http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Швейцарех дагалецамаш Печать Email

Эльдерханова Зайнап

1 дакъа

 

Куьркахь хьийзайо экъа санна, Цюрих гIали тIехула, гуо тоссуш, хьаьвзина, хIаваан ламица, лаьтта охьадоьссира тхан кема... Швейцари ю хIара, сан хила ца йитина Нохчийчоь, сан мехкан хиллачу сатийсамийн кхочушхилла даьлла туьйра. Швейцаре – сайн эзарза йийначу Нохчийчоьнан «коша» тIе еъна со. Нохчийчоь, хьо иштта, хIара санна ирсе гаре сатесна, ма кIезиг ца бели хьан кIентий!

Трапан ламеш чекхдевлча, цу лаьтта дуьххьара айса ког буьллуш, ас Къулха дийшира дагахь. Суна деза хетара и латта, суна ирс хийтира оцу лаьттан. ТIом ца гинчу кху махкахь, дай-нанойн цIий ца хуьйдинера, я буоберийн бIаьрхиш ца Iенийнера цкъа а Швейцарин лаьтта. Сан бакъо яра и латта иштта даздина тIеэца, сан бахьана дара ас цуьнан иштта сий дарна. ТIеман хенахь, елха ницкъ ца тоьаш, я меттиг боцуш, чIагIделла долу дог, Даймахкана генахь, Даймехкан къина, дуьххьара, паргIата дилхира сан кхузахь...

Кеманара дуьссушехь, автобусца Цюрих аэропорта чудалийра тхо, пассажираш. Кхузахь кхин дара. Аэропорта чохь, цул тIаьхьа таможнехь, дерриг адам деладелла-декхаделла дара. Баккъал а, со шайна дуьне дала йоллуш санна, совнаха ца хетара со царна.

Дуьненчуьра мел йолу пачхьалкх, кху аэропортан тхов кIела хьийзара. Тайп-тайпана къаьмнаш, бес-бесара яххьаш, керстанаш, бусалбанаш. Кхузахь мел верг, адам хеташ дара. Кхо-диъ сахьт хьалха со адам хилар дицдайтинчу суна, кхузахь, цкъа а ца гинчу наха, карладаьккхира суна со маьрша адам хилар. Со кхоьрура, кхузахь а, со нохчо санна йовзарна, юха со адам ца ларарна. Эрна хиллера кхерам.

«Гой хьуна, уггар а диканиг – иза, хьо, тхан хьаша, нохчо хилар ду» – элира сан накъосташа. Швейцарин юкъара пачхьалкхан газетан редакторш, журналисташ Катрина, Райнхард МайергIара бара суна дуьхьал баьхкинарш. Иштта дIаелира сан хьалхара иттех минот. Аэропортера некъ бира оха Цюрих вокзале. Шозза тIекIелбина поездаш бу. Цизаьрка озар дихкинчу вагона чохь дара тхо. Корех ара хьоьжуш йолчу суна, арара дуьне хьийза моьттура, ткъа иза-м, ша долччохь лаьтташ дара, тхан поезд хиллера шен хеначохь, шен новкъа дIабоьдуш. «Ва нах, резинках йина яций кхара поездан рельсаш? – аьлла хийтира. ЦIано ша маьждигчохь санна яра, ткъа адамийн аьттонна дан дицдина хIумма а дацара. Кхузахь, чIогIа лерам беш хиллера бераца йолчу ненан а, воккхачун а. Берашна шайн наношца лерина къастийна ю цхьа вагон. Ткъа цу чохь, тайнигаш, цIенкъахь кузаш, гуонаха гIенташ ду. Вагонан сонехь кран ю довха а, шийла хи догIуш, ткъа крана уллехь куьйгаш тIелаьцча сабанан тIадам бужу, юха мохо ши куьг дакъадо.

Шайн станци тIекхаьчнарг охьавуссу, цу чохь ловзийна тайнигаш шайн йоций а хууш, берийн куьйгаш а дуьлий, арабовлу наной. Вагонан неIарна уллехь баьццара нуьйда (кнопка) хуьлу, и тIетаIийча охьакховдийначу никелах йинчу платформина, шайн гIудалкхаш тIейоху заьIапхоша. Массеран а терго йо кхузахь. Iедало дихкина ду дуьнене адам гIийла хьежийтар а!

