http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


1ожалле берзийна безам Печать Email

Даудов Гилани

 

Б1аьстенан хаза денош дара арахь лаьтташ дерш. Бай бала тохабелла, наггахь гуш можа зезагаш а долуш, б1аьстенан билгалонаш яра гучуюьйлуш. Малх хьаьжна довха хуьлура денош. Наггахь, некъан т1ера чан яйъа санна, дог1а а дог1ура. Х1инццалц т1амо 1аржйина лаьттина йолу стигал, серлаяла йолаеллера.

Жимчу юьртахь наггахь хезаш хьайбанийн аьзнаш бен дацара. Т1ом сецна дукха хан яцахь а, россин эскарша д1алаьцна яра аренаш а, бошмаш а. Къизачу т1амо йохийнера б1еннаш ярташ, г1аланаш, х1аллакьбинера маьрша нах, т1епаза, доьза байъинера дуккха а къона к1ентий. Т1амо дохийна, даржийна д1асадахана адам жим-жимма ц1адерза доладеллера. Т1еман къахьалла 1овшаза цхьа а х1усам яцара Нохчийчохь.

Х1ийжанан а шен доьзалца цхьаьна чекхъяла дийзира цу т1еман жоьжаг1атах. Цхьаь бен воцу к1ант а, нус а кхелхира цуьнан, уьйт1ахь кеманан бомба а кхетта. Шен к1ентан йо1аца, Хьаваца, йисира Х1ийжан шен кертахь. Х1ийжанна ца гуш а, цо ца ловш а х1ума дисна а дацара. Боккха бала лайна яра иза. Сибреха дохийначохь да-нана , йиша-ваша а кхелхина, ша а буо кхиъна яра. Шен к1антий, нуссий кхелхичахьана г1аьххьа могашаллина эшна гора иза. Цундела Хьаван ойла йоро цо даима а. Ша лайнарг дага а дог1ий б1аьргех хи хьовдура йоккхачу стеган. Х1ийжан д1аяьлча йо1ана 1уналла дан уллера кхин гергара стаг а вацара; иза дара цо сагатдийриг.

Хьаван вуьрх1итта шо кхаьчнера. Уггар а дуьненах 1ехалун хан яра цуьнан шен дахарехь, амма самукъадалар цуьнан к1езиг хуьлура. Уггар а оьшучохь да-нана а кхелхина буо йиснера жима Хьава. Ч1ог1а хаза йо1 яра Хьава, муьлххачу к1ентан т1е б1аьрг х1уттур болуш: еха 1аьржа месаш а, 1аьржачу аматехь, седарчий санна лепаш 1аьржа б1аьргаш а, юккъерачу дег1ехь а йолуш. Цхьамма а йоь1ан шен йолу хан лур яцара, шен хенал а йоккха хетара иза. Жима йолуш дуьйна кхуьнгахь безам болуш 1аьрби ц1е йолуш к1ант вара луларчу юьртара. Х1унда дара а хаац, Хьаван а ч1ог1а самукъадолура и гича. Ша товш к1ант вара 1аьрби а. И шиъ юх-юххехь гинчо йиший-ваший ду эр долуш ч1ог1а вовшийн тера дара. Амма, кху т1аьхьарчу шарахь гина дацара и шиъ вовшийн, т1ом бахьана долуш. Ч1ог1а сагатлора йоь1ан, даима а 1аьрби хьехош хуьлура и шен хенарчу мехкаршка, амма к1антана ца хаьара Хьаван дагара ша ца ваьллий. Бакъду, к1антана а ца йицъеллера йо1.

