууш а доцуш, карладаьккхича)-муьлхха меттахдалар есаллин гуонехь хуьлуш ду. Сийлахь Iеламча-къинхетамча!» Дикка хан дIаяьхьира цо цунах лаьцна язъян материалаш гулъеш. Царна тIехь болхбечу хенахь Гадаев кхета Кунта-хьаьжин дуьнене хьежамех: дерриге а хIума гуонан боламехь кхоллар а, и юха лаьтта духадерзар а. Цуьнан зуькаран маьIна а ду гуонан боламехь. Кунта-хьаьжин лехамех коьртаниг ду адамийн дегнийн цIеналла, масала: «КIайн чалба шайн коьртех хьарчаяле хьалха, иза шайн дегнех хьарчае». Иштта кхин а ду Кунта-хьаьжас къобал ца дийриг- шен накъосташа ша нахана юкъахь тIех вазвеш вийцар. Оцу къамелийн-хабарийн тIаьхье кхераме юйла хаац иштта дуьйцучарна. Цхьа стаг вазвалур вац, кхиберш лах ца беш, сийсаз ца беш. Наха дерригенна а тIехь маршо елла стаг гал ца вала йиш яц.Кунта-хьаьжех лаьцна дуьйцурш а, цо язбина динан белхаш а теллинчул тIаьхьа, шен пьеси тIехь коьртачу турпалхочун барта дохку Гадаевс иштта маьIна долу дешнаш: адаман кхетам билгалбалур бац, цо, ша къа а хьоьгуш, вовшахтоьхначу бахамций, цуьнан Iер-вахарций бен. Шена тIехь долчу Iедалан а, ша вехаш волчу юкъараллин а хьокъах гулбина бахам лара ца беза адаман кхетам. Къестамаш баро нехан юкъаметтигаш галйоху, цундела цхьана гуонехь (масала, зуькаран гуонехь)-цIаналлин гуонехь, вовшийн юьхь-сибат, бIаьргаш чуьра синхаамаш гуш-бешалуш хила деза дерриге адамаш. Кхузахь «Кунта-хьаьжа» пьесах лаьцна гIеххьа дахдина дийцаран Iалашо ю Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллина а, цуьнан дуьнене хьежарна а оцу сийлахьчу стага –эвлаяо бина тIеIаткъам гайтархьама. Иштта тIеIаткъам хиллачух ю «Сайга» цIе йолу стихотворени:

 

Варийлахь! Варийлахь!!!

Харц некъ ма хьолахь:

Харц новкъах макх летчахь,

Дог телхар ду.

Мел кIезиг макхо а

Хьайн даг тIехь голахь;

Шен даг чохь цIанвелларг

Далла гур ву.

 

Билггал хууш дац ГадаевгIеран доьзал Гезлой-эвла дIа маца кхелхина. 1913-гIа я 1924-гIа шо олий, къовсамаш а хуьлу. Амма, билггал шолгIа терахь нийса хир ду бохург бакъдолчунна дуккха а герга ду, хIунда аьлча диъ-пхиъ шо кхаьчначу берана дагадогIур дац Чуьрч-Ирзера Iалам, иштта кIорга иза цуьнан иэсехь соцур а дац. Цигахь ворхIшеран школа чекхъяьккхина Мохьмад-Салахьа. Цигара дIа вахана иза Ростов-гIалара рабфаке (рабочий факультете) деша. Цигахь доьшуш волчу шерашкахь бевза цунна дуьххьара философин белхаш, иштта Кантан а, Лапласан а космогонихула хетарш-гипотезаш а. Оцу шиннан белхаш Iамош, царна тIехь талламаш беш, волало иза шен Iилманан белхаш язбан а. 1947-1957 шерашкахь Гадаев Мохьмад-Салахьа А.Баймурадовца цхьаьна «Дуьненан суьрташ» цIе йолу шен дуьххьарлера таллам язбина. Цул сов Гадаевс кхин а язбира философин белхаш: масала, «Изменение в качественных процессах порождения вещества», «Программа классификации и анализа звезд», «Спектр-химическая плотность», и дI. кх. а. Цу кеппара кхуллу, тIетадо цо шен дуьнене хьежар. И белхаш цо дIабохьуьйту СССР-н а, ерриге союзан республикийн Iилманийн а Академешка. Цхьаболчу Iилманчаша цунна делла йозанан жоьпаш а ду шолгIачу киншкина юкъадахийтина. Шен дерриге а дахар лехамашкахь дIадаьхьна Гадаев Мохьмад-Салахьа, иштта вара и карзахе са, амал йолу къонах. Гадаев Мохьмад-Салахьан философски талламаш бу шолгIачу киншки тIехь. Билгалдаккха деза, иза воккха Iилманча , Iилманехь керлачийн автор хилла боху тIечIагIдарш, схьагарехь, кхолладелла цуьнга болчу безамна а, лерамна а, уьш шайн бух болуш а, цуьнан сий лакхадоккхуш а дац. Вай тешна а ду, Гадаевна уьш ца оьшу аьлла. Иза шашаха кхоллавелла Iилманехь лехамча вара. Ткъа физикехь а, астрофизикехь а кIорггера хаарш доцчуьнга кхоллалур дац Iилманехь дуьненан сурт. Сурткхолларан похIма лаккхара дара цуьнан. Дуьнене хьежарехь цхьана билггалчу гурашкахь а вацара. Цуьнан шатайпаналла яра, кхоллараллин ойланашкахь маьрша а волуш, хетарг (гипотеза) майрра дIаалар, ойланийн нуьцкъалла а, хIуманан тидамбар а, гушдоцучун сурт-васт кхолла говзалла а, жигаралла а, къарцавалар а дара. Iаламан а, адамийн син а къайленашка шен ойланца тIекхача а, и схьаала а хаьара цунна. Лаа ца аьлла цунах лаьцна оццул доца, амма кIорггерчу маьIнехь, нохчийн халкъан поэта Сулейманов Ахьмада: «Мохьмад санна верг эзар шарахь цхьаъ бен ца вогIу хIокху лаьтта тIе. Мохьмад кестта вогIур вац. ГIеххьа заманаш оьшу иштта цхьа Мохьмад кхолла». Цо шел тIаьхьа йитинарг йоккха хазна ю, адамийн син мехаллашлахь шена хьакъболу меттиг дIа а лаьцна цо.