МайергIара бехачу ураме чу хьаьвзачохь, урам болалуче бIогIамна тIетоьхна горга, цIен трафарет яра – «Privat» аьлла. ХIара урам кхузахь бехачу нехан шайн долахь бу бохург дара иза. Пачхьалкхан транспортан бакъо яц кхузахула некъ бан. Массо а урамашкахь хIора автобусан, трамвайн социйлашкахь, туьканашна хьалха а моггIар лаьтташ кIайн, Iаьржа, можа, боьмаша яьшканаш ю. ДIакхуссуш йолу хIума шен-шен яьшкана чукхосса езаш ю, масала: кехаташ, англи, эчиган хIума, сурсатийн юьхк. ЧIогIа тIалам бо кхузахь массо а рицкъан. ДIакхуссуш хIума дац кхузахь. Тайп-тайпанчу фабрикашкахь юха шозлагIа дезар до.

Катринин хIусаме дIакхечира тхо. Стол тIехь дерриг а дуьненчохь евзаш йолу, шаьш дозалла а деш йолу Швейцарин шоколадашший, йогуртташий яра. Вайн цIахь уггар а комаьрша хIусамнана ма-хьовззара, каде хьийзара Катрина.

Иза Швейцарехь коьртачу газетан дика журналист хиларал а сов, дика хIусамнана хилар хаалора. ХIума кхаьллина девлча, сайха гIо деш йоллучу ас, ишкапан неI схьайиллира, нехаш дIакхисса дагахь, ведаран негIар хьалаайбира ас, ткъа иза деа декъе декъна дара. Урамашкахь лаьтташ йолу яьшканаш санна, Швейцарин хIора а хIусамехь ду иштта нехаш вовшех къастош долу ведар. Масала, тхайн йогурт лаьттина гIутакх ас кхаа декъех дIакхоьссира, пластмасса ша, гуонахара кехат ша, тIехула долу даш-кехат ша. «Цундела, Дала шун а до пусар», – аьлла хийтира суна.

2 дакъа

 

Жима пачхьалкх ю Швейцари. Иза 23 к1оштах (кантон олу цара) лаьтташ ю. Х1ора кантонан шен байракх, герб, конституци ю. Швейцарин вериг вахархо 7 млн.стаг ву. (Цхьана Москва г1алахь а ву 15 млн. стаг). Ч1ог1а бертахь беха кхузахь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш. Цхьабосса бакъонаш йолуш пачхьалкхан бакъо йолу 4 мотт бу кхухахь адамашна юкъахь лелаш. Масала, немцойн мотт буьйцурш 65 процент бу, французийн мотт – 18 процент, италахойн мотт – 10 процент, юха реторомански мотт бу, ткъа иза хууш верг 1 процент адам бен дац. Кхузахь, вайн къоманна, ойла ян лаахь, дика масал хир долуш х1ума лайна а, ловш а ду шуна, Швейцарин бух биллина долу къам! Иза дера ду цигарчу наха, шайн реторомански мотт буьйцуш ца хиларна, юккъера д1абовш хилар. Тахана, сила йолчу Швейцарехь 70 эзар стаг бен вац шайн мотт хууш! Цундела, шайн синкхетам хиларна, цара 1863-чу шарахь шайн мотт 1алашбарна г1оьнна кхоьллина ю «Реторомански юкъаралла», юха 1919-чу шарахь «Реторомански лига», ткъа 1938-чу шарахь дуьйна, швейцарцаша шайн къоман мотт, пачхьалкхан статус йоккхуш хьалха теттина. (Хьекъал долчара шайн хеннахь т1еоьцу хьакъ боллу сацам...).

