Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


ИйгIина цIа еънарг Печать Email

Тапалаева Амнат

 

 

Доккха хIума ду-кх хьо да-м, хIай, букъсурт нисдеш, гIиллакх лело а дегIехь гIора ца дуьтуш, суьйренга лести-кх хIара дахар. И тIехваьлларг сан марзахойх ларалуш ма ву. Iасана тIе язлуш хьала айяларца дерзо дийзи-кх несан гIиллакх. Цуо-м, бакъдерг дийцича, бехк а буьллур бацара, шайл оьзда хила йиш йоцчу нахах схьаваьлла волу.

– ДIаялахь, Бийкату, Iад-Iе. Вайн зама, вайна тIера бехкаш а эцна яхна, – элира цуо-м, хьалагIатта дагахь Iасанах каетташ яйча.

Махкана диеккъал хьан ненехь хилла гIиллакх-ам тоьар дара, хьо юьззина къонахчуьн амал йолуш кхио. Берана метарка яккхийта яхча, марзахойн памел ца йоккхуш цIа еънарг хьан нана ма яра. Памел ца хиъча, цара и кехатан цуьрг ца язйина, берех цхьаъ вигнера цо шеца шолгIачу дийнахь. Тахана-м и дуьйцуш боьлу кегий зударий. «Сайн марзахойх волчу стеган цIе ас йоккхур яц», – аьлла памел ца йоккхуш, цIа еъна ЖовхIар санна юха ца йогIуш, хьайн гIуллакх чекхдаккхалахь бохуш, цунах дийцар а дина.

– Марзахойх дIатоха гуш-хезаш ши оьрси бен стаг воцчохь, и цIе а яьккхина хьуо эцна яхнарг чекхдаьккхинехь а хIумма ма дацара, юха ца йогIуш, – ас шега аьлча:

– Сайн марзахойх хиллачуьна цIе а яьккхина, со муха Iийр яра цуьнан тIаьхьенах болчу нахехь? – элира цуо.

Ахь ларйинарг хьайн юьхь ю-кх, дIабевлачарна а, болучу а марзахойн хьалха хьуо бехке хеташ, хьайн несан гIиллакх дIакхоьхьуш. Кху тIаьхьарачу хенахь и санначу гIиллакхан мах хадо зударий бан а буй-те бохучу ойланна тIе ялийна со-м цхьана дийно.

Селхана кIентан йоIа, ийгIана еана ша аьлла схьаиккхинчу цуо до къамел хезча, со-м кхузткъе итт шарахь гергга айса хьешна дуьне мукъна дуй-те хIара аьлла ма йисира. Шен амалца, гIиллакхца орамера дуьйна дуьне девзина аьлла хеттачу мIаьргонехь, кхечу сайрат тIе яьлча санна: «Ванах со хьераяьлла-те, я хIара нах телхина бу-те?» – бохучу ойланца ма йиси со-м.

Дависарг, маре хIинца яха езаш елара. КIордавале дIа а воьдуш, сагатделча юха а вогIуш майра лохур вар-кх. Ханна воккха мел хили а дика ду, цунна жиманиг хазъяларна кхоьруш, садаа дезар дацара. Цкъа делахь атта а, токхе а дахар ду, шозлагIа – нахана гергахь марехь ю аьлла цIе а ю. Цхьаьннан цIартIехь йоцу зуда сийдоцуш ма хета хIинца. Доьналла доцу божарий коча а тосий, цIийнан дукъ шен гехь дуьсий, и дIатекха деза моьттуш лела-кх, адман хьесапера бовлий, цхьа болу зударий.

– ЙоI, бер хьаьнца дитна ахь? – хаьттира ас

– Цуьнга-м шен денана хьожур яра.

– Ахь хIун дуьйцу, аганара бер къанъеллачу цуо муха лелор ду?!

– Шега ца лелалахь, со Iадйита еза-кх, мотт-эладитта а ца лелош. Со сайн хама байта йоллу.

– Хьаьнга бойту ахь хама, хьайн доьзалхочуьнгий?! Хьо нус ю, собаре хила еза. ХIинца ахь йинна марзо хир ю шун доьзална юкъахь.

– Марнанас юкъа мотт лелош, майрачо бетах хIума етташ, ца хуьлу марзо.