Юьртара мехкаршца шовдане йог1ий хуьлура Хьава, делахь а цхьана а к1антаца лаьттина яцара и, цхьа 1аьрби воцчуьнца, амма шен везар ганза дуккха а хан яларна йо1а ч1ог1а сатуьйсура к1ант гаре, лаьара хазчу сарахь шовданехь дагара дуьйцуш латта. Делахь а йо1а сатуьйсург кхочуш хир ду я дац ца хаьа йиш яцара. Дуккха а кегийрхой х1уьттура Хьавана, шений-шений реза хила бохуш, амма Хьавас т1е ца дуьтура церан захало. «Шен делла дош ду, дош дохо йиш яц шен», – олий, доцца жоп лора йо1а. «Хьажахь кхуьнга, вала да воццушехь, ма кура а ю!» – олура цунна т1аьхьашха наха, ткъа цхьаболчара: «Ма оьзда йо1 ю-кх и, ма ирс ду-кх иза кхочур йолчу к1ентан», – олура. Дан а дара иза иштта. Цуьнгара г1иллакх доккхур дацара цхьана а йо1а. Ч1ог1а оьзда яра - иза духарца а, леларца а, сица а. Деца-ненаца кхуьуш йоццушехь, шен амалехь йоцуш, шен дененан юьхь ларъеш лелара иза.

Иштта цхьана сарахь са хьаьвзина, ша хьалха лелла луларчу кхеран юьрта шовданан йисте веара 1аьрби, шен доттаг1ашца цхьаьна. Дуккха а кегийрхой бара шовданан йистехь лаьтташ. Г1ийла ойланашка а вахна мехкаршка б1аьрг кхарстош, цхьана х1уманан ойла еш волуш санна лаьтташ вара 1аьрби. 1аьрбига дийцина хиллера доттаг1аша, кхуза шовдане оьхуш ч1ог1а хаза йо1 ю, амма цхьана а к1антана реза ца хуьлу и бохуш. Дукхахдерг цуьнга а хьожур ша, Хьаваца ша лаьттина шовданан йист а гур шена аьлла, веана вара 1аьрби ша а. К1ентан ойланаш юкъахъехира урам новкъахь шовдане бог1учу мехкарийн къамелаша. Шаьш шовданна гергакхача доьлча, къамелаш лахдира цара. К1ант х1оранна а б1аьра хьожуш чекхвелира, ц1аьххьана девзачу аматах тера хийтира к1антана цхьана хазчу йоь1ан юьхь-сибат, иза кхуо ларйина, сатийсина хьомечу езаран Хьаван юьхь-сибат дара. Иза хиллера и кегийрхоша хьехийна хилла «кура йо1» Хьава. К1ант 1адийнера гинчу суьрто, ца тийшира иза дуьххьара. И шиъ нийсса вовше б1аьра хьажаделира. М1аьргонна дицлуш гонахара деригге х1ума, дог сиха деттадала доладелира 1аьрбин. Ша х1ун до а ца хууш, мехкаршна дуьхьалволавелира иза. Ша т1екхоччушехь кхин цкъа а йоь1ан б1аьра а хьаьжна, къажарца: «Хьажахьа, хьан ц1е Хьава юй?» – аьлла, хаьттира 1аьрбис, суьйре дика яр а доцуш. Ткъа йо1ана-м гушшехь вевзира ша шовданан йистехь ларвина, ган лиъна хилла волу шен везар, 1аьрби. Цу шиннан б1аьргаш алу хилла догура, самукъадаьллачу яххьаш т1ера къажар д1а ца долура. Хилларг-лелларг дуьйцуш дехха лаьттира и шиъ шовданехь. 1аьрбис ша шовдане муха веъна дийцира Хьавана. Цаьршинна ца моьттура цу сарахь шаьшшиъ гур ду, ларамза нисделла дара иза. Эххар а, вовше 1одика йина д1асакъаста а дийзира.

Ша муха кхочу а ца хууш шайн кет1а кхечира дог ловзадаьлла йог1у Хьава. Йо1ана сагатдеш кевнехь лаьттара Х1ийжан. Г1аьххьа оьг1аз а йоьдуш: «Хьо ма хьеели, йо1, цигахь шовда лакъа-м ца лекънера, хьо ц1а ца йог1уш сан са хьийзий-кх ахь!», – элира денанас.

