http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Мацах к1еззигчу х1умано ирсе вора Печать Email

Луиза Исраилова

Кху б1аьста, дог1анаш сов эхарна, соьналло, ша кхоа ца еш, ишколан кертан го а, уьйт1е а баьццара кузаш даржорца кечйинера. Къинхьегаман урок лучу хьехархочо дешархойн г1оьнца хаза болх бинера уьйт1ахь. Дийна керла синтарш а, тайп-тайпана зезагаш а дара. Шайн нанойн ц1ераш тохкуьйтуш, куьйган аьтто аг1ор 6-чу классан дешархошка д1адеийтина ровзанаш а дара.

Бардал-1азин денойх лаьцна керла хаамаш шайна бевзинчу дешархоша, х1инца тидам бора шеран беа а хенан х1оттаман. Цу исс дийнан хьалхара кхо де кху шара шийло деанера (важа дисинчу ялх дийнан кхоккха де аьхкенан, гуьйренан тидамаш хуьлу олура, шийла делахь –шийла, довха делахь –довха), цундела хила тарлора, стигалх ша цаца хилча санна, хаддаза дог1а эхар. Делахь а, юкъ-кара малхо а ша буй хаийтарна, 1аламо массо дитт а, кондар а керлачу духарца кечдеш каде болх бора.

Май баттахь дара и. Бераш ишколера ц1а хеца а дукха хан ца йиснера. Д1айоьдуш 1-чу сменан 4-г1а урок яра. Бакъду, оршот дийнахь Бирлантан цхьа а урок яцара. Шен кабинет чохь жимма болх а бина, белхан кехатех лаьцна цхьаъ хатта завуч волче йоьдучу кхунна б1аьрг кхийтира сихачу боларца ишколе бог1учу новкъа йог1учу Хьуьлиматех. «Делахь яц хьуна х1ара диканна йог1уш»,– аьлла, дагатесира Бирлантана.

Хьуьлимат дешаран шерчохь мосуьйтазза а еънера ишколе дов дахьаш. Лере лаьцна, куьйга халла сецош йоккха телефон а йолуш, «цецъяьлча» санна долу шен ц1оцкъамаш ловза а дохуш, цхьаьнца ша ден къамел ца хадош, эххар а ишколан не1ареха чоьхьаелира иза. Кхуьнан 8-чу классехь доьшуш йо1 а, 6-чу классехь к1ант а вара.

Хьуьлимат шен доьзалх схьакхетта а яцара дукха хан. Мацах цкъа пайдабоцчу х1уманна т1ехула ийг1ина яхана 3-4 шо даьккхира цо. Хьуьлиматан мардас, ша дийна волччуьра, берийн нана схьаялае аьлла дехар дина хиллера, цундела ялийна бохуш а дуьйцура 1усмана зуда юха. Вуьшта а, жима волуш ша а ненах хьийгина хиларна а ялон тарлора цо иза юха. Кхуьнан хьегара-м эрна а дара: 3 шо а кхачале нана еллера цуьнан…

Сени чохь волчу хехочуьнга де дика дар а доцуш, сехьо лаьттачу Бирлантана т1ейолаелира Хьуьлимат.

«Там бара х1ара г1овг1а ян еана хила»,– аьлла, ойла коьрте кхерстича, кхо шега х1уъа а алахь а, собарх ер яц-кх хьуна ша олуш, маршалла а хоттуш, Бирланта цуьнга хьаьнца г1уллакх долуш еана хаьттира. Шеца г1уллакх долуш юй ма-хиъина, кхо иза дукха сиха шен кабинет чу яьккхира. Амма Хьуьлимат хьал-де деха хоттур долуш ца хиллера:

– Хьажа, Бирлант, хьо йоллу зуда ца хеташ-м яц хьо со?! Ас сайн берийн дукха дика дола до хьуна!

– Хьуьлимат, ахь х1ун дуьйцу?.. – ца кхетара Бирлант и х1ун ала йоллуш ю.

– Ас х1ун дуьйцу ца хууш-м дера яцара хьо! Я хьан долу диплом доцуш яц. Х1ицца а сан девашас сайн луъуче балха йохуьйтур йоцуш яц.

– Собар дехьа цкъа, Хьуьлимат…..

Бирлант йистхила ца юьтуш, цуьнан къамел хедош, кхин д1а а чуг1ертара иза.

