http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Баркалла, сан Даймохк... Печать Email

Сакаева Мадина

 

*  *  *

Дахаран мохь бохьуш,

Йог1ур ю сайн юьрта,

Аьрхачу Терко эсала,

Эсала хьоьстуш.

Дуьйцар ду дахарехь

Лайнарг а, дайнарг а,

Чубуза сихбелла

Дашо малх теш хиттош.

 

 

Юьйцур ю хьох хьерчаш,

Д1аихна бералла.

Юьйцур ю хьох хьоьгуш,

Д1аихна жималла.

Таь1ина доьдучу

Хьан тулг1ийн г1овг1анехь

Луьстар ю ойланаш,

Д1адайна сурт х1итташ.

 

Баркалла, сан Даймохк,

Хьо тхуна хиларна,

Сан Даймохк, ала ахь

Дош тхуна даларна.

Хьоь болчу безамо

Дог ойла айъеш,

Лелла со дахарехь

Дозалла хьох деш.

 

Боккхучу когаца

Хьан сий ас лардийр ду.

Олучу дашца

Хьан сий ас ойъур ду.

Наний–бер санна,

Вай вовшех доьзна ду.

Со яьлла сан орам

Хьан лаьттан – кийрахь бу.

Сан Даймохк,

Сан латта,

Сан жима Терка йист,

Сан нана Лаха–Невре,

Дай баьхна Ломарз–юрт,

Бени–юрт–а, 1ели–юрт а,

Ч1улг–юрт а, сан ю.

Шух мерза хьирчина

Ойла а сан ю.

 

*  *  *

Мел дукха аларх,

Кхачош дац илли.

Мел дукха безарх,

Бузуш бац кийра,

Сан Даймохк,

Сан Нана

Хьерчаш ду цхьана,

Т1ех безар

Сов даьлла, дека

Сан илли.

 

Б1аьстенан дахкаро

Шен мара къуьйлуш,

Зезагийн дарешца

1аламо кхолуш,

Къонахийн ц1ераш

Седарчех йогуш,

Ехаш ю сийдолу

Сан жима

Нохчийн чоь.

 

Дуьненчохь йевзинарг

Ворх хазна ю,

Царах цхьаъ, бакъдолуш,

Нохчийчоь ю.

Исбаьхьа жовхар

Хуьлуш дац доккха,

Цуьнан мах хадош дерг

Дозалла ду.

 

Хьан лаьтта дозалла

Дусталуш дац.

Вайн нехан сийлалла

Йовр йолуш яц.

Хьан жима латта

Вай къоман хазна ю.

Хьох девлла тхо хилар

Тхан дегний хьаам бу.

 

Хьо хасто дисна дош

Со карош яц.

Хьан марзо маланза

Цхьаъа хир вац.

Тхан аьрха амалш

Хьох йоьзна ю.

Дахчийна дегнаш

Хьо безна ду.

 

Ламанах схьа дуьйлу

Шал шийла шовданаш,

Кхехкаш бухдуьйлуш ду

Дарбане хиш,

Вайн мехкан даьтта

Вайн хазна ю.

Ворх1ий а хазна

Нохчичоь ю.

 

*  *  *

Хьеелла йог1у со

Хьан коше яла,

Т1екхача сихъелла

Герга мел кхечи.

Хьоь дийца шерашкахь

Дагчохь ас гулдинарг,

Коша борзе дийцина

Со юха йоьрзур ю.

 

Хеназа хьан кхалхар

Сан даге ца лало.

Лацало д1акхалхар

Кху нехан махкахь.

Рицкъано ялийна

Бохуш хьо лелашшехь,

1ожалло ялийна

Хиллера хьо.

 

Хьо лелла аренаш

Хедош схьайог1у со.

Хьан хилла ойланаш

Йоьшуш схьайог1у со.

Екха ч1ир йоцуш,

Еъначу 1ожаллин

Делера къинхетам

Боьхуш схьайог1у со.

 

Вайн хазчу Даймехкан

Сурт дуьхьал туьйсуш,

Генарчу йиш–веше

Орца а, доьхуш,

Дай баьхна дай белла

Лаьтте сатуьйсуш,

Хьан г1ийла д1акхалхар

Сан даге ца лало.

 

Маржа я1, сан ваша,

Хьо тахна воьхна ву.

Йоьхна ю хьан ойла,

Йоьхна ю х1усам.

Аганчохь ша вуьтуш

Санна хьо хеталуш,

Цо б1аьргаш хьабдича,                                Б1аьргаш чохь сурт дуьсуш.

 

*  *  *

Хьан сий деш г1аьтти со,

Хьуна т1е кхочуш,

Хьуна мор баржийна,

Маршалла хаьттина.

Сан дагна т1ех дезна,

Дай хьистина терк,

Салам а, маршалла

Ас хьоьга кховди.

 

Ма ч1ог1а г1айг1ане

Г1елделла дог1у хьо.

Хьан хин чуьппалгаш

Ловзуш а ма ца го.

Хьоь сайн дог д1адала,

Сайн ойла йийца

Йог1ур со сихъелла,

Хьоьха б1аьрг тоха.

 

Т1еман суй кхетта

Дагийна ду теша,

Ямартчу наха

Бехдина ду теша.

Х1ун бала бу теша

Хьан кийра къуьйлург,

Х1ун г1айг1а ю теша

Синтем д1абаьхьнарг.

 

К1еначу вайн лаьмнийн

Бала бу теша,

Аьрхачу амалийн

Г1айг1а ю теша.

Х1ун бала бу теша

Хьан кийра къуьйлург.

Х1ун зама ю теша

Ахь дага лоьцург.

 

Къизачу 1ожаллин

Теш хилла теша,

Къоначу дахаран

Каш хилла теша,

Мекарчу нехан

Б1аьрг хилла теша.

Х1ун хилла, х1ун хилла

Х1ун хилла теша.

 

*  *  *

Къонахчун эшначохь

Къора теш хилла,

Мостаг1чун эшначохь

Луьра хьост хилла,

Хьаналчу къомана

Мерза пхьор хилла

Г1аролехь лаьтта хьо

Сан мерза безам.

 

Яхь йолчу к1енташа

Йорг1а дой хьийзош,

Оьздачу мехкарша

Хин йист хьан ларъеш,

Доьдучу теркаха

Ч1аг1онаш вовши еш,

Д1аяхна зама ахь

1аламо дага лоьцу теша.

 

Хьан хазчу мукъамо

Ойланаш хьоьстуш,

Хийла йо1 лаьттина

Хьоьх марзо оьцуш.

Йоьзачу к1удал нур

Догуш малхаца,

Ира шу баьккхина

К1ентан б1аьрг хьоьстуш.

 

*  *  *

Д1адевлларш хьехадеш,

Дог карзах ма даха.

Сан дагчохь яьгна ц1е

Аш марса ма яха.

Буьйса–борз д1аяьлча

Т1е дог1у де санна,

Хилла сан дахарехь

Сирла а денош.

 

Б1аьргара дужу и

Беран хи санна,

1уьйренца дуьллу

Бецан тхи санна,

Сан ц1ена безам

Ларбина дог

Д1адевлларш хьехадеш

Аш карзах ма даха.

 

Ма г1ерта со йохо,

Сан ойла хьовзо,

Ас хала бина къурд

Соь юха байта.

Хиллачу кхоьлана

Со реза хилла.

Хьаг1 йоцчу риц1къана

Со къера хилла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.