– Ца лекънера шовда-м, эцца мехкаршца цхьацца дуьйцуш хьеели-кх со, баба, – элира Хьавас, юьхь т1ера елар лачкъош.

Хьава хьалха а йолуш, шайн кертал чоьхьа елира и шиъ. Йо1ана т1аьхьа а хьоьжуш, шен дагахь ойла йора Х1ийжана: «Х1инца-м Хьавах йоккха йо1 хилла, шен некъ хоржу хан а ю, мегаш меттиг нисъелча д1аяхийта а мегар дара, цхьаьннан ц1ар т1ехь хилча атта хир дара х1уъа хилча а».

Хьава уча хи охьа а х1оттийна, сихха дехьа чу елира, ч1ог1а самукъадаьлла ког буьхьар х1уьттуш лелара йо1. Ша дукха сатийсина волу шен везар гинера цунна ларамаза, амма бакъду, ша хи т1е мосазза йоьду шен б1аьргашца леха-м лоьхура цо и, х1инций-х1инций гучуволу-кх и бохуш санна. Иштта нис а делира и, кхунна дагахьа а доцуш. Йоь1ан сирла ойланаш юкъахъехира Х1ийжан чоьхьайолуш йиллинчу не1аран ц1евзинчу татано. Хьава хьалаг1аьттира денана чоьхьаяьлча. Йо1 шена улле охьа а хаийна дуккха а дика хьехарш дира денанас. Дийцира юха а шен ца хиллачу жималлех лаьцна а. Х1ара шиъ къамелаш деш иштта 1аш буьйса юкъалт1ехъелира. Х1ийжана сахьта т1е а хьожуш: « Х1ах1, д1айижа хьайна, вайша къамелаш деш 1ашшехь буьйса юкъал т1ехъяьлла хилла вайна-м, 1уьйранна г1овтта а деза, Далла лаахь»,– дехьа чу елира Х1ийжан. Цул т1аьхьа а наб ца кхеташ дуккха а 1ийра Хьава. Корах чу кхеттачу беттасин серлоно серла яьккхинера чоь. Батте а хьоьжуш, ойланийн йийсарехь 1аш йолу Хьава, эххар а мерзачу набаро 1ехийна хазчу г1енашка йирзира.

 

Цу хенахь 1аьрби а вара, наб яйна есачу х1усамехь хазачу ойланийн агано техкош 1аш. Хьаван б1аьргаш дара цунна дуьхьал лаьтташ. К1антана даг чу йижнера йо1. Хьава шен керта хьийзаре сатуьйсура к1анта. 1аьрбина юьт1ехь хазделларг эсала хилар, г1иллакхе хилар дара. К1ант ца хьоьжура йоь1ан ц1ерачу бахаме. 1аьрби ша таро йолчу нехан к1ант вара, ткъа Хьава да-нана доцуш, йиша-ваша доцуш денанас кхиош буобер дара. К1ентан б1аьргх1уттийла гучаяьлча, шаьш цу захалонна реза цахилар хаийтинера чуьрчара, амма ца лаьара к1антана йо1ах къаста. Шен нах реза боций хиинчу хенахь дуьйна г1айг1ане воьжна вара и, хиндерг хууш санна.

Шозлаг1чу дийнахь а сахьаьвзина, сарахь шовдане веара 1аьрби. Хьава хин йисте кхайкхира. Х1етахь санна, мехкаршца хин йисте еара Хьава. Хазахетара к1антана йо1аца лаьтташ, цуьнан эсалчу б1аьргашчу хьежа к1орда ца дора цунна, ойла ч1аг1ъялар бен херлуш х1умма а дацара. Шен наха х1уъа бахахь а йо1ах къаста лууш вацара 1аьрби.