– ХIума кхетталц хьан батт сецна хир яц. Зуда марера иштта ца йогIу цIа, хаьттича дийца хIара ду аьлла хIума а доцуш. КIант воьлхуш хир ву, хьайна хIума кхаллий, дIагIо. Хьайн да, вежарий цIа кхаьчча, айхьа лелочух кхетале.

– Со муха йоьду дIа, тIаьхьавеъна стаг воцуш, я уьш берриш баьхкича а со кхин юхагIур йолуш яц, – елхаран къурд хезира, суьлхьа хьовзош корта охьатаIIийна Iачу суна.

Ахь екайо бага а, хьан амал а ца йовзахьара, хала а дацара ахь дуьйцучух теша.

«Уьш къиен нах бу, тхуна цаьрца гергарло ца деза», – аьлла, кху чуьра кIантана къайлаха йиллина хан гучуяьлла, ца яийта тIехула догIа тоьхча, корехула а яьлла маре еанчу нанас Iамийна йолчу хьуна-м кхин бехк буьллийла а дацара. Хилла даьллачу захалонна юкъа аьлла дош харц хуьлу дела сатоьхна Iад-Iийра со-м, Iан везарг а, ваха везарг а хьо ву-кх аьлла сайн дагахь.

ХIетахь дина захалонал башха со реза йолуш хилла дацара хIара а. Церан дайх ма вара тIома кIелахь нIаьнан кIорни йолуш, нехан бун чуьра ара текхийнарг. Шайн цIийнах велла стаг сом кхоийна, хийрачу нахе дIаверзавайтинарш, суна уьш бен ца хаабелла. Кхин а масане дара, церан дайшна лайш аьлла цIе яккхийтина меттигаш.

– Уьш лайш бу, наха зуда а ца йохуьйтуш, я цераниг схьа а ца ялош лелла, – ас аьлча:

– Баба, и хьалхалера хIумнаш хIинца дIа ма девлла. «Лай, эла» бохуш ца дуьйцу хIун хан ю. ЙоI, кIант вовшийн дезаш хилар ма ду хIинца коьртаниг, – элира.

Дера дуккха а хIума дIа-м даьлла. Ден-ненан цхьаъ бен воцчу кIантана, эшначохь орцах бовла марзахой хир бац олий реза цахуьлуш хиллачу нохчийн йоIа, тахна марзахошна несалла лело а ца дезаш долу атта маре лоху. Масех шарахь тIехьийзаш, кIентан юьхь-сибтан кхоччуш тидам база маре йоьдура хьалха йоI. ЦIийнда воцучохь дуьне а доцуш, майрачуьн юьхь-дуьхьал хьаьжна дош аланза Далла дуьхьал а йоьдура.

ЦIийнан дукъ хьовха, шен цIийнда юьхькIайван, иза резаван хIара дуьне а шен гехь дIакхехьа резахилла йолу нохчийн зудчух хIун хилла-те?!

Боьрша стагца къовса а яхь йолуш, хала киртиг тIе хIоьттича, шен а, шен тайпан а сий лардина вайнехан зуда тахана-м марзахошца гIилллакхе хилла а «хало» ян лууш яц.

Маржа Зезаг, хьуна хаза дезара хIара, сийна Сибрехахь хьуо йитина дIайохуьйтуш, шайга вогIучу хьешах бIаьргкхетча, юха а йирзина:

– ДIо шаьш лачкъийна аттана хьаькхна цIийх дуьзна урс цIанде, аьттан да вогIу шуьга, –чу мохь тоьхна олуш.

Цул тIаьхьа мардас:

– Кху кертара-м боккхур бац ахь ког дIа, – аьлла, юхаерзира.

Ши дош аьлча уьш-м хIун гергара бара, вуьшта, кIантана тIе южу-кх шен дехойх йоккху цIе, элира цуо ша хьовзо яьккхича. Хала а, меца а хенахь ма ца дайнера вайгара собар а, яхь а. ЦIийнда цамгаро вожийча, божарийн духар дуьйхина, цуьнан метта цхьана дохна лелочу керта хадан яхнера хьо. Буса, ханъяъллачу хенахь, кертана арахьа охьадоьхкина докъар нисдеш йоллучу хьоьга салам делла:

– Жима къонах, хIара кIура боккху хIума лато хIумма хир ярий хьоьгахь? – аьлла хаьттина хиллера, шайна кIорда даллалц цхьанхьа синкъерамехь Iийна цIа богIучу кегийчу наха.

– Со къонах вац, я узуш яц, – аьлла хиллера кхуо.

