Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дахаран ойланаш Печать Email

Кагерманов Докка

(поэма)

1. ГУЛАМ

 

КIентий кхиъча, дай къанбелча,

Хан заманан рогIе хIутту.

Дахаран ойла цара

Шайн хьесапашца луьтту.

 

Цхьана хенахь тхан дай а

Шайн дедай болчу гулбелла.

Цара, дегнаш хьоьстуш,

марабуьхкуш,

Дедайшка аьлла:

 

«Аш пурба лахь, тхо гIурадара

Вайна каро кхин латта.

ЭгIашбета, вай дебарна,

Даха-Iен гатлуш а лаьтта.

 

Тайпанан юьхь йолош,

Тхуна лаьара охьахь даха.

Пурба лахь, аренца мел оьшу дерг

Аш тхуна хьеха…»

 

Къаноша шайн кIенташка ладоьгIна,

Иллига санна.

Жоп далале ойланехь,

ТаьIна уьш кIеззигчу ханна.

 

КIентий хьаьжна шайн къаношка,

Уьш Iасанашка таьIна.

Кортош даздина, церан можмаш

Куьйгашна тIе эгна.

 

Iаьржа хилла цкъоцкъамаш хIинца

Шурула кIайн делла,

Дарзала куйнаш санна,

БIаьргашна тIе охкаделла.

 

Цхьа хан йогIу дас дегIе,

Шена луъург а дойтуш.

Кхин хан ма йогIу дегIо,

Шена луъург бен ца дойтуш.

 

«Къоначу» даго бохург ца до

Къанделлачу дегIо.

Зарратал бахьана тоьу

Деган дегIаца барт эгIо.

 

Къаналла-м вон яц-кхин

Ша левелла, цо кхин ца левахь.

Кегийчарна дала хьекъал диснехь,

Мотт оьзда лебахь.

Кегийрхошка цо ларъяйтахь,

Сий довр доцу нохчалла.

Шен суьпаллехь цо хаздинехь,

Делан дин – бусалбалла.

 

Важаб дуй хаийтинехь

ЦIена лардар Делан Iалам.

Берашка цо байтахь,

Цу ниIматан боккха тIалам.

 

Къаночун беркат дехар ду,

ТIаьхьенна масал дитахь.

Барт эгIийначу дийнахь,

МаслаIат дан цо некъ битахь.

 

Хаахь шений, царний юккъехь

ЧIагIъялийта шен марзо.

Хаахь церан аьрха сонталлаш

Шен кицанна тIе ерзо.

 

Дика ду вон дерг бен ца гуш,

Къано бIарз а ца веллехь.

МаслаIатехь оьшу кIеда мотт

Оьзда бийцабеллехь.

 

Къаналла вон яц-кха

Йолчуьнга дола а даделча.

Дола ца далучохь гIо дан

ВоI, ваша юххехь хилча.

 

Хилча уьш къинхетаме,

Лалуш шайна хуьлу гIело.

Ког баккха Iамош бер санна,

Къано тезета тIе вало.

 

Набарх бовлуш санна дедай

Iасанаш тIехь айбелла.

Шаьш йина ойла цара тIаккха

КIенташка дIааьлла:

 

«Тхо даккхийде шух,

Шу кхиъна галлац тхаьш дахарх.

Пурбанца аш, дагадовлуш,

Тхайга хьекъал а дехарх.

 

Да везалаш совгIат деъча,

Шаьш цуьнга ма хьовссара,

Нана – цо илли аьлча,

Аган чохь шаьш ма тхьовссара.

 

 

2. СОБАР

 

Сих ма лолаш шайх цхьаъ галваьлча,

Аьшнашвина вийца.

Шун собаро тарлуш ма ду и,

Дохковоккхуш хийца.

 

Нахалахь, юьхь йойъуш, къаьхьа дош

Цуьнга аш ма ала.

Аш цунна масал гайта

Некъ а бита дохковала.

 

Аш кхетийча хир вац иза

Шун хьехарна догмола.

Марзделлехь а цо дуьтур ду

Къадахана Iаьржа къола.

 

Дала мукълахь, цо мер дац

Делах воккху къаьхьа малар.

ДагадогIур ду къематде,

Гергахь долу шен валар.

 

Халкъана хьалха хир ву,

Цуьнга шен дош ларлахь.

Ойла еш, дикачу нахах

Нах безарца и тарлахь.

 

И кхетар ву, шу гахь шена,

Зингат шайн механ лоруш.

Буса лела бецан пхьид,

Шайн кого хьашарна кхоьруш.

 

Кхетча цунна, кхетийнчарна

Дала ял лур ю йоккха.

Иман долчийн тобанехь

Кхин цхьаъ тIекхетар ву тIаккха.

 

Кху лаьтта тIехь вахар а тIаккха

Цуьнан хир ду гIоза.