Хьал-де, могуш-парг1ат хаьттинчул т1аьхьа, 1аьрбис элира Хьавага: «Хьава, вайшиннан гергарлонах х1ун хир ду аьлла хета хьуна, эрна-м хир дац те ас хьо йолчу вог1уш деш долу некъаш?», – аьлла. Цо иштта шега хаттар дича, Хьавас а ца лачкъийра шен дагара: «Хьуна ма хаъара со цхьалха ю, гергарчу нахах цхьа а вац денана йоцург, хьоьх сайн деган накъост хиларе сатуьйсуш, цу ойланца ехаш ю со, хьайга ас иштта аларна соьх ма кхардалахь. Далла гуш дерг ца лачкъадели соьга», – элира йо1а. К1антана цкъа а даг чуьра девр доцу довха дешнаш дара уьш. Цу сарахь боккъал а тийшира 1аьрби йоь1ан даго къастийнарг ша хиларх. Цу дийнахь барт хиларан тешаме дош делира вовше!

Цу сарахь а ч1ог1а самукъадаьлла ц1а йирзира йо1, амма чоьхьа яьлча гинчу суьрто дохийра дерриг а. Х1ийжан ц1енкъахь 1уьллуш яра, ерриг юьхь к1айн а елла, б1аьргнег1ар тухуш а йоцуш. Мотт сецча санна йоьхна не1арехь сецира Хьава, ша дан дезарг ца хууш йоьхнера иза. Юха сихха охьахиъна дененан хьаж т1е куьг диллира цо. Йоьлхуш шен дененан ц1ерш йохуш кхойкхура иза, цо дуьхьал жоп ца луш. Юха едда яхана лулахошка кхайкхира цо, цара сихха лор валийра. Дархочуьнга а хьаьжна, лоьро элира: «Дика хьал дац йоккхачу стагехь, деган лазар ду кхунна шеко йоцуш. Меттах хьеян мегар дац, уллера стаг д1авала мегар дац».

Молханаш а делла лор д1авахара. Молханаш мелча жимма меттаера Х1ийжан. Йиш йоьхна хьийзара жима Хьава. Ден а, ненан а метта йолу Х1ийжан д1аяьлча, кхин верас вацара йоь1ан. Г1ийла ойланаш йора цо шен декъазчу кхолламах.

Цул т1аьхьа ши к1ира сов хан елира 1аьрбина Хьава ца гуш, шозза а кхайкхича араяла йиш ца хилира йоь1ан. Йо1 гур яц те бохуш ойланаш йора к1анта. Йо1ах къахеташ, иза езаш вара иза боккъал а, амма шен наха дуьйцучо хьере а винера. Боккха бала боьссинера к1ентан кийра.

Иштта цхьана сарахь юха а веара 1аьрби хин йисте. Х1ийжанна цхьана юкъана г1олий хетта, сихха йистхуьлур ша, шайна мала хи а дохьур ша аьлла хин йисте еара Хьава. Хьавага хьоьжуш вара 1аьрби а. Ца довззал хийцаделлера йоь1ан юьхь-сибат, боккха бала бу-кх кхуьнан кийрахь аьлла, дагадеара к1антана. Ша х1ун ала деза ца хууш висира 1аьрби юьхьанца. Хьавас дийцира шен ц1ера хьал, б1аьргара хиш д1а а дохуш. Ша сиха хилар хаийтина, Хьава сихха чуяхара. К1ентан логе а шад х1оьттинера. Хьавах къахетта, йоь1ан де эшна г1ийла елхар дуьхьалара д1а ца долура кхунна. Бакъду, 1аьрби ша а вара тахана дог доьхна веана: кхуьнга а аьллера йо1аца дерг д1адаккха гена а ца доккхуш. Амма к1ентан даго иза къобал дийр долуш дацара. Къаьсттана нана яра и цу захалонна т1е ца товш ерг. Бахамах хиллачу кураллина, йоь1ан мискалла шен керта хьийзийта дагахь яцара иза.