ХIара къинтIера а яьккхина, ца хаьттича Iен ца велла:

– ЦIийнда вац хьан? Велахь, цуьнан стогалла мича яхна, хьоьга хIара де леладайта? – аьлла хиллера царех цхьамма.

– Мел онда стаг а цамгарна хьалха гIорасиз вуй ца хууш хир ма вац хьо? – хаттарна хаттарца жоп делла кхуо. Кхуо шена гIо дойтур доцийла хаитча, кхин дош ца хозуьйтуш, дIабахна хиллера уьш.

«…КIордавале дIа а йоьдуш, сагатделча юха а йогIу майра лаха везаш хиллера» бохург хIун къамел ду? Иштта кхетам болчу зудчо кхиийнау доьзалх а хIун хир ду?

Делан дош ду боху-кх: «Хьан даге хьаьжжина муьтIахь доьзал лур бу ша хьуна», – аьлла.

Наха йоккху вон цIе яйа шен йиша а йийна, цIа вогIу кхааннах висна тIаьххьара кIант Iинах вахна тезетан верасе бистхилла ара бовлучу юьртахоша олуш хилла-кх: «Шен карахь дарж долчу хенахь харцонца Iедале дукха адам-мам хIаллак дайтира кхуо». Нахана цуьнгара эцнарг чIир хетта. Дала чIир а доьзалца оьцур ю аьлла ма ду.

Чолакха кIант, гуьйриг санна вордана тIе а виллина кетIахь Iачу нанас аьлла-кх, шех къахеттачу нахе:

– Иштта бен хуьлийла а дацара. Къона йолуш сайн хьекъал ца кхачарна, зудаберашца цхьана кIантах, хьекъална кIезиг вара иза, суо йогIур ю бохуш левеш, дукха йийлира со.

Цунна а хетна-кх, шена бинарг бекхам. ГIанна тIе доьжна гIа а чIир йоцуш дуьсур дац аьлла ма ду.

Дахаран маьркIажехь, хьан гIора эшначу хенахь, хьо декъалл вен берш я дакъаза воккху берш а ма ду хьан бераш. Къанвелла кIелависча, хьуо кхаба а, велча дIаволла а бохуш ахь кхиийна долу.

– Доьзал хилахь, чоь юьззина хила безара-кх, ца хилахь – цхьа а хила ца везара. Царна юкъахь цхьаъ волий а хьан дагах кхеташ ма волу. Делахь а, цхьа Iу воцуш ца вуьту-кх Дала, – шен лулахочо Забус аьлча, шо хьалха ворхIалгIа доьзалхо дIаверзинчу сан дейишас, Шовдас, элир-кх:

– Боккха доьзал хиларх а пайда бац, церан баьрзнаш нисдар хьуна язйина делахь.

Забу, цхьаъ бен воцчу кIантах а йоккхуш, де-еа доцчу хIуманна тIехула йитина хиллера. Кхин маре ца йоьдуш, кIанта зуда ялийча, цо ша шен баьрче дIаюьгур ю бохуш, цу дийнан дуьхьа ехаш, ден цIахь Iийнера иза. Ша оццул сатийсина де тIекхаьчча, кIант волче а яхана, дехар динера цуо: «Да-нана а дIадаьллера сан, несаршна хьалха хьийза хIинца жима а яцара, хьо къиъна ваьлча, ахь доладийр ду бохуш яьхнера со». Амма цхьаъ бен воцчу доьзалхочо шийла тIеэцна хиллера нана.

Кхуьнца цхьаьна дешна а волуш кхеран юьртара, хIусамнана дIаяьлла цхьана кIантаца висина цхьана оьздачу стага йола аьлла захало даийтича: «КIантана, нана маре яхана хIоьттиначу тойн чам бовзийта цалаьа-кх суна», – аьлла хиллера кхуо. Ткъа хIинца, шен йоьхначу Iуьйрана, иза дагавеънера Забуна. Цуьнан кетIа а хIоьттина: «Хьан ойла хийца-м ца елла?» – хьажар а лечкъош, хаьттинера Забус. Цуо яла а йина иза, и дIаваьллачул тIаьхьа меран кIанта, хIума ца оьшуьйтуш яллалц лела а йина, елча, дестичуьн весете хьаьжна, тезетан да хIоьттина, дIа а ерзина.

Йиша-ваша алса-м мел хилий хьекхал, доьналла долчо биснарш, гIортор хуьлий дIа ма текха бо.

