Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Со нохчи хиларна, со ирсе ю Печать Email

Болтукаева Лиза

 

Болтукаева Лиза 1979-чу шарахь 3 августехь Теркан к1оштара Г1улоз юьртахь йина. 2004-чу шарахь Соьлжа-Г1алахь юьхьанцара классийн хьехархочуьн говзалла 1амош педколледж чекхъяьккхина. Байташ нохчийн маттахь язйо. 2009-чу шарахь республикин «Буоза мог1а» йохьаллехь «Ирсе ю со» байто шоллаг1а меттиг яьккхира. Иштта байташ зорбане йийлина «Теркйист» газетахь а, «Хьехархо, хьан ц1еран сийларехь» исбаьхьа кхоллараллийн гуларехь а.

 

 

НАНА

 

Хеназа кхелхинчу

сай нанна Асетна лерина...

 

Йолахьа г1енаха, сан хьоме Нана,

Хьастахьа эсалчу б1аьргашца со.

Ас хьоьга балхор бара кийрара бала,

Хьайх хьега со юьтуш д1аяхний хьо.

 

Мел хьоме хета-кха дагчохь хьан амат,

Ма мерза хилла-кха ахь олу дош.

Ма йоца хилла-кха ахь ехна зама, –

Т1екхаьчча х1уъа а хилла-кха ловш.

 

Ахь цкъа а ца дора вониг дан хьехар,

Нийсачу новкъа т1е х1иттадеш тхо.

Ахь кхии тхан дагчохь дахаре безам,

Хьох йолу ойланаш кхача ца ло.

 

Ахь хийла халонаш эшаеш, Нана,

Когаш т1е х1итти тхо къар а ца луш.

Жимачохь хеди-кха хьан дахар, Нана,

Ехар ю хьо дагчохь къан а ца луш.

 

Лазарца дуьненчохь текхначу ханна,

До1анца ас Деле хьо йоьхуш ю:

Я Аллах1, елахь ахь ялсманан хьаша,

Хьан дикнех тхо даим тешна ма ду!

 

 

ХАИЙ ХЬУНА?

 

Хаий хьуна, ненан лезчи корта,

Йоьжча хаий нана г1айг1ане?

Хьой те буьйса, хиъна Нанна гора

Доьхуш Деле хилийтар г1оле?

Ловзуш лелаш ахь йойъучу хенахь,

Хаий Нана г1елъелла хир юй,

Йог1уш гича иза цхьа мохь бохьуш,

Цунна г1о дар декхар хьайниг дуй?

 

Йинчу Ненах хьо ца кхеташ велахь,

Кегдехь дешнаш, дохадахь ахь дог,

Дуьненахь хьай йоккхуш йолчу хенахь

Декъал хилла боккхурий те ког?

 

Къахьегначу куьйгашца кечбина,

Хьалха буьллуш бовха кхача цо,

Цхьа ша тайпа мерза чам а бина, –

Хаьа, иза цкъа а биц ца ло.

 

Кху дуьненахь мел хан-зама яларх,

Замано мел дукха тийсарх го,

Хьоме Нана къинт1ера ца ялахь,

Сай тахне а, кхане а ца го!

 

 

ИРСЕ Ю СО

 

1уьйранна мерзачу набарха йоккхуш,

Цу маьлхан з1аьанарша юхь-сибат хьоьстуш,

Бес-бесар т1едарчий сан юхь т1е дехкина

Хьаьстина, хазйина тарйи со шех.

 

Сийначу стигалан басах тардина

Сан б1аьргийн хьежар а ша тайпа ду.

Везачу вайн Дала Нохчийчохь кхиийна,

Со Нохчи хиларна, со ирсе ю.

 

1илманан къайленаш йовза йиш хиларна,

Уьш йовза г1о деш сан хьехархой хиларна,

Ирсе ю мохь туххуш ала йиш хиларна,

Сан Нана, Нохчийчоь, со хьан йо1 ю!

 

 

ТУРПАЛА НАНА

 

Къонаха кхиийна турпала Нана,

Къоьжа дохк хьан месаш т1е диллина.

Эрна ца хилла ахь техкийна ага,

Махкана майра к1ант ахь кхиийна.

 

Малхаца къийсалуш садаьржаш г1уьттуш,

Къахьегна куьйгашца кхача кечбой,

Наб йохо ца лууш цунна го туьйсуш,

Ахь новкъа воккхура хьехар а лой.

 

Къонаха кхиийна турпала Нана,

Хийлаза к1антана сагатдина.