Транспортан г1уллакх, кхин дика хуьлийла доцуш, нисдина ду кхузахь. Швейцарехь санна шен хенаца нийса лелаш транспорт хир яц дуьненчохь цхьанхьа а. Билета т1ехь Цюрих г1алара церан коьртачу шахьаре Берн г1ала чу кхочу поезд (1 сахьт некъ), нагахь санна 61-чу миноте бахбеллехь, некъаца боьдуш т1ом бацахь, хьелойла дац. Машенаш механа юхалург а ло цигахь. 21 шо хан кхаьчна хила веза аренде машен оьцург. Ткъа 6 адамал сов адам чухоьуш йолу транспорт эца луург, транспортехь 25 шарахь болх бина, зеделларг хила дезаш ву!

Вай ц1ахь санна, цхьа а бакъо ца къестош, говр-ворданаш санна чучча хоьхкуш яц машенаш. Некъан бохамаш бац ала мегар ду цигахь, нагахь санна машен йоьхна, г1о оьшуш висахь, я ламанан некъашца, я г1алана юьстаха, х1ора 10 км юккъанна боьг1на баьццара жима б1ог1ам хуьлу шена т1ехь «SOS» аьлла йоза долуш. Цунна т1ера з1е тоьхча, орца дог1у, цо ша схьаолу хьо висина, лаьтташ йолу метр. Бахь а, маха бов цигахь, адам – цкъа а!

Кхерамзаллин доьхка доцуш машенахь лела бакъо яц кхузахь

(я пассажирийн а, я водителийн а). Амма и закон дохийнехь хьол хьалха ц1а кхочу г1уда кхайкхийна полицера квитанцеш. Урамашкахь ц1еххьана (90 градус) йолуш голатухийла нислахь, цигахь доккха куьзга хуьлу тоьхна, дуьхь-дуьхьал йог1у машенаш вовшийн гайта аьттонна.

Ноябрь баттахь Швейцарин аренаш аьхка санна го. Иштта, оцу деношкахь церан Риги олучу 3 км. лакхахь болчу ломан курорте дахара тхо. Л.Н. Толстойс шен «Люцерн» ц1е йолчу произведенехь хьахийна а ю и исбаьхьа хаза меттиг. Машенаш лаха чохь юьтуш, трамвайца лаьттара хьала 3 км. ирхнехьа некъ бира оха. Эццахь а хаалора цара адамийн терго яр лерина хилар. Тхан трамвайн некъан кхоъ рельс яра. Юккъера рельс шеца магнит долуш яра. Хьанна хаьа, цхьа бохам нислахь, б1останехьа инерцица чухьаьдда трамвай сацон езахь, оьшуш ю аьлла йина яра кхоалг1а рельс. Иштта сайна ма-дарра хиъча ас забар йира сайн доттагIaшка: «Шун махках леш верг, х1ун новкъа хуьлий леш хуьлу техьа ?» - аьлла. Самукъадаьлла, бийлира сох сан накъостий. Цундела, швейцарцаш ч1ог1а дозалла до шайн махках, уьш даггара муьт1ахь бу шайн 1едална а, конституцина а. Юьртарчу нехан беша юккъехь а д1атоьхна шайн пачхьалкхан байракх яйна суна церан. Ткъа урамехь диттан г1аш санна байракхаш хуьлу лесташ. Вайна дика евзаш йолу «Красный Крест», «Ц1ен Ж1ар» ц1е йолу организаци Швейцарехь 1863-чу шарахь Женева г1алахь Анри Дюнанс кхоьллина ю. Оццу организацин байракх ю иза, вайн заманахь Швейцари пачхьалкхан байракх санна евзарг .

Дуьненахь дика евзаш ю церан Цюрих, Берн, Женева ц1ерш йолу г1аланаш. Швейцарцаш шаьш ц1ерш техкина царна. Масала, Женевах, цара политикин столица олу, Цюрихах – экономикин столица олу, ткъа Бернах – культурин столица . Дагадаийта лаьа, Швейцарин столица Берн г1ала ю. (Женева хеташ хуьлу цхьаберш).