Оьмаро шена еллачу 63 шеран 30 шо гергга хан набахтешкаххьий, ссылкехь а яьккхина Гадаев Мохьмад-Салахьа. Нохчийн халкъ махках даккхале цо дуккха а меттигашкахь белхаш бина. Рабфак чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дика хаарш долу дешархо хиларна, Ростов-гIалин крайисполкаман аппаратехь балхахь сацийра иза, амма, хIинца вайна хууш доцчу бахьанашна, цхьа хан яьллачул тIаьхьа Нохчийчу цIа вирзина.

Цигара цIавеъча ишколан директоран болх бо цо (схьахетарехь, Аух-юьртахь (хIинца Дагестанера Новолакск). Нажи-Юьртан райисполкоман жоьпаллин секретаран, тIаккха оццу кIоштан лаьттан декъан куьйгалхочун даржехь а хуьлу, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин а Iилманан-талламийн институтехь Iилманан белхалочун болх а бо. ХIетахь шен дерриге дахар литературиний, Iилманний дIадала дагахь хиллачу Гадаев Мохьмад-Салахьна доьгIна ца хиллера, дерриге нохчийн халкъана санна, шен махкахь ваха. Халкъан мостагIчун иэхье цIе тиллина волу иза ГIиргIазийчу дIавигира. Оцу тIех хала даьхкинчу шерашкахь набахти чу воьллира иза дуьххьара.

Цуьнан лаьцна иштта дуьйцура яздархочо Айдамиров Абузара: Йоза-дешар хууш хиларна, Гадаев Мохьмад-Салахь кхачанан сурсатийн складна коьрте хIоттийна хилла, иштта белхаш цхьа наггахь волчу нохчичух бен тешош ца хилла хIетахь. Амма цуьнан карзахечу, аьрхачу амалехь дацара хIора денна мацаллина лешболчу нахе бендоцуш хьежар. Цу тIе а, шелоной, Iаьржачу уьной хьокхуш, охьадохкуш дара адамаш. Ша кхочушдан дагалаьцначун тIаьхьало муха хир ю шена дукха дика хуъушехь, кхачанан сурсаташ мецачу нахана дIасадийкъира цо. Шен дезарел хьалха нехан дезаршка хьожучу къонахчун гIулч яра и. Итт шо хан тоьхна, набахти чу воьллира Гадаев. Хууш ду и хан цо Чарджоун, Ашхабадан набахтешкахь такхар. Цхьаболчу хаамашца, Чарджоу-гIалара яздинчу кехатца дуьххьара шен «Даймахке сатийсар» цIе йолу стихотворени яийтина цо вевзашволчу Iеламстаге Даьттахера Мадаше. Мохьмад-Салахьан кехаташа гойту иза, амнисти хилар бахьанехь, I953-гIа шарахь набахтера мукъаваькхина хилар а.

Цул хьалха, 1952-гIа шарахь Гадаевс шен кIанте яздинчу кехато дуьйцу иза набахтехь чIогIа цомгаш хилла хилар. Дуьххьара хIоттийна диагноз- хьерана рак цамгар кхетар. Бакъду, и ирча диагноз нийса хIоттийна ца хилар гучуделира тIаьхьо, амма Мохьмад-Салахь баккъал а чIогIа могаш вацара. Цундела лара догIу цо шен кIанте яздина кехат цуьнан весет санна. Набахтехь дахаран тIех халачу хьелашкахь ша воллуш а, шен кхоллам бац цунна коьртаниг, шен галъяьлла йоьдучу могашаллин а ойла яц цо. Цунна коьртаниг ду шен кIант мила хир ву боху хаттар: шен халкъан патриот я цхьа а тайпа-тукхам доцу СССР-н гражданин? Иза дика кхета, халкъ махках даьккхина дIадигначохьчул а аттахо хир ду кIантана Россехь ваха, амма шена оьшучу хенахь шен халкъаца хир вац иза, цунна пайдехь цхьа а хIума дан аьтто хир бац цуьнан.