Наха хьедечу девнашна а, схьадоьхучу декхаршна а дан хIума а ца хила, цхьаъ бен воцчу вешин доларавала воьдуш, ша юьхьаралаьцна некъ кхочуш бан ца белла, юьртан маьждигера юхавирзинчу стага аьлла боху-кх: «КъинтIера валахьа суна, хIай АллахI, со воцуш делара хIара дуьне боху ойла кхабарна».

Доьхначу дагца кетIахь лаьтташ йолу нана, шен кIантах бIаьрг кхетташехь Далла хастам бина боху, собаре, ийманчохь, шена муьтIахь доьзалхо валарна: «Дола дан хIара вацахьара, цу дакъаза ваьлла лелачо хIун дийр дара-те?» – боху ойла а кхоллалуш.

Цхьатерра лазадо-кх куьйган пIелгаш, жима берг а, боккхаберг а. Къа доьзалх цхьатерра ма хета, декъазчух алссам а хеташ. Доьналла дерг-м дIалелара, ткъа гIийланиг хIаллакво-кх дахаро. Цуо ша а во-кх ша хIаллак.

Хаац, хетарехь зама хир ю-кх бехке. Хьайн замане хьаьжжина ваха веза хир ву-кх. «ХIинца кхин зама ю», – олу кегийчара. ХьастагIа, кевнан берттехь сацийна машенчуьра, цIийндена юххера охьайоьссина кху чуьра нус а замано нуьцкъала йоссийна хир ю-кх.

Шен марзахой бехачу ураме говр-ворда хьалайирзича, лаьтта юссий, гIаш керта яхарца тхайн нанас лелош хиллачу гIиллакхан хIетахь кхин терго а ца хуьлура. Иштта долуш а, хила дезаш а санна хетара иза.

Кхетам а, хьекъал луш ерг а ю-те зама?!

Цхьана агIор нийса-м дара и олий хета цкъацкъа. Шена тIе хIоьттиначу хьоле хьаьжжина ца яьхча йолий зуда? ХIинца доьзална хьехарел алссам оьшу-кх дуьненан хIумнаш. Iуьйрана йоьхнарг сарахь йоха ца лууш, хIицца йиънарг юха кхалла а ца лууш ду-кх хIинцалера чкъор. Шайн нийсархойл тIаьхьабиса ца лаар дара и да-м, шена юххе хIоьттинчун дерриг дезар.

Ма маьIне ду цхьана дешначу стага аьлларг: «Юьхьанца вай вешан доьзал кхетабо. Цул тIаьхьа вай цаьргара Iема. Иштта ваха ца луург шен заманал тIаьхьа вуьсу».

«Корта охьатаIIийна хIунда ца Iа хIара, чамди чу ши коч кхоьссина мааре еъна», – бохуш, ийгIина яхначу несана луьйш хезара суна лакха юкъара Сану.

Дависа делаI, корта нисбан маре маса коч яхьа еза-те? Хетарехь цхьаболчу нахе воьдуш гIиллакх цIахь дитча хIумма а дац, чамда юьзна ехьчхьана.

Мацах цкъа нене хьаьжна ялош хиллехь зуда, хIинца ден хьоле хьожжий ялайо-кх цхьаболчара.

«Церан зуда-м ехар йолуш яцара. Къона къанъяллалц шен нанас вовшах тоьхна бахам гулбан бен доьналла хир дуй цуьнгахь?» – элира, лулара цхьана несо, цхьаьннан йоI шен кIантана хьахийча. Ткъа ас хIун эр дара цу юкъа. ГIиллакх лелор, иманехь доьзал кхиабар – и ма бу зудчо вовшах тоха беза бахам шега аьлча, дIалоцур долчу тайпанах ма яцара иза.

Ойла ярах нис лур доцуш дара хIорш-м. Нахаца леларш багахь, хьайн чохь дерш дагахь листар дисча, хала хуьлуш хилла-кх. Къоналло ядийна лелачу хенахь-м, хIинца санна ган а ца го дуккха а хIума. Ойлане яьлла Iашшехь маьркIажан ламаз хан туьлуш лаьтта аьлла чу а яхна, и дерзийна йоллуш, къажарца «ийгIина» еънарг:

– Баба, дIайоьду со, – аьлла, суна тIехIоьттича.

