http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ас шовдане балхабо бала Печать Email

ГЕЛАГАЕВ САЙД-МОХЬМАД

 

/Поэма/

 

 

Стиглано лардийр ду, ирсе гуш, халкъ,

Паччахьо, харц хилла, ца хьулдахь бакъ.

Амма, бакъ хьулдина, д1акхехьахь харц,

Иоккхур ю дакъаза ерриг пачхьалкх.

Саади

 

 

1

 

Дог цоьстуш, сан кийрахь лаьттина бала

Воллу со, шовда, хьоь д1абалхабан

Ца туьгу хьогалла цкъа а д1аяла,

Хьо доцчахь канашца эца къурд бан.

 

Син серло хаало хьо мелча кийрахь,

Мо хьовзо йолало даг т1ера чов.

Цундела ца даьлла халкъ махках хийра,

Текхнехь а, лайнехь а г1амарийн тов.

 

Ду хьаьъна-сирла хьо, лаьтган бакъ санна,

Вайнехан дегнаш ахь оьмаршкахь зий.

Паччахьийн ямартло ца езна дайшна,

Баланаш хьегарх а, ца дожий сий.

 

Дог кхехка. Ойланаш т1ехъоьху, шовда.

Сайн кийрахь кхин д1а уьш сецалац соь.

Сан дог ахь, личадай, хьайн мара къовла:

Сирлачу сих хьаьгна ю Нохчийчоь.

 

 

2

 

Нохчийн къам х1аллакдан инарлаш ихна.

Тийсира Ермоловс вайн яртех ц1е.

И дерриг диц а деш, бакъ чолакх дина,

Сталинан чолакх куьг дирзира т1е.

 

Шен бетахь, ц1ом санна, ловзаеш луьлла,

Баржийра стигал к1ел цо 1аьржа к1ур.

Хийла цо вайира, каш доцуш 1илла,

Хийланнан б1аьргаш чохь дайира нур.

 

Нашха а хьажийра цо д1евше х1илла,

Амма д1акхачалац «студебеккер»... Омра до:

«Хьайбахах сийна ц1е йилла!

Вагавай, х1аллакве ломахь мел верг!»

 

Баккхий нах, зударий, бераш чулохкий,

Дагадо салташа говрийн божал.

Т1улгашка ца лало, махо мохь баржий...

Мичара йолу и 1аьржа дажал?

 

Буьйсанна дина бер 1уьйранна дагий:

Серлоне хьаьдца са алунехь дай.

Багийнарш мел хир бу? Хьовсий вай, ларий,

Хьайбахахь 1уьллу чим багар а бай.

 

Дуккха а хилла уьш... ворх1 б1енах ворх1 бен

Вацахь а, т1ех къиза байина уьш.

Цу хенах ца боккхуш, синкхетам к1аргбе:

Хазийта дегнашна багийнарш луьйш.

 

Хьалхарниг, шолг1аниг... ворх1 б1ене кхаччалц

Б1аьрхьалха xlyrryp ду xlopa а са.

Кхиазхой, къенанаш, дахаран кхача

Бовзаза синош а гуллур ду схьа.

 

Гуллур ду т1аьхьенна диканиг хьеха,

Хуьйшур ду полларчех уьш дегнаш т1е.

Лепар ду шаьш диц мел ца динчу нехан

Синошна ца гайта и тайпа де.

 

Цу наха йицйийр яц и къиза зама,

Даймехкан син шовда х1уьттур ду теш.

Олий-те чалтачо ша винчух «нана»?

Олий-те доггах цо «дада» шен дех?

 

Бакъо яц багийнарш бицбина ваха...

Бусалба вежарий, ло царна мел.

Хьехархо, вахча хьо берашна хьеха,

1амаде дажална кхайкхаян кхел.

 

 

3

 

Багоза бисначийн некъ бара буьрса,

Цу некъан дорцах чекх син 1аь ца гуш.

Къаьсташ а дацара я де, я буьйса.

Хьерчара син логах баланан муш.

 

Дерриг халкъ дагадан тар а ца делла,

Мецачу шелоне кховдийра д1а.

Мацалла адмаш леш, къора мохь баьлла,

Замано х1орд хиллал хуьйдира къа.

 

Ах къам д1аделира – цхьа т1аьхье яйра

Лаьтта и хан-зама, гуш бала, зен...

Ткъа къоман син суйнех цхьа суй-м ца байра:

Лардира баланехь г1иллакхаш шен.

 

Ирх хьаьжча седарчий ца гора цунна

Лаьтахь уьш схьаэхьа дацара хьоста.

Ойланийн боданехь-м са чохь волчунна

Седарчех лепара Даймехкан васташ.

 

 

4

 

Бицбала ца туьгу нах, бесташ, эгар,

Бераллин стела1ад дайина к1ур.