Дукха хан йоццуш схьакарийна набахтехь волуш Гадаев Мохьмад-Салахьа язйинчу стихийн кхин а цхьа тетрадь. Цу тIехь ю цуьнан уггаре а тоьллачех йолчех цхьаъ «ЦIен-Берд» цIе ерг а, цунна коьрте диллина терахь а ду – 1949 шо. Гадаевн и могIанаш а ду цуьнан весетах цхьаъ. Амма шена деккъа цIена цхьаъ бен дехац цо: шен каш а, чурт а хьомечу юьртахь – Чуьрч-Ирзехь хила лаар. Ткъа дисина могIанаш дерриге а шел тIаьхьа буьсучаьрга, тIаьхьенашка, церан кIорггера гIайгIаярца яздина ду:

 

Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,

Ял йоцуш вирзинарг лар йоцуш вов,

Уьйрашна вицвелчахь,

Далла а вицлой,

Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов…

… Дог мерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,

Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь…

Гуш ду, хIетахь а, 1949 шарахь, готуьйсуш, тебаш хилла цунна Iожалла. Цундела кхолладелла и хьеннан а дагах кхета, цIена, даггара дешнаш. Цара хьоьху вайна уьйр-марзонашца, Делан некъаца дахар. Хьоьху, дегнаш чуьра хьагI-гамо дIа а яьккхина, догмерза дахар. Оцу весетан-иллин дешнаш дехар ду дуьнен тIехь адамаллий, дикаллий мел еха, нохчийн моттий, иллий мел деха а.

Билгалдаккха деза, Гадаев Мохьмад-Салахьан набахтера кехаташ дуьзна ду гуттар а баланаш ловш схьадогIучу шен халкъе, цуьнан матте, литературе, культуре болчу безамах а, гIайгIанах а. Цунна тоьшалла ду цо 1967-гIа шарахь Н-ГI-н АССР-н Министрийн Советан председателе Гайрбеков Муслиме нохчийн меттан хиндолчун ойлаеш яздина кехат. Иштта йоккха гIайгIа ю цуьнан нохчийн халкъан мукъамийн (музыкин) а. 1963-гIа шарахь шен доттагIчуьнга, драматурге, Хамидов Iабдул – Хьамиде яздора цо: «Со чIогIа кхоьру, оьрсийн композиторийн карахь къоман музыкин башхаллин, дог-ойланан аз нехачу, дог доцчу, дахар доцчу кегдаларе дерзарх… Къоман башхалла, дог-ойланаш ларъеш, муьлххачу къоман музыка кхиорхьама, жима волуш дуьйна, дегIан массо меженах чекхбаллалц, оцу халкъан дог-айамах худавелла хила веза…» Мел маьIне, хьехаме дешнаш ду уьш тахана къаьсттина вайн иллилархошна а, йишлакхархошна а.

1956-гIа шарахь Сибрехара уггаре хьалха цIабирзинчех вара Гадаев Мохьмад-Салахь. ХIетахь Iаламат дукха дара цо кхочушдан дагалаьцнарш. Жигара дакъалоцура цо вайн республика юхаметтахIотторехь. Цуьнца цхьаьна язйора шен керла говзарш, дуккха шерашкахь зорбане яха йиш йоцуш Iаьхкинарш арахеца кечйора. 1957-гIа шарахь 3-гIа классан дешархошна лерина «Дешаран киншка» кечйира Гадаевс, оцу шерашкахь нохчийн меттан Iамат а х1оттийра. Иштта, оцу муьрехь нохчийн мотт таллархочуьнца Чентиева Марьямца цхьаьна «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» кхоьллира цо, амма цунна зорба ца туьйхира. Гадаев Мохьмад-Салахь тIаьххьара набахти чу воьллира 1957-гIа шарахь. Ша чуволлале цхьа де хьалха хIетта юхавовшахтоьхначу яздархойн Союзехь шен накъосташна – яздархошна хьехар дира цо:

– ХIинца вай вешан цIахь ду. Махках даьхна, даьржина лелаш, хIуъа лелийна хиллехь а, хIинца доллучунна тIехь вешан халкъана масал хилла дIахIитта декхар ду вай. Доккха жоьпалла ду яздархочунна тIехь. Цундела, муьлхачу а ледарлонах, муьлхха а вониг шегара даларх ларлуш хила веза яздархо. Сихвала мегар дац цхьана а хIуманна тIехь… «Собар! Собар! Кхин цкъа а собар!» – баьхна вайн дайша. Иза дицдан мегар дац.

