http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Иллешка, эшаршка йирзина байташ Печать Email

Яралиев Юсуп

 

Иллеш, эшарш мукъаме даьхнарш:

 

Дидигов Билухьаьжа,

Кагерманова Раиса,

Эбазуев 1успа,

Насагаев Муса,

Цадаев Муса,

Телипов Асланбек,

Сайдуев Руслан


ГIИЛАКХ

Йоккха стаг, хьо дийна юй-те?

Йоккха стаг, хьо могаш юй-те?

Мацах цкъа ахь аьлла дешнаш

Тахана сан новкъахь эшна.

Ахь хIетахь бинера хьехам.

Тахана и маьIне хета.

 

Схьагарехь, хуур дац цкъа а

ХIуманан хеннахь мах хадо,

Вацахь стаг лехамца вехаш,

Гездеш кху дахаран некъаш.

 

Йоккха стаг, ахь аьлла дешнаш

Ас хенан тептар тIехь дешна.

 

Бакълуьйш хьо хиллера,

бакълуьйш!

Сан некъо хьан дешнаш бакъ ди:

Догуш дац,

дIадовш дац гIиллакх,

Йогучу цIерга и тилларх.

 

Шеллуш а дац оьзда гIиллакх,

Шийлачу шелонга дилларх.

 

…Йоккха стаг, хьо ирахь юй-те?

Чу-ара ялалуш юй-те?

 

– ГIиллакх, кIант,

кхоьллина наха.

И гIиллакх, хьо дукхавахарг,

Кхоьллина лелочун дуьхьа,

Сий дайта лелочун юьхьан.

 

Мох хьоькху

 

Буйннал бен йоцу, хIай

Сан Нохчийчоь,

Сиркхонийн мох хьоькху

хьан деган кхерчахь.

Осала некъаш ду

хьан некхах хьерчаш,

Доьналлин юьхь йина

Сан Нохчийчоь!

 

Реза яц кадечу кIенташна хьо,

Рицкъанан лайш хилла

хьайн кIентех бохуш.

Безаман лайш хилла

мехкарех бохуш,

Реза яц бос хазчу

мехкаршна хьо.

 

ХIун хила хьаьхна-те

хьан орамах?

Кхо хIума ду баьхна

сий дойъуш стеган.

Кхо хIума ду баьхна…

ХIунда ца мега,

Дависарг, дегI долчо

шен дола дан!

 

Яхь йолу кIентий

хьайн ца хилча, хIай,

Хьо ян а юй-техьа

ворххIе дайх йиснарг?

Къаьмнашлахь яккха цIе

ма яц хьан нисса,

Саоьзда мехкарий

ца  хилча хьайн.

 

…Мархаш а ца хIуьттуш

сан бIаьргаш чу,

Малх богуш товш бара,

къамел деш хьоьга.

Дог лозу илланчин.

Ирсах ца хьоьгу.

ХIун дийр ду ирсах а,

дог кхаьрдачу?

 

Буйннал бен йоцу, хIай

сан Нохчийчоь,

Сиркхонийн мох хьоькху

хьан деган кхерчахь.

Осала некъаш ду

хьан некъах хьерчаш,

Доьналлин юьхь йина

сан Нохчийчоь!

 

Дала ма лайла

вай, кIентий

 

Цкъа доггах цхьа хаза

ХIара дуьне дааза,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дуьненан Iаламах

Цхьа илли алаза,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дайх ала дош доцуш,

Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дала ма лайла вай, кIентий!

 

Дицлур ду вовшашна,

Къаьстича вовшах вай.

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

 

Безамо хьаьсттинчохь,

Я махках къаьсттинчохь,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

 

Дайх ала дош доцуш,

Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дала ма лайла вай, кIентий!

 

Вовшашка хьовсаза,

ГIиллакхца довзаза,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

 

Ца кхуьуш совгIат дан

Халкъана хьомсарчу,

Дала ма лайла вай, кIентий,

Дала ма лайла вай, кIентий.

