http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Вайшиннан дог ц1ена ойла Печать Email

Бурчаев Хьалим

 

 

ДЕЛАХЬ А ГЕНАХЬ

 

Делахь а вовшашна генахь,

Гина а доццушехь вовшийн.

Вайн дегнаш гергара хилла,

Сатесна т1екхача сихха.

 

Геналлин ницкъ хир бац эшо,

Вайшиннан дог ц1ена ойла.

Хьо хир ю луш суна тешам,

Со хир ву и тешам ларбеш.

 

 

БУЬЙСАНАН ИЛЛИ

 

Тховса буьйса еъна тийна-тийна,

Мела мох бу г1ийла хьоькхуш схьа.

Хьан корера диттан луьста гаьннаш

Д1асалеста, техкош синтем хьан.

 

Дашо г1енаш даьхкина г1евланга,

Хьан дог 1ехо сирла хиллалц са…

Цара хьоьстуш,

ирсе хилла, б1аьргаш

Белабо ахь, парг1атдаьлла са.

 

Беттаса ду кога буьхьар х1уьттуш,

Хьан корах чухьажа тесна са.

Генара цхьа седа холча х1уьтту,

Шена гергахь хьо ца хиларна.

 

Цо сатуьйсу, г1енийн накъост хилла,

Бус-буса шех хила хьаша хьан.

Сагатделла иштта 1а и хийла,

Сирла богуш ц1арах безаман.

 

Тховса буьйса башха ю, цхьа аьхна,

Г1енийн шабарш лерса хьоьстуш ду.

Геналлера седа, ахь дог дехьна,

Хьан йийсаран г1айг1а ялхош бу.

 

Буьйса еъна тховса аьхна, тийна,

Синтем 1ехош д1адай г1енаш хьан.

Со сахиллалц 1уьйре ларъеш 1ийна,

Маьлхан нуьрехь де хьан декъалдан.

 

 

ЦХЬА ДЕ-БУЬЙСА...

 

Йоьхна хилла ойла

х1инца сирла ю,

Акха баьлла синтем

юха бирзина.

Деган г1айг1а ойъуш

гергахь серло го,

Паналлера суна

кхаъ цо беана.

 

Хьо ю, боху, 1аш цо

г1ийла, г1айг1ане,

Сатийсамаш боьхна,

дог соьх диллина.

Хьан дог-ойла айъа

гергахь серло яц,

Геналлера хьуна

кхача кхаъ а бац.

 

Маржа-я1 хьо, маржа

ц1ена безам вайн,

Вайша тесна битна

хилла-кх тергамза.

Йиш ярий ткъа оццул

вай шеконехь 1ан,

Цхьа де-буьйса даккха

вовшашна ганза.

 

Паналлера кхаъ ас

хьуна боккхур бу,

Деган г1айг1а ойъуш,

цо хьо хьостур ю.

Акха баьлла синтем

юха боьрзура,

Вовшех хьаьгна дегнаш

ирсах 1абор ду.

 

 

МАРША Я ХЬО

 

Марша я хьо деган хьаша, –

Ас хьо ларйинера.

Хьо-м схьакхечи сан дог хьаста,

Гена-геналлера.

 

Со-м 1аш вара йоьхна ойла,

Йоьхна дегайовхо.

Тешна вара: хир дац гойла,

Суна юха йог1уш.

 

Хьо схьакхечи тийна-тийна,

Йог1у а ца олуш.

Деган баьрчехь къиза 1ийна,

Г1айг1а арайоккхуш...

Цуьнан меттиг ахь сан даг чохь

Тешамца д1алеци.

Ирсан даьгначу овкъаршлахь

Безаман суй къеги.

 

Марша я хьо, маьрша кхача

Х1инццалц ас ларйинарг.

Гена-геналлера кхаьчна,

Ахь со ирсе вина.

 

ХЬО ЙИНА ДЕ

 

Малхо з1аьнарш

шен комаьрша хецна,

Тхишлахь даьржи

дато буьртигаш.

Анайистехь

к1айн марха го сецна,

Кхоларх ларъян

маьрша стигал хьан.

 

Зарзаро

шен эшарш хьуна лоькху,

Таханлера де

хьан декъалдеш.

Дитташ техкош,

мела мох бу хьоькхуш,

Г1а-буц леста

хьоьга шабарш деш.

 

Боху цара:

«Г1оза хьо ехийла,

Цкъа а бохам

ца гуш оьмарехь.

Ирсан седа

даима лепийла,

Серла бохуш

некъ хьан дахарехь».

 

Туьйранера

еънарг хаза-оьзда,

МАЬЛХА-АЬЗНИ,

тхуна яхалахь!

Хьайн г1иллакхца

ахь к1айн дуьне хазди,

Даим хуьлда

хьоьца къоналла.

 

 

САГАТДО...

 

Ас хьуна сагатдо,

Гуш йоцуш бехказло цунна.