Амма цуьнан шен ницкъ ца кхечира ларвала, ца тоьира изза собар. И вевзинчара ма-дийццара, тамашийна стаг вара Гадаев Мохьмад-Салахь. Ша хIоккхера дIа ког муха, мича боккхур бу ца хаьара цунна, цхьа дош аьлча, цунна тIаьхьа догIу дош муха эр ду а ца хаьара. Сиха яра амал, цунна тIехь урхалла ца латталора цуьнга. Шех даим вогура иза. Цундела хьоьхура цо кхечарна собар. Делахь – хIета иза шена а дагадоуьйтура. Ца вицвала.

ТIаьххьара иза чувоьллинчу буса «Ленинан некъ» газето зорбатухуш хилла «Буьйсанан бере» поэмин дакъа а дешархошна ца девзира – иза а доцуш араделира Iуьйрана газета. Оццу бахьанина и поэма язъянза а йисира.

Гадаев Мохьмад-Салахь нохчийн халкъана мел чIогIа оьшуш ву бохучух кхеташ, цунна орцахъелира нохчийн къоман интеллигенци, хIетахь Н-ГI-н АССР-н яздархойн Союзан председатель волу Арсанов СаьIид-Бей коьртехь а волуш. Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмада лелочун доккха маьIна а довзуьйтуш, цара суьдахошка дийхира, тоьпаш тоха дIакхайкхийна кхиэл муьлхха а кхечуьнца хийцахьара аьлла. И дIахьедар тидаме а эцна, СССР-н Лаккхарчу суьдо Гадаев Мохьмад-Салахь виэн кхайкхийна кхиэл ткъе пхи шо набахтехь яккхарца хийцира. Цул тIаьхьа и хан ницкъ ма-кхоччу лахйира пхийтта шаре кхаччалц.

Шена тоьхна хан тайп-тайпанчу набахтешкахь, тайп-тайпанчу хьелашкахь токхура Гадаев Мохьмад-Салахьа. Цо яздинчу кехаташа дуьйцу, яздан а, кхоллараллин болхбан а оьшуш долу дерриге хьелаш дIа а дохий, вуьсуш хилла иза бохуш. Уггаре дика аьттонаш болчохь а, набахтин барак чохь Iен дезара цуьнан, цу чохь аьхка бурко лаьттара, ткъа Iай чIогIа шийла хуьлура. Оцу хьелашкахь кхуллура цо шен исбаьхьаллин произведенеш, философин хаттаршна тIехь ойланаш а йора.

Лагерехь лерамбора цуьнан. Цуьнан похIмаллин мах хууш болу лецнарш муьлххачу а хенахь кийча бара цунна стенна тIехь а гIодан. Цу тIе а, Мохьмад-Салахь а вацара осалчу нахах. ТIехьаьжна буьрса, шога стаг хеталуш волчу цо халахетар ца дойтура шена а, шен доттагIашна а.

Набахтехь даккха дисина тIаьххьарлера шераш Алдара колонехь дIадаьхьира Гадаев Мохьмад-Салахьа. Цхьаболчу хаамаша бахарехь, республикера интеллигенцин дехаршца ваьккхинера иза цига дехьа. Баркалла аларца дагалаца вогIу милицин полковник Хасбулатов Шемал. ХIетахь колонин хьаькам вара иза, шен ницкъ мел кхочург дира цо Гадаевн хьелаш тодарехь. Цунна болх бан лагерехь хила тарлуш йолу гIоленаш кхоьллира Шемала. И бахьанехь аьтто хилира Гадаев Мохьмад-Салахьца кхоллараллин интеллигенцин векалшца цхьаьнакхетар вовшахтоха.

Ишттачех цхьаъ хилира 1972 шарахь: цуьнца цхьаьнакхийтира Н-ГI ПУ-н ректор М.П. Павловвий, профессор Тимаев Вахий. Цунах лаьцна ма-дарра яздина Тимаев Вахас. Оцу цхьаьнакхетарх лаьцна Михаил Павловича дуьйцура: «Набахти чохь хан яккхаро тIеIаткъам биний хьан произведенешна?» – аьлла, хаьттича, Гадаевс жоп делира: «Суна хетарехь, ца бина, Тобольскехь язйина цхьа стихотворени маршоне сатесна кхоллаелла елахь а». «Набахтехь лан уггаре халаниг хIун ду хьуна?», – аьлла, шолгIачу хаттарна жоп иштта делира: «Адаман сий лахдар».

Кхоллараллин шоллагIчу муьрехь язбира Гадаев Мохьмад-Салахьа нохчийн меттан Iилманан белхаш. Амма уьш куьйгайозанашкахь бисина. Гадаевн кхоллараллехь даима а коьртаниш хилла йисира Даймехкан, безаман, ломара Iаламан теманаш. Цуьнан дукхахйолчу произведенийн цIераш а ю цаьрца йоьзна: «Даймахке сатийсар», «РегIара поп», «Попаца къамел», «ЦIен-берд», «Гуьйренан зезаг», «Дайн латта», «Даймехкан суьрташ», и дI. кх. а. Цуьнан поэзи кIорггера чулацам болуш а, даг чу юьжуш а ю. Гадаевн байташа адамашца йолу юкъаметтиг ларъян а, Даймохк беза а, Iаламан къайленаш йовза а, безаман кIоргене кховда а, дахарехь хьанал хила а, бакъдерг лардан а Iамадо вай.