– ТIаьхьа баьхкина хьуна? – цуьнан марзахойх гучуваьлла стагга а сайна ца гина дела хаьттира ас.

– ХIаъ, хIара ву кетIахь. Дог даьттIачохь ластинера ша боху. Тоха ойла йолуш ца хилла иза. ЧIогIа дохковаьлла ша боху. Суна тIаьхьавеъна иза, хIинцца дIа ца ягIахь, юьтар ю ша боху.

– ДIагIолахь сихонца, ма йитийталахь, кIант а воьлхуш хир ву.

«ХIара цIа яр а, юха йигар санна хир дар-кх цуьна йитар а», – аьлла ойла хилла элира ас и.

Ванах, нуц-м стунцахойн кетIа хIоьттина, вист ца хуьлуш дIа ма ваха аьлла дагадеъча, карладели-кх суна тхайн ненан йиша дуьххьара яхначуьра цIа муха ялийна. Садайначул тIаьхьа ворданахь дечиг дахьаш вогIу нуц стунцахойн кетIахула, вист ца хуьлуш тIехваьлла аьлла, карахь бер долуш, дас цIа ялийна хиллера иза. Кхин, милла дехаре ваийтарх, дIа а ца яхийтинера.

Хьажахь, хIинца хIуъу мега-кх! Бакъдерг дийцича-м, и хIумнаш лехьош хилча, суна хетарехь, кху заманахь цхьа а зуда марехь хир яцара.

Йоккхачу тоьпах кхоьссича санна цхьа машен дIаиккхира кетIара. Хетарехь «ийгIина» еанчунна тIаьхьабаьхкинарш аьлча а, тIаьхьавеънарг хир ву-кх иза.

 

Делан къинхетам бу-кх, божарех цхьа а цIахь ца нисвелла.

 

 

 

Шийла ирс

 

– ХIара хIун ю ахь суна хьалха йиллинарг?! – къора тата делира, стоьла тIе боьжначу Iайган. – Яа дог доуьйтуш чомехь ян ца мега хIара!

ХIума яа охьахевшинчарна чай дуттуш йоллучу суна дика девза тховса сайн хIусамехь хIоьттина хьал. Къайла яьккхина хIума а ца йисна и хьарчанза. Ткъа хIинца хьалхачул а юххехь дека цуьнан гIийла, садукъдо аз.

– ХIун хилла цунна? – бен доцучу озаца хотту ас.

– ЖIаьлина доьша санна йина ю-кх!

ХIума а ца кхоллуш, дехьа чу волу иза.

Юучунна тIе ца кхевдаш, чорпанан кеда чу шайн хьажар доьгIна Iачу шина берана чай хьалха хIоттош, гIанта охьалахло со.

ХIара захало кхочушдеш-м, тоьлла хиндерг го шайна бохуш хьийзира юкъалеларш. Хиндерг хаа йиш яц-кх. Хиндерг замано бен гучу доккхуш ца хилла.

ГIенах санна дагатийса диси, юьртара мехкарийн могIарехь, курачу ойланца кхиъна йогIуш, къоналлин бIаьстено хьоьстуш, дехьа-сехьара захалонаш сайна тIекхехьар. Сайн дахарехь накъост хин верг дукха тоьлла къонах хила веза боху ойла яра кхобуш. Сайца лело гIиллакх а, цуьна лелар а тайна, Мохьмад цIе йолчу цхьана хенаро къонахчуьнца некъ дIакхехьа реза ю аьлла айса дош далар а. «Къена маре дина зуда нахах таръелла цкъа а ехар яц», – сайга гергара зударша бехнарг а дагтесара. Цхьаьнгахула и хабар Мохьмадна дIа а хезна, цуьнца йолу юкъаметтиг херъяла йоьллачу муьрехь, сан деган вас хааелча санна, хIара захало хьахадар а юкъа делара. Къоналлехь кхетамза хуьлу-кх хьежар. «Дуьненчуьра хIума оьшуьйтур дацара», – бохуш чIагIо еш, захалш схьаоьхура хIетахь. «Оццул езаш йигча, эла санна лелор ма ю хьо», – олура соьга. Корта хьаьвзана, цкъа шозза бен кIант гина а воцуш, дуьйцучух а тешна, дина хIара маре гIенах хилча санна хета хIинца.