Bopxle бос хуьйдинарг хилла те эхарт,

Латтабан боданехь дахаран мур?

 

Гуш биснарг дахаран к1есарк1аг бара.

Юьхь-сибат ца гарна дайнера г1ад.

Амма д1ахьаьжначохь массанхьа гора

Сан ирс д1акхаьллина Сталинан бат.

 

Нана цо ца йити техкадан ага.

Кхоьллира бераш а дайа закон.

Шен лоха дег1 дахдеш, айвала лаккха,

Йоьттира Сталина туьтанех трон.

 

Ямарта хьажийна, 1оьттина вайна

Букъ юккъехь ираллин чов йира цо.

Вагон чохь мел велларг каш доцуш вайра,

Царна т1ехь лайн баьрзнаш дира дарцо.

 

 

5

 

Иллешца балхабеш шен бала, г1айг1а,

Даймахках хьийгира вайн жима халкъ.

Сталин-м ца туьгура шен амалх воха,

Цо даржан ницкъаца хьоьшура бакъ.

 

 

Вуьйш вара, ямарта ц1ераш а тоьхкуш,

Белхало, дешна стаг, яздархо, шайх...

Зуламаш мел динарш, машенаш хоьхкуш,

Сихбелла д1ахьулдан зуламаш шайн.

 

Амма лар-м йойур яц, мел яйа г1ертарх:

Истории урх лаьцнарг ду халкъан куьг.

Дерриг цо толлур ду дахаран кертахь...

Бакъдолчух хотталац харцонан ч1уг.

 

Нах баха кхоьрура, бала-м мухне а,

«Халкъан мостаг1», – олий, деш дара х1ост.

Пийлачу цу деган-силаман буххехь

Тебнера Даймехкан зезаган бос.

 

Бердаш х1орд т1екерчехь т1уьна ду даим.

Баланан х1орд бац ткъа дашийнарг дог.

Халкъан назманашца дилхина дай и-м,

Амма ца тилла и, дукъдаларх дохк.

 

 

6

 

Вовшашка кхийдийна син шовда мийлла

Дисна xly хадаза вайн нохчийн къам.

Барт ч1ог1а хиларна ца эшна – тоьлла.

Даймехкан васт гайта дог 1ура г1ан.

 

Казахаш, шун домбра тхуна а бекна,

Син хьесех буьйцина хиларна мерз.

Шун халкъан даг т1ера дог кхийдда тхоьга,

Ца кхийдда заь1ап куьг, т1ехьежош герз.

 

Дог-1аьржа паччахьо кхоладо дахар.

Доггах хьо тешалахь, белорус, тхох:

Хьайбахан к1урз санна, г1елдеш садеlap,

Курапатера к1урз – тхан дегнаш чохь.

 

 

7

 

Генахь а хетара уллехь хьо, шовда,

Бекийча ашуго пондаран мерз.

Цундела ца яйра дегнаш чохь йовхо,

Мел хударх г1айг1ано цу хенан дерз.

 

Техкийра къизаллин кхойтта шо наха,

Ца гуш хьан куьзган чохь ломара малх.

Дажалан харцоно базбира накха,

Т1ехьоькхуш дегнашна шен нихийн чалх.

 

Жима ду, шовда, хьо, т1ехула хьаьжча,

Амма ду доккха хьо чухула гуш.

Стигал а, лаьмнаш а хьан к1оргехь гича,

Хетало Даймохк бу синхаам луш.

 

Д1о йо1, к1ант ду дог1уш... безам чулаций,

Ма-барра д1аохьий, дуьне хазде.

Илланчан мукъам хьайн хорша а баккхий,

Ши дог т1етт1аоьзна, нур даржаде.

 

Цу нуьрехь го суна ца хаьдда дахар:

Шиннан а марахь го з1аьнарийн ц1ов.

Латтаде, шовда, ахь – и ду сан дехар, -

Со мел ву... воцуш а, царна хьайн зов.

 

 

Эпилог

 

Дерриге д1адийца хан яра сан,

Бакъонаш-м яцара дийца.

Со вале сох доьлла сан халкъан са

Толлура диснийла ц1ийца.

 

Даймахках хьегийра сан жима халкъ,

Хьомечу ненах бер санна.

Махо ядийна и жима чимхалг

Ма-ярра, бералла яйна.

 

Шен лаьмнийн лакхенга кхийдара дог,

Магийна доццушехь кхийда.

Ирс кхайкхош лерг уллехь еттара шок,

И-м хуьлуш дацара, дийцарх.

 

Луъучун т1ебожош хуьлура бехк.

Мотт-эладита дара сийлахь.

Талорхо олура сан дикчу дех,

1амийра бакъ кийрахь къийла.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.