«Орцара гIов» байташкахь цо боху:

 

ТогIи ма тийна ю, лечкъинарг санна.

Юьрто а доьгIна ла. Стенга? – хаац,

Дийнаташ хьулъелла ерриш баннашка,

МаьркIаже лестина Iаьржа-Iаннашка,

ТогIи чохь лергана Iеб-себ хазац.

Амма арц лекхало, башха гIов даьлла,

ТIаьхь-тIаьхьа чIагI а луш,

орцахь гIов ду.

Iарж-Iаржлуш, мархаш а

сихъелла керча,

Лах-лахлуш, аьрцнийн уьш

кIуьнцалгех хьерча,

Наг-наггахь кхоссалуш лайн чим а бу.

 

Нохчийн поэзин жовхIар хетало цуьнан «Орцара гIов» стихотворени. Цо, шен массо а могIа, массо дош, даг чуьра схьадоккхий, охьадилларан тоьшалла ду хIара а, кхийолу а байташ, поэмаш. Шен Даймахках а, цуьнан Iаламах а лаьцна боккхачу лазамца, кIорггерчу гIайгIанца, экамчу, сих кхетачу дешнашца яздора цо. Нохчийн меттан ша саннарг кхин воцу говзанча ша хиларе терра, уьш дерриге а цо дуьйцура шен деган лаккхарчу шовкъехь, дешнаш вовшахтасаран шатайпаналлица, шена бен ца хуучу кепара. Иза дац нохчийн литературехь ша Гадаев Мохьмад-Салахь воцург кхин воккха, корматаллин поэт ца хилла ала гIертар. Хилла дера, бан а бу, тIейогIучу хенахь а хир бу, Дала мукъалахь, нуьцкъала поэташ. Билгалдаккха луург кхин ду: Гадаев Мохьмад-Салахьан поэтически хатI тера дац кхечу поэтех, цуьнан дешан исбаьхьаллин дуьне шатайпана бос болуш ду.

Массо а адам, ша дуьнен чу долуш, ша кхоьллинчу Делера цхьацца хIума дохьуш догIу. Гадаев Мохьмад-Салахьна а деллера Дала кхечарех къастош шенна похIма. Жимчохь дуьйна Iалам дезаш, дош дезаш, хьанна а дика дан хьаьгна, хьекъал ира долуш, къонахалла йолуш кхиънера иза. Эрна дешнаш ца кхуьйсура цо. Ша Iовжо волу дош цхьаьнгге а ца олура. Амма лаамаш шорта бара. Лакхалла езара Iаламан. Лаьмнийн лакхенга волий, гондхьа дIасахьоьжура иза. Ойланаш тIома юьйлура, дог, цхьа башха дегIе ницкъ луш, детталора. Цхьана агIор лекха лаьмнаш, ткъа къилбаседехьа шера аренаш гора цунна. Гина сурт байташкахь дийца лаам бара. Яздора могIанаш…

Тахана кIезиг девзаш, цундела талланза ду дешарехь а, гочдарехь а Гадаев Мохьмад-Салахьа динарг. 1942 шарахь дара цо хIетахь вевзаш волчу меттан Iилманчица, серлончица Эльмурзаев Сираждица цхьаьна юккъерчу школана лерина «Нохчийн маттахь литература» хрестомати хIоттийча. Литература таллархочо Гайтукаев Казбека «Дешан цIергахь» цIе йолчу шен монографи тIехь иштта яздо цунах лаьцна: «Оцу хрестомати тIехь, А. С. Пушкинан, М. Ю. Лермонтовн, Н. А. Некрасовн, кхечеран а произведенийн гочдарш хилла ца Iаш, яздархойн биографиш а яра, уьш яра оьрсийн школашна леринчу Iаматашна тIера гочйина. Шена тIе тидам бохуьйтуш ду кхин а: М-С. Гадаевн а, С. Эльмурзаевн а хрестомати тIехь, кхечеран санна а доцуш, кхетамлуш бу дешархошна исбаьхьаллах лаьцна, дуьйцу поэзи хIун ю а. Циггахь ло жанрах, стихотворенин маттах кхетам. Дешархой кхетабо ритмах, рифмах, стопах, и. дI. кхидолчух».