Хьава чукхаьчча, тохара санна йоьжна 1уьллуш яра денана. Къилбехьа ерзийна йоккха стаг, наггахь бен са ца доккхуш 1уьллура. Лазар ч1аг1далар гуш дара. Лохачу г1антахь Еса доьшуш лулара воккха стаг, 1абдулвах1аб, вара. И ирча сурт шена гича дог г1елделла юьйжира Хьава. Боьхна хьийзара лулахой. Бетах тоьхначу хино меттаялийра йо1. Цунна т1ех1оьттинарг хала киртиг яра. Жимма меттаеана хийтира цхьана юкъана Х1ийжан а, амма саде1ар бен х1ума дацара. Йоь1ан куьг шен куьйгашца схьалецира Х1ийжана, б1аьрхиш хьаьлхира йоь1ан б1аьргех. Декъазчу йоь1ах къахетара Х1ийжанна а. Цуьнан дахарх х1ун хир ду те бохуш, ойланаш яра йоккхачу стеган коьрте хьийзарш. Х1орш иштта , жимма наб озийра йоккхачу стагана. 1абдулвах1аб а цхьана ханна уьйта велира, х1орш парг1ат бита. Дукха хан ялале цхьа тамашийна меттаххьайра йоккха стаг, деха са озош санна. «Там бара кхунна цхьаъ хилла хила», – аьлла, сихха коьрта т1е куьг диллира Хьавас. Са доккхуш йоцуш 1уьллура Х1ийжан. Йо1 ца кхийтира хиллачух юьхьанца, цунна ца хаьара иза са даьлла 1уьллуш юйла. Х1ийжанна гуттаренна а наб кхетта хиллера, ц1аьххьана кхеттачу лазарах. Чуьрчу зударша воккхачу стаге мохь туьйхира. Сихха чувеанчу цо Еса деша долийра, гуш долчу суьртах ша кхетча меллаша аз лахдеш сацийра цо доьшучуьра Еса. Т1аккха кхийтира Хьава, шена нана хилла лаьттина йолу, шен баба гуттаренна а наб кхетта 1уьллуш юйла. Балдаш дегош, елха ца луш егош лаьттина йо1, эххар а мохь туххуш елхайолаелира. Луларий зударий бара шаьш боьлхуш, х1ара теян г1ерташ. Деригге самукъа д1аделира йоь1ан цу сарахь. Д1абелира т1аьххьара аг1о. Шен куьг схьалаьцначу хенахь т1аьххьара гуш хиллера Хьавана шен баба. Шаьшшиъ кхин гур йоций хууш, г1ийлачу узамца денене кхойкхуш йоьлхура Хьава.

1уьйранна тезет х1оьттира Х1ижан яьхначу кертахь. Дакъа лийчийначул т1аьхьа, Хьавага чукхайкхира баккхийчара, кешнашка д1аяхьале цуьнга шен бабех б1аьрг тохийтархьама. Чуеъначу жима йо1а, дененан хьаж т1е барт а белла: «Со а кеста т1аьхьайог1ур ю хьуна, баба, цигахь цхьаьна хир ю хьуна вайшиъ, Дала мукъ лахь», – элира. Цу чохь мел хилларг «г1аг1» аьлла вилхира цо и аьлча, боьрша нах а т1ехь. Х1ийжан т1аьххьарчу новкъа яьккхира Хьавас.

Тезет д1адирзинчул т1аьхьа, генна юьртахь бехаш болчу Х1ийжанан геннара гергарчу наха д1айигира йо1 шайга. Дуьненах самукъа ца долуш, г1айг1ане яра и даима. Ур-аттала чуьра ара а ца йолура иза. Сахьийзар алссам долура денна а. Цуьнан самукъадаккха г1ерташ хьийзара вуьйш. Х1ийжан д1айоьллина бутт кхочуш боллура. 1аьрбина хиънера Хьаван т1аьххьара г1ортор д1аяьллийла. Цо а дог 1овжийнера к1ентан. Хьава ган лууш лелара 1аьрби, амма бег1ийла доцуш 1ара иза денош лоьруш.