Ас хьуна досту дог,

Делахь а – и хала суна.

 

Генара хьан амат

Ойланехь эсала хьостий,

До сайна масла1ат,

Вай кестта гур ма ду олий.

 

Ас денош дагардо,

Боцушшехь ницкъ сихъян зама.

Кхолламна хастам бо,

Эххар а хьо йовзийтарна.

 

Ас-м хьуна сагатдой,

Досту дог, хьан амат хьоьсту.

Дийнан а хьесапдо –

Вай вовшийн гур долчу кестта.

 

 

САН ДАГАХЬ ЕРГ

 

Сан дагахь ерг ас йийцича,

1аьржа буьйса къегира.

Лаьтта 1ени нур беттасин

Стигал серла елира.

 

Ас сайн г1айг1а шега аьлча,

Кхоьлина де дийкхира.

Малхо з1аьнарш охьа1анош,

Дуьне, 1алам хаздира.

 

“Мичахь ю-те Маьлха-Аьзни? ” –

Аьлла, шега хаьттича,

Дийца и мел еза шена,

Даго илли даьккхира.

 

 

ХЬО МА ТИЙНА ЛАЬТТА...

 

Хьо ма тийна лаьтта

корта1уьйра,

Хин куьзган чу доьг1на

б1аьрхьажар.

Шен безаман дуьйцуш

дашо туьйра,

Лаьтташ санна хьоьца

везаш верг.

 

Генахь лелла

сатийсамца вогуш,

Ойланашкахь кхаьбна

амат хьан.

Ч1ог1а хьаьгна,

со сихвелла вог1у,

Дагна хьоме

хьан сурт сайна ган.

 

Ма товш ю-кха

хьуна т1ехь и к1айн коч,

Мохехь тулг1е етта

к1ажарш хьан.

Хьан когаш к1ел 1уьллу

бецан йовлакх,

Д1адехка ас

г1одаюккъе хьан?

 

Ас хьан к1ажарш

ястий охьахеца,

Зевне ч1агарш

охка беснешца?

Дато акхтарг,

и ца 1ийра хьоьца

Шен дог даьхьнарг

вуьйцуш шабаршца?

 

Лаьттирий и хьоьца

иштта тийна,

Хин куьзган чу доьг1на

шен хьажар?

Даккхий синош дохуш,

г1ийла 1ийна,

Яхара-те доцуш

дог дастар?

 

Ца кхаьчнехь а,

и йог1ур ю хьуна...

Хьоме акхтарг,

цуьнга алахьа:

«Маьлха-Аьзни,

хьо бен ирс дац суна», –

Аьлла, ас и муха

хьаьстира.

 

 

ТУЬЙРАНЕРА ЙО1

 

Суна мичахь гина,

Я хьан юьйцуш хезна?..

Со цецваьлла висна,

Дуьхьалкхетча хьо.

Буьйсано шен къайле

Елла хьан б1аьргашна,

Царна чохь нур сегаш

Седарчий а го.

 

Хьан белшашца 1ена

Чухчарин бос лепа

Дато к1ажарш,

Тулг1е етташ яьржина.

Боларехь г1ург1езан

Йог1уш хьо ма-гиннехь,

Со, кхетамах воьхна,

Латта висина.

 

Х1инца евзи суна,

МАЬЛХА-АЬЗНИ, ирс сайн –

Ойланашкахь хийла

Ас сатийсинарг.

Бераллера туьйра

Карла доккхуш ирсе,

И бакъ хиларх тешо,

Лаьтта йоьссина.

 

Ас хьо дукха лехна

Самах, г1енан кхоьлах.

Дуьхьала х1уьттуш

Гена-гена дахкарлахь.

Хийла юьйцуш хезна,

Даго ехна хийла,

Суна-м моьттинера

Хир яц дахарехь.

 

Хьо сан дегайовхо,

Сатийсам сан мерза.

Малхах хьайн ц1е йоьзна

Нохчийн оьзда йо1.

Сан дог ц1ена ойла

Даима хьох хьерча,

МАЬЛХА-АЬЗНИ, денна

Ахь со ирсе во.

 

 

АС САЙН ДОГ

 

Ас сайн дог тахана

д1адаьсти хьуна,

Кхин ницкъ а ца тоьъна

собарца къийса.

Боккъал а ма атта

дацар-кха суна,

Х1инццалц схьа къийлина

синхаам бийца.

 

Хиллера ницкъ болуш

нахала ваккхал,

Генарчу дахкарлахь

боьлу хьан б1аьргаш.

Ма хаза хиллера-кх,

дог т1ома даккхал,

Дала хьан яздина

ц1оцкъамийн хьаьркаш.

 

Г1орасиз хили со

сайн дагца къийса,

Цо муха со эший

ас хьоьга дийца? –

Хьо йоцчохь сан даг т1е

дарц хьийза дела,

Хьо йоцчохь сан дагна

малх 1еткъа дела.

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.