Хуур ду, ша къахьегарца

Дуьне, эхарт цхьанадоза,

 

КIайн-Iаьржа – муьлхха а болх

Пайдехь хилар а шен цIенна.

Токхонехь юьхь кIайлур юйла,

Хьаша веанчу денна.

 

 

3. ЛЕРАМ

 

Хьешо тоьхча, хьем ца бан,

Ков ма чIагIалаш хан яллалц.

Аш юкъ а ма ясталаш

Веъна хьаша паргIат валлалц.

 

Иза баьрче ваккхий бен,

Шу охьа а ма ховшалаш.

Цо болийнчул тIаьхьа бен,

Аш кхача а ма баалаш.

 

Хьешана хьалха хьийзарехь йов

йоI-йишин эвхьалла.

Кегийчу нахах тешаделаш,

Хьошаллин жимхалла.

 

Шуьнехь кхачо хилла яьлча,

Алалаш нохчийн илли.

Хаийталаш вайнаха гIиллакх,

Сийлахь лоруш хиллий.

 

ЙоIехь тов шайн кетIахь санна,

Лулахойн кетIа нуй хьакхар.

КIантехь – воккхачуьнгара

Диг схьаэцна дечиг даккхар.

 

Цхьа шо шайл воккханиг аш

Аьтто агIор нисвалийта.

Цхьа шо бен воккха вацахь а,

Цхьа гIулч хьалхавалийта.

 

Пхьоьг1анахь дош ала рагI а,

Ларамца цунна йита.

Бакъдерг чIагIдан оьшуш дацахь,

Харц дош а цунна дита.

 

Керлах атта хир дац шуна

Цу харцонех дола.

Хала хир ду харц нехан

Ямартлонел, бакъ луьйш тола.

 

Шайх цхьа гIалат далахь, шу

Хилалаш, хьагI йоцуш, къера.

Кег-мерса хIумнаш къуьйсуш,

Ма довлалаш нахах хера.

 

 

4. ТЕШАМ

 

Вешин метта ву, аьлла дайша

Тешаме хьан доттагI.

Ямарт хилларг лерина

НеIалт аьлла, Делан мостагI.

 

«Вешин – доттагI, йишин – везар!» –

Ирча бу и тIехтохам.

Цунах долу вер-ваккхар,

Вуно боккха хуьлу бохам.

Цо сий дайъар ца лалой,

Бехк берг воьй, вешех чIир хьаьрча.

Маьршачу доьзалан дахар

Луралло доккху эрча.

 

Юьртах валар, стаг вуьйш,

Сий лардинчунна тIе ма догIу!

Серло йов! Кхерч шелло!

НеI пIендагIашна кIел а ч1огIу!

 

Дай цIахь боцуш, хьаша ца вогIуш,

Доьлхуш дуьсу цIенош.

ЛадегIаран гIайгIанехь

Доьзална дахло и денош.

 

Тешнабехк хир бу шуна

Дог Iеса кIиллочуьнгахь.

Хир ю шалхо, осалалла,

Вон мел дерг хир ду цуьнгахь.

 

Дош дош доцчух теший аш,

ДоттагIалла ма чIагIделаш.

Милла а доттагI хуьлучул

Ванне а воцуш Iелаш.

 

 

5. ЛУЛАХО

 

Къелла яра алий

Ма дохкалаш дайх дисна дакъа.

Ков-кертах даьлла жIаьла, цициг

Ма диталаш акха.

 

И шиъ доцуш дахаран куц-кеп

ДIа ца хIутту цIийнан.

Шайн шуьнан ражца нисъелаш

Шайх тешначун гуйнан.

 

Дакъа, гIап шаьш оьцуш

Лулахо мила ву хаалаш.

И дика ву наха алахь,

Мах ца къуьйсуш дIалолаш.

 

ГIишло яхь, лулахойн уьйтIе гуш

Кораш ма догIалаш.

Серло йоцуш Iай а,

Шайн лулахошца ма эгIалаш.

 

Церан пурба доцуш ма даккхалаш

Ринжа шайн гIопах.

Кхералаш Далла хьалха,

Шаьш дала дезачу жоьпах.

 

Декъан шу, ца къовсуш, бита

Дайша ма барра хьалха.

Латта доькъуш дайн хилла барт,

Шайгахь ма белаш талха.

 

Лулахойн сакхташ ма дахалаш

Эвлаюккъехь Iора.

Шайн цIа аш кхардамах лардича,

Шун сий дийр ду цара.

 

Хьеннан декхар шаьш хьарчадахь,

Хан ма кхеччи дIалолаш.

Хенаца такхар ца нислахь,

Бахьна хаийта гIолаш.

 

Нахера еъна хIума

Ма йиталаш шайгахь Iилла.

Товш дац да тIаьхьаваийтар,

Шуна санна хьашт хилла.

 

Барт эгIочу бахьанех шу,

Шаьш гIиллакхца ларлолаш.

ГIовгIанах кула ца далийта

Собарехь чIагIлолаш.