ХIетахь хаа йиш яцара, Мохьмаде яхнарг, хIусамден, марзахойн пусар а долуш, аьтто-таронца лулахойл гIолехь ехар юйла а, ткъа дашо лаьмнаш хIиттор ду бохуш ялийна йолу со, тховса санначу шийлачу буса декъазчу ойлано кест-кеста цоьстур юй а.

Зуда ирсе ян бахам оьшуш ца хилла. ЦIийнадас мерза дош аьлча, цунна ша дахарехь хьашт юй, ша хьоме юй хиъча, хIара доллу дуьне шена делча санна хеталуш хилла зудчунна.

Корта ца хили-кх, зиэделларг долчу баккхийчу нехан хьехамна тIаьхьахIотта.

Масийтазза марехь хиллачу ЖовхIара олур-кх: «Юьгучуьнга яха езаш ца хилла йоI маре. Юьртахь къонах мила ву бохуш хоьттуш, эшахь махках а чекхяьлла, къонахчуьнга яха езаш хилла. Дош дош долчуьнга, яхь йолчуьнца кхолла езаш хилла хIусам. Къонахчуьнга йигахьара ахь аьлла, дехар дан а мегарг хилла. Йисина еъча а, йитина еъча а оьшу стаг волчу стеган долахь хилла ю боху цIе. Цхьана мундана кхача хIиттош Iийнийла хиъча, боьршачу стагана цIартIе яккха ца лаьа, я нахана дош ца хета. Стаг воцчу стаге яхана зудчуьна, лаьтта хьокху горгамчул сов баьлла мах хир бац. Ткъа оьздачу, наха хIун леладо хуучу майрачо, мел ледара зуда а, гIалаташ лечкъош дахарехь чекхйоккху. Нахана дош ца хетачу стагца декъаза хан йоккхучул: «Хьенехан йоI, кхин маре ца юьгуш, цIахь йиси-кх», – бохуш, тIе пIелгаш хьежадайта мегар дара.

Дуьххьара ша марера цIаяран бахьна сих-сиха дуьйцура цуо. Iуьйрана нускалан дезарш дан ара яьллачу кхуьнгара нуй схьа а баьккхина: «Хьуна кхин гIуллакх дан ца хаьа? Хьажал, иштта охьатаIош хьакха ма беза хIара», – бохуш, нуй хьакха хIоьттина хиллера майра ву бохург. «Хьайн гIуллакх де ахь, хьуна зуда ца оьшу», – аьлла, цигара цIаеъна хиллера иза.

ВорхIалгIа маре яхча, ша лехна маре нисделлачу зудчо аьлла боху: «Мехкарий, пурба дац шуна, цхьана стаг воцчу стагана хьалха нисделча, цигахь Iен а, я цигара цIа даьхкича диканах дог а диллина, кхин маре а ца деш Iен а», – аьлла. «Цу мехкаршна юкъара со дIаяьлла, – олий, елалора ЖовхIар. – Цкъа шершина ког ца нисло йоьIан», – тIе а тухуш.

Хийла ойла-м хуьлу, кху нехан Iодика а йина, цхьаьна хIуманца бала боцуш, сов ойлане корта ца боьхкуьйтуш яха. Делахь а сатуху-кх… Кхин хIумма а ца хилча, мацах кур аркъал сеттош, тIехйилинчу къонахошца а ма ю яхь. «Тхуна ян куралла хиллехь а, йоссар-м уьшалахь ма нисдели хьан», – аьлла, царна дагатасарна а ма кхоьру. «Марехь таръяла а ца хиъна, еъна ца боху хьенехан йоI?» – тIаьхьашха олуш, нехан луур долийла а ма ца лаьа.

Зуда хIумма йоцу хIума хилла-кх, цIийнадас хадиннарг мах болуш, цуо делларг ирс долуш. Я вуьшта аьлча, цIийнден боллу мах а, сий а долуш.

Цкъа садайначул тIаьхьа дара-кх, цхьа-ши цIа дехьа йолчу туькана яха со араяьлча. Юьртара урам хьала боьрзучохь, даима санна гулбелла кегийрхой бу. Цара чIогIачу озаца хьехо ваьккхина БайIелин кIант Нурди а, цуьнан хIусамнана Седа а. Уьш сан юьртахой бу, юххера ала а мегар долуш. Меллачохь цхьаъ-м даьлла бохуш Нурди вуьйцуш, цунна луьйш бара гулбелларш. Со Iадош цецъяьккхира, царна тIаьхйолуш сайна хезначо.

– Стаг хилла цкъа а дIагIур волуш вацара и-м, – олу цхьамма.

– И санначуьнгахь зуда хIунда Iа-те? – вистхуьлу кхин.

– Цуьнгахь ерг а мила ю моьтту хьуна? И верриг ю-кх. Ца хилча Iийр ярий?

Цуьнан хIусамнана Седа а «и саннарг» яцара. Нахана юкъахь ала дош долчу доьзалера йоI яра иза. Цуьнан да а, ворхIе да а вевзачарна «Нурди верриг» и хуьлийла доций хаа декхар дара. Ткъа ледарчу стагехь ша хIунда Iан, берех ца къастаяларна тIера дIайолаеллачу Седийн дуккха а дара дийца. «Йитина еана», – бохучу цIарца цIийнан хьалхара божаршна гучу ца яла зудчо ловр доцуш хIун ду? Шен нис ца деллачу маренна зуда гуттара ма юй бехке.

Тхан дененан дар-кх олуш: «Чохь са а долуш, Дала тIедиллинарг кхочуш ца дан бакъо яц хIусамнена. ХIоранна хаьа, шена тIехь хIун ду».

Цуьнгахь хилла доьналла долуш зуда атта карор яц. Цамгаро бIарзйинчу хенахь а, шена тIехьийзачу доьзале цуо хоттуш хилла:

– Шайн дега чай малитний аш?

Кхано, цунна гIоле хилча, оха хьовзайора:

– Хьайх хIуъу хилахь а, воккха стаг ледара вуьтур волуш-м яц хьо, – олий.

– Уьш-м бераш санна лело безаш бай. Цхьана дийнахь сарралц зудчуьна терго йоцуш бисча а хийцало боьрша нах. И хIунда дуьйцу, зудчо-м нахана хьалха аьлла долчу шен цхьана дашца хуьйцу стаг: нахана хьалха айъа а ойъу, осала а воккху, – олура цуо

Меттахь йисча а яра иза-м, цIийнда чу вогIу аьлча нускалан кеп хIиттош: тIе керла коч юхуьйти, коьртара хIума нисйойти, елалой, миска, цхьацца забарш ян гIерташ:

– ЙоI, схьабал и цомгушчунна аьлла еана Iаж-хIума, кху стага ца кхаьллича чам бац суна, – бохуш.

Тхан самукъа долура цуьнах.

Иза дIаяла цхьа бутт хьалха дара, доьзал тIе а кхайкхина:

– КарадогIучу кIирнах аш шайн дена зуда ца ялаяхь, сан тезетахь латта пурба дац шуна, – цуо олуш.

Цамгаро кIелйитна нана охьатесна, дена зуда лоьхуш тхо муха лелар ду, наха а бехк буьллур ма бу, аьлла йоIарий шена охьабилхича:

– Дала хIусамнанна тIедиллина декхар кхочушдан сайгахь гIора цатоар бахьана долуш, цунна хуьлу цатам гуш йолчу сан декхар ду и, – аьлла, дуьхьалоян меттиг ца битира цо.

Воккха стаг резаволуш ца хилира и захало.

– Тахана цомгуш хилла воьжнарг, кхана гIоле хуьлий волалуш, могуш леларг лазаро лоций вужуш дуьне ду хIара. Дарба Делехь ду, – аьлла хиллера цуо, хIусамненан лаам шена хиъча. Амма лазархочуьн тIаьххьара дехар кхочуш ца дан йиш яцара.

Оьзда зуда хиллера ялийнарг, доьзалхо ца хиларна марера йоьхна, вешийца Iийна. Амма цуьнца чу-м ца вирзира тхан деда, хIусамнана дIаяьлла биъ бутт боьллачул тIаьхьа бен. Валлалц цуо лела а вира иза.

Цхьана агIор дика хета-кх, и санна йолу къонаха зуда, тахана цхьаболчу божарша лелочу осала хIумнашна догъэтIа йоцуш.

ХIара стаг волчу сехьа ца яла, хиндолчу къамелах лечкъаш, юург йиъна девлла бераш чу а дахна, хIума кхоллу чохь, кIадбоцу гIуллакхаш лехьош, хан йойуш дIасахьийзачу сан дагах урс санна чекхделира: «Хьо дIа ца яхча соьга ца йогIу-кх иза», – цо аьлларг. Суна ца евза цуо юьйцург. Уьш дукха бу, цуьнан яло ойла тIехь лаьттарш. Тховса санна маларх кхетча къаьсттина алссам бовлу. Суо ара яьккхина, зуда яло дог-ойла кхоллаяла сайгара даьлларг ца хотту ас. Ца хотту, бух боцуш уьш эзар хир дуйла а, я цхьа а карор доцийла а хуудела.