Дуьненчохь хууш ду, Швейцарин банкаш х1окху масийтта б1е шерашкахь шайх тешам болуш хиларна лоруш юйла. Цюрих аьлча дуьхьала х1уьтту цуьнан хаддаза банкаш йолу урамаш. Иштта, цхьана малх къегина, хазачу дийнахь бевзаш болчу Банхофштрассе олучу урамехула йог1ура со, сайн кхечу накъостаца, яздархочуьнца Ирэна Брежница. Ирэнас суна т1ейирзина, юха шен ши куьг д1асадаржош мелла а цаяшарца я цабезамца элира: «Х1ан, Зайнап, х1инца тидам беш хьажа хьайна, х1инца х1ара вайшимма йоху г1улчаш, дуьненчохь уггар а еза, мехала лаьттан метарш ю хьуна!» – аьлла. Амма ас шега юхааьллачух, цунна дика хиира, суна йоцийла иза еза меттиг. Ас цуьнга аьлларг дара: «Ирэна, суна сайн къоман ц1ийн хьожа йог1у кхузахь, сан когаш тийсало кхузахь, шун банкийн не1арийн бертахь, сан махкахойн даь1ахкех! Суна шера дац хьуна шун банкийн хьалхара мраморан некъаш...».

Иза кхийтира сох. Генахь, ц1ахь, сан белхочу Даймахках йоккху хонс-са кхузахула ца хьийзара? Хьанала-хьарам ца бохуш гулдечу рицкъанан сейфаш ю кхузахь. Тхойшиъ цул т1аьхьа, исбаьхьа хазачу, Цюрих г1али юккъехь 1уьллучу, Цюрих 1оман бердан йистехула кхин дош ца олуш, ойланаш хьулйина лийлира ехха.

Даима а сайн декъаза мохк боьлхуш лерехь хезара суна, ткъа т1аккха со к1ордорна кхоьрура царна. Тхайн дог-ойла хийца луий, ас анекдоташ дуьйцура вайх лаьцна. Царех цхьаъ ч1ог1а дезара царна. Дика ду, дуьйцу ас: «Китайн 1едало Россин паччахье д1ахьедар дина, нагахь санна цара Нохчийчуьра т1ом сацош бацахь, шаьш кегийчу тобанашца пхиппа миллион т1емало т1ехоьцу аьлла...». Юха, иштта самукъаделира сан лулахочо тхан юьрта, дехьа-сехьа ураме а чуетташ ракеташ йолуш, тхо ларми чудуьссуш дохкуш, шен чуьра, араяьлла ца йолуш, ас оьг1азяхна шена дов дича аьлларг: «Ва суна-м ца хаьий вайн маса дийнахь 1ен дезар цу цу чохь! Цундела, ехк лаха йитахь со!». Эццахь, ракетийн метта айса юьйр йолуш дог дат1ийнера цо. Тхо деха дийлира цунах иза хьийзош. «Бабацина уллехь синкъерамехь меттиг лаца йолуш хилла хьо-м» – бохуш.

Царна ч1ог1а езаелира вайн забарш, хелхарш, вайн меттан мукъам!

Сарахь, Катринас ша Швейцарин къоман кхача бан йоллу элира тхоьга. Иза – г1абакхах йина чорпа яра! Ч1ог1а чомехь, кийрана цхьа аьхна хуьлура иза!

 

 

3 дакъа

 

Цхьа эзар шо хьалха, Швейцари къен йолчу хенахь, цигахь кечбеш хилла кхача бу х1ара. Х1етахь дуьйна схьа къоман кхача лоруш бу. Ткъа цунна оьшу г1ирс а, барам а иштта хир бу: т1ера чкъор доккхуш, ц1анйина г1абакх (5-6 дакъа), картолаш (3-4), ж1онкаш (2-3), хох (3-4 корта), саьрмасекх (3-4 ц1ерг), ц1ен бурч, туьхьа, т1о.

Лакхахь багарбина хасстоьмаш, кхоккха дакъа деш, яй чу нисбо, т1е 2,5 литр хи дуттий. Уьш кхоччуш кхихкина евлча, мелла йовха йолуш, миксерца оццу шаьш йолчу яйчохь хьовзаеш оту, кочачу чорпане ерззалц. Юха шена товчу чомехь т1е туьхьа а, ц1ен бурч а тухий, т1е т1о буьллу. К1айчу я 1аьржачу баьпгаца хьалха х1оттабо и кхача. Иштта, вайн къоман юург йовза лиира царна.