 

Дайх ала дош доцуш,

Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий.

Дала ма лайла вай, кIентий!

 

Собаре бIаьргаш

 

Дилхинчу дагна ма хаьа

хьал доьлхучу деган.

Дилха дог, йиш йоьхна,

гIайгIанан мукъамех хьегна.

 

ДогIанна язъелла стигал ю

йочане, гIийла,

Юьртан а юкъара воI велла

да санна, тийна.

 

Ткъа дега хьовсийша.

ПаргIат го ден шийла бIаьргаш.

Йо гора собар яI! Ден бIаьргех

бIаьрхиш ца кхаьрда.

 

Ткъа стигал-м тезетан

бIаьрхишца йоллу тIеелха.

Вон ма ду тIедеънарг:

кIант велла дуьненан мехха!

 

Мух-мухха бохам бац

шел хьалха доьзалхо кхалхар!

Лан къаьхьа вон ду и,

стаг собарх, гIиллакхах воххал.

 

Вай-м дезаш кхиийний,

лардиний наноша, дайша…

Сан даго узам би,

тезетахь да тийна вайча.

 

Макхъелла и стигал

къаьхьачу вонца тIеелхарх,

Собаре хиллачу сан дех а,

вайн ворххIе дех а

 

Илланчас даьккхина илли а

алаза диснехь,

И дисна нохчаша

гIиллакхаш аьгначу ирзехь.

 

Оршот-буьйса

 

Суьйре йоцург накъост воцуш,

со ган лууш, со ца вогIуш,

сагатдеш хьо ю, ма боху,

къайлах даккхий синош дохуш.

 

Оршот-буьйса хир ю Iаьржа,

и хир ю хьан бIаьра хьаьжна.

Иштта хаза буьйса яйча,

дIаер ю хьан бIаьргийн гIайгIа.

 

Со кхочур ву, са ма гатде.

Кхочур ву, хоьттуш батте.

ТIаккха вайша дегнийн уьйрех

дуьйцур ду цхьа башха туьйра.

 

Ехаш хилла хьо йоI, бохуш,

со кIантана езаш чIогIа.

КIанта йигна, бохуш, лома,

хьоьстуш, яьккхина ша тIома…

 

Буьйса хин яй шена Iаьржа,

са гуш хир бу сема бIаьргаш.

Хьо дIайига ву со вогIур.

Хьо-м Iаш хин яй синош дохуш.

 

Хьоьга хьоьжуш

 

Со Iара хьо яре хьоьжуш,

гуьйренан IиндагIаш хьоьшуш.

ЙогIур ю,

ахь соьга аьллера,

ЙогIур ю,

ас даге аьллера.

 

Хийистехь хи деза чIара

сайх хилла, со холчахь Iара.

Амма хьо схьакхочуш яцара,

сан дагна ирс дохьуш яцара.

 

Со Iийра хьо яре хьоьжуш,

сайх кхаьрда

можа гIаш хьоьшуш.

Ахьа-м со хиллера левина,

ас дог сайн хиллера ледина.

 

ЦIе йогу сан деган кхерчахь,

сан дегIах шийла и хьерча.

Со-м ахьа Iехоро тевина.

Со-м ахьа леваро тевина…

 

ХIетте а Iаш ву со хьоьжуш,

юха а къайллах ладоьгIуш,

йогIур ю,

ахь соьга аларна,

ткъа дог сан

хьох тешна даларна.

 

Хьох со хIунда тийшира?

 

Ас сайн ойла,

Iехаелла,

хьан эшарех тешийнехь,

бехк ма билла:

ойла тилла

хилла хьуна со хIетахь.

 

Дохковаьлла,

Еза аьлла,

Хьоьга дог сайн далхорна.

И хьан хIилла

Гуш ца хилла,

Безамо дог дахорна.