Дависарг, тахана хьесапе дац-кх, сан да Хьаьж-ЦIа вахана махкахь лоруш воккха стаг хилар. ГIиллакхехь дац-кх, наха шайна орцанна кхойкхуш волчу кхаа вешех цхьаьнга гIо деха а. Я боьршачу стагца нийсо кховса сан аьтто а бац.

Доьзална хьалха осала ца яла сецо бIаьрхиш кийра ихна, Iийжо дог теда хих къурд а беш, берашна тIе хIуманаш юхий, духхьара караеънарг сайна тIе а озайой, кху керта кхин ког ца баккха дагца чIагIо а еш, ден цIа боьду некъ юьхьаралоцу ас.

Шина бераца, дена хьалха доцуш, хала хир ду, къаьсттина кIантаца, йоI-м хьуна гонаха хьиззашехь кхуьий, нехан цIен тIе йоьдий дIанислора. КIант хуьлу-кх ден Iуналла оьшуш аьрха, шен амалехьа. Нана ма яла кху гIайгIане ойлан. Бераш-м цIахь кхобуьйтур ду ала а ма ца хаьа. Дийна дехой а болуш цхьамма бер децIа далийна аьлча: «Шен доьзалх жоп даллахьара кху заманахь», – олуш, мегаш воцчу дена хьалха.

Са ца даккхадаллал къовлу, тIаьхьарчу хенахь легашка хIоьттина шед. Цу ойланна тIаьххье сан даге сатийсаман йовхо йогIу. Сан гIайгIа яйа йиш ю шен цIе «Iожалла» йолучуьна. Сан хIусаме а хьаьвзина, сох йисина зуда цуо йича, цхьаммо а чуьра ара ца йохуш, доьзалца эвххьаза, байш кхобуш ю аьлла нехан ларам, сий долуш Iийр яра. Марехь ца таръелла еана бохуш, децIера божарех бехк луьйцуш къехкаш лела а дезар дацара. АллахI -Дела, коьрте еанчу ойланна доьху Хьоьга гечдар, реза ю-кх Хьан пурбанца хиллачу массо хIуманна.

Готта урамо гола туххучохь, тхан ков гучудолу, кхи дIа хIун хир ду шал шера хаьа суна. Миска нана, суна хIун там бийр бу ца хууш, гонаха хьийзар ю; хьуо дIайоьдуш хIара а, важа а хьолахь хьайна бохуш, цхьацца шеддаш вовшахдетташ. Цхьацца гергалонаш хедош тIехтилинчу шераша дог дуткъдина цуьнан. Карлаевр ю дахарехь цуо тхуна йиттина мадарш. Массо вуьзначул тIаьхьий бен кхачанна тIе ца хуьлура и, тхох цхьаъ цомгуш хилча цомгуш хуьлура и, шелвелча шеллора и, кIадвелча-кIадлора и. «Цхьана а нанна ма гайта Ахь, доьзалан вуон», – бохуш, тхо дийшинчул тIаьхьа Деле деш хилла цуьнан доIа.

– Хьо ма ойлане ю йоI, – хезар ду ненан аз.

– Хьайн са ма даахь, нана, хIумма дац-кх хьуна ахь сагатдан. Хьо ган а, хьоьца йистхуьлуш Iен а лиъна еана со, – эр ду ас, сайн кхохкийна юьхь серлаяккха а гIуртуш.

Тхойша охьа ца юьжуш, цхьацца хилларш-лелларш дуьйцуш буьйса юкъал тIехъяллалц Iийр ю. Ткъа Iуьйрана юхайоьрзур ю сайн шийла хIусаме. Йоьддушехь марнана йолчу а яхна, дуьйцур ду сайн цIийндас дог дохорах лаьцна. Ткъа цо, дуккха а дуьйцур ду доьзалан мехах лаьцна. Цул тIаьхьа ас юха а йохор ю дагца йина чIагIо, хIора дийнахь санна, сайн шийла ирс, деха дахар, кхидIа кху хIусамехь дIакхехьа. Доьзал охьатесна дуьненна кхо го баккхарх а, кхин ирс сайна карор доций хууш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.