Шен къоналлин доттагIчуьнга Ю. Б. Верольскийга набахтехь волуш ша яздинчу цхьана кехат тIехь Гадаев Мохьмад-Салахьа яздора кхоллараллехь къахьоьгучеран жоьпаллах лаьцна: «Хьайн кехат тIехь ахь хоьтту: стихаш язъяр гуттаренна а дIа-м ца тесна ас? Ас жоп ло хьуна: хIан-хIа, гуттаренна ца тесна. Ас цхьана минотна а дIа ца тесна поэзи. Амма тIаьххьарчу шерашкахь, халахеташ делахь а, хала а, наггахь бен а ца кхоллало стихаш. Кхоллало бIаьрхишца цхьаьна. ДагадогIу, жимчу хенахь дуьххьара со воьлхура Тарас Григорьевичца цхьаьна, цуьнан «Ойланаш» поэма нохчийн матте гочъечу хенахь. Ткъа хIинца сайн могIанашна тIехь воьлху. Со гуттаренна а тешаме висна поэтан Т. Г. Шевченкон весетна, цо яздина: «БIаьргаш чу хиш а ца хIуьттуш язйинчу стихаша хиш хIиттор дац ешархочун бIаьргаш чу, меттахбохур бац цуьнан синхаамаш. Цкъа а.».

ХIаъ, Гадаев Мохьмад-Салахьа шен кхоллараллехь кхочушдора сийлахьчу Кобзаран весет. Цундела цуьнан къоламо кхуллура иштта даггара, дахарна гергара синхаамаш меттахбоху сирла говзарш. Тахана а ца вуьту цара бендацарехь цхьа а, шен говзаллах цецвоху цо. Цуьнан могIанашкахь го дахаре безам, цуьнца цхьаьна дайн лаьттан, сийзазбарца хIаллакбан гIиртинчу Даймехкан кхолламах доглазар, царна сагатдар.

Вай вуьйцучу яздархочун шен дахарх лаьцна ца яздича а нийса хир дац. Лакхахь билгал ма-даккхара, «Йисита» стихотворени поэтан дуьххьарлерчу безамна лерина ю. Цул тIаьхьа церан юкъаметтигаш муха хилла хууш дац вайна. Стихотворенин чулацаме хьаьжча, гуш ду поэтан и синхаамаш жоп доцуш бисина хилар. Хууш ду, 30-гIа шерашкахь оьрсийн йоI Шура ялийна Гадаевс. Вай лакхахь ма-аллара, кIант а хуьлу церан, иза, ден дехаршка ла а ца дугIий, шен ненаца Тверь-гIала дIавахана.

Амма уггаре а чIогIа синхаамаш, схьагарехь, цо лайна шен тIаьххьарчу шерашкахь. 1968 шарахь Нажи-Юьртан кIоштара йоIаца вовшашка кехаташ яздан доладо цо (оцу йоьIан дехарца, Малика аьр вай цунах), иза хIинца а юьхьанцара классашкахь хьехархо ю. Цул 40 шо жима йолу Малика стихаш дукхаезаш а, ша уьш язъеш а яра. 1968-гIа шарахь шена цкъа а гина воцу Мохьмад-Салахь цунна вевзинера хIетахь цуьнца набахтехь хилла волчу девашас вуьйцу хазарца. Шаьш вовшашка яздечу кехаташ тIехь цара дуьйцура стих кхолларан теориех лаьцна, иштта йийцаре йора шаьшшинан а, кхечу авторийн а стихотворенеш. Вовшех дагабийларна тIера дIадоладелла и кехаташ яздар вовшашка синхаамаш кхоллабаларе дирзира церан. И, схьагарехь, поэтан тIаьххьарлера, боккха безам хиллера. «Цхьана кIиран чохь цо соьга 3-4 кехат доуьйтуш а хуьлура, – дагалоьцу йоIа. – Дуккха а дара цуьнан кхочушдан дагалаьцнарш. Оццул хьалхе дIаваха дагахь вацара иза».

Кхузахь билгалдаккха оьшуш ду кхин цхьа хIума. Ша набахтера цIа вирзинчул тIаьхьа Гадаев Мохьмад-Салахьа дийхира, ша цхьаболчу накъосташка «маьрша» дахийтина шен байташ тIехь йолу тетрадаш цаьргара схьаэцар. Амма оцу «накъосташа» уьш шайгахь хиларна даре а ца дира, схьа а ца делира. Царна тIаьхьаваьлла лела Гадаев Мохьмад-Салахьан шен хан а ца хилира, могашалла а ца тоьира. Цундела яздархочун ерриг а кхолларалла чулоцуш яц кху шина томо а. Амма кIезиг яц хьалха вайна ганза а, ешанза а йолу байташ, гочдарш. Гулдаза дисина дуккха а яздина кехаташ, байташ, поэмаш, бина белхаш.

Аьллачунна тIетоха оьшуш кхин а ду. Схьакарийначарех а ерриге байташ юкъа ца яхана шина томана. Царах ю вайн замано неIалт кхайкхийнчу партеххий, цуьнан «баьччеххий», «сирлачу кханенах-коммунизмаххий», шен хенахь вай массо а санна, теша а тешаш, Гадаев Мохьмад-Салахьа язйина хилларш.