– Хьо х1оккхе берашна хьеха д1ах1отторах, нехан доьзалшца ма кхачахь хьан бала!

– А-а-а… Х1инца кхийти со, хьо х1ун дахьаш еана… Делахь, Хьуьлимат, хьайна а дош хетий хьуна айхьа дуьйцург? Я со дуьххьара евзаш ю хьуна? Яьккхича-м кетар йолу хьуна хьарцхьа. Хьуна цхьамма цхьа харц арз-м деана хьуна. Хьан боху хьоьга, со сайн г1уллакх доцче г1ерта?..

– Яцахь 1ад1ехьа! Хьо хьайн урок елчхьана йолу-кх!

Бирланта дуьйцучуьнга кхин ла а ца дуг1уш, не1арехьа г1ертара Хьуьлимат.

– Дика ду… Хьо дов дахьаш еана, Хьуьлимат. Цул а х1ун дара, муха дара ахь соьга хаьттинехь, сийлахь хир яра хьо, Далла хьалха а. Хьо кхетаян сан-м бац ницкъ… Дала бакъо толайойла, – олуш, дукха холчах1оттарна ерриг а кхохкийна йолу хьехархо, меллаша шен г1анта охьалахъелира. Кхо шен къамел а дерзадале, тоххара араиккхина, д1аяхара Хьуьлимат.

… Бирлант больницехь 1уьллу 14-г1а де дара тахана. Лор-йиша чуяре сатесна 1аш яра х1ара, кхана ша ц1а йохуьйту ала лаьра ч1ог1а. Кхин баш ханна йоккха яцахь а, ц1ийн та1амо сагатдеш яра х1ара, шен 35 шо кхача доьлчхьана. Ткъа х1инца, кхо и мел ч1ог1а лачкъийнехь а, ишколехь хааза ца дисира, Хьуьлимат еанчу дийна дагана вон хилла, ц1ера кхуьнан ваша схьа а кхайкхина, х1ара д1айигийтар. Цу дийннахь йиллинера х1ара больнице охьа а. Бирланта цигахь ши к1ира доккхуш, цунна т1аьхьа ца вог1уш а ца висира стаг. Кхо куьйгалла дечу 8-чу классера дешархойн 3-4 нана а еара дийнна класс а ялош т1аьхьа. Амма царна юкъахь яцара Малика… Ч1ог1а новкъадеара Бирлантана иза цахилар. Ишколе лелаш юй а хаьттира цо йо1. Кхин Маликаца сингаттаме х1умма а доцийла хиъна , сапарг1атделира хьехархочун.

Х1инца бераш ц1а хеца дисина ши к1ира бен дацара. Дешаран шо чекхдолуш иштта а сиха хан хуьлуш йолу, Бирлантана гуттар хала дара больницехь 1илла. Кхуьнан дешархошна боккха кхаъ бара, шайн хьехархо а, классан куьйгалхо а гар. Массо а ша-ша маракхета г1ерташ хьийзара уьш. Бирланта а ч1ог1а сатеснера 1илма дезарца шен б1аьра хьоьжучу дешархошка хьажа. Царалахь мел аьрханиг а хьоме вара цунна. Цхьаволчунна-м хета тарлора, шен доьзалхо воцу дела ю Бирлант иштта ч1ог1а берашна т1ера. Х1ан-х1а, иза шен даго хаьржинчу новкъахь яра. Цундела и ирсе а яра. Бакъду, Маликин нанас к1езиг вас-м ца йинера цунна, делахь а, х1ара цунна доггах къинт1ера яьллера. Масане, и саннарш а нис ца луш ца хуьлура.

Тахана а, ша больницера ц1а еанчул т1аьхьа дуьххьара балха араяьллачу дийнахь, Малика ишколе ца еана хиларо ч1ог1а сахьовзийнера Бирлантан. Х1инца, йо1 лаа ц1ахь йисний хьожуш, Маликера ц1а тоха езаш телефон яра. Берийн нанойн лоьмарш т1аьхьа йолу кехат шен т1оьрмиг чуьра схьаэца деза ша бохуш, Бирлант хьийзаш а йолуш, ц1аьххьана кхуьнан ойла хадош, класс чуиккхира Хьасан:

– Ббб… Бирлант Вахидовна! Ммм… Малика еана школе шен деда а валош! Хьо хоьтту цо.