Амма дагахь доццург дира 1аьрбин нанас. Шаьш аьлларг ца дан дагахь ойла йолуш к1ант вуйла хиъча, нанас к1антера ду аьлла, 1аьрбин ц1арах кехат яздира йо1е. Тешнабехк бира цо царна.

Базаран де дара иза. Чохь мел верг базар а вахана, кхеран жимачу йо1аца, Зайнапаца, ша йиснера чохь Хьава. Беран беламечу амалах 1ехалуш, цуьнах йоьлуш 1аш яра Хьава цу сохьта. Уьйт1ахь цхьамма мохь тухуш а хезна, Хьаван карара йолуш, араедира жима йо1. Юха хьен ца луш чуеара буйнахь цхьа кехат а долуш. «Хьава! Х1ара кехат хьоьга д1ало а аьлла, схьа а кховдийна, сихха кехъели-кх цхьа жима зуда», – элира жимачу Зайнапа, кехат кхуьнга схьа а кховдош. Хьава кхийтира и кехат 1аьрбигара кхаьчна хиларх. Цунна ца хаьара цу т1ехь х1ун яздина а, я иза совнаха болчу наха яздинийла а. Сахьтан цхьамза санна дог детталуш сихха схьадаьстира цо и кехат. Кехат меллаша деша йолаелира Хьава. Дуьххьара кехат долалучу юьххьехь яздина дара: «Сан хьоме Хьава! Ас даггара доьху хьоьга сайна къинт1ера ялар. Суна хьо ч1ог1а езара, дог а лозура сан хьоьх, амма кхин д1а вайн безамах х1ун хир ду хууш вац со. Сан наха ца магадо суна хьоьца сайн дахар дуозар. Юха а доьху хьоьга, къинт1ера ялалахь суна. Марша 1ойла!», – аьлла, чекхдаьккхина дара и кехат. Бухахь яздинера: «Хьо езаш хилла волу 1аьрби». Кехат чекхдаллалц дийшира Хьавас. Цу минотехь деригге дуьне б1аьргашна хьалха 1аржделира цунна. Эццахь цуьнан дагах а лазар иккхира. Коьрте б1агор беана, кехат буйнахь а долуш, лаьтта юьйжира йо1. Даьлла тата а хезна, схьаеъначу жимачу Зайнапана бетах чопаш а йина, ц1енкъахь 1уьллуш Хьава гира. Дуьххьара кхераелла, юхаедира жима йо1. Ирча сурт дара цунна гинарг – садаьлла 1уьллуш хиллера Хьава. Дог иккхина хиллера Хьаван, шен сил ч1ог1а везначу к1антера, шен уггаре а де доьхначу дийнахь 1одика еш шега и кехат яздина моьттуш. Дукха хенахь дуьйна а дуткъделла са цигахь хедира Хьаван а.

Х1ийжан д1аерзина бутт кхаьчначу дийнахь кхелхира Хьава. Хьавас ала а ма элира, Х1ижанан хьаж т1е барт а бокккхуш: «Со кеста т1аьхьа йог1ур ю хьуна, баба», – аьлла. Хила а хилира иза иштта, цо ма аллара. Денанна улле д1айоьллира к1ентан йо1 Хьава а. Декъаза кхоллам хиллера жимачу йоь1ан.

Хьава кхалхарх лаьцна хаам кхаьчна хиллера 1аьрбига, цигахь лелларг шена ма-дарра хиънчу дийнахь, иштта кехат яздина: «Ша а дац кху дуьненахь х1инца ваьхна дан х1ума», – аьлла, шайн бешара б1оран диттах ирх оллавелла хиллера 1аьрби а. Шен нахана дагахьбалам битархьама.

Тешаме хилла лаьттина безам ц1аьххьана 1ожалле берзийра, куралло са хьерадаьккхинчу 1аьрбин нанас.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.