Ткъа кхечу агIор, исбаьхьаллин агIор кхочушхилла евлла яц аьлла хетарш а юкъа ца яхийтина хIоттошверг автор ша ца хилар хьесапе эцна. Цо, ша дийна хилча, царна тIехь болх бан а тарлора я юкъа ца яхийта а мегара. Цхьадолчу дешнийн, масала, «гонаха» олучу меттана «гош» яздеш, яцйина кеп лелойо авторо. И кеп литературни яцахь а, халкъалахь лелаш хиларна, ца хуьйцуш йитина. Иштта кхийолу башхаллаш а гучуевр ю дешархошна. Тхо тидаме цахиларна дац иза, ткъа ма-хуьллу Гадаевн цIена кхолларалла Iалашъян лаар долуш ду.

Гадаев Мохьмад-Салахь ша а ма хилла мотт цIена бийцарна, дош шен-шен меттахь далорна, дуьйцучун маьIна хиларна тидам чIогIа тIебохуьйтуш. Масала, стихаш тIехь болх муха бан беза хьоьхуш, цо яздинчу кехат тIера цхьа меттиг ялор нийса хир ду кхузахь: «Стихан жутийн («стопа» олучух олу ас и «жут»), масала, кхоккха слог йолчу (трехсложни) жутийн хьалхарчу слога тIе нисдала деза уозор (ударени). Ницкъ ма-кхоччу. Ахь аьлла: «ГIаьттина сан кийрахь». И «сан» бохучу дашна тIехьара «кий» боху аз деха ца хилча, масала, «сан дагахь» хилча, – тIаккха иштта мегар бара и могIа: «ГIаьттина кийрахь сан» аьлла, хIоттийча, мукъам товш хуьлу цуьнан, шина жутан а, – «гIаьттина», «кийрахь сан» – хьалхарчу слогашна нисло уозор».

Нохчийн поэте Шайхиев Iалвадига цо I964-гIа шарахь яздинчу кехато дуьйцу Гадаев Мохьмад-Салахьна литературехь атта, деккъа цIена яздархьама эрна къоламаш хьекхар ца дезаш хиллийла. Шен «Стих» цIе йолчу байташкахь а ма боху цо:

 

Байташ ю могIа бина, гIаргIулеш санна.

Йоза ду хаздина, сеттадарцанна.

Ритмийн шайн гура чохь болар а ду,

МогIа чекхболучохь «шуш-пуш» а ду.

«Стих яц и?» –

зорбане лоллу дIа сихха.

Делор ю, доттагIа, стих-ма.

Амма чохь йовхонан Iаь йоцуш ю.

Леррина кечйина

поппаран шийла говр ю.

«Цу вайн раьгIнашкахь, – яздора цо, – цхьа сурт хIуттуш ду дарц дала кечделлачу хенахь (дукхахьолахь Iа дулучу муьрашкахь), мох а болий, аьрцнаш угIа дуьйлало, берзалой санна. Дукхахьолахь, суьйрана (я буса) хIутту и сурт. ТогIеш тийна а йолуш, «о-в-в» бохуш, тийжа угIа дуьйлало аьрцнаш. Оцу угIаро цхьа тамашийна (дуьне доьлхуш санна) сурт хIоттадой, сагатдалар а, самукъадалар а вовшахкхетча санна, хоьтуьйтий, ша ма-дарра хьовзош ву со, вала-вола меттиг гатбой. И сайна хIуттуш долу сурт, вуьшта аьлча, и сайга хIуттуш долу хьал далхо лууш хуьлу со стихан кепехь. Оцу лаарх (и санна я цунах терра кхечу лаарх а) олу ас и «даг чуьра схьагIертар. И дийцина сурт хIотто (стихан кепехь охьадилла) лууш со волу массийта шо ду (30 шо лаххара а). Мосуьйттаза и дилла а гIоьртина со. Амма сан дагахь ма-дарра ца нисделла сан и. Оцу гIертарех цхьаъ ду хIокху кехаташна тIехь ас хьуна дIадоуьйтуш дерг. Хьуна ма-гарра, йиъ вариант ю уьш… Царех тIаьххьарниг («чекхъяьлларг») йоьалгIаниг ю. Амма со резаволуш хIоьттина яц иза а.

Бакъду, и сурт (и раьгIнаш угIа йоьлча хIуттуш долу хьал-сурт) чолхе (неопределенный) сурт ду ша. Цундела ду цуьнан «диллар» хала а. Вуьшта, и санна, даг чу доьжна, дагах кхетта, дагна Iеткъаш доцу сурт (хIума) «садоцуш» хир ду, мел «говза» яздича а. Ткъа дагна Iеткъаш, даг чуьра схьагIерташ хилча а хир ду и «садоцуш», нагахь санна «диллар» (яздар) дагна Iеткъаш, ма-дарра ца хIоьттинехь.