Мацах Хьуьлимат йог1у хааелча кийра ша биллинехь а, х1инца Бирлантан елха дог деара. Делахь а цо атта ца гойтура шен б1аьргех баьлла хин т1адам. Шена мел ч1ог1а вас хилча а, юьхь т1ехь кхолар ца гайта г1уртура иза. Цунна дукха шера хаьара 1аламбек девнна вог1ур воций. Юьртахь а лоруш, массара масла1атна вуьгуш, дош лелаш стаг вара иза.

Вайн къам махках даьккхинчу шерашкахь, 1аламбека хийла мацаллех стаг к1елхьара ваьккхина бохуш дуьйцура. Хьехархочун болх бина вара и жима стаг волуш. Воккхах волу к1ант Саламу а цуьнан вац олура. Сибрехахь, дех-ненах а къаьстина , даа х1ума цахиларна, бецаш юуш лелла Саламу кхо шена схьавалийна хиллера. Оццул 1аламбека цуьнан да-нана лехарх, кхин т1аьхьа ца кхиънера и. Кхано т1аьхьий бен ца хиира уьш шелонна белла хиллийла.

Иштта х1ара муха стаг ву хууш йолу Бирлант, дог-йовха яра воккхачу стагах. Ша бахьнехь 1аламбека къахьега ца лиънехь а, цунна боккха кхаъ хиллера и тахана шайн ишколе вар. Сихха дуьхьал а яхна, воккха стаг а, Малика а шен кабинет чу схьадалийра цо. Могуш-парг1ат хаьттинчул т1аьхьа, Бирланта шена деллачу г1анта охьа а лахвелла, шина а куьйга 1асанах а тийжаш, шен къамел д1адолийла цо.

– Бирлант, хьо сол дуккха а жима елахь а, со тахана юьхь-1аьржа ву хьуна хьалха. Суна а хууш, со дийна мел ву, иштта къамел дан и вайн нус цкъа а йог1ур яцара хьуна хьо йолче. Цуьнгара 1аламат йоккха ледарло яьлла, 1аламат йоккха… Нохчашкахь товш ца хилла а, я нохчаша цкъа а ца лелийна х1ума лелон бевлла х1инца нах. Иза а хьекъал цатоар ду.

Воккхачу стага къамел деш, Бирланте саца ца лора шен горгачу юьхь т1ехь хершнаш тийсина охьаоьху б1аьрхиш. Иза елхаран бахьана цхьаъ бен хуьлийла дацара: довл лаьтта г1иллакх дара кхунна ч1ог1а 1аьткъарг. Шен нохчийн меттан урокашкахь адамийн дахарехь уггар а коьртачух кхетадан г1уртура иза бераш. Даима а цо хьоьхуш дерг– муьлххачу хьоле шаьш нисделча а, адамаллах цадовлар дара. Ийманан бух собар хилар дар. Ткъа тахана 1аламбека ден къамел кхуьнан сих ч1ог1а хьакхалора, лаьара воккха стаг къевллина мара а воьллина, ехха елха.

– Хьекъал тоьар дац… Х1инца воккхачуьнга ладог1а лууш а, я ладог1а хууш а наггахь верг бен вац. Шайна цхьа хьехар дан воьлча: «Хьо 1ад1ехьа, х1инца хьалхалера зама яц, х1инца кегийчийн зама ю», – олий, хьан къамел хададо. Воккхачу стага дукха лерина дора шен къамел, кхачо йоцуш ладег1а лууш, цхьа ша-тайпа доггаха декара цуьнан аз.– Дийцича а эрна ду-кх олий, со а 1ад1а. Дала кхетавойла хьо, олий.

– Делахь, 1аламбек, хьо ч1ог1а нийса луьйш а ма ву, хьо кхуза лерина сан лерам а бина варна, суна тахана эхь а ма хетта. Ма хьоьгуьйтур дацара ас хьоьга х1ара къа,– шена дукха эхь хетарна х1ун эр ду ца хууш йиснера Бирлант. Воккхачу стагана юьхь-дуьхьал хьажа а эхь хеташ, беснеш ц1ийелла лаьттара х1ара.