Сайн рог1ехь, Цюрих университетехь, студенташца (зудаберийн шайн лерина юкъара1ойла яра) вайн жижиг-галнаш дира ас. Стоьлан йисте кхайкхира сайн керла накъостий.

Швейцаркас вайн къоман кхача ч1ог1а тера бу элира шайн ломахь бехачу нехан кхачанах, ткъа Венгрера студенткас – шайн юьстахчу ярташкахь йиъна ша х1ара тайпа юург. Оха сацам бира: дерриг а халкъаш, церан кхачанаш цхьана стоьла т1ера, дуьне ма-дду д1асадаьржина хиларх, аьлча а, Адам-Хьаван х1усамера…ткъа иза шиъ тхан массеран а гергара ши стаг хилар а.

Яхь бохург х1ора меттехь шен-шен кхетам болуш х1ума хила-кх. Масала, вайн 1едал ду-кх, мел таро елахь-яцахь, нахана юкъа довлуш т1ехь тоьлла бедар лелор. Парижан массо а бахархошна йовзале Соьлжа-Г1алара кегийрхоша схьаоьцу цара юкъаяьккхина мода. Соьга кхечу кепара ойла яйтира менталитетах лаьцна Катрина Майерс дийцинчу цхьана х1умано. ХV111-чу б1ешерашкахь Цюрихехь ваьхна цхьа ч1ог1а оьзда, хьал долу жима стаг. Нахаца комаьрша а хилла иза. Шен т1еюхучу бедарийн нуьйдарчий дашо хилла цуьнан. Делахь а, ша г1али юкъа волуш шена т1е беркъа г1овтал кхуллуш хилла цо, адамашна шаьш г1ийла ца хетийта шена уллохь. Цо иштта ларъеш хилла шен яхь...

Цюрих г1алара Берне кхаччалц ц1ерпошта т1ехь нийсса 1 сахьт некъ бу. Берн церан паччахье ю. И г1ала къаьсттина шен сибаташ, башхаллаш йолуш шира г1ала ю. Швейцарина юккъехь 1191-чу шарахь йина ю Берн. Таханлерчу дийнахь цуьнна чохь вехаш 133000 стаг ву. Швейцарин уггар а коьрта, мехала г1ишлош ю кхузахь. Царех коьртаниг лоруш ю шена т1ехь сахьт долу б1ов. Иза ХII-чу б1ешерашкахь йина ю. Хьалха заманчохь иза коьртачу г1алин г1ап санна хилла ю (3 м. шуьйра пенаш ду цуьнан), ткъа х1инца куьцан 1алашъеш ю иза швейцарцаша. Оцу сохьто нийса хан гайтарал а совнаха, де а, бутт а, зодиакана хьаьркаш а, беттан ц1ино а гойту. Х1ора сахьт моссаза дели, н1аьна кхойкху, тайп-тайпаначу акхаройн гуо хьийза оцу сохьтана гонаха.

Берн г1алин диканиг х1ун ду аьлча, мел дог1а дарах, цигахь вашор вац. Урамаш ч1ог1а гаттий ду цуьнан. Хьалха заманахь, пайтонаш д1асахьовзол бен, кхин шуьйра ца дина урамаш. Ураман шина аг1онца динчу ц1енойн лабанаш т1етт1а кхачарна дог1а т1е ца 1енаш вуьсу. Цхьа дехачу раг1у к1елахь санна самукъане хуьлу Бернехь некъ беш. Кхечу г1аланашкара наха Бернерчу бахархошна, забарца 1уттуш, олуш ду: «Саготта боцу, партала бернхой» – олий, ткъа цара дерриг а хуьлуш олург ду «Коьртаниг – собар». Схьахетарехь, х1ума ворх1азза дуста хаарна, цкьа а шайн г1ала, цуьнан куц ца дохорна шайн х1ума дуьстина дарца Берн ша 1191-чу шарахь ма-ярра 1алашъян а, ларъян а хиъна цуьнан «собаречу» бахархошна. Бераш кхиор ч1ог1а жоьпалле декхар хета Швейцарехь. Цуьнан ч1аг1о ю ала мегар ду Бернехь Корнхаусплац олучу майданахь 1516-чу шарахь йинчу х1олламе хьаьжча. Иза къола, зулам дина бераш дуу наьртхо ву. Сих-сиха цуьнга хьажа дуьгуш хилла бераш. Швейцарехь дихкина ду берана т1е куьг кховдор. «Хьехамца, хьекъалца кхио деза бер» – олу цара. Дукха туьканаш, музейш ю кхузахь.