ХIума, и хIуъа делахь а, гар, хаадалар, дагна Iеткъар (оьрсашха аьлча: наблюдательность, проницательность, чувствительность) – и бу поэтан цхьа агIо – аьрру агIо. Ткъа поэтан (яздархочун) аьтту агIо бу – и гинарг, хааделларг, дагна Iаьткъинарг дешнашца нийса, ма-дарра схьаала (дIаяздан) хаар. И ши агIо цхьаьнакхетча хIутту поэт, яздархо. Цу шиннах муьлхха а цхьа агIо бацахь, – тIаккха кхолларалла «садоцуш» хир ю, дегнех (нехан дегнех) ца кхеташ хир ю». Иттанаш шераш дIадевлира Гадаев Мохьмад-Салахьан цIе зорбанехь а, хаамийн гIирсашкахула а ца хьахайойтуш. Амма уггаре луьра, хала яьхкинчу заманашкахь а нохчийн кхоллараллин интеллигенцин векалша йовзуьйтура цуьнан говзарш. Кхеташ ма-хиллара, уьш, авторан цIе а ца йоккхуш, «халкъан» ю олий я кхечуьнан цIарах зорбатухура, дIаолура. Масала, нохчийн халкъан илланчас Усманов Iимрана дуьххьара дIаэлира цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш: «Даймахке сатийсар», «Дарта», «ЦIен-Берд», кхиерш а. Поэта Шайхиев Iалвадис Магомедов Салахьан цIарах зорба-туьйхира цуьнан говзарш Нажи-юьртан кIоштан газетехь.

ДIадаханчу бIешеран 80-гIа шераш чекхдовлучу хенахь бен зорбанехь арахеца ца йолийра Гадаев Мохьмад-Салахьан цIарах цуьнан говзарш. «Даймахке сатийсар» цIе йолу стихотворени дуьххьара зорбатуьйхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан «За кадры» газет тIехь. ХIетахь дуьйна цуьнан говзарш араюьйлу «Ленинан некъ» «Комсомольское племя», кIоштийн а газеташ тIехь, «Орга» альманахехь а. Иштта I993-гIа шарахь арахоьцу «Буьйсанан бере» цIе а йолуш Гадаевн гулар а. Цуьнан кхолларалла Iамо йолийра школашкахь а, университетехь а.

1972-гIа шарахь набахтера паргIатваьккхинчул тIаьхьа цIа вогIуш, цо шеца шен йоккха архив а еара. Амма оцу башхачу стеган дахар а, кхолларалла а хала кхоллам болуш хилла. Гадаев кхелхинчул тIаьхьа, цхьаццаммо дIасаяьхьна цуьнан архив. ХIокхо я вукхо яьхьна аьлла, билгалдаьккхина ца хиларо и лахар чIогIа халачу доккху. Цуьнан белхийн цхьацца дакъошший, цхьадолу кехаташший, документашший бен дац архивах бухадисина, уьш Нажи-юьртара 3-гIа школехь гулдина ду. Оцу школо Гадаев Мохьмад-Салахьан цIе а лелайо. Кхузарчу куьйгалло шайн ницкъ мел кхочург до музей керлачу документашца тIеюзарехь. Амма хьехархойн ницкъ ца кхочу хила езачу тIегIанехь музей дIахIотто. Ткъа и стаг хьакъ ву шена республикин музей схьаелла.

Гадаев Мохьмад-Салахьан цхьайолу стихотворенеш санна, цкъачунна схьакарийна яц цо прозехь язйинарш а. Билггала хууш ду, набахтехь воллучу хенахь иза «Мукх хьакхар» романа тIехь болх беш хилла хилар, амма цунах хилларг хууш дац. Цо прозехь мел язйина произведени чекхъяьлла, тIаьххьара тIадам хIоттийна яц, уьш цо ша кхолла кечйинчу произведенийн кечбина бух бу. Ша набахтера мукъаваьллачул тIаьхьа эха шарахь бен ца вехира Гадаев Мохьмад-Салахь. 1972-гIа шарахь ша винчу Чуьрч-Ирзехь кхелхира иза. Цигахь ду цуьнан каш а, чурт а, цунна ма-лаъара, цо са матийссара:

 

Цигахь диънера ас бераллин той,

Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.

Пепнаш кIел тIулг богIий,

гонаха берд хьой,

Безамна бIарлагIа елаш цигахь.

 

Халахета иза тахана вайца воцуш, иштта боккха дагахьбаллам бу цунна ша дийна а волуш шен гулар зорбатоьхна ца гар а. Цуьнан произведенийн ши том араялла. НР-н Iилманийн Академин Президиумо сацам тIеэцна тIейогIучу хенахь Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенеш, биографин материалаш лахар, таллар а ца сацош дIадахьа.

Цуьнан весет кхочушдан хIора шарахь аьтто ца болу, «ЦIен-бердехь гул а лой, дегнийн хьу яста бIаьста, гурахь». Цунна шен бахьанаш а ду. ХIинц-хIинцца бен дац нохчийн халкъ шен рогIерчу бохамах хьалхадаьлла а. Шен херцаршна юкъара, овкъаршлара юхаденлуш, гIоттуш ю Нохчийчоь.

Вай тешна ду, Гадаев Мохьмад-Салахь гуттарена а вуьсур ву нохчийн халкъан иэсехь, шен къоман санна, бохаме, декъаза кхоллам язбелла стаг санна, шен халкъан, Даймехкан бакъволу патриот, похIма долу поэт, Iилманча санна а.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.