– Х1ара-м къахьегар дацара, Бирлант. Иштта хьан юьхь ган а, хьоьга вистхила а лиъна схьанехьа ваьллера со-м. Х1ара-м даккхийчех дацара. Малика а, Юсуп а дешарца муха ларадо а хоттуш, кхузхьа вала ч1ог1а лууш вара со . Иза а декхар ду-кх.

Бирланта воккхачу стагана ма-дарра дийцира Маликица хилларг а, юха Хьуьлимат яр а. «Нохчийн меттан Де» даздан х1орш кечам беш болуш, Маликина ч1ог1а вон хилла хиллера. Ерриг к1айъелла, когаш т1ехь ца латталуш йо1 яйча, хиллачун бахьана лаха а йоьлла, Бирланта йо1е 1уьйранна чай меллерий хаьттина хиллера . Юха цо и мелла ца хиллий ма-хиъна, сихха булочкица чай малийтина, цул т1аьхьа Малика дикка метта а яийтина, классера шина йо1е ц1а йигийтинера. Хилларг йо1а шега ма-дарра дийцича, Хьуьлиматна, хетарехь, 1оттаделла хилла и «чай меллерий» бохург. Иштта цхьаъ тарделла йолу иза, сиха кхиънера Бирлантин дог дохийна д1аяха.

– Берийн могашалла яц, – элира Бирланта кхин д1а шен къамелехь. – И тайпа г1уллакх сих-сиха нисло ишколехь. Дог 1аьвжа, бакъдерг аьлча. Кегий бар-кх х1орш иштта хьалхе могашаллех эша.

1аламбека дуккха а дийцира цу дийнахь, шена мел 1аьткъачух, шен дог мел лозучух лаьцна. Тахана иза шаьш долчу варна юх-юха а баркалла бехира хьехархочо цунна. Амма ша балхара ц1а яханчул т1аьхьа а ойла еш, коьртера ца долура Бирлантана воккхачу стага дийцинарг.

«Ма тамашийна зама ю вайна», – олурш хеза сих-сиха.

«Ма тамашийна ду адам х1инца», – олург наггахь бен ца волу. Я валлане ца волу.

«Юьртара адам тайпанашка доьрзур ду, тайпанаш – доьзалшка», – бохург ду те герга г1ерташ?

Ша 1аччохь: «Т1е ма доуьйтийла и Дала!» – бохуш, 1ойла ду-кх.

Хьалха муха дара? Лулахо лулахо волче чай мала а г1ора. Мерза 1ара. Х1инца? Лулахо б1аьрга ганза а йолу дуккха а хан. Чай мала г1аххьа-м хьо церан чуьранаш дийца г1ийбаташ лахьон вахнарг вийр ву. Я хьох мецаниг ван а тарло. Къийсадаларшкахь санна дехаш ду х1инца адам. Нагахь лулахочо керт йоьттинехь, цхьа кибарчиг а цул лакхавала г1урту важа. « Хьенехг1еран х1ара а ду, важа а ду! Вай 1ийр дар-кх даха ца 1емаш!» – бохуш, з1ок етта х1усамнаной а алссам хаало.

«Хьажахь, хьенех, хала бохкуш бу минехг1ара, х1ун дина г1о далур дара те царна», – олург маса волу те?

«Шайн доьзалийн лай бу х1инцалера дай-наной», – олург а-м волу. Х1унда ду те иштта? «Могаш вац х1инца воккханиг а, я жиманиг а», – олу. Т1емаш гина а олу, юург ерриг молханаш диттина ю а олу, витаминаш к1езиг ду цаьрца а олу.

Ц1ахь х1ун дойту х1инца берашка? Хьаьжк1аш йоьйийту? Хохийн тхьутеш йохуьйту? Я сарамсекх 1уттуьйту д1а? Могашалла стенгара яла еза те? Германера я Францера цхьаъ йохьуш ван веза те? Ур-атталла шена оьшу массо книга а ца яхьало бере ишколе. «Еза ма ю уьш»!..

Юха а могшалла… Ткъа хьалха иштта дацара. Дег1о болх бора, латта а леладора. Т1аккха дикка къахьегна дег1 шен хенна д1а а дижлора, иштта шен хенна г1атта а. Ирахь латта г1ора а хуьлура. «Аппетит яц, х1ума ца яало» бохург х1ун ду а ца хаьара.

Мацах к1еззигчу х1умано ирсе а вора. Ирс долуш хета к1еззиг х1ума а тоьара…».

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.