 

Хьан дог Iехош,

Хьо сайх хьегош,

Со хIунда ца лийлира?

Дог ду холчахь:

Иштта йолчу

Хьох со хIунда тийшира?

 

Яхьах юьзна,

Мехкан оьзда

Нохчийн йоI хьо ца хилла.

Безамо дог

ДIаийзадо

моьттина со харц хилла.

 

Мархалдели

къона зезаг

 

Хазахета, йоьлуш-екаш,

Арахь бIаьсте яьлча.

Хазахета, дашо, лепаш,

Iуьйренца малх хьаьжча.

 

Цхьана йоIа, Iуьйре хаза

Еъча, кач а елла,

Жимчу деган и хилаза

Зезаг кIанте делла.

 

Цкъацкъа йоьлуш еъна Iуьйре

Делкъе хуьлуш шелло.

ТIаккха, къаьхьа де дан юлий,

Шелоно де гIелдо.

 

Мархалдели къона зезаг,

Шелонах хьэ яьлла.

Йоьлхуш ю йоI, белхош безам,

ЧIогIа дохкояьлла.

 

СтелаIад

ДоттагIчунна лерина.

 

– Iуспа, хаза хан яра хьуна

къоналлехь вай яьккхинарг,

хIара хIинца йолу къаналлин

гIайгIанаш а йоцуш,

ахь иллеш а олуш,

нохчийн ширачу лаьмннашкахь

кхо мерз болу

дечган пондар белхош.

 

И стигал этIаеш,

хьан беснеш къегаеш,

ткъес деттара.

Стигал а йоьлхура,

догIа а доьлхура –

малх-м къегара.

 

Елха а йилхина,

сан дагна вас йина,

хьо яхара…

И догIа-м дIатийра,

дуьне а лийчина,

гIаддахара.

 

ОьгIаз а яхана,

хьо стенга яхара,

со витина?

Хьуна ца хаьара,

дог дуй сан, хьажахьа,

ахь цистина?

 

Ахь динарг ца лайна,

и сан дог стигала

ма делира.

Стигал а яьккхина

тIаккха цо даьккхина

нур къегира.

 

Нахана-м моьттура,

Iаламо хIоттийна

и башха нур, –

иштта сурт, даге бен,

Iаламан къайлене

дац диллалур.

Хьан безам, сан безам

цхьаъ хила ма беза,

цо бохура.

Вайн безам базбина,

стелаIад хаздина,

нур догура.

 

И хьуна гирий-те?

Девзаш хьо ярий-те

безаман нур?

Хьомениг, хаалахь:

и ца гуш, хьо лаьттахь

яц лелалур.

 

Хаалахь, даима,

догIа а деана,

нур хIоьттича,

вай вовшийн дезарна,

вайн цIенчу безамна

и хIоьттина.

 

ЙоIа бина

суьйренан мукъамаш

 

Бакъ ду хьуна, хьоьга са

ас тийсина.

Бакъ ду хьуна, хьуна го

ас тийсина.

Дуьне мел ду хьуна са

ас хьийзийна.

Хьан некъ ларбеш,

кетIа юьйлуш, хьийзина.

 

Бакъ ду хьуна,

хьо гаре сатийсина.

Хьо лелачу новкъа

бIаьргаш хьийсина.

ГIуллакх доцуш шовдане

со листина.

Ойланехь хьан ойланаш

ас хьистина.

 

– ХIун ю-теша ирсан серло?

– хиттина.

Суьйрене хьо воьхуш,

бIаьргаш хIиттина.

Хаац, Адам лоьхуш,

мича ирсана,

Хьавас санна,

хьоьга са ас тийсина.

 

Ас хьан амат ойланех

чекх литтина,

Суьйрене хьо воьхуш,

бIаьргаш хIиттина.

Бакъ ду хьуна

наха хьоьга дийцинарг,

Со ю хьуна

сел беса сатийсинарг.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.