 

Мел цаторчу девнан урх

Шен буйна лоцу иблисо.

Цо дог дардеш, бIаьрг а бIарзбеш

Гойтур яц нийсо.

 

Аш нийсо яхь,барт балахь,

Шуна юккъехь хир ю марзо.

Вежарий санна, уьш кийча хир бу

Шун дика-вон дерзо.

 

 

6. ТЕЗЕТ

 

ТIаьххьарчу денна оьшу

Вевзачаьргара тоьшалла.

Шу вовшийн дезнехь,

цара и дийр ду

БIаьргех хи даьлла.

 

Дог хууш, шух хьоьгуш хир ма ду

Шу девза адам.

Цара лулахочух шуьга бийр бу

Доггах шайн кадам.

 

Ловзарга санна къагий, кечлой

Ма гIолаш тезета.

Хьовсалаш вон деанарш

Шайн рагI йоккхуш хиларх кхета.

 

КетIа кхаьчча, тезетана тIе

Лахкалой а ма гIолаш.

ТIекхиъна богIуш нах хилахь,

ТIекхаччалца сатохалаш.

 

Аш саламна цкъа гIовтор

Атта хир ду цомгушчарна.

Тобано доIа дайтар

ГIолехь хуьлу къеначарна.

 

Тарлуш хилахь охьаховша,

Шайна луъчу метте.

Гоьла тIе ког ма баккхалаш.

Забар ма яйталаш матте.

 

Товш дац, тезетахь муххале а,

ХаьнтIехь куьйгаш сеттор.

Дуьхьал куьг а ца лоцуш,

Бага гIарца, йоккха гIеттор.

 

Товш дац шуна ша-шех тоам бина,

Ма-луъу лелар.

Ша дуьйцучух, нах бело гIерташ,

КIежъоьхуш ша велар.

 

Оьзда Iелаш. ДIагIолаш

Тезетан дайша ма элли,

Веллачунна, Делан дуьхьа,

Мел кхайкхор чекх ма делли.

 

 

7. КХЕТОР

 

Шаьш мел деха Iамалаш,

Вайн кеги нах белаш кхета.

Уьш Iамабелаш мехкан декхар,

Шайчел деза хета.

 

МаьIна достуш, хьехарца аш

Къонах велаш вайн берах.

Хецна дитахь и тарлур ду,

Амал йогIучу говрах.

 

ГIиллакх, Iадат цIахь, арахь

Берашна даим а хьехалаш.

Дицдаларна, цахаарна

Бехкаш а ма бахалаш.

 

ЙоI-йиша кхеторах ду

Эладитнах цо мотт кхабар.

Яханчохь, инкарло йоцуш,

Марзойн барт цо чIагIбар.

 

Бертахь доьзалехь, мотт лоций,

Хьал алссам а долу.

Латта хьанал лелочеран,

Ков-керт бахамо а кхолу.

 

Латта леладе! Даьхни дебаде!

И шиъ ду коьрта.

Iуналла доцуш бежна дитахь,

ГIура ду нехан керта.

 

Цо нехан хьаьжкIа кхаллахь,

Маша хир ду хьуна хьарам.

Бежанна хаац шечун, нехачун

Къастам я барам.

 

Дар ма лолаш гIаж тоха,

Нехан хьайбо ялта кхалларх.

Дала лардойла ден бехкенна

Цуьнан маIа кагъярх.

 

Варийлаш,къинхетам бицбай

Шу оьгIаз а ма гIолаш.

Далла къизалла ца езна,

Цунах чIогIа ларлолаш.

 

Иштта баьхна дика дай,

Хилла шен-шен цIийнан лай.

Дайха Iама деза вай.

Хьехархой,

Кхеторхой,

Беж-1уй,

ЖаIуй, –

Массо хуьлда вайн!

Боцуш дуьсийла къуй,

Шайх бахнарш къера дуй!»

 

Хьехар дерзош дедас аьлла: –

«КIентий,охьа марша гIойла!»

КIенташа аьлла: – «Дада, шу

Марша Iойла!

Маьрша гойла!»

 

 

Хаахьара

 

Ванах, хаахьара

Сан мах кхочий аш лара,

Хаахьара.

 

Со воцург шуна тарвелла,

Я шу Iехош со лелла?

Хаахьара.

 

Сан дац шу тешо похIма,

ХIунда во аш шайн охIла?

Хаахьара.

 

Ас диний те вошалла,

Къеначунна жимхалла?

Хаахьара.

 

Сан аз дуй дикниг хасто,

Я дош дуй бакъ-харц къасто?

Хаахьара.

 

Со хьегний хьарам харжех,

Цецвийллий лекхчу даржех?

Хаахьара.

 

Хии айса мел хоьттург,

ДоттагIашна сайх моьттург.

Хии! Хии!

 

Хетарна бехк ма билла, –

Шу дезар, тешар хилла!

Хии суна! Хии!

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.