Некъаца, къаьсттина г1ашлойн, бакъонаш хаза ю Швейцарехь. Масала, хьо хьайн г1ашлойн некъа т1ера цхьа ког баьккхина а, машен некъа т1е охьавоссахь, хьуна еа аг1ор йог1у транспорт соцур ю. Церан 1едало а, хьекъало а боху: «Адам экаме ду, иза лазор ду, ткъа машен онда ю, аьчгах йина ю». Церан 1едал адамийн аьттонна къахьегна а, къахьоьгуш а ду даима. Берн г1алин да шен к1ентан берашца волалой лела, цхьа а ха а доцуш, маьрша.

Цигахь бехачу вайн махкахошка хатта а мегар ду шуна иза – 1едалан система а ю говза хоттийна. Масала, церан 7 министр ву, ткъа уьш рогг1ана Президенташ хуьлу шайн пачхьалкхехь. Царна г1олехь ду вовшашка луш йолу раг1 ц1ена кховдор. Харжамаш ца хиларна, къовсамаш-хьарамлонаш а оьшуш яц царна.

Швейцарин аматаш боккъал тера ду вайн махках. Д1ахьаьжча, гуш долчу лаьмнаша 1ехавой, ахь ц1ахь йитинчу Шуьйта я, Сиржа-Эвла кхачаво хьо. Ткъа хенан х1оттам вайн ц1ахь санна хуьлу. Шен латтан барамца а Нохчийчоьнах ч1ог1а тера ю Швейцари. Довха, к1еда хуьлу церан 1а. Хаза г1иллакхаш ду юьртахь.

Урамехь массо а адам вовшашка де дика деш, дистхуьлу. Вай санна могаш-парг1ат х1отту цара. Цюрих 1оман бердаца йолчу Вайденшвиль олучу юьртахь дика вевзаш волчу Томас Гайсеран доьзалехь хьошалг1ахь яра со. Томаса совг1атна билет эцнера суна ерриг а Швейцарехь мел йолчу транспортана бакъо йолуш (х1ордкема, автобус, трамвай). Цундела, ц1ерпоштсан аьтто хилира цигахь муьлххачу а метте кхача. Иштта, Томасан х1усамехь, жижиг т1ехь плов дан юьйлира со. Самукъа а долура исбаьхьа хазачу х1усамехь г1уллакх дан! Д1айолаелча холодильника чохь ж1онкаш ца карийра. Церан жимах волу к1ант вара ц1ахь. Цунна хиира суна т1еоьшийла уьш. «Со х1инцца схьавог1у» – аьлла, кора к1елахула д1аведира иза лулахошка, юха, иштта сиха схьаведира: «Х1ан, х1орш дуьйций ахь?» – элира Мануэла.

«Ой! Х1ара-м, ша Эг1ашт1ахь санна, х1ума ма ду» – аьлла цхьа сайн ц1еран, сайн къоман гергара г1иллакх хийтира суна иза. Ма хир дара иза Москвахь! Лулахчуьнга ж1онк дехча, минот а ялале психиатре кхайкха там бара...

Х1уман нийсо а, ц1ано а езаш бара сан гергарло долу нах. Къинхетам бу цаьрца. Цара динчу диканехь а, Женева г1аланах а лаьцна т1аьхьа дуьйцур ду ас.

 

4 дакъа

 

Жима, шира гIала ю Женева. Кхузахь вехаш 87000 стаг ву. Ткъа царех 30 процент нах кхечу пачхьалкхашкара бу.