Кхиийна яьллехь а, парг1ата ца яьлла,

Ларво к1ант пхьуьйраза, коре хиъна.

 

Суьлхьанийн го бохуш серлонехь беттан,

Лахдеш аз вайн Далла хастамаш беш.

Кхаъ хуьлуш 1индаг1ах хьомечу к1ентан,

Чу йоьрзу карзахе хьайн са тедеш.

 

Къонаха кхиийна,турпала Нана

Хьан оьмар яхйойла Везчу Дала!

Йиш ю хьан аз айдеш доггаха ала:

«Вуьззина Нохчийн к1ант ас кхиийна!»

 

 

* * *

Мила ву ойланехь бералле кхачанза,

Берзинчу когашца ченалахь иданза,

Мила ву аьргачу стоьман чам баккхаза,

Зазашлахь тхи эгош бацала хьийзанза…

 

Мила ву г1елвелла набарна велхаза,

Нанас шен аганан илли а аланза,

Малх делкъе баллалца вижина 1илланза,

Мила ву де довхехь лечкъаргехь ловзаза…

 

Мила ву берашца хийла дов даланза,

Юкъа хан ялале и дов д1адерзоза,

Мацвелча шен хенахь чу верза кхетанза,

Баьпкан юьхк жимачу шен буйна къийланза…

 

Мила ву мархашка кхача са тасанза,

Стела1ад схьакъедчи цунах кхаъ хиланза,

Мила ву нанас шен чов йоцу дов данза,

Мила ву ойланца бераллехь хьеганза…

 

 

ГУЬЙРЕ

 

Гуьйре, йийцахь хьай къайленаш:

Х1унда хуьйцу ахь амалш,

Дешех кхулуш аренаш,

Новкъа доху олхазарш?

 

Х1унда хуьлу цкъацкъа дера,

Дог1нах елхош стигланаш,

Самукъане наггахь йоьлуш,

Яржош малхо шен з1аьнарш?

 

Б1аьргашна ган х1умма доцуш

1уьйренца ахь хоьцу дохк.

Жимма 1ийча серлаболу,

Дагна хьоме сан Даймохк.

 

Денош дацлуш, буьйса яхлуш,

Аьхкенца ахь хийци раг1.

Стоьмаш, хасстоьмаш чудерзош,

Арахь х1инца сихло болх.

Хьайца шортта беркат дохьу,

Латта 1абош дог1анах.

Дитташ техкаш охьаоьгу,

Мохехь хьийза патаргаш.

 

1одика еш г1ур ю кеста,

1аьно боккхур шена кхаж.

Хаа деза шуна бераш,

Шеран хенан ю шен раж.

 

К1АНТЕ

 

Дахаран некъ, сан к1ант, чолхе бу хьуна,

Замано хьо зуьйш хан кхочур ю хьуна,

Осала ца хила дош лолахь суна,

Вай Дела воцчунна ца х1отта гора.

 

Бусулба хиларна хастам ахь белахь,

Хьо нохчи хиларах дозалла делахь,

Къонаха хиларах тоьшалла делахь,

Хьанала, хьарам а ахь къастаделахь.

 

Да-нана ларалахь – сийлахь хир ву хьуна,

Мехкарийн сий делахь – йижарий бу хьуна,

Доттаг1ий ларбелахь – вежарий бу хьуна,

Ахь дина дика цкъа зиэ довр дац хьуна.

 

Харцонах ларлолахь, ямарт ма хилилахь,

Дикано къастийча кура ма вийлалахь,

Бохамо 1овжавахь стаг хила хьажалахь,

Т1аьхьенна яккхийта хьай ц1е ахь ларъелахь.

 

 

* * *

Бекалахь, Нохчийн мотт,

Сан къоман аз хилий,

Сингаттам беъначохь

Пондаран мерз хилий,

Сатесча Даймахке

Шовданан ч1уг хилий,

Самукъа даьллачохь

Мехкарийн йиш хилий!

Ламанийн локхаллехь,

Аренийн сеналлехь

Нохчийн мотт бекалахь

Зарзаран мукъамехь!

 

Бусулба дин долчохь

Ийманан нур хилий,

Барт боьхна доьзалехь

Машаран т1ай хилий,

Накъостал эшначохь

Къонахчун дош хилий,

Тешнабехк биначохь

Болатан суй хилий, –

Ненан къинхетамехь,

Дас лучу хьехамехь

Бекалахь, Нохчийн мотт,

Даимна бекалахь!

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта