http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Сан гIалахь даима бIаьсте ма лаьтта Печать Email

Межидова Эниса

 

 

1а т1едеъна яхьаш шело,

Шеллуш лаьтта 1ежийн беш.

К1айн куйнашца лаьтта ц1енош,

Коран б1аьргаш къегадеш.

 

Х1аваъ ц1ена, ло ду къегаш,

Кет1ахь г1ура-баба ю.

Лайн мижаргаш вовшех детташ,

Уьдуш, ловзуш бераш ду.

 

Алу хилла йогу беснеш,

Ирсе къегаш б1аьргаш ду.

Корехула арахьоьжуш,

Царех боьлуш наной бу.

 

 

Б1АЬСТЕ

 

Б1аьсте ю т1ееъна,

1алам самадоккхуш.

Сенделла дитташ,

Хьалабели бай.

Олхазарш геннара

Ц1ехьа а дирзи,

Зевне шайн эшаршца

Дог хьостуш вайн.

 

Аренаш ю хаза,

Куза тесча санна,

Бес-бесар зезагаш,

Бацалахь го.

Стиглара дашо малх,

Бу царна боьлуш,

Мелачу дог1ано

Уьш лийча до.

 

Хаза полларчий,

Шайн маса дог1машца,

Зезагийн мутт муьлуш,

Массарна го.

Мел хаза дукха хьо,

Дай баьхна латта,

Дала Шен лаамца,

Хьо латта до.

 

Массо а адамана,

Ахь рицкъ ма делла,

Дийнаташ, акхарой,

Хьоьх тешна ду.

Хастам бу Хьуна,

Ва Везан Дела!

Тхан дахар, тхан далар,

Хьан карахь ду.

 

 

АГАНАН ИЛЛИ

 

Арахь буьйса тийна ю,

Стиглахь къегаш седа бу.

Хьоь д1айижа боху цо,

Хаза г1енаш хьоьху цо.

 

Вайна кхетта беттаса,

Буьйса серла яьккхина.

Ломал дехьа малх а бижна,

Хьалаг1атта 1уьйрана.

 

Пису 1уьллу наб а еш,

Тайнигаш д1айишина.

Бутт бу стиглахь нека деш,

Вайна буьйса декъал еш.

Хьо 1уьйрана г1оттур ю,

Писуца а ловзур ю.

Мами к1архаш схьабеъна,

Буьркана т1аьхьа уьдур ю.

 

 

БЕРАЛЛА

 

Бералла, жималла,

Стенга д1аяха хьо?

Тилъелла лела те,

Йолхуш г1ийла.

Мохь беттарх хезехь яц,

Лехарах карош яц,

Ма къайла ели хьо

Кхин ца ян юха.

 

Анайист генахь ю,

Т1екхача йишйоцуш,

Цулла а генахь ю

Жималлера хан.

Д1аяхна ели хьо,

1одика яр доцуш,

Иза ма хиллера

Цхьа хаза г1ан.

 

Мерза стом хиллера,

Маьлхан де хиллера,

Д1аяхна жималла –

Бераллийн зама.

Да-нана даима

Вайца а долуш,

Цара яьхна хаза ц1ераш,

Йицлур яц цкъа а.

 

 

БУЬЙСА

 

«Хьо 1ен х1инца, – батте олуш, –

Ша схьакетталц 1уьйрана»,

Ломал дехьа малх ма болу,

Де кхачийча суьйрана.

 

Батто стиглахь ха доладо,

Седарчий а дагардо.

Мархаш т1ехьа уьш д1алечкъа,

Хи чохь баттах лечкъаш го.

 

Мархаш т1ехьа къежаш вайна,

Д1амадийца боху цара: –

Бутт цхьа жимма хьийзина,

Гучу девр ду шаьш цунна.

 

Мохо мархаш д1аехьна,

Цхьадерш атта гучдевла.

Кхинарш хи чохь нека деш,

Къа ма хьийги схьагулдеш.

 

Са даьржина вайна дели,

Дукъал дехьа буьйса ели.

Седарчий схьагулдина,

Бутт набарна тевжина.

 

 

АС ЮЬЛЛУ САЙН Г1АЛА…

 

Ойланаш, ойланаш,

генна д1авуьгу аш,

Цкъа деган къайленан

ас йоьллу не1.

Паналлехь, къоналлехь

сайн г1ала юьллу ас,

Ц1еначу лаамо

биллина некъ.

 

Сан г1алахь даима

б1аьсте ма лаьтта,

Бешара цкъа а

стом хедаш бац.

Синачу бацалахь

куц хаза зезагаш,

Эсала хьоьсту

маьлхан заьнарша.

 

Сан г1алахь даима

дог даге кхийда,

Воьлуш бен ца долу

б1аьргара хи.

Безаммий, тешаммий

ул-уллохь деха,

Кхин зовкхе хан яккха

ма яц-кха йиш.

 

Сан г1алахь ца безарш

банне а бац-кха,

Хаза ду матто а

мел олу дош.

Харцонна меттиг бац,

халхетар дац-кха,

Беха уьш вайн Далла

хастам а беш.

 

 

Ч1ЕГ1АРДИГ

 

Т1ееънарг хаза баьсте ю,

Дуьне, 1алам самадокхуш.

Бошмашкахь олхазарш дека,

Яхна зама карла а йокхуш.

 

Суна т1оьхула ч1ег1ардиг хьийза,

Ч1ир-ч1ир деш, шен мотт буьйцу.

Соьга ладог1а бохуш хьийза,

Ша ц1а муха кхачар дуьйцу.

 

Исс ломан дехьара ша деъна,

Ис х1орд ша хадийна боху.

Хедийна хийла аре шера,

Махца ша къийсина боху.

 

Шийлачу 1аьнах а кхийрина,

Дахна ша к1орнеш а йовдина.

Шен махке сатуьйсуш денна,

Къастарах лелла 1адийна.

 

Стохка шу шиъ гора суна,

Кху тхов къела, кху хьусмехь дехаш.

Х1инца хьо цхьаъ йисар гуш ю,

Ойланехь саготта ехаш.

 

Хьан накъост генна д1авахна,

Кхин юха вог1ур а воцуш.

Вайн Дала гечдойла цунна,

Собар луш хьуна, йохар доцуш.

 

Иштта ду кхоьллина дуьне,

Мел дезарх дита а дезаш.

Ша т1ома леларх а мацца,

Ду лаьтта цкъа дожа дезаш.

 

Баркалла, ч1ег1ардиг, хьуна,

Сан дог ахь эцарна говза.

Жима хьо делахь а олхазар,

Хилла ирс хьо сайна довза.

 

Ч1ег1ардиг, бос тайна хьоза,

Сатийсира хьо юха даре.

Гурахь хьо додахь д1а генна,

Хьоьжур ю б1аьсте т1еяре.

 

 

ДОГ

 

Адамийн дог!

Вела ахь во,

Велха ахь во.

Къинхетам хьоьца бу,

Собар а хьоьца ду.

Марзо а, безам а,

Вон-дика ахь лов.

Хьуна ганза,

Ахь ланза

Х1уммаъ ца дисна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.