Къаьмнийн тайпа, башхалла ца къестош, шен адамашка цхьабосса болчу лерамца гIараяьлла, нахана езаш ю Женева. Дуьнен чохь мел долчу къаьмнийн мотт хуьлу церан майданашкахь хезаш. Женева ша гIала хиларал а совнаха, дийнна кантон лоруш ю. Цундела ала мегар ду иза Францин мотт шен пачхьалкхан мотт болу кантон ю. Женевера бахархой велосипед хохкий, Францерчу туьканашка боьлху, шайна оьшург эца. Цхьана Швейцарин хилла а ца Iаш, дерриг а дуьненан культуран шахьар ю Женева. Кхузахь ООН-н штаб-квартира ю. Швейцари ша декъашхо яц ООН-н. ТIаьхьарчу хенахь дуьнен чохь хуьлучу тIемаша дечу зуламашна, тIамо ког-куьг доккхуш заьIап дечу адмийн гIайгIа-бала гойтуш, хIоранна а дагах кхетийта лаам болуш, ООН-н хьалхарчу майданахь хIоллам бина дIахIоттийна ду цхьа ког кагбина Iаламат доккха гIант. ЦIерпоштаца Женеван коьртачу вокзале кхочу. Вокзал Рона олучу хина уллохь лаьтташ ю. ТIайх дехьа ваьлча, мел генара а шена тIе тидам бохуьйтуш, хаза гуш ду лаьттах, байх а,зезагех а дина сахьт. Цуьнан механизм лаьтта бухахь ю, ткъа тIехула долу терахьаш зезагашца куц деш доьгIна ду. Женева гIалара схьабевлла нах баьхна Россехь. Цара беркате гIуллакхаш, дика ларам битина шайл тIаьхьа. Царех ву Франц Лефорт. Иза 1674-чу шарахь дуьйна ваьхна Россехь. Иза паччахьан Петр I накъост а, Iедалан гIуллакхашна тIехь дика хьехамча а хилла ву. Россин эскаран командир хилла, тIаьхьо Россин флотан адмирал а хилла Франц Лефорт. Иштта, Женевера схьаваьлла ву Антонио Трезини. Иза 1742-чу шарахь Санкт-Петербурган коьрта архитектор хилла. Цо хIиттийначу проекташца йина ю Монетни двор, Владимирски собор. Иштта кхин а тоьлла архитекторш Доменико Трезини а, Тома де Томон а хилла.

Дуьнен чохь массарна а вевзаш волу философ Жан-Жак Руссо вина 1712-чу шарахь Женевехь. Европехь дика дешар Iаморца евзаш ю Женевера университет. Иза 1868-чу шарахь йина ю. Швейцарехь бен кхин дика хуьлийла доцуш хьоьхуш ду банкашца долу Iилма. Цундела дукхачу меттера нах хуьлу цигахь Iилма довза лууш. Iаламат хаза Iалам ду Женеван гонаха. Цунна го баьккхина лаьтташ хаза хьаннаш а, лаьмнаш а ду. Адмашна сакъера, садаIа аьтто болчу агIор дIанисдина ду Женеван Iомаца доьзна долу хьелаш: паркаш, ресторанаш. Иштта Женевехь ю дуьненчохь мел йолчу организацийн векалш а, ткъа иштта махлелоран компанийн векалш а болу дуьненаюкъара центр. Швейцарин коьрта дозалла ду Швейцарин «Нестле» кафе, 1867-чу шарахь дуьйна ю и компани, Швейцарин нехча яккхаран заводаш (200 тайпа ю уьш) дуьнен чохь уггар а мехала долу «Ролликс» сахьташ (1770-чу шарера дуьйна схьа) Швейцарин эскаран уьрсаш, йогурташ.

Женевана гонаха чIогIа нийса, тай тоьхча санна гуш хуьлу кемсийн аренаш. Кемсийн кенаш дукха хьийкъина хиларна, царна гIортол еш сетка лаьцна хуьлу кемсийн могIарш. ХIора гектаран шен-шен басахь хуьлу и сетканаш. Цундела, бераша ловзош хуьлу «кубик-рубик» санна, хаза гуш хуьлу мел генара а кемсех яьккхина ирхенаш. Швейцарин истори ца евзачарна хетало иза яха хаийнарг церан банкаш ю. Иза иштта дац. Швейцарцаш чIогIа хьанал къахьоьгу адамаш ду. Дуьххьала дIа даьхница, лаьттаца къахьега хаарна яха хиъна иза. Шурах дезар дан хаьа царна. Цара ялтан дечу сийн цергех а, бIаьргех а хи долура. Вай маца Iемар ду техьа иштта рицкъан тIалам бан? Кхин хIун тIехIотта деза техьа вайна баьпган юьхкан мах бовза?... Швейцарех лаьцна сайн къамел дерзош, суна дош ала лаьара сайн накъостех, цара динчу диканех лаьцна.

Тамашийна, дагна цIена адамаш ду уьш. Берийн синош ду церан, цхьа а хьагI, мекарло а йоцуш. Цара бекъна вайна тIебеъна бала. Масала зудий, майрий долу хьехархой болу Элизабет Рустекс, Андреас Петерсон. Цу шимма дукха гIо дина берашна. Шайн цIахь меттиг елла, дешийтира нохчийн берашка. Церан Цюрихерчу хIусамах «чеченский штаб» олу. ЗаьIапчунна протез яйтина, Рошни-Чуьра ишкол тояйтина, Шеларчу №8 йолчу ишколехь масийтта шарахь мах боцуш юург латтийра цара! Катрина, Райнхард МайергIара дина дика гIуллакхаш.

 

Уьш газетан редакторш бу. Москвахь аспирантурехь шайн чоьтах лоьран дешар дешийтина цара нохчийн йоIе. Зударийн рак олу цамгарна дарба лохуш талламан болх беш, докторан диссертаци ян кечлуш ю и йоI. Амма МайергIеран хилла цхьабарт бу цу йоIаца: вайн махкахо ша ехачу юьрта болх бан цIаерза езаш ю. Царна луург дара иза шен махкана а, юьртана а пайда бохьуш хилар.

Москва лоьрашца къен яц бохура цара. Катринин кIанта Тобиаса шена шен нена-нанас дитина ахча дIаделла СемаIашкахь керта бомба кхетта, чов йинчу йоIана. Москвахь масийттазза операцеш йина цунна. ЧIогIа къинхетаме, нийсо езаш кIант ву Тобиас. «Нохчех лаьцна материалаш ешча, иза шаверг а хийцавелира тхан», – бохура цуьнан нанас Катринас. Бейруте Iаьрбийн мотт Iамо вахара иза. Тхо туькана доьлхуш а, цо шен нене олура, оьцуш ерг уггар а гIийлачу пачхьалкхан хIума эцалаш. (Массо а агIор таро йоцчуна дакъалаца лаьара Тобиасна). Иштта, яздархо а, журналист а йолу Ирэна Брежна. Ирэна нохчийн зударех чIогIа къахеташ ю. Цо язйина киншка а ю «репортаж Серноводскер» цIе йолуш. Дош нийса аларца, бакъдерг шен меттехь, шен хенахь аларца дика евзаш ю Ирэна Швейцарехь. Цо вайн зударийн, нанойн доьналлех лаьцна яздинчу дийцарна Германин президента литературни хьалхара совгIат делира цунна. Москвахь, Швейцарин посольствехь йолчу Деротея Кольде а ю нохчашна шега далуш долу дика дина. Масала, цо Швейцаре дуьгучу берийн виза йоккхуш а накъосталла дина, вайн махкахойн «Теплый Дом» цIе йолчу организацина (директор Наталья Немедова) оргтехника эцарца доккха гIо дира. Томас Гайсер, цо вайн махкахочунна протез ярца гIо дина.

Уьш боккъал а тешаме накъостий бу. Цара лерина ладугIу вайн махкахь хуьлучу хийцамашка. Вайна санна хазахета диканиг хилча, вай санна халчу а хIуьтту, цхьа зулам иккхича. Со теша уьш вайн маьршачу махка хьошалгIа а богIуш цхьа башха зама йогIург хиларх! Кху деношкахь телефонехула къамел хилира сан Элизабетца а, Катриница а. Ас дийцира вайн гIаланашкахь а, ярташкахь а дечу дикачу гIуллакхех лаьцна. Юха забарца тIетуьйхира: «Шун Швейцарел а хаза хIун ду хаьий шуна? Дера ю тIом боцу сан Нохчийчоь!». Элизабета элира: «Даймохк беза шуьх Iама везар